ГАУ «Издательский дом»

АХМАДОВ Муса. Нохчийн турпала наной

             Пьеса

Дакъалоцурш:

Дакъалоцурш:
Iайшат.-Iилманча
Марха
СегIирт
БIобаьчча
Нукер
Тхьамда
ТIемало
1-ра тIемало
2-гIа тIемало
Ану
Таймасха
ГIарбаш
Паччахьан зуда
Есимат
Лор-йиша
Секимат
Эпсар
БIаьхо
Нана
ЙоI
КIант

Нохчийн наношна лерина…

1 сурт

Чохь йу Iилманча Iайшат, шен цхьацца кехаташ кегош. Телефон йека.

Iайшат.. ЛадугIуш йу, Асет Iимрановна. Де дика дойла хьан! Болх чекх ца баьлла. Кхин цхьа кIира деза суна. ТIаккха, хьоьга дIалур бу. Хьуна хетарш тидаме а оьцуш, болх бийр бу. Дика ду. Iодикайойла!
Ас къастийна тема йу «Нохчийн нанас, йоIа, йишас, зудчо вайн къам лардарехь, цуьнан мотт, культура Iалашйарехь лелийна маьIна». Сайн болх ас дIаболор бу, ширачу заманахь монголаш вайн махкана тIелетча, шен кхерчара цIе кIелхьарйаьккхина боккхачу доьзалан ненах Анух дийцарца.

2 Сурт

Серло лета. Монголийн бIаьхойн туш. Монголийн бIобаьчча хиъна Iаш ву гIантахь. Гучуволу монголийн Нукер-бIаьхо.

Нукер. Лераме бIобаьчча. Пурба ло вистхила.
БIобаьчча. Пурба ду.
Нукер. Буьрса мох хилла хьаьвзира кху нохчийн махкахь хьан майра бIо. Жима а, воккха а гIаьттинера тхуна дуьхьал. Амма кху дуьненахь ницкъ бац хьан буьрса Нукераш эшо.
БIобаьчча. ХIаллакбиний аш и нохчий?


Нукер. ХIаллакбина. Говр ца йоьдучу ирачу лаьмнашка хьалабовла цакхиънарш берриш а.
Баьчча. Ткъа церан кхерчашкара цIераш дIайайъиний аш, цхьа а ца йуьтуш?
Нукер. Йайъина. Йерриш дIайайъина.
Баьчча. И дика ду. Дийна биснарш шелонна, мацалла а лийр бу. Ткъа хIинца кечамбе новкъадовла, дукха ду вай схьалеца деза мехкаш.
(тIеман мукъам)

3 Сурт.

Серло лета. Шайн йуьрта охьабуьссу лекхачу лаьмнашка хьалабевлла хилла нохчий.

Тхьамда. ЛадогIа, тIемалой! Вайн пхьедахь латийна цIе йисний хьовса.
ТIемало. ХIинцца.
(ТIемалой дIахьовду. Дукха хан йалале йухакхочу)
ТIемало. Лераме тхьамда! Цхьа цIе ца йисна латийна. Йерриш дIайайъина мостагIаша.
Тхьамда. Уьш вайна моьттучул а къиза хилла.


(Зударшка маьхьарий довлу)
Зуда. Вай хIун дийр ду, цIе ца хилча?
2-гIа Зуда. Вай лийр ду шелонна а, мацалла а.
3-гIа Зуда. Вай хIун дийр ду кегийчу берашна?
( ).
Ану. ЛадогIа соьга, нах! Дезткъа шо чекхдаьллера, вайн кхерчахь латийна цIе дIа ца йойтуш. ХIор а сарахь цIарах йисна алу, ас тIе овкъарш хьокхий, къайлайоккхура. Iуьйранна овкъарш дIаса а хьокхий, хьалалатайора кхерчахь цIе. ХIара къиза мостагI тIе а летта, вай йуьртах довлуш, ас йан йалта а, йа пхьегIа а, хIумма а ца ийцира схьа. Ас йоккхачу кхийрачу кхаби чохь овкъаршца цхьаьна вайн кхерчарчу цIеран алу схьаийцира. ХIинца а шелйалаза йу шуна хIара кхаба. Дисна хир ду шуна хIокху овкъаршна йукъахь дIадаза суйнаш. Царах хьалалатайе массо а кхерчашкахь цIераш.
Iайшат.. Иштта, нохчийн оьзда цIенана бахьанехь, ца йовш кхидIа а йага йисира нохчийн кхерчашкахь цIераш. Шелонах, мацаллах а кIелхьарделира халкъ.


(ЧуйогIу лулара йоI Марха).
Марха. Де дика дойла хьан, Iайшат.! Чуйан мегар дуй?
Iайшат. Мегар ду.
Марха. Тховса пIераскан буьйса йу. СагIийна чIепалгаш дохьуш йеъна со.
Iайшат. Дала сагIадойла! Оцу кIантах лаьцна хууш хIумма а дуй?
Марха. Дац. Йалх бутт дIа-м бели иза тIепаза вайна.


Iайшат. Ма балехь хир йу-кх цуьнан нана СегIирт. ХIинцца, хIара кехаташ дIа а нисдина, и йолчу гIур йу вайша.
Марха. Iайшат, хьо цхьа болх беш йолчух тера ду. Ас йукъах-м ца йаьккхи хьо?
Iайшат.. Ца йаьккхи. Хьуна хаьий, Марха, кавказан тIом болуш, хийла нохчийн йоIа къонахашна йуххе дIа а хIоьттина, Даймохк ларбеш къийсамехь лаьттиний? Царах цхьаболчеран цIераш йисна исторехь: Дадин Айбика, Гиххойн Таймасха, ГIезахьажин Тоита. Гиххойн Таймасха шен цхьаъ бен воцу ваша а, шена хан йиллина кIант мостагIаша вийча, арайолу церан чIиръэца. Шена тIе тIемалойн духар а духий, бIаьхойн тобанан коьрте а хIуттий, цо болабо бекхаман тIом. Амма, цхьана дийнахь, мостагIийн дукхалла бахьанехь чевнаш хилла Таймасха йийсаре йуьгу. И каде турпал-йоI йийсаре йигний хиъча, и йовза лаам хуьлу Маскохара паччахьан зудчун. Беха некъбеш, Буру-гIалара ТIорпаз гIала, цигара Маскоха кхачийра Таймасха паччахьан эпсарша.


Марха. Цунах лаьцна йаздина ахь? Соьга дешийтахьа.
Iайшат. ХIинца йиш йац. Ас цунах лаьцна дуьйцур ду хьуна, вайша СегIирт йолчу йоьдуш.

……………………………………………….

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№2.2025)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.