Ломахь, цхьана хазачу йуьртахь, хин йистехь лаьттачу жимачу цIа чохь дехаш-Iаш дара доккха ши стаг.
Цаьршиннан цхьа а доьзалхо вацара. Къона къанлуш, чIогIа сатуьйсуш, даьхнера и шиъ шаьшшиннан цхьаъ мукъане а доьзалхо хиларе. ХІор сарахь, беттаса схьакхетта стиглахь седарчий ловзадевлча, шен ламаз дина йаьлча, Бабас гуттар а Деле доьхура:
– ХIай, Веза хила Дела, сан дехарна жоп луохьа, доьху ас хьоьга, и воккхастаг вахан а ван а цхьа ву-кх… ас-м хIун ден дарий, со-м дIа Iийра йарий, иза, и воккхастаг, цхьа волуш лан хала ду-кха сан сина, лохьа цунна цхьа жима хьадалча-накъост… – бохуш.
Ткъа беттаса дехха лаьттара стиглахь, ша хIун ала деза ца хууш йоккхачу стаге, шен седарчийн берашна Іуналла деш. Наггахь Бабина хеталора беттасино сарахь тийна тулгIеш лагIйина, доьдучу хи чу бIаьрхиш Iенош санна.
Iуьйре тIейогIура, Баба дийнахь сарралц шен дезарш деш лелара. Амма, Дада а вара шегарчу хьолана сагатдеш.
ХIор Iуьйранна, Сахуьлу-Седа гучуьра баллалц, воккхачу стага Сахуьлу-Седа хьоьстуш, дехарш дора:
– Вай, хьо къега дикачу адамашна гIоьнна, ва Сахуьлу-Седа, хьо! Хьох хила маршонна аьтто! Хастам бу-кха Далла, хьо стигланашкахь гIароллехь латторна!……………………………………………
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№3.2025)















