ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Дийцарш


Аьхка дай-наноша шайца цхьаьна бешахь къахьоьгуьйтура берашка. ХьаьжкIаш, саьрамсекхаш, хохаш, картолаш, кхоьш юьйш, кхиош, асарш деш. Саьрамсекхийн Iарчаша куьйгаш дестийна лелар хIинца а ца дицло. Къинхьегаман, соьман мах хаьара, хама бора, хастам бора бераша жимчохь дуьйна. Лаьтто беркат лора. «Шен доьзалш, кхин дан хIума ца хилча, цхьанхьа ор доккхуьйтий а, мукъа ца буьту ша», – олура тхан дешичан кIанта. Оцу хенахь берех къахетара ХIинца кхета: цхьа маьIна долуш хиллера цо дийриг.


Мукъачу хенахь арара чудерза ца туьгура бераш, аьхка тишачу туьппалгех, лаьнганах, лечкъаргех ловзуш, Iай салазаш хоьхкуш, лайн мижаргаш деш, хIума кхалла чудаьхкина хан а дукха хеташ, баьпкан юьхк а карахь арауьдуш. ХIинца-м, телефон, планшет (кхийолу радиаци кIезиг хеташ) кара а лой, дIахоьцу бер, делха ца дилхичхьана. Дустал-ткъа: цу заманахь, охьадеттаделла, голаш яьшна, цIен чIишталгаш йогуш хилла берашший, хIинца компьютершна хьалха бIаьргийн кIелонаш Iаржйина, ахь хаьттинчунна жоп дала виртуальни дуьненчуьра ара ца довлалуш Iа берашший. Башхалла юй?


Урчакхаш йора тхан дас тхан ненан нанний, ненан ненайишиний. Цара тхуна массарна цIеначу тIергIан пазаташ юцура, шалха кIажош а деш, сиха йоха ца йохийта. Ког бохбора, са а…
… Дешнийн а шайн зама, шайн дуьне. Шайн дахар. Адам санна, дуьненчу а довлуш, дуьненчуьра дIа а довлуш… Шайга долу хьашт кхачийча.
«Беллачу нахаца сакъоьруш дара», – олур-кх вайн баккхийчара (Дала декъалбойла уьш!). Царна а дайна, яхначу заманахь хьошалгIахь хилла-кх вай.

Орга №1.2020

121 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.