ГАУ «Издательский дом»

ЭЛЬДИЕВА Марет. Сан тешаме тохарлера накъост

Сан тешаме тохарлера накъост

– Сепехьат кхелхиний хаьарий хьуна?
– Ца хаьара… Дала гечдойла цунна! Новкъа йоцуш, гIийла стаг яра… Марзой вуон ца хилира цуьнан. Доьзалан да кхелхина иза йисчахьана, шайниг ахале латта охура, шайначул хьалха мангал хьокхура. Дала шен яларх йоккхаейойла иза. Хьо яхарий кадаме?
– Яхара.
Тийналла хIутту тилпона чохь, дуьненан йистера сан лере кхаччалц. Яхначу хенера хIокху дийне кхаччалц. ТкъоалгIачу бIешарера тезета кхаччалц. Соьга бIаьрхиш ца совцало. Аз дегор хьулдан гIерта со.


Со муха гIур яцара Сепехьат дIаяьллачу кадаме!? Сан тохарлерачу, сан ирсечу дахарера, цхьа дика адам.. Сан тохарлерачу дахаран цхьа уггаре а хаза мур… Сепехьат… Ас дахарехь, суо йоккха хилла моьттуш, дуьххьара гIулчаш йохуш, сан хилла накъост. Баккхийчарах дуьххьарлера накъост. Тешаме. Сан дахарехь хиллачу адамех уггаре а тешаме…Сан жималлин, хьекъал цахиларан, сан яха Iама гIертаран теш… Некъахо. Сан накъост-некъахо. Ас дукха ма динера цуьнца некъаш, сайн юьртара кхечу юьрта кхаччалца бен боцу и цхьа некъ, бехачу некъашка бирзина… Гихь беза, газеташ, кехаташ чохь долу тIоьрмиг а болуш, цо бина и некъ, сан некъашка бирзина, сан дахарх буцабелла, сан а, хийланнийн а дахаран некъех чекхболуш, хийланнийн дуьххьарлера экам безаман къайленаш хьулъеш, хийланнийн деган кхаьънаш тIекхачош, сингаттаман, бохаман теш хIуттуш бехачу некъашка бирзина… цуьнан и цхьа некъ… са а, со санна болчеран дуккханне а ирсечу дахарера беха некъ. Тахана и коша ерзочу дийнахь гатбелла и беха некъ, готтачу лахьте бирзина, тIаьххьарчу некъан и готта тача… Маржа дуьне! Ма хаза хан яьккхинера Сепехьатца! Цхьа ирсе дахар дара цу хенахь: адамаш вовшашка хьошалгIа оьхуш, кехаташ яздеш, дагарадуьйцуш, безам балхош.


Сепехьат, шен доьзалан да кхелхича, йолаелира почта дIа-схьа кхехьа. Чохь йиъ йоI йиснера. Царна ваша а, Сепехьатна кIант а ца веллера Дала. Суна хезаш цкъа а цу хьокъехь шен гIайгIа ца юьйцура цо. Почтица йоьзначу мIаьргонаша дика йовзийтира Сепехьат.
Кехаташ тIоьрмиг чу нисдешшехь билгалдохура ша тховссехь дIалур дерш: набахтера, эскарера, гена балха баханчеран. «Мела хир бу суна, тховса жимма церан са паргIатдаьккхича», – олура. Ша боллу некъ гIаш бан безаш бара… Сепехьатан тIоьрмиг чIогIа беза хуьлура. Цу чохь журналаш, газеташ, дуккха кехаташ хуьлура. Мел чIогIа аларх, цкъа а тIоьрмиг схьа ца лора. Тхойшиъ цIа кхачале, садаIа охьахиъ-хиъначохь, со газета а, журнал а деша хIутту. Цхьаъ йоьшуш Iачу суна кара дуьллу бепиган дакъа. Юкъ-кара «Даа, даа бепиг, вайшимма бан безаш беха некъ бу», – бохуш, цо сагатдешшехь, со айса доьшург бен гуш ца хуьлу. Сепехьата соьга олу: «Хезаш, дешал». Цо сайга леррина ладугIуш гича, айса дийриг, дош а хеташ, гуттар а чIогIа доьшу ас. Суна деша марзделла журнал, ца яьлла, ас шега дIакховдийча, хотту: «Тховса дешна ер юй хьо?» Суна, тIекхетта, и марайолла лаьа. Хазахетий, йист ца хилалуш, ас корта таIабо. ТIаккха дийнна цхьана буьйсанна журнал соьгахь дуьсу. Нанина хаьа со юьжур йоцийла, журнал дешна яллалц. Кхана Iуьйранна Сепехьат еача, журнал кийча хир ду ша яздайтинчунна дIадахьа. Кхо кIира даьлча, со юха а гIура ю Сепехьатца: иза почта ян, со нанин алапа схьаэца. Нанин алапа кхечу юьртахь схьаэца дезаш дара. Оцу юьртара Сепехьата почта йохьура. Нанас со даима а цуьнца йохуьйтура шен алапа схьаэца. Юьхьанца со башха резаяцара, йоккхахилла хеташ, суо яха лууш. Тас-тасалуш, сан Сепехьатца гергарло тасаделира.

