Хьалхара дакъа
Хьалхара сурт
1-ра эпизод
(Можачу басахь чоь)
Нана.
Замано аьхкина и чолхе дозанаш дIадевли,
Йесалла йисна,
Тембоцу дилхан дог –
Лаамийн хьоста
ДIалекъна.
Йесалла йисна.
Малхбуза серлонаш,
И довха барташ дахарш
ДIадайна.
Йесалла йисна.
ДIасецна.
ДIалекъна.
Кхачийна.
ДIатийна.
ДIадайна.
Йесалла йисна.
КIант. (неIарехь). Нана!
Нана. ХIун боху ахь?
КIант. Со воьду.
Нана. Стенга?
КIант. Кемсаш тIе. (НеIарехьа воьду)
Нана. Собардел цкъа!
КIант. ХIун боху ахь?
Нана. Цкъа хIума кхалла.
КIант. Ца йеза. Кемсаш кхоллур йу. Урс кховдадехьа.
Нана. Стенна оьшу хьуна иза?
КIант. (велалуш). Кемсаш хедо.
Нана. (гIам-гIим деш, урс лаха хIутту). Урс, урс… ХIаллакьхуьлийла и арсаш, уьш дан дагадеана зуламхо а!
КIант. Йуха а хьайниг дуьйцу.
Нана. Тоьпаш, тапчанаш, ур-атталла кегий арсаш, гаьмнаш, мангалш…
КIант. Дитахьа иза!
Нана. Массо а хIума – хадошйерг, човйешйерг… Цхьа хаза, дахарх а кхехкаш, жима стаг воьду, цергаш йуккъехь зезаг а ловзош, шен кемсаш йа зайтунаш йолчу…
КIант (корта а оллабой). Тоьар ду хьуна, Нана.
Нана. ДIавоьду, йуха а ца вогIу. ВагIахь а, цуьнан гай тIе куьг дилла дезар ду, йа туьха чохь долу кхаба хIотто йеза, дакъа деста ца дестийта. Цул тIаьхьа муха оьцу ахь кара урс?
КIант. ДIадоладели хьуна…
Нана. Со бIе шарахь йахахь а, сан къамел хийцалур дац. Цкъа хьалха хьан да, цхьана кхаа шарахь суна зезагийн IатIар хилла лаьттина, дIавай… Цул тIаьхьа хьан ваша… Цхьана жимачу дIаьндарго, йа уьрсан мIаьчиго, сту санна, онда къонах муха вожор ву? ХIан-хIа, со Iийр йац, йист ца хуьлуш. Денош дIаоьху, оьгIазалло сан бIаьргаш хьулбо. Ткъа лазам чIагIло.
КIант. Тоьар ду хьуна.
Нана. Тоьар дац… Хьан йухалур ву хьуна хьан да? Хьан йухалур ву хьуна хьан ваша?.. Набахти, набахти… Нийсо йу иза? Цу чохь йууш, молуш, набарш йо, томка уьйзу, эшарш лоькху. Ткъа сан белларш цигахь лаьтта бухахь Iохку, бага буц а таIийна. Ткъа зуламхой лаьмнашка бIаьргбетташ Iаш бу.
КIант. Уьш байъа боху ахь соьга?
Нана. Ца боху. Со муха Iиэн йеза, йист ца хуьлуш, ахь а изза неI схьайоьллуш хилча, цу тIе кисана урс а диллина? Суна ца лаьа хьо кху чуьра аравала.
КIант. Хьайн са ма даахьа, Нана.
Нана. Сан йоI йелахьара, тхойшиъ, урчакх хьийзош, эханг деш, цхьаьна Iийр йара……………………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)





