ГАУ «Издательский дом»

ЯХЬЯЕВ Салавди. ЦIЕН-БЕРДЕ…

(поэтически драма)

Дакъалоцурш:

Гадаев Мохьмад-Салахь

Шура – цуьнан зуда

Казбек – цаьршиннан кIант

Малика – Гадаевн тIаьххьара безам

Сайхьат – Маликин гергара йоI

Заманхой – 4стаг

Виниамин Христафорич –

                набахти чуьра лор

Александра – Iилманан-талламан

                институтан белхало

Георгий Эдмундович –

                Шурин лулахо

Гадаевн цIийнан нах:

I-ра стаг

2-гIа стаг

3-гIа стаг

Канташ

Йоккха стаг

Илланча (тобанца)

Кхиболу нах

1 дакъа

1 сурт

ЦIерпоштан цIогIа. Схьахаза йолало «тIурненера гIов». ЦIерпоштан цIогIа. Кирхьа дIасаузу. Цунах терра мукъаман хазар а дIадолало, гIийлла. Нохчийн кехат-пондар, Iадхьокху пондар (скрипка), шедаг. Гучуволу I-ра заманхо:

Чурт санна, лаьтта со

ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан лаьмнашка

бIаьргтоьхча, кийрахь

Генарчу Даймехкан

сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи,

дог Iийжадо.

Малх, буза бегийна,

регIа лахбелча,

Суьйре а, даш санна,

сайна язъелча,

Ойлане дарц даьлла,

со айъавелча,

Даймахка вуссу со,

Я Залжалала.

Бераллехь хьийзинчу

даккъашка вуссий,

Лаьмнашка, арешка

гIийла бIаьрг кхуссий,

ХIиттинчу бIаьргаш чу

сирла хиш дуссий,

Даймахке хьоьжу со,

Я Залжалала.

Тезетехь техкаш го

вайн бошмаш, хьаннаш,

ГIайгIанех юьзна го

тогIенаш, Iаннаш,

Дайн кешнаш доьхначохь

упханийн аннаш

Хьулдан да воцуш го,

Я Залжалала.

Вай дина ярташ го

тишъелла, гIийла,

Го сирла шовданаш

дай боцуш мийла,

Вайн хьомсара ков-керташ,

каш санна, шийла,

Сов ирча карайо,

Я Залжалала.

ТIаккха со, дог духий,

аьрцнашка волу,

Iийжачу кийрара

мохь – цIогIа долу,

Яьссачу тогIеша

соьца мохь олу,

Iадавой, воьрзу со,

Я Залжалала.

Чурт санна, лаьтта со

ГIум-Азин арахь,

Тянь-Шанан лаьмнашка

бIаьргтоьхча, кийрахь

Генарчу Даймехкан

сурт хIоттало,

Малхбузе мел хьийжи,

дог Iийжадо.

2-г I а з а м а н х о:

«Со вина борз угIучу ламанан Iин чохь,

Эндаже лечарчий, ижунна дуьйлуш,

Суьйренца хьийзачохь, буьрса аз кхуьйлуш;

Вина, чIу цабаллал луьстачу хьуьн чохь,

Лаьттан тхов тиллинчу тишчу тхайн буьн чохь –

Дада сайн ваьхначохь, …»

1909-чу шеран 10-чу декабрехь Нажин-Юьртан кIоштара Чуьрч-Ирзе юьртахь дуьнен тIе ваьлла, тIахьа гIараваьлла волу нохчийн байтанч, дешан а, меттан а говзанча, яздархо, Iилманча, ойланча, карзахе са, чIогIа са маьрша адам – Гадаев Мохьмад-Салахь. И тера вацара бераллехь дуьйна а шена гонаха бехачу нахах. «Шен» аьлла цуьнан хIумма дацара, цо цунах мах бинера шен къоман дуьхьа долчуьнца:

Цунна ца хаьара, «ваха ма-веззара» ваха.

Цунна ца хаьара, ларвала кIезгачу нахах.

И дика кхеттера, лаьтта ког баьккхича дуьйна,

Ша цхьаъ бен вацахь а, шецанна шен бакъдерг дуйла.

Цо некъаш гездира, ца дойуш шен деган хIайкал,

«Нохчийчоь» боху дош ворхIе а Iаьршашкахь кхайкхош.

И воьлуш, воьлура массо а воьлучу дийнахь,

Даймехкан къина и воьлхура хIоранца кийрахь.

Цунна ца хаьара, къонахий кхуьучу махкахь

КIиллой а бекхийла массо а векхачу малхах.

Вожа ца вуьйжира, тIаьххьара гIаьттира иза,

Массо а заманийн теш хилла, халкъалахь виса.

Цкъа тоха-м велира, мел динарг кIезга а хетта,

Седа а буьйхира, къонахчун бIаьштигах кхетта.

Гадаевн бераллехь хьерчар сов алсам дара доллучу Iаламца. Иза, дукхахверг, Iаламца йолчу уьйрашца вехара. Буха а ца вуьсуш, кхоа а ца луш, ша верриге дIа чу ваьржинера иза цу Iаламна; цуьнан ойланийн тачанаш даьржинера ламанца, Iаннашца, боьранашца, хишца, хьаннашца, олхазаршца. Хала дара царах муьлхарг мила ву къасто, сов ирсе ша хетарг: я Iалам, я Мохьмад-Салахь.

«ХIетахь жимчу сайн кхетамо соьга

Шабаршца олура: «Хьол ирсе хилла

ДIа мила воьрзур-те, каш чу дегI дилла?

Хьайн гIоддах хьо Iалам дезарца вогу,

Ткъа иза а дац хьоьца нахарттал шога,

Хьоьсту цо денна хьо, барамах тилла;

Декарха девзара олхазар суна,

ЦIийзарах, угIарах – акхаройн васташ,

Озе ладуггIушехь, дора ас къаста».

3-г I а з а м а н х о:

«ЦIеххьана, амма шех тоьшуьйтуш, кхиъна ваьлла байтанча волуш веара Г а д а е в Мохьмад-Салахь нохчийн литературе». Цо дуккха а жанрашкахь сутара къахьийгира. Амма шен похIмаллин лакхене иза къаьсттина байтанча а волуш кхечира:

ТIаьхь-тIаьхьа чIагI а луш, орцахь гIов ду.

Iарж-Iаржалуш, мархаш а сихъелла керча,

Лах-лахлуш, аьрцнийн уьш кIуьнцалгех хьерча,

Наг-наггахь кхоссалуш лайн чим а бу.

Дарц дала-м доллура, шеко а йоцуш,

Даьлча а дацара керла иза-м.

Композитор хилча изза сурт хIотто,

Аьрцнийн цу декарах эшар йича,

Цуьнга ладогIархьама, говрахь-гIаш доцуш,

Некъ хилар, цахилар чоьте ца лоцуш,

Ваьлла дIагIур вара, доцуш «мича?».

