ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Дийцарш


Уьш, цу «дадин къинхетамах» чам баьккхинарш, вайна юкъара денна дIабуьйлуш бу. Амма… чIогIачу хIуманца тегна (юьйцина), цкъа а хедарйоцу уьйр ю-кх вайн цу бакъдуьненахь болчаьрца. Дийцаза дисна, дитна хIумма дац-кх, аьлла хетташехь, хьахоза (юха а) дисарна, дитарна кхоьруш санна, лууш санна. Цу къизаллин бала церан синошкара тенза, битаза. Цу синоша и чIир екхаза, йитаза, ма йита, ма йита, бохуш санна, йитарна кхоьруш санна. Топ кхуссуш, урс тухуш йоькхуш йоцуш, дерриге а къоман синоша цу цхьана сине кховдийна хилла чIир. Цо балехь латтийначу синойх юха а дуьненчу дуьйлучу синоша а кхийдош лаьттан йолу чIир.


ХIай Сталин!
Муьлхачу лахьтано тIеэцна-те хьан дегI,
Муьлхачу стиглано..?
Ца теша, ца теша, боьха дегI
Лахьтано тIеэцна аьлча,
Ямарт са стиглано
Кхобур ду аьлча,
ДегIан чарх Iуьллуш го
Къийгаша, жIаьлеша каетташ, це етташ,
Дера са уьдуш го цу некъан бохалла…


Оцу буткин «Ма детта!», «Ма детта!» – бохуш, хилла кор санна, хаддаза детташ, детташ лаьттар ду цу ямартчу синан кор…
…«Цу махках дохучу цIевзинчу дийнахь шелделла, мацделла, вагонашна тIе хьаладаьхча, шайна набарш кхетта хиллера… Шаьш самадевлча, «гарт-гарт-нехь» йоьдуш яра шалон», – дуьйцура тхан нанас.


И «гар-гарт» дисна-кх дагахь, лерсинехь а уьш Даймахка цIабирзинчул тIаьхьа дуьненчу бевллачийн. Ден-ненан цIийца схьаделла «гар-гарт», церан ойланашца, дийцаршца! Дицдан гIиртича а, дицдала ца туьгу, «йитахьа, йижийтахьа», баьхча а, сан ойла тола а тоьлла, со, кехат, къолам схьаэцна, буьйсанан тийналлехь охьахаийна долу «гар-гарт»…
Дас-нанас шайн доьзалшка, цара-шайчаьрга дIа а кховдош, абаде дIахьур бу цу шерийн чам.
Церан лазам. Царах болу лазам.

121 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.