ГАУ «Издательский дом»

ОВХАДОВА Яхита. Дийцарш

Безаман тезет

Цхьалла. Цхьалла…
Шелделла, гатделла цIийзачу синан гIелалла, мискалла… Юха а… Цхьалла.
Тезет… Безаман тезет… Бохарах, багарах, лазорах ларбеш, куьйгаш тIехь лелийначу… Тахана … баьржинчу, боьхначу… Богучу…
ДIаделлаза кевнаш, гулдаза адам. Доккхачу дуьненахь – есалла, есалла. Хьо а, хьан къедаьлла, къийделла са а… Кхин хIумма а… Доцуш? Ца гуш. Ца лууш ган. Хьуна хьайнна тIедоьжна, йисна, йитна тезет… Дагца дог эца, белшах белш тоха накъост воцуш. Хьо-хьуо… Хьайн вуонца, хьайн балица, лазамца. Цхьанна ца гойтучу, кхоьручу гарна.
Цхьа догIа, хьан Iийжачу деган «вотанца» доггах доьлху, шен «бIаьрхишца» хьан безам лерина лийчош, тIаьххьарчу новкъабаккха кечбеш…


ХIунда? ХIунда-ткъа – массарна юкъара – цхьаъ? Цхьа бIаьргаш, сибат? Цкъа а кхин воцуш, хир воцуш санна? ХIун ю и – безам, сих хьаьрчий, мел майра къонах а, исбаьхьа йоI а доьналлах бохош, синтемах бохуш? Синошна юкъара тIай, Дала тосуш долу? Я?..
Ткъа и тIай-м, дависарг, и тIай-м дахаран «тулгIенаша» техкадой, малдой, тишдой, дIадоккхуш нислойца, уьйр-марзонаш ерш вовшашна тIе а кхачале. Адамийн хьекъал, доьналла, собар гуттар а ца тоьийца цу тIай тIехула вовшашна т1е кхача. Я… цхьаъ дIаэхарх… Цхьаъ дIаэхарх-м?.. Важа дуьхьалван туьгуш, лууш, хууш ца хилча…
ХIинца-м… хIинца-м тIаьххьара, тIаьххьара сацам… Къурд… Хьайн дегIал хьалхадуьйлуш, цунна дуьхьал иддачу хьайн синна «буржал» тоха. Мерзачу чомехь шега кхийдийна безаман кад цуо хамаза, хамаза херцорна. Хьайн синан кийсигех ахь «йоманаш» тихкинчу безамна (бохарна кхоьруш) цуо этIош, бухбохуш, къиза «тукар тийсарна». «Зарзбеллачохь» ахь цу синан пхенашца биттина «лаларш» цуо дера хедорна…


Цхьаъ дIаэхарх-м…
ЧIир?.. ХIан-хIан… Ца йоьху. Ца лоьху. Ирс доьху Деле, цунна ирс доьху. Декъазчу цунна…
Орца доцу барма лаьцна бесачу новкъа…
Аз доцчу зуькарца… Макхделла, басадаьлла дуьне…
– И беза мохь охьабиллича, паргIатдер дай хьо-м, – хьоьсту дог дегIо.
– И беза мохь мел мерза… хаац-кх хьуна, – доьлху дог…

121 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.