Бакъду, шен ерриге хан литературиний, Iилманний дIаяла дагахь волчу Мохьмад-Салахьна доьгIна ца хиллера, дерриге нохчийн къомана а санна, шен цIахь, юьртахь, ков-кертахь, шен дайн махкахь ваха а, къахьега а. Иза къастийра шен сих са ийначу Iаламан доьзалх. Нуй хьаькхна, нуьцкъаша шен махкара арадаьккхира нохчийн къам. Цуьнца Даймехкан тешаме воI – Гадаева. Халкъан мостагIчунна цIе тиллина волу иза ГIиргIизойн Республике дIавигира. Оцу тIеххала даьхкинчу шерашкахь набахти чу воьллира иза дуьххьара. Делахь а геналлин йохалла Iаламна дуьхьало яцара Байтанчин син узам шегахь кхаба: хуьлий цкъа бIаьрхиш, тIаккха – цуьнан дешнийн мукъам, шех сатийсаман Iеха хуьлий, даг чу хьаьрчара цунна и.

                                          Назма

«ХIара зама ю шуна цо хIетахь ялхийнарг,

ХIун хир-те гIийлачу умматах бохуш.

ШафаIат дехалаш вайн Делан Элчане,

Вай Деле дехалаш, хIай динан вежарий.

Далла тIевирзинарг декъала хилла,

Делах дIахьаьвзинарг дакъазаваьлла,

Эхартан заманаш тIекхаьчна евли,

Делаца ларло вай, хIай динан вежарий!

Юрт юьтуш, юьртаха къаьстина Iуьйре,

Дин доцчу охIлано йохийна Iуьйре,

И юьртан тхьамданаш гIелбина Iуьйре –

Декъала делахь тхо, ва Везан Дела!

Вежарий вовшехакъесточу дийнахь,

Да, нана, доьзалаш къесточу дийнахь,

Йижарий вежаршка кхойкхучу дийнахь,

Ма доьхна хьаьвзира, ва Везан Дела!

Езарах, тIекхочуш паргIато яц-кха,

Кхайкхарах, схьахIитта тхьамданаш бац-кха,

Дехарша духадерзор рицкъанаш дац-кха –

хо паргIатдахалахь, я АллахI Дела».

А л е к с а н д р а ю, синтем а байна, дIасалелаш. Л о р чувогIу, йоIах бIаьргкхетий, шен вицваларна, бехкала а воьдий, дIа мохь туху

Л о р – Г а д а е в схьачуваийта! ( Набахти чохь йолчу неIарша деш долу гIарт-гIирт хеза).

– Г а д а е в, ас хьоьга хьахийра, хIара Iилманан-талламан институт белхало ю, А л е к с а н д р а. Цхьа Iилманан болх бу кхуьнан язъбеш. (Пауза) – Александра! Де хьайн хаттарш…

А л е к с а н д р а – Мохьмад-Салахь, хьо ваьхначу махках – Кавказах дийцахьа. Хьуна хезна хир ду, Гегела аьлла долу дешнаш: «Дуьненан цивилизацин чIагIялар дIадоладелла Кавказски къам кхиадоладаларан некъа тIера», – аьлла. Иштта, хууш ду, Пушкинан а, Лермонтовн а, Лев Толстойн а кхоллараллина – Кавказо беркате тIеIаткъам бина хилар. Хьо цу махкахь вина ву, кхиъна ву. Хьуна – поэтана, Iилманчина – муха гина иза? Дийцахьа.

Сихлуш вац дийца, амма дош дуьззина схьаолуш ву Гадаев.

Г а д а е в – Дийца боху ахь… Денана яра сан, Уммат цIе йолуш. БIе шо сов хан а йолуш, хене хьаьжна йоцуш, дика могуш а йолуш (ас «Нана» олура цунах).

«Са ма тоссура хьалагIаьттина, малх кхетталц арахь левзинарг – ялсманехь хир ву», – дара цуьнан соьга олуш. Со хьалххе гIаттийта лууш хуьлура иза. Iуьйранна, уггаре уьнах цIеначу муьрехь Iаламан хазчу суьрте соьга тидам байта.

Ас бан а бора тIаккха тидамаш. Со ца кхочуш меттиг яцара, суна ца хууш экхан-олхазаран бен а бацара цигарчу басошкахь. Дийнахь хьовха, буса а хуьлура со цу бердашкахула, хьаннашкахула кхерсташ – бухIанашка хьажа гIерташ, цхьогал-борз ган лууш. «Кхерар» девзаш а дацара: Нанас аьллера, кхера хIума дац. Ткъа Нанас аьлларг – шеконехь дацара, и хIуъа делахь а.

Уллехь ловза бераш цахиларна хир дара и, ойланаш а йора дукха. «БIаьста мичахь Iа-те Iа?» бохучунна тIера дIа: – Нана! И седарчий муха летийна оцу стигланах? – Хаац. – Дуьненан йист мичахь ю-те, нана? – Ян а яц. ХIора хIуманна а «хIунда?», «муха?» хаттар хIуттура сан, бахьанех а, кхиаран некъах а кхета гIерташ. Цхьадолчех со кхетара. Цхьадолчех нанас кхетавора. Амма «дуьненан йист» а, седарчий» а…

Цхьа башха сахьийзара. Велххал. Стенна хьийза а ца хууш. Хьуьлла генахь гучу аренашка дIаваха лаьара. Суьйренца, Iуьйренца – цIерпоштан мохь хезара. ГIийла. Гуттаре гIад-амал довра тIаккха, дIахьада лаьий. Ганзадерг ган лаар, довзанзадерг довза лаар хирг хир дара и. Ткъа довза лууш дерш дукха дара хIетахь. Нана, дешна, йоза хууш хиллехь, астраномих долу Iилма Iамо деша вохуьйтур вара цо со. ХIинца суна атта а хир дара сайн космогонийх йолу «Дуьненан сурт» теорина тIехь беш болу талламаш дIабахьа.

А л е к с а н д р а – Хаза сурт хIоттий ахь. Хьан дешан исбаьхьаллин дуьне шатайпана бос болуш ду. ХIинца мелла а кхеташ ду, хьан космогонически процесс ган гIертар а, астраномехь а, философехь а болу хьан Iилман лиэхамаш а. Дуьненаш кхолладаларан а, кхиаран а, кхалхаран а некъ ган гIерташ хьоьжу хьо исторически процессе а. Карор дуй-те кху хьолехь? Ас бешна хьан белхаш. Цундела ю со кхузахь.

