ГАУ «Издательский дом»

Ахмадов Муса. Дикане боьду некъ

Хьаьжех долу дийцарш

Воккха стаг
Жим стаг
I-ра мурд
II-гIа мурд
III-гIа мурд
Мурд
I-ра стаг
Нана

I сурт

Жима стаг. Кунта-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан). Суна дукха жима волуш хезна и цIе. Дукха жима волуш дуьйна ас тергалдина цуо юкъадаьккхинчу чехкачу зикарехь хьийзачу мурдаша доху гонаш. Иштта гонаш дохуш, зама а, малхана гонаха латта а хьийзий, суна дуккха а тIаьхьа хиира.


Ас дукха жима волуш дуьйна ладегIна цуьнан мурдаша олучу назманашка, уьш дагах кхеташ, цара бIаьргаш чу хиш дуьссуьйтуш, цара дуьненах, эхартах ойланаш кхуллуш.
Хьаьжа бакъ эвлаяъ хиларан билгалонаш лаьтта тIехь шортта ю. Царах цхьаъ: цо дийнна къам бусулба дине далор. Дала даржехь лакхавоккхийла иза!
Тахана со лелар ву цо когаш лийзинчу некъашкахула, цо даьккхинчу шовданах къурдаш а дийр ду ас. И Далла Iамал еш, сийцинчу меттигашкахь соьцур ву со. ХIуттур ву цуьнан ненан коша тIе… Ма доккха хIума ду иза.

Воккха стаг. Кийча вуй хьо, жима къонах, новкъавала?
Жима стаг. Кийча ву, Воккха дада!
Воккха стаг. Велахь, суна тIаьхьара ала. БисмиллахIиррохьманир-рохьийм! Ас ниййат ди Делан дуьхьа сайн устазан Мубарик-Хьаьжин нана Хеда дIайоьллинчу зиярте ваха.
Везан Дела, хьайн дуьхьа делахь оха хьоьгу къа!
(Жимхас тIаьхьара олу). ХIинца, вало, новкъавер ву вайша. Новкъаволу.
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма)


II сурт

Жима стаг. Ваши, суна девза хьуна хIара шовда. Ахь масийттаза шех лаьцна суна дийцина шовда ду-кх хIара. Кунта-Хьаьжас даьккхина, цо доладеш хилла! Дуккхазза а лахвелла иза кхунна уллехь, кхуьнан апари тодеш, шийлачу хих къурд беш. ХIетахь дуьйна наха «Хьаьжин шовда» аьлла цIе а тиллина, лерина Iалашдеш ду хIара. Хи мала чами а оьллина, охьахаа гIант а хIоттийна. Кху шовданан хи дарбане ца хила йиш а яц. Къурд бехьа, Ваши!
(Жимхас, схьаоьций, воккхачу стаге дIакховдадо хи.)
Воккха стаг. БисмиллахIиррохьманиррохьийм! АлхьамдулиллахI, Далла хастам бу. Доккха ниIмат ду-кх, Хьаьжин шовданах къурд бан йиш хилар. Вало, охьахаа вайша, жима къонах! ЛадогIал ахь ас хьайга дуьйцучу Хьаьжин къамеле.


Хьаьжас аьлла шен мурдашка: «Суна дуьхьал сан мурдех цхьаберш, къуй а хилла, богIур бу, вуьйш, довхой а хилла, богIур бу.»
Жима стаг. АстогIфируллахI. И ма тамашийна хIума ду! И стенна аьлла цо?
Воккха стаг. Къуй – уьш шен устазах долу бакъдерг нахе дIа а ца дуьйцуш, иза къайладаьхьнарш бу, аьлла. Довхой – уьш, шайгара тIедетташ шайн устазах лаьцна харцдерш дийцинарш бу, аьлла Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан!)
Ткъа суна, сан жима доттагI, къу хила а ца лаьа, сайна баккхийчара дийцинарг хьоьга дIа а ца дийцина. Устазан довхо хила-м хIете а, вете а ца лаьа, ца хууш а, сайна хезначунна хIума тIе а тоьхна.
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма)

