ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Дийцарш


«Вай цIа дохуьйту ца боху?» – и масех дош ду бохура массеран а багахь. Даймахка цIадерза лаам дукха чIогIа хиларна, цIа дахка бакъо яьлча, цIенош а доьхкина, пхийтта дийнахь-бусий поездан станцехь Iийра шаьш, олура, палаткаш а тоьхна. ЧIогIа догIанаш доьлхуш, шайн ерриге хIума хи чохь ю, бохура. Шайх къахетачу цигарчу Iедало, автобусаш схьа а теттина, шаьш дIадохуьйтур дара шу, шун цIахь шу тIелоцуш ца хилча, шайн дан хIума дац, бераш мукъане цу автобус чу тIе ховшадахьара аьлча, цхьаъ тIе ца гIурту, бохура (кхера Iемина, Iамийна).
Тхан лулахочо дуьйцура, гуттара а елхаран къурдашца: «ЦIерадохуш со 5 шо долуш яра. Новкъахь, дукха мIараш хьекхна, кIомарш динера суна. И кIомарш доха а деш, цу бухара тхайн денанас садолу хIуманаш яхар цкъа а дицлур дац суна…»…


ХIинца уьш бакъдуьнена дIабахана, и легашкара шад бастаза. Диц ца деллера царна, диц ца ло вайна, цаьрга ладийгIинчарна.
– Цхьаболчара-м, шайна хало ца гира олура цигахь, – дуьйцура тхан нанас. – Дера гира-кх… Тховсенна юучунна лол тоьхча, кханенна хIун дер ца хууш, зама а-м еара. Цхьана буса веана хьаша а волуш, цхьа ахьар бен, кхин хIума яцара тхоьгахь яа. Кхехка доьлча, цунах чIогIа мехкадаьттан хьожа а яьлла, юьхьIаьржахIиттинера тхо хьешана хьалха. Оха лелочух кхеттачу хьешо: «И дуьйцучохь дац вай. Схьаял, схьаял!», – аьлла, йиира цу ахьарх йинарг»…


Тхан ден доттагI, Абу, цхьа воккха миска, цавевзачунна маларх кхетта ву а моьттур долуш, болар техкаш хиларна, цIена, хьанал стаг вара. Цигахь, цу мецачу Сибрехахь, цхьана ларекана тIехьа дуккха а ахча чохь а долуш, зударийн каралоцу бохча карийна хиллера цунна. И бохча чета а доьллина, волавелла хIара, гулбелла нах гина, тIегIоьртича, цхьа оьрсийн зуда хиллера холчахIоьттина, ша-шех каетташ, йоьлхуш, белхалошна дIадала схьаэцна ахча доьжна бохуш. ХIара дукха тIехь беркъа, миска хеташ, халла тIекхачийтинера цунна. Зудчо кхунна I5 туьма деллера. «Ва Абу, дIа хIунда делла ахь и ахча, иза-х меташка яра, хьо къелла валла ма воллу?», – аьлча, – «Суна цуо делла I5 туьма гIоле ду, хьанал ду», – аьллера Абус.
Цу халачу заманахь, мацалла йиъначу бецо бестийна, нах хилла-кх адамаллах боханза. Дала сийдойла церан! ХIинцалера Iоттабаккхамаш, тIехтохамаш, хьаьгIнаш йоцуш, къен белахь а, вовшашца къинхетаме, догцIена хилла-кх нах.


Ков-кертах, чуьрачу хIуманах, даьхнех бохуш, лаьхкина, декъех некъ биллина, цу «курортехь» I3 шо даьккхина, цIабирзича, ши мах луш и шайн цIенош халла юха а эцна, охьахевшина хиллачу «къоман мостагIашна», царна хиллачу зенан мах хадош, дехкина цхьа итт бIе туьманаш дар-кх. И доккха ахча схьаэца а дацара атта: цкъа хьалха Москвара тоьшалла дан дезара, цул тIаьхьа кхузарчара справкаш яла езара, тIаккха ахча схьаэца гIерта везара. И гIуллакх дахделлера. Элп дIадахнийца дахний, схьакхаьчнийца кхаьчний… Ма чIогIа лазаме дара царна и: «Паспортана тIе ма-хьаьжжина гуш дацара-те, махках мила ваьккхина, элпаш ца дийцича а?! Шаьш ара-м цхьана дийнахь ма дехира цу Делан мостагIчо, цхьа элп буха ца дуьтуш», – олура.


Цу хенахь Хьалха-МартантIехь озабезамца (я, дийцарехь, ахчанца), кIелдIашхула лелачу гIиллакхе доцчу «гIиллакхашца» «схьалуш» дара и Москвара беттанашкахь схьаихна элпаш, массо кора тIехь «Ма детта!», «Ма детта!», – яздина, цхьа бутка а хIоттийна. Массо а кор, неI диттинера цу тIеман 44-чу шарахь вайн дийнна къоман, цхьа элп буха а ца дитинера.
Шайн озабезамаша цу мисканийн этIийначу дегнех летча санна, цIе а летта (я латийна), егира и «котамийн бун» шен элпашца.
Цхьаберш, и элпаш схьакхачале, дIа а кхелхира. Тхан нанас, йисна Iачу, куьг ца туьйхира цу ахчанах…

121 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.