Г а д а е в – Талламаша гойтур ду-кх… Кавказ, ахь хьахийна йолу – Кавказехь, хьалха, и цхьаннах а йозуш йоцучу хенахь – къаьсттина нохчийн къоман, – муьлхха а доккха-деза хIума: гулам-кхеташонехь къастош хуьлура. ХIинца и гIуллакх кухни чу, пеша хьалха дирзина. Хьалха шуьйра, хьена аренаш а яра; яккхий, луьста хьаннаш а яра тхан – хIинца тIуг-лам бисна, коьллийн кондарш бен а ца йитина. Хьалха – йоккха Кавказ яра, ткъа хIинца – «йоккха коьллин ков» – ала бен дац. Ас-м ца боху и вон ду. Долуш долу хьал дуьйцу-кх. Пушкинан заманахь паччахьан Росси яра, хIинца советан йоккха паччахьалкх ю. ХIинца дIайоьдуш кхин прогресс а ю: машенийн, техникийн кхиар. Цуьнан, цхьана агIор, шен бегIийлаш а ю.

А л е к с а н д р а – ТIаккха, алахьа: набахти чохь ахь йоккхучу хено хьан кхоллараллин белхашна тIеIаткъам биний?

Г а д а е в – Суна хетарехь, ца бина, ас язйина цхьа байт маршоне сатесна кхоллаелла елахь а.

Л о р – Тоийтий, вай, хаттарш?!

А л е к с а н д р а – Кхин цхьа хаттар: набахтехь лан уггаре халаниг хIун ду хьуна?

Г а д а е в – Массо а цхьацца хIуманна тIехь шен летIкъамаш беш караво: хьал дерг, шен таро ца тоьуш, важа, шен чорпи чохь – гарза кIезга хеташ. Суна цадезарг – адаман сий лахдар ду.

А л е к с а н д р а – Кху сохьта хьуна уггаре мехалниг хIун ду?

Г а д а е в – ХIара карара хан ю-кх «механза»: хIунда аьлча, вай хIокху карарчу хена чохь къастош дерг вешан эхартахь хиндолу дакъа долу дела.

Л о р – Мегар ду. ХIаъ, Гадаев, и хан дера ю вайна ца тоьург.

Г а д а е в – Стенна боху ахь иза?

Л о р – Мел кхиар делахь а, цунгахь гIорасизалла-м ю дуккха а долчу хIуманна тIехь. Хьан цамгаро кхоа ца во хьо. Анкологически лазар ду хьуна дерг. Я лоьрийн а, я кхиаран а дан хIума а дац цу цамгарна, цкъачунна-м. Иштта ду хьоьгара хьал-де, тхоьгара хьал-де а, дог лаза бен доцуш.

Г а д а е в – Мел хан йисана суна, хьуна хетарехь?

Л о р – Схьагарехь, дукха хан яц хьуна ваха йиснарг. И цамгар кIарглуш ю хьан, кху суьрташа схьагайтарехь, хьеран доккха дакъа дIалаьцна го цара.

Г а д а е в – Со кийча ву вочунна, делахь а Делан диканах дог дуьллуш вац со. Дахар юьхьдуьххьал гуш хуьлу вайна, ткъа и довзар букъа тIехьашха нисло (кхечу агIор аьлча, цхьа а хIума нисдан йиш йоцчу хенахь).

Л о р – ХIаъ, шен чаккхенехь бен цунах кхета а ца кхета. Цхьана ханна ду-кх массо а хIума…

Г а д а е в – Шадерриг а гуонехь ду, рогIехь…

А л е к с а н д р а – (ЦIеххьана) Хьо толур ву хьуна…(юха, шегара цхьа ледарло яьлча санна, юхий, хьоьвза. Гадаев цуьнга дIахьожу: шех къахетар кху йоIанна мичара даьлла бохуш санна. Иштта гIаддайна хета-те кхарна со, бохучу ойланехь. Хехойн буьйранаш (команды) хеза: – Ши куьг тIехьа дилла, дIаволало, саца, чоьхьавала!

2 сурт

Г а д а е в ша шен камери чохь ву.

Г а д а е в – К а з б е к, сан кIант, тахана куьзган тIе ваьккхира со. Сан гIуллакх чекхдаьлла лери лоьро. И бохург ду тIаккха, вайшиъ кхин цкъа а гур вац бохург. Хьо хьайн да а воцуш, вуьсуш ву бохург. Амма ахь чIогIа са ма гатде, сан кIант! Делахь хIета, иштта кхоллам хилла-кх вайн, къаста дезаш, вовшийн довза а кхиале. Дукха хIума лан дезар ду хьан хьайн дахарехь. Массо а хIуманах тIаьхьа кхетар ву хьо, хилларг хилла даьллачул тIаьхьа. Казбек, Iожаллина юьхьдуьхьал хьаьжна Iуьллуш а волуш, со дехар дан воллу хьоьга: хьайн гIийла, дан амал доцуш, декъаза болу гергара нах дIа ма тасалахь. Дукха баланаш хьегна долу, дуьне ма-дду дIасакхиссина долу хьайн жима къам а диц ма делахь. Хьо – нохчийн къоман воI ву хьуна, Дадин цIарах а, Сайд-Iалин а, Хасмохьмадан а, Сайд-Ахьмадан а, вукху бисинчеран а – хила ма-лаъара дика бацахь а, хьайн цIийх-цIий долуш гергара нах бу хьуна хьан уьш. Уьш боцурш хьан кхин тIаьхьа-хьалхавала стаг а вац хьуна. Нохчийчуьра хьо дIаводахь – цхьа хьан нана йоцчунна, цигахь цхьанна а везар вац хьуна хьо. Нохчи ма ву хьо, нана оьрси елахь а. Хьо цигахь цхьалха хир ву хьуна. Цхьалха хилар бохий ахь – шел сийдоцуш болх бац хьуна, дакъазалла. Варийлахь, ма гIолахь миччанхьа а дIа! ТIаьххьарлера а, дуьххьарлера а сан дехар а, весет а ду хьуна иза: варийлахь, ма гIолахь миччанхьа а Iен-ваха дIа. Шурина, со кхелхиний хиъначул тIаьхьа, чIогIа луур ду шайн цIа дIаяха. Цуьнан ойла цигахь лаьтта, лаьттар а ю, хIунда аьлча цуьнан цIеранаш цигара болу дела. Ткъа хьан ма дац цигахь цхьа а да. Шен гергара нах болчу хьо дIавуьгуш, хьан гергара нах бицбеш, ша шен нах болчу йоьду, ткъа хьо хьайнаш болчуьра генавоккху. Цо ойла ца йо, иштта ша хьо хьан нахах воккхуш хиларан а, хьуо велла дIаваллалц хьо цхьалха вуьсуриг хиларан а. Ш у р а – хьан гIийла, миска нана – хьан дуьхьа шен са а дIалур долуш, хьо везаш йолу, кхеташ яц ша хьо хIаллакьхир волчу новкъа вуьгуш хиларх.