III сурт

Воккха стаг. Собарделахь, жима къонах. ХIокху комаран дитт уллехь а охьалахлур ву вайша, сан голашка жимма са а доIуьйтуш.
Жима стаг. ХIокху комаран диттах а дийцира ахь суна, Ваши, со жима волуш. Хьаьжа кхунна уллехь хийла ламазана хIоьттина бохуш, кхуьнан IиндагIехь охьахуий, шен мурдашца цо къамелаш дина бохуш, царна хьехамаш беш.
Иштта-м, цхьа кхор бу бохуш а ма дийцира ахь соьга, кхузахь, Эртанахь. Хьаьжа Iедало дIавуьгуш, цунна тIаьхьакхевддинчохь, орамаша сацийна, лаьтташ.
Воккха стаг. Иза а болуш бу. Дийцинарг дIалоцуш, дика иэс долуш а, тидаме а хилла хьо-м, жима къонах. Хьоьга дийца а мегар ду хьуна. Ахь Iалашдийр ду хьайга дийцинарг. Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) хьехамех цхьаъ бу, мурдо, шен устаз санна, кхин болу устазаш а лара беза бохург.
Иштта Девкар-Эвлара цхьа стаг веана хилла цхьана дийнахь Эртана. Стоьмийн дитташ кходуш, бешахь волчу Хьаьжех бIаьргкхеттачу цо салам делла.
I-ра стаг. Ассаламу Iалайкум! Делера салам-маршалла хуьлда хьуна, тхан устаз Хьаьжа.
Воккха стаг. Ва Iалайкум салам, генара хьаша! Ма хала некъ беш веана хьо кхуза. Хьо лаа лелий-техьа? – аьлла, цунна дуьхьал вистхилла Хьаьжа.


I-ра стаг. Лаа ма лела со-м. Хьоьга сайна вирд а хьехийта, хьо сайна устаз а лаца веана-кх со.
Воккха стаг. ТIаккха Хьаьжас аьлла: «Хьо Девкар-Эвлара дуьйна, оццул беха, хала некъ беш, схьа ца веанехь а, шун эвлахь а ма ву, ахь устаз лаца хьакъ волуш, цхьа Дала дика дина стаг.
I-ра стаг. Мила ву-техьа иза? Суна ма ца вевза иза.
Воккха стаг. Хьо шайн юьрта юхавахча, нехан бошмашка бIаьрг а тухуш, волало, аьлла Хьаьжас. (Дала къайле цIинйойла цуьнан). Шун юьртахь оцу цхьана стеган беш ю хьуна хIинцале а зазадаьккхина. Оцу бешан дега хьайна вирд а хьехийта, и хьайн устаз а лаца аьлла Хьаьжас. ЦIа вахана и стаг. Хьаьжас ма-аллара, юьртахойн бошмашка бIаьрг а бетташ, волавелла лелаш хилла и стаг. ТIаьххьара а карийна цунна зазадаьккхина беш. Оцу кертахь вехаш-Iаш Докка (Дала къайле цIинйойла цуьнан) хилла. Иштта, Доккина тIе а вахана, Хьаьжин лаам кхочушбеш, цуьнга шена вирд а хьехийтина, и шена устаз а лаьцна оцу стага.
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма)

IV сурт

Воккха стаг. ЛадогIа кIадда-м ца велла хьо, сан жима доттагI?
Жима стаг. Ца велла хьуна со кIад. Дийца ахь, Ваши, ладугIуш ву хьуна.
Воккха стаг. Цхьана аьхкенан юьххьехь, хьаьжкIашна хьалхара асар дечу хенахь, Хьаьжин цхьа кхо мурд веана хилла шайн устазах дагавала.
(Гучуволу кхо мурд)
I-ра мурд. Хьаьжа, кертахь гуш вац. (Дала къайле цIинйойла цуьнан) И цIа вале, жимма асаран мор баккха беза вай.
II-гIа мурд. И дика хир ду. Вайна хан сихха дIаер ю, Хьаьжина гIо а хир ду.
III-гIа мурд. И чIогIа бакъахьа хир ду. ДIогахь кхозуш гаьмнаш а ду. Ас схьадохьу шуна уьш.
(Гаьмнаш схьа а оьций, дIахIуьтту.)


