ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Дийцарш

Овхадова Яхита йина Хьалха-МартантIехь. I984-чу шарахь чекхъяьккхина НГIПУ филологин факультет, къоман отделени. Болх беш ю Хьалха-Мартанан кIоштан «Маршо» газетан редакцехь коьртачу редакторан заместитель. Яхитас говза язйо оьрсийн а, нохчийн меттанашкахь. «Даймохк», «Вести республики», «Маршо» газетийн а, ткъа иштта «Нана» журналан агIонаш тIехь арайийлина Яхитин говзарш къаьсташ ю башха йозанан хатI, мотт аьхна хиларца.

И «гар-гарт» дисна-кх дагахь…

Хан йоццучу хенахь самаяьллачу ойлано гIаттайо со. Ехха дIасакерча, бахьанах ца кхуьуш. ТIаккха дагатосу февраль бутт карабеана хилар. Жимчохь дуьйна сан са карзахдоху февраль. Д1айижарх гIуллакх хирг цахиларо шеко ца юьту. ХIуьттаренна санна, хIинццалц хуьлуш долу кехат, ручкий дац уллехь. Уьш долчохь йижна хьаша ю. ГIуллакх хир дац, олий, бIаьргаш дIакъовлу. Амма… Меллаша, ког байбай, гIохьа, – хьоьху бIарзъеллачу ойлано, – куьйгаэшара схьаэцахьа. Ма Iехьа – бехкаш доху цо…


Язъян г1ирс вовшахтухий, цуьнан лаамна тIаьхьахIутту со…
ХIан-хIа, суна-м ца гина цу «дадин дикалла», со-м уьш цIабирзинчул тIаьхьа бен дуьненчу а ца яьлла. Делахь а, лозу-кх сайн дас-нанас, гергарчара (гергара боцчара а!), лулахоша, махкахоша балхийна лазам.
Церан лазам, царах лазам…
ХIинца-м уьш бац. Дагалецамаш бисна, уьш болуш санна. ХIор шеран февралехь цара далхош хиллачийн дагалецамаш.


Новкъахь шена карийна ялтех хIума йохьуш вогIура тхан да, тIех а ца валалой. «ЭхI, эхI, тхуна гинарг гинехь… оха лелийнарг… Муха ваьхьар ву Делах…?», – бохуш, бIаьргех хи а долий.
ТIаккха, дуьйцура шаьш Казахстанехь кIен буьртигаш, копастан, картолийн чкъоьрнаш карийча, даккхий а деш, леларх. И дIадаьллера-кх… ма дукха дуьйцу-кх… хIинца шортта, дара-кх и ялта, олий, хетара суна сайн сонтачу бераллехь. «Аьтту куьйга яа хIума!» – бохуш, цо дов дича а ца хуьлура реза. ХIинца-м якъаелла баьпкан юьхк а цхьана садолчу хIуманна кхачо гIерта. ХIинца-м оьрсий болчохь а и аьтту куьг лардо, царна урс-мIарий лело ца хаьа моттарна кхоьррушехь…
Нанас…
Ма дукха дуьйцура цо шаьш цIерадахарх. ХIор февралехь, дуьххьара санна, дегаIийжамца, лазамца.
«ХьажахIотта тхешан децIа яхана яра со карарчу жимачу йоIаца. Цу буса, бала буссу аьлла, мовлад дешийтина, охьадийшинера тхо.
Бала-м буссуш хиллера…


Сатоссуш, къиза етта йолийра неI. Дера чулилхинчу салташа, маса аратийсина, юьртан майдана лаьхкира тхо. Цигахь студебеккерш яра тхо вокзале дIадига кечйина.
…Сихаллехь катоьхна, декъазчу йийбарца тхан нанас машен тIе хьалакховдийра йоI… ХIинца санна доцуш, эхь-бехк чIогIа дара. Дай, девежарий, баккхий нах болчохь бер караоьцуш, тергалдеш дацара нанас…
…Салтийн маьхьарий, тхоьга даза деанчу вуоно цецдахаррий, сихделла леларрий – дерриге вовшахъийнера…
…ЙоI йоьлхура. Дагах чекхбуьйлура цуьнан шийла мохь, со йоцчунна цхьанна а хезаш боцу, цхьа а хезачохь воцу шийла мохь.
Массаьрга цхьатерра деанчу вуоно цхьанна а бала ца кхочуьйтура йоьIан…
Къемат дар-кх. Дуьненан къемат…


Массо хьалаваьлла, дIатийча, бодашкахь куьйгаэшара, цхьана галешна юкъара тхан нанас оззийна, яьккхира йоI… Сан дагах-м цхьа кийсак яьлла хира яра…
«… Гарт-гарт, гарт-гарт-нехь» – йоьдура шалон. И саца мосазза соцу, хьала а буьйлуш, велла а, вала воллуш а стаг вуй хьовсура салтий. Декъий чукхуьссура.
… ЙоI гIийла яра. Амма цуьнан ялаяллар ца гора. Хетарг, кхоьрург цхьаъ дара, цхьана лааме дирзинера – цу декъийн новкъахь ца йисичахьана, боьхачу керстанна караяхана, къийгийн, жIаьлийн даар ца хилчахьана, са чохь цу Сталинан «дикане» дIакхаьччахьана… Лаьттан кийра ерзо йиш хилчахьана…


Дала къинхетам бира…
Цигахь цхьана кIанта шен нана дIаюллуш долийначу кешнашка ерзийра йоI…
Шен да шахте балха лийлира, олура, Iаьржа сегIаз а Iуьйшуш, юург шайна кхоош. Махкалла а дина, шаьш дIадахана исс бутт кхочуш, кхелхира, олура, ша лелорна шена баркалла багахь…
Цхьана фабрикина тIехьа дIакхиссина цуьргаш лехьадора шаьш, олура, лехьадайтарх даккхийдеш, царах гоь, гIайба а буза. Хьаша-да веъча, тIе-кIел таса хIума йоцуш, бала токхура, олура… И мотт-гIайбий, хIуманна бамба баьттIачу хенахь а, дукха совнаха лелабора цуо (цуьнан хенарчу массо а зударша), шаьш цу хенахь лелийнарг диц ца луш…

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.