С а л т и (гуш воцуш мохь бу цуьнан хезаш) – Отбой!

Г а д а е в (мелла а лохха) – ХIай, валар! –

КIеззига сихделлий-те хьо,

Кхийдина ойланаш кхачале леIа?

Хьайн тарлахь, жиммалца Iехьа,

Витахь со, декъазчу ойланна теIа.

Со-м хезнаъ ваций, хIай, Элчано баьхнарш,

КъорIанийн кIоргенаш йовзанза ву;

Аганан уьн тIера упхане яьхьна

Ойланаш йийшор а даьссаниг ду.

Собарде, сих ма ло,

гуонах ма хьийза,

Iахарна борз санна, суна ма цIийза,

Суна сайн декхаршлахь адмалла го;

Къаш летор къахьделла, мелан чам кхетта,

Iазапийн бодано серло а етта,

Девзинарг даржоргахь некъ гуш ву со.

Ас мацах дуьйна схьа латтанаш хьешарх,

Со-м Iаьршийн маьIдане кхачанза вай;

Хьежийна гIелбелла бIаьргаш сан лиэшарх,

Хьаьжна ган кхоьллинарш ганза ву, хIай!

Вахаран урдона хIун луо ас тIаккха?..

Мелана хIоттийна хIоллам а бац.

Со-м кхиънаъ ваций, хIай, меле ког баккха,

Мел боцуш вирзича, Далла а тац.

Собарде, сих ма ло,

гуонах ма хьийза…

Далла тIе воьду некъ дагца дIа бу.

Коьртаниг муьлха ду? –

ГIиллакх доцург хьарам ду,

Ламаз а тIехь:

ГIиллакхца вола, бах, шена тIе Цуо.

Декхарийн маххьаш бу хIораннан гихь,

Декхарех коьртаниг

ГIиллакхехь гуо.

3 сурт

А л е к с а н д р а – Ма са маьрша адам ду и нохчи стаг, цхьаннах ийзалуш вац, къамел цуьнан – мукъам санна даьржий хьан сиха хьаьрча. Хийрачу маттахь иштта мерза долу цуьнан и къамел, шен ненан маттахь, Днепр хи санна, ма хецалой, даьржа хир ду. Л.Н. Толстойс нохчийн маттах аьлла: «Нохчийн мотт уггаре хазачух а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Дагахьбаллам буьсу: йиснарг кIезиг хан хилар. Есенинан цхьа могIанаш, деккъа – оцу нохчичунна яздина долуш санна, нисделла хета суна:

«Ва декъала хуьлда хьо даимна,

Зазадаьккхина, кхалха мел деънарг»

Л о р – ЧIогIа цIена а, баркалла долуш а стаг ву вай дархо. Шен долчунна леткъамаш бийр болуш а вац. ГIалара а профессорна гойтур ву ас иза. Хьайна лаахь хьо а ян мегар ду хьуна цига. Хьайн хаттарш дан меттиг хир бу хьуна, мелла а маьрша.

А л е к с а н д р а – Баркалла хьуна, Виниамин Христафорович. Ахь хаъал цецяьккхина со, хьо чIогIа догдика долуш а, къинхетаме а карийна суна. Со декхарийлахь юьсур ю хьуна.

Л о р – Цаоьшу, бехкала ма гIо. Цуьнан дуьхьа а до ас и. Цхьажимма цуьнга шен дог дастийта. Вайшиъ цецдуьйлуш ду цунах, ткъа иза леш ву, хеназа, ша вуйла а хууш.

4 сурт

ГIиргIазехь. Кхузахь берш Гадаевн цIийнан нах бу

1  с т а г – МаржаяI, Мохьмад-Салахь, хьайн мохь ца тоьуш, кхечеран мохь тIеэцна, кIелвиси-кх хьо!

2 с т а г – Нахана динчух баркалла-м ца хуьла хьуна. Уьш мацалла ца балийта а гIоьртина, ша I0 шо хан яккха набахти чу ваха иза. Царах цхьанне а бала-м ца кхечи хьуна цуьнан.

3 с т а г – ХIокху, совета Iедална, вайх дешна а, кхетам болуш волу а стаг а ца веза, мискачу стаге хьожург а, бIаьргахь доллу дитт санна хета-кх хьуна кхарна. Дец-хьуна. Бакъдерг аьлча, Мохьмад-Салахь шен боцу бехк токхуш ву набахтехь. Вайн дола хета бехкеверг дIавийца. Иза хууш болчара пайдаэцна вайн амалх.

К а н т а ш цIавогIу. Салам ло, бухарчара схьаоьцу. Цуьнгахь цхьа ларча ю.

Й о к к х а  с т а г – Ва, кIант, хIун дуьйцу арахь?! Вай цIа дохуьйту ца боху?

К а н т а ш – Кхузара вайн рицкъ кхача ма-диннехь, вай цIа а гIур ду-кх. Я кхеран карахь а дац-кха хьуна иза… Мохьмад-Салахьан аппеляцих гIуллакх ца хилла. Москвара «Отказ» деана. Оцу цамгаро а чIоггIа лаьцначух тера ду иза. ЦIе ца йоккху цамгар ю цунна. Лоьраша а шайн дан хIума дац аьлла цуьнга.

2 стаг – Ма Iийр яц-кх, цуьнан кIентан нана хIинца, Iенне а Iийр яц-кх иза, оцу – Росси дIагIур ю-кх иза, и кIант а эцна.

Й о к к х а  с т а г – Цунна бехк буьллий ахь тIаккха? Оццул а дика Iа иза-м. Яхийтахьа, цхьа нохчи кIант мукъане а кIелхьаравалар хир ду-кх.

2-гIа стаг – Хих а ведда, хьера кIел иккхинчунна хилларг ма-хилахьара цунах тIаккха.

1-ра с т а г – Хьо мичча а вахарх, кхеран карара вала меттиг ца йисна-кх. Монголийн махкахь, цу дуьненан йистехь а, хилла со, кхаьрца тIамтIехь, Жуковс командовать деш долуш; Германи лаьттахь а лелла со, кхарна тIаьхьа а хIоьттина тIом беш, массо метте куьг кхочу-кх кхеран, къацахетарийн.

К а н т а ш – Кхарна а ду цхьа де, Дела сиха вац, рицкъ дерг хир ду массарна а. Вай а дацара дика лелаш, ваьшна вай нийса хетахь а, Далла дика ма хаьа. АллахIа, Ша вевзинчул тIаьхьа, Ша вицвиначарна тIе жIаьлеш тосур ду Ша аьлла, – бохуш, дуьйцуш хезна суна дешначу наха.