Воккха стаг. Лаьттан цхьана жимачу декъа тIехь асар дина уьш бовлуш, веана схьакхаьчнера Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан). Салам а делла тIехIоьттинчу цо, совцийнера асархой. ТIаккха, цара асар дина меттиг, билгалонаш а еш, дIакъастийнера Хьаьжас: «Гурахь кху тIехь кхиъна хьаьжкIаш, шайн къина догIу ялта дIадахьа догIур ду шу», – олуш.
Жима стаг. Ваши, и стенна дина цо. Наха дина гIо тIелаца мегаш дац?
Воккха стаг. Мегаш ду, жима къонах! Суна хетарехь, Хьаьжас иза шен мурдашна а, тIаьхьа тIедогIучу вайна а масал хилийта, ша къа а хьегна, шен куьйга хьалакхиийна хьанал рицкъ а даар тоьлаш дуйла хаийта дина. Бакъдерг хуург Дела ву, суна иштта хета-кх иза.
Жима стаг. Кху заманахь ма кIезиг бу-кх, Ваши, ша хьалакхиийна ялта дуушберш.
Воккха стаг. Цундела нехан могашаллаш а яц-кха… ХIокху дуьненан массо маьIIера схьаеана хIумнаш юу, цундела массанхьара схьаеана цамгарш ю-кх вайн махкахь.
Шен лаьтта тIехь а, шен даьхни кхобуш а къахьегар дегIана а, синна а дарбане ма ду. И баьхна-кх вайга Илсхана-Юьртарчу Хьаьжас шен масаллица.
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма)

V сурт

Воккха стаг. ХIара тIулг бевзий хьуна, жима къонах?
Жима стаг. Кху тIулгах лаьцна деша-м дешна ас цхьана киншки тIехь.
Воккха стаг. ХIун дешна ахь?


Жима стаг. Паччахьан Iедалера шена кхерам хаабелча, цунна пе а тухий, кхуза, хIокху кхерана тIехьа, къайлаволуш хилла, боху, Кунта-Хьажа. Иза кху тIулга тIе охьахиъча, кхузахь берзалой гуллуш хилла, боху, и лаца гIертачу салтех Хьаьжа ларвеш. ХIокху боккхачу кхерана гуонаха Iохкуш кегий тIулгаш ду. ХIора а тIулгана улле цхьацца борз дIахIуттуш хилла, Хьаьжина гуобеш. Кортош охьа а дохуьйтий, шайна хьалхарчу тIулгаш тIе мотт а Iуьттуш, лаьтташ хилла уьш. Цунах йисна лараш хIинца а гуш ю кху тIулгаш тIехь.
Воккха стаг. ХIаъ, бакъ ду-кх иза. Иштта Дала хьайбанашка а ларвойтуш хилла Шен гергара стаг. Дикка ладогIа ахь соьга, сан къона доттагI, со мел веха а ца хаьа хIокху лаьтта тIехь. Ткъа Хьаьжех долу дийцарш даха деза, кху лаьтта букъа тIехь вайн нах мел беха.
Жима стаг. Со ладугIуш ву хьуна, Воккха дада. Дийца ахь.
Воккха стаг. Цкъа цхьана юьртара Хьаьжин мурд веана и волчу.
(Гучуволу мурд)