Туьйранашкара къайленех буьзча санна бара цуьнан тIоьрмиг. Ма дукха хIуманаш дара цу чохь!
Уггар коьртаниш кехаташ дара. Конверташ чохь, тайп-тайпана марканаш а йолуш тIелетийна. Чохь адамийн экам къайленаш а йолуш. Цхьадолу кехаташ… Сепехьата шегга бен дIа ца луш долу кехаташ… И дара коьртаниг. Ма чIогIа лаьара царна чохь хIун ду хаа! Сайл баккхийчу мехкарша цуьнга маршалла хоттуш, цо кховдийна кехат сихха къайладоккхуш, ма чIогIа сатосура цхьаннан мукъна а кехат дайна, каракхаьчна, деша, къайле йовза, ган, и безаман къайленаш классикаша киншкаш тIехь йийцинчех тера ю, яц. Киншкаш тIехь ма-яздарра бу-техьа и безам, я бац-техьа… Ца довра церан и кехат. Деша цахуург хилла а царна юкъахь, доьшуьйтур дацар-техьа бохуш а, сатийсира. Хийла лардира, хьаьнга догIу, ладоьгIуш, муха, хIун яздо хаа лууш. Хийлазза тIехьодура: «Ас дIадала мегий?», – олий. Амма Сепехьата цхьа а, цкъа а, кхечуьнга и кехат дIаделла, юьхьIаьржа ца хIоттийра. Шегга бен ца лора кехат. Цхьанна а хьалха а ца лора. ТIаьхьо, нанин алапа тхан юьртахь схьадала долийра. Со а кхуьуш яра, мелла а кехат-хIума а кхочура.


… Ма чIогIа сатосура Сепехьате, и кхачаре, кехат а дохьуш. Юьхьаьнца соьга деана цхьа-ши кехат Сепехьата дикка лелийра шегахь, суна цуьнгара схьаэца эхь хеташ. ТIаккха, цо суна хьехар дира, ша кхечаьргахула уьш сох схьатухур цахилар а хоуьйтуш, кехат кхачар иэхье хIума цахиларх кхетош. Сан тешаме, йоккха накъост Сепехьат.
ТIамо хьаьшна хIаллакдира тхойшиннан гергарло, дахар. Тохарлера ирсе дахар. Кхечу дуьнентIера. Ирсечу дуьнентIера тийна дахар, экамечу къайленийн цинцашца.
Со муха гIур яцара Сепехьат дIакхелхинчу кадаме?! Сан сирлачу сатийсамийн, дахаро човхоран, къайллаха эгийначу бIаьрхийн теш, сан тешаме накъост Сепехьат, Дала гечдойла! БIаьрхиша лаьхьта тIуьна латтадо бохург бакъ дуй-техьа?
Со бIаьрхиш хьулдан гIерта… Дуьненан йисттера аз юха лере кхочу:
– Дала гечдойла цунна!
– Амин.
Тохарлерачу ирсечу дахаран мур хеди.

Орга №1.2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.