Й о к к х а  с т а г – И зуда, вайца дика чекхйолуш-м ю хьуна. Ша, оьрси ю аьлла, кIелхьараялалушшехь, лахь-йисахь а, вайца кхуза схьакхелхина иза, оцу кIентан дика дола а до цо. Кхечеран берашка а хьовса, цуьнчуьнга а хьовса. Цуьнан кIант деша а, яздан а хууш ву… (тийналла) – Со ялале цкъа: Нана-ДегIастанах бIаьргтоха, бухдуьйлучу шийла шовданах цхьа къурдбан…тIаккха яла а реза яра со…

Мехкарша дIалохку, гIийла озош кехат-пондур а болуш

«Сайн дадех, вешех, махках йоккхуш,

Айхьа со елхор дицдин ахьа.

Дуьненах жимчохь со яьккхина,

ДIатесна, елха йити ахьа.

Суьйренца волу хир ву дада,

Къайлаха суна воьлхуш, гу тIе.

Генахь нур лиэпаш, къиэга седа

Тергалбо хир бу, бала даг тIехь.

Сан миска дада, ма велхалахь,

Хьан меттана даим со йоьлхур ю,

Къа доцчу кхиэло хьукма дарна,

Дуьнене гIийла со хьоьжур ю»

5 сурт

Ашхабадехь (набахтехь).

Г а д а е в –

Ойлано оллийна корта базбелла,

Балано хьовзийна, вахар тазделла,

Iазапо Iовжийна, вацар хазделла,

Генарчу махкара шуьга со хьоьжу.

Вахаран-кхалхаран ойланна аьлла,

ГIийла со лахвелча, суьйренца ваьлла,

ХIоллам гац халкъалахь сайн карахдаьлла,

Баьссачу сайн некъах, воьлхуш, со хьоьжу.

Iаламан эшарехь Iехалуш, ловзий,

БIаьрг боьллуш дайнариг бIаьрг хьаббош девзий,

Iожаллин метта тIехь байттамал хьаьвзий,

Зиэн довчу вайн догIмех дог лозуш, хьоьжу.

ЖехIалчу жайнаша жимчохь Iехорна,

Iесачу некъа тIехь айпаш лехьорна,

Мел боцуш, эрна дукъ айса текхорна,

Дог дохкодаларца Деле со хьоьжу.

– Сайн гергара мел волчух а ваьлла со, хьомечу лаьмнех а тIаьхь. ХIинца сайн сих а волуш ву со, хьох волуш а ву со. Казбек! Ма гIолахь дIа, хIуъа хилла латтахь а, хьайчаьрца висалахь! Весет кхочушдеш хуьлу хьуна! Со леш ву хьуна, ахь сан дехарна жоп лур ду аьлла, тешна а волуш.

– Я АллахI! Ас динарг! Хьо а, хьан декъаза нана а, хьан деда а, юха со а бухбоцчу бердах кхисси-кх ас. Ма къиза хилла-кх со шуьца, ма къиза таIзар ду-кх суна хIинца. Бекхам боцуш цхьа а къа ца дуьсу. Къалатадар – иза гIалат ду. Ткъа гIалатан тIаьхье – иза дохковалар тIедар ду.

Мел доккха совгIат дара суна хIинца сайн цIахь валар. Мел чIогIа лаьа суна хIинца, цIахь а волуш, дIаверза. Кхузахь вала везаро кийра морцу сан. Цхьаволчунна ваха а луур дацара, хIинца сунна, цIахь а волуш, вала ма-лаъара. Цунах а ваьккхина-кх со. ХIайт-яI! Сох хилларг. Сох хилларг…

И л л а н ч а:

«Iожалло Iехаво, оьций дIахьой,

Ял йоцуш вирзинарг ларйоцуш вов.

Уьйрашна вицвелчахь, Далла а вицлой,

Базло, бах, лахьти чохь упханан тхов.

Даим со хьегначу ЦIен-Берде гIой,

Цуьнга бIаьргтохалаш, аьтто хилахь.

Цигахь диънера ас бераллин той,

Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.

ГIеллой Iаш хетало безна и мохк,

Малх хьуллуш, бIаьргтоьхча геннара дIа,

Хьомсарчу ламанах хьерчаш Iен дохк,

Гуш санна, вогIалой, веха со Iа…

Догмерза гул а лой, ЦIен-Берде гIой,

Дегнийн хьу ясталаш бIаьста-гурахь.

Сан метта бIаьргтохий, сан бIаьрга гой,

Сан берд аша хьасталаш, ганза со лахь.

Цигахь диънера ас бераллин той,

Цигахь лиънера сайн чурт а, дагахь.

Пепнаш кIел тIулг богIий, гонаха берд хьой,

Безамна бIарлагIа елаш цигахь».

6 сурт

Шурий, К а з б е ккий новкъадаьлла. К а з б е к хIоьттина лаьтташ ву.

Ш у р а – Казби, хьоьга ала дезарг баккхийчара хьоьга аьлла, хIинца вайшиъ поездана тIаьхьа а ца дуьсуш, дIадаха деза…

К а з б е к – Цигахь лаьмнаш дуй?..

Ш у р а – Дац. Цигахь аренаш ю, бIаьрго ма-лоццу – аренаш.

К а з б е к – Цигара мохк хаза буй, сан Даймохк санна?

Ш у р а – ХIа-хIан. Нохчийниг санна хаза мохк дуьнен тIехь кхин бан а бац, Казби!

К а з б е к – ЦIадаха хIунда ца мега вай, сан Даймохка, Нохчийчу?

Ш у р а – Ницкъберг тоьлла ву кху дуьненахь, иза харцлехь а. Цкъа мацца а нохчийн къам а цкъа цIадерза там бу, шайн дай баьхначу махка. Бакъо тIеялаза ца юьсу. Вайх, цу хене довлахь, хIун хир ду ца хаьа. ХIокху хIоьттинчу хьолехь, тхайниш болчохь гIоли хир ду вайшинна а. Кхузара хIара меттигаш ца лало соьга. Хьоьга дешийта а деза, иза уггаре а коьртаниг ду.

БIаьргех хиш а оьхуш, дIаволало. Соцу. Юхахьожу. Масех гIулч а йоккхий, схьавогIу:

К а з б е к –

Схьакхиэта можа малх биэзахь а,

Езахь а стиглан лил-басе,

Я шера аре, лаьмнийн баххьаш,

Я тогIеш, раьгIнаш, зезаг цIиэн;

Безахь а гIалин барз айбелла,

Я завто туьйсу Iаьржа кIур,

Дезахь а болар, йоI качъелла,

Я сирла къиэга бIаьргийн нур, –

Хьо биэза суна,

Даймохк сан!

Шурин бIаьргех хиш оьху. ЦIерпоштан цIогIа.

7 сурт

Г а д а е в лор волчохь.