Мурд. Ассаламу Iалайкум, тхан сийлахь устаз!
Воккха стаг. Ва Iалайкум салам! Хьо марша вогIийла! – аьлла, цуьнгара салам схьа а эцна, могаш-паргIат хаьттина Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан). Луьйш-олуш Iаш, цу веанчу мурдо хаттар дина Хьаьже.
Мурд. Хьаьжа, сайн куйна тIе чалба ехка дагахь вара со. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь.
Воккха стаг. «Чалба хьайн куйна тIе ехкале хьалха, хьайн дага тIе ехкахьа», – аьллера шен мурде Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан).
Кхин Хьаьжига хаттарш ца луш, ойланашка а ваьлла, дIавахнера и мурд.
Жима стаг. И бохург хIун хилла цуьнан, ва Ваши?
Воккха стаг. И дера хилла, сан къона доттагI, хьайн дог хьаьгIнех, дегабаамех, веснех цIанде бохург, айхьа лелориг даггара а, цIена а леладе бохург.
Дела хьан духаршка хьоьжуш вац, хьан даге хьоьжуш ву, бохург.
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма)

VI сурт

Воккха стаг. КIорда-м ца дина хьуна сан дийцарш, жима къонах!
Жима стаг. КIорда ца дина хьуна, ваши, дийца ахь.
Воккха стаг. КIорда а ма дайталахь… Диц а ма делахь! Цкъа цхьана дийнахь, хIинца вайшиъ санна, гIаш волавелла, цхьа кхо мурд веана хилла Хьаьжа волчу, хьажа-хIотта.
(Гучуволу кхо мурд.)
II-гIа мурд. Оха дика са а даьIи, хьоьгара хьал-де а хии. Дала сагIа йойла оха йиънарг, мелларг!
III-гIа мурд. ДIадахча, цIахь тхайн накъосташна дийца цхьа хIума дийцахьа тхуна, Хьаьжа.
I-ра мурд. Хьехар дехьа тхуна, Хьаьжа, хьехар дехьа!
Воккха стаг. ТIаккха Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан!) аьллера шен мурдашка: «Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна. Царах шиъ аш дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ аш гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш. Иза аш дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вуо а дицделаш, иза дицдарца шу цунах довлу, иза шух дIакъаьста. Ткъа дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьалхIитта дезаш хилар а.
Иштта хьехам бинера Кунта-Хьаьжас шен мурдашна.
(Хеза кунта-Хьаьжех йолу назма)

VII сурт

Воккха стаг. ЭлхьамдулиллахI! Далла бу-кх хастам. Схьакхечи-кх вайша кху сийлахьчу Эртана! Хьажал, жима къонах, мел адам лаьтта кхузахь. ХIара иштта хир ду бохуш, цхьа бIе ахбIе шо хьалха дийцина ма ду Хьаьжас (Дала къайле цIинйойла цуьнан).
Нана. Во-о, шен дика, ва Хьаьжа, стигалхула лела олхазарш бен доцчу, акхароша бен латта ца хьоьшучу кху лекхачу Эртанахь ша дIайоьллина, мича ваха воллу хьо?
Воккха стаг. Иштта шен Нанас аьлча, Хьаьжас аьллера: «Ша Делаца чIагIо йо хьуна, Ва нана-Хеда, маликийн, эвлияийн орца кхузара хедар ма дац хьуна. Хьаьжа къобалвинчу вайн баккхийчу, кегийчу мурдийн, вайн кегийчу берийн орца кхузара хедар ма дац хьуна. Хьан тезет, ца хедаш, дуьненчуьра эхарта гIур ду хьуна!
Хьуна гуш ду-кх, сан къона доттагI, Хьаьжас дийцинарг кхочушхилла хилар. Мел дукха адам лаьтта кхузахь, мел дукха адам деана кхуза тахана!
Дала къобалдойла церан зерат!
Жима стаг. Амин. Амин!
Воккха стаг. Дала шен дуьхьа бойла вайша кхуза беана некъ а!
Жима стаг. Амин. Амин.
Дала къобалдойла вайшиннан зерат!
(Хеза Кунта-Хьаьжех йолу назма).

Чаккхе

Орга №4. 2021

1 comment

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.