Г а д а е в – Со цIахь велахьара, Рашидца, тоьпаш схьаэцна, талла гIур вара хьун йолчу агIора, Герзель йолчу могIанца, цигахь къилбехьа воьрзур вара, Яьссина тIехула а ваьлла, Борзгечу юххехула а волуш, юха акха котамаш а, пхьагалш а йохьуш, вухавоьрзур а вара. Уьш дуккха а яра цигахь, хIинца хIун хир ду-м хаац.

Гуьйренан зезаг го даьлла

Борачу баца юкъахь…

Селла хьан дегIан куц кхаьлла

ХIун дора декъазчу ахь?

Мох кхетча, лесташ, тIетийжа

Гонаха кхин накъост вац.

 Малх кхетча, хьостуш тIехийша

Эсала полла а бац.

Гой хьуна, цхьа-а ду хьо даьлла

Борачу баца юкъахь.

Селла хьайн дегIан куц кхаьлла

ХIун дора хеназа ахь?

А л е к с а н д р а тIейогIу.

А л е к с а н д р а – Сан кхаъ бу хьоьга: профессоро хьо этIонза вер вац, боху! Цу балхо дегайовхо ло кхалхар кIеззиг мукъане а тIаьхьо хир дацара-те аьлла. Хазахетий хьуна?

Г а д а е в – Ма чIогIа хастаме хир вара-кх со АллахIана, Цо, сайн доьзал а, гергарниш а сайна бIаьрга схьагайтича, кхалхар а хилийтича, Даймахкахь сан.

А л е к с а н д р а – Радиочохь йоьдуш: «Ревет и стонет Днепр широкий», – яра. Сайн лаамаза, шуьшиннан кхоллам ма тера богIу-кх вовшашца, – аьлла, дагатесира суна. Декъаза Тарас! Иза а хIаллаквира хан йоцуш.

Г а д а е в – Дера, мисканна доьгIна ма ца хиллера. Иштта валар а хилира, гIело еш маршонах ваьккхина, хила ца доьгIначу вахаре сатесна. ЙоI, хьо хIун ойланаш еш ю? Цу ойланийн Iеха ахь дIа ца хадабахь, хьох махкана а гIараяьлла Iилманча хила кхуьур яц хьуна. Собаре хила Iамаде хьайн, собаре…

А л е к с а н д р а – Со хьоьга ала лууш яра: суна чIогIа хазахета хьуна гIоли хирйолуш. Со хIинца Новосибирске дIайоьдуш ю, кхузара яьлла со. Цкъа мацца а хьо ган а, хьуна чIогIа безаш болу хьан Даймохк ган а сатуьйсур ду ас. КIеззиг бен хьоьца хабар ца деанехь а, амма сайца коше дIадахьа тоьур ду суна и хьоьгара хезнарш. Хьуна а ма-хаъара, и шадерг сайн темина юкъадахийта аьтто хир бац сан.

Г а д а е в – Хьо Делах тешаш ю моьттуш ву со. Ахь диц ма де цкъа а: вайгара вайна хуьлуш долу диканиг Делера ду хьуна, вайна и болх вайгара бу а моьттуш. Адаманна баркалле хила: кIезигдолчунна а, доккхадолчунна а; Далла хастаме а хила, даима а: диканна а, вонна а. (Зал чу) Маржа яI-кх хьо, дуьне! Бохамо лаьцча, тешамечу накъостийн ондда гIортор лохий, уьш боцуш, гатло хьо. Юха тIаккха, сирла денош даьхкича, юха а хьоьца ирс декъа, хьайн доттагIашка сатесна хьаьвзича, уьш а ца кхочу хьуна.

8 сурт

Россехь. Казбек – киншка каралаьцна, и Iамош, дIасаволавелла лелаш ву. ЦIа йогIу Шура.

Ш у р а – Оффай! Ма кIадъелла со… ХIара, вайшинна новкъаяьккха цхьацца хIуманаш эцна ас. Хьо экзаменаш дIаелла ваьлча, цIагIур ду вайшиъ, – Нохчийчу. И неI йисна хьуна сан, тIекъовлаза… Экзамен маца яра хьан, Костя?

К а з б е к – Нана, Казбек ю сан цIе. Кхана ю. История Русско-Кавказкой войны, – тема а ю.

Шура леррина дIахьожу кIанте. Г е о р г и й Эдмундович чувогIу, мохь а бетташ:

Г е о р  г и й  Э д м у н д о в и ч – Александра! ЦIахь дуй шу?

Ш у р а – Тхо даха меттиг болуш-м дац, чохь ца хилла, Георгий Эдмундович.

Г е о р г и й – Хьан хаьа, хьан хаьа. Сох-м, Георгий аьлча а ма тоьур дара хьуна, А л е к с а н д р а…

Ш у р а – Зиновьевна! Хьо лаа лелий хIинца, хIума-м ца хилла?

Г е р г а р н и г – ХIумма а ца хилла… Почте ваханера со, цхьа гIуллакх а хилла… Цигахь кехат дара деана Iуьллуш: Кавказера!.. Хьан цIарах схьатесна. (Кхузахь, Шура дIахьоду почте, амма вукхо сацайо): – Ас хIара, хьоьга дIадала схьадеана-кх…

Самаллой, гIанта охьашерша, тIаккха Казбека схьаоьцу Георгегара кехат. Нене дIало.

Ш у р а – I953 шарахь Мохьмад-Салахь, амнисти хилла набахти чуьра аравелира. ГIиргIизехь шен гергарчу нахаца Iаш вара иза. Зуда а, кIант а бухахь ца карийна, чIогIа холчахь а вара. (Юха а вовшашка хьовсу) Юха, I957-чу шарахь, ДегIастана боьду некъ нохчашна дIабаьстича, уггаре а хьалха цIавоьрзу иза. ЦIахь шен болх бан волавелла волу иза, цхьа ларамаза девна юкъа а озийна, цуьнан карах стаг велла. Иза юха а лаьцна ву хIинца, тоьпаш тоха кхиэл а кхайкхийна цунна. (Шура, когаш маллой, охьалахло) Ва, Дела! ГIо дехьа цунна, кIелхьараваккха-хь иза! Цуо муха лан деза иза!? Оха муха лан деза иза?! Хьайн нана лойла хьан, сан кIант! Хьан Да…

К а з б е к – Нана, сел чIогIа холча ма хIоттахьа. Нахала доху ахь вай. Нах кхаьрдар ма бу вайх. ХIара нах а ма бац шайна: къестарш, харцонаш, эрчонаш газа. Иза-м ша ваций, Дела ма ву цуьнца. Дагадаийтахьа цуьнан дешнаш:

– Iазапийн доза гац, алий,

Къарлой, ма вожалахь бале,

Къар ца луш, лан беза,

базбаларх, бала,

ПаргIато йогIур ю цуьнца.

Г е о р г и й – Жима велахь а, чIогIа кхетам сема болуш къонах ву хьан хIара. Нийса ду цо бохург. Йоккха киртиг ю шун доьзална тIе хIоьттинарг. Оьшучу хIуманна тIехь сох къахкий ма Iе.

 К а з б е к (зал чу)

 Сан Даймохк, Нана-Нохчийчоь, хьайниг санна декъаза хилла-кх тхан кхоллам а. Тхо-м дIадоьлху – дацаре… Тхан къина, доккха тезет хIоттадай, елхалахь, белхалахь, делхалаш… шайн цIийх цIе йолуш, шайн хIух са долуш тхо тIепаза дарна… Нана-ДегIаста, цул тIаьхьа хьо яхалахь, тхан, декъазчерин массеран а меттана! Тхан массеран а синошна ирс хилий хьо язлолахь лаьтта букъ тIехь, доьза байначу тхан доIанашна – хьайн момсарш Деле а кховдаеш…

2 дакъа

9 сурт

2-г I а  з а м а н х о:

Гадаевна тоьпаш тоха йина кхиэл хуьйцуш, 20 шо хан дIакхайкхайо набахтехь яккха.

Дилхина,

Дилхина,

ГIора-гIад дайна,

Аганахь наб тесча,

Беро ахI до.

Барамах тIехтилла

Баланаш лайна,

Хеназа гIелделла

Дог тийсало.

Наг-наггахь,

Ойланехь бералла яйча,

ЦIен-Бердах цIевзаш, цо

Аз делхадо.

Делхарехь дахделла,

Амал-гIад дайча,

Кийрахь цо

Меллаша,

Дахдеш, ахI до.

ХIун ду-те хиллариг,

Эшнарг оцунна?

Хьенехан бехк хьаьрчина?

ХIун даьлла гал?

«Сонталла!» –

Ала ду

Сихвеллачунна.

«Сонталла»

Кхоьллинарг

Довза хьажал!

3-г I а   з а м а н х о: «И вевзинчара ма-дийццара, тамашийна стаг вара Гадаев Мохьмад-Салахь. Сиха яра амал. Цундела хьоьхура цо кхечарна собар. Делахь-хIета иза шена а дагадоуьйтура. Ца вицвала. Цунах лаьцна хезначун, цо лайначун, цо язйинчун ойлаян ваьлча, цуьнан кIорггера хьекъал, доккха похIма, шуьйра хаарш бертахь ца хилла, аьлла хета, цуьнан тIех сихачу, карзахечу амалца, цуьнан доьналлица, харц-ницкъана, кхерамна хьалха корта таIо цахаарца». Цхьаьна агIора – къиза хилла цуьнан кхоллам, – эр дара цунна. «Шен даймохк, шен къам, шен сий бохург лаьлла цунна уггаре деза. Вуьшта, Мохьмад-Салахь шен даго ма-бохху ваьхна, шена ма-хетта. Луург лаа а лууш, хетарг хета а хеташ. Иштта дахарх чекхвалар, и дакъазалла яц, и ирс ду. Ткъа, шадоллу хетарг а хилла, хьан диъна хIара дуьне?»

Сулейманов Ахьмада а аьлла цунах: «Ша мел язйина хIума язйина ца хилийта, Гадаевн цхьана – «Даймахке сатийсар» – байтан автор хуьлуьйтур вара ша», – аьлла.

2-г I а  з а м а н х о: Къайлене болу некъ ЦIечу-Бердера дIаболабелира. Цецвуьйлуш ечу ойланашца тIаьхьакхиа гIерта со, Мохьмад-Салахьна ницкъ беллачу къайленашна. Дитташ, шовданаш, олхазарш, стигал… – кхечахьа санна. И къайле еккъа цхьана хазаллийца йоьзна Iай-те?

Дала вовшехдозаделла кхоьллина ду гуонаха мел долу хIума. Оцу низамна дуьхьалдерг цалеладар тIехь ду массарна а. Нагахь лелочу далахь, сингаттам хирг хилар хууш хилар а ду.

Мел чIогIа бу и, Iаламо хаддаза адаме бетта мохь вочух лардан гIерташ. БIаьрг хьаста, хаза сурт гойту, лерг хьаста, зевне аз хозуьйту, беркат…

«Хилийта стаг галваьлла, белшаш тIехь къинойн чалх а хилийта йохьуш, амма дIа ма татта, вайн гуона юкъа вита», – бехира Хьаьжас. Стаг ша-шен гIелаллица, дакъазаллица, сингаттамца, галваларца ша ма вита, ткъа гуона юкъа а лаций, нисвалийта хьажа, бохург ду и. Дин исламан дог, цуьнан тIум – иза адамийн вовшашца долу вошалла ду» – баьхна Хьаьжас.

                                          Назма

Кхоьллинчо кхийдо некъ бIаьргашна байна,

Шен дагна хилла чов, собардеш, лайна,

Вовшашца догмерза, вовшашца тайна

Вай маца нислур-те бохуш, со хьоьжу.

Делан цIераш йохуш, вай Iаьршашка хьуьйсу,

Эхартахь аьттоне даим сатуьссу,

Амма вай вовшашна син-пхерчий кхуьйсу –

Адамашна вовшийн дог девзаш ду хьуна.

 Кхоьллинарг лоьручо адамаш лера,

Кхечунна шех цатам кхетарах кхера,

Шен бехках ма вала Делаца хера –

Вай вовшийн дезаро кхачамбо хьуна

Вайн Хьаьжас баьхна ду: «Вовшашка хьовса,

Вовшийн дог дохадеш, дуьне ма къовса.

Элчан некъ талхабеш, нацкъар ма хьовза –

Элчан цIе Iаьршашкахь лепаш ю хьуна».

2-г I а  з а м а н х о:

Варийлахь! Варийлахь!!! Харц некъ ма хьуолахь: Харц новкъахь макх летчахь, дог телхар ду. Мел кIеззиг макхо а хьайн даг тIехь гуолахь: Шен даг чохь цIанвелларг Далла гур ву.

«Шайхашлахь шайх, декъаза Хьаьжа, яI! Хьан дакъазаллехь йоллу хьан декъалалла! Сийлахь Iеламча-къинхетамча». Цу воккхачу Эвлаяан хьехамаш, дахаран некъ а бовзаро бух-орамера дуьйна схьа хуьйцу Гадаевн кхоллараллин а, Iилманан лехамашна тIехь еш йолу деган ойланаш. Цаьрца цхьаьна хийцало цуьнан дуьнене а, эхарте а болу кхетам а, хьежам а. Гадаев дика кхета Кишин-Хьаьжин дуьнене болчу хьежамех: дерриге а хIума гуонан боламехь кхоллар а, и юха лаьтте юхадерзар а. Хьаьжин лехамех коьртачарех ду адамийн дегнийн цIеналла. Масала: «КIайн чалба шайн коьртех хьарчаяле хьалха, иза шайн дегнех хьарчае», – аьлла Хьаьжас.

 Г а д а е в – Ва ШахIид! ЦIера кехаташ кхоьхьу суна. Хьайниг а кхаьчча соьга схьа. Хьан байташ а йийшира ас. Гуш ду, ахь мелла а алсам къахьегнийла церан кеп а, мукъам а тобарехьа. Оцу кепаца къахьегча, тIаккха байтана юкъа тарлур дац эрна аьлла дош. ХIара сан цхьа байт еша, кхечаьрга а ешийта. Цхьаьннан цIарах зорбане яьккха а хьажа.

Стигла ма хьийса:

 Стиглара буссуш бац

дегнашна кхача.

Лаьтта ма хьийса:

Лаьтто лац яххьаш тIехь

нур долу тача.

Бахаме хьаьддехь а,

гIалат ву ваьлла,

Гонахчу нахаца

мерза и вацахь.

Лахвала йиш яц и,

жолам-яI аьлла,

Луларчун куьг оцо

довха ца лацахь.

Доьзалца кIоршаме,

Юьртаца шийла,

Махкаца бев велахь –

байна ву чам.

Вовшашка хьовса.

Вовшийн дог иэца –

Вовшашкахь боллуш бу

вахаран чам.

– Ма-дарра аьлча, хIара байт Киши-Хьаьжина безамна кхоллаелла ю сан. Бакъдолуш, цо аьлла ду и дешнаш – «Вовшашка хьовса!». Цхьаберш цецбаха а мега ас. Бакъду: Кишин-Хьаьжа – куьйгаца куьг лаьцна а воцуш, дагца дог лаьцна волу устаз ву сан.

Цунах Iесанах цакхетар-м хIунда хьехадора, цуьнан шен мурдашна а ца вевзира иза. Шен сихачу зуькарца цо меттахъхьадина дара, муьлхха а Паналлехь лелаш дерг билггала цхьа гуо болуш лелаш хилар. Хьаьжа сийлахь къинхетамча вара. Цундела веза суна иза дукха, сайн устаз а лаьцна ас цунах. Вайн къомана и мел вара хьуна аьлча, Алишер Навои узбекашначулла а, Iабдурохьман Джами таджикашначулла а. Суна цIаван доьгIнехь, Хьаьжас жа дажийначохь цунна безаман бIарлагIа йогIа гIайгIабан дина нигат ду сан. Ткъа гIуллакх хилаза дисахь, тIаккха… сийлахь Хьаьжа ма-варра вовзаза вуьсуш го суна.»

– Дайн оьзда гIиллакхаш гайта ца гIоьрта вайн яздархой. Стаг цецваккха я вело, я велхо гIерташ, цхьацца эпизодаш язйо. Царна хIара могIанаш а ду сан:

Iалашдан дезара,

къоман дог хилла,

БIешершкахь лаьттина

«Iадаташ» эриш.

Уьш вай дIакхисича,

некъаха тилла,

Харцахьа лелар ду

заманан бераш.

ХIора цу «Iадатех»

сийлахь ду делла.

 Шен муьрехь –

доцуш цатернариг ду.

Къомах къам дендина,

цунна цIе елла,

 Цунна стом латтабеш

даьллинарг ду.

Бехдан ма хьийзаде

«Iадаташ» эриш,

ЦIан а деш,

замане хьийза уьш де.

Дайн гIиллакх дицдинарш,

тесна дерш нацкъар

Ду бераш –

Берашна харцо ма е.

 – Буьззина культурни болчу наха шайн дайн гIиллакхаш Iалашдеш гина суна. Юьззина йолу культура дагца хила езаш хилла.

 – Ахь хоьтту: хIун оьшу? ХIун оьшу, я хIун ца оьшу ма дац хьал. ХIун могуьйту – ма ду? Шадерриге а дихкина ду, цхьа а хIума мегаш дац. Посылка схьаэца бакъо яц, юуург эца бакъо яц; ахчанах: цхьа журнал, газет, книшка эца йиш ю. Ас беза мах лур бара-кх цхьана Iежах а, цхьана сийначу хохийн курсах а.

10 сурт

4-г I а   з а м а н х о: Туьйранахь санна беара тIаьххьара безам а. Къаналло бердаш аьгна, дахар кхачалучу хенахь. Кхузткъа шере лестича! ХIокху дахарах самукъа доцуш, дазделла шераш текхочу хенахь.

Ехачу ирхонах салазаш

санна,

Меллаша текхало

тутмакхан шераш –

Iаьржаллехь тарделла

дерриг а цхьаннах,

Дехаллехь дазделла

 хьийзавеш дерш.

Эчиган чалтарех чекх

бIаьргаш хьуьйсу.

Ойлане керчадо хилла

мел дерш. Хьаннаша бес-бесара

духарш хуьйцу.

Дазделла текхаш ду

тутмакхан шераш.

40 шо жима яра йоI Мохьмад-Салахьал а. Дистина догIу хи санна, сиха буьйлира шина адаман вовшех болу бIо. Вовшийн гина а доцуш. Кехатийн марзонца.

Г а д а е в –

«Къанвелча безамаш бийцар – гIалатех ларалуш ду,

Амма цо (къеначо)

корматаллица

назманаш язйинехь

довхачу цIийца –

йоьшуш гуш ю.

Цундела олу ас:

Шайн дегнаш гIовттадахь

ас яздинчара,

безам ас хьехабар

гIалат ма лара».

Цу хенахь, сценин кIоргера схьайогIу – Малика.

М а л и к а –

Ирс хета йиш хилар хьоьца дог декъа,

Хетачийн, хезачийн хьесапаш дохуш,

Хиллачийн, хиндолчийн чуччаха некъаш

Довзуьйтуш, вайшиннан гергонца йогуш.

Г а д а е в –

Дийцахьа ахь дагахь ма-дарра,

Iовжорах Iалаш ца веш.

Хийла со лайна ву тарраш,

Тешаро эша со веш.

М а л и к а –

Хаац-кха, кханешна доьгIна,

Некъаша хIун дохьур шайца,

Амма со доллучул кхоьру

Тешначух тешнабехк балар.

 ХIуъа лан хир яра реза,

Диккачул дарцашлахь латта.

Лалур дац тешаро эшош

Хьан меттана га хилахь шалха.

Г а д а е в –

Сан санна, кийрахь са хьийзаш,

Хьегаро Iийжадахь дог,

Яздехьа, ойланехь хилларш,

КIеззиг сан байбехьа ког.

М а л и к а –

Догдиллал човхийна йоцуш,

Сатийссал хьаьстина йоцуш,

Лела со дахарах хьоьгуш,

Дахаран ирс хьоьца лоьхуш

Дуьххьара хиллехь а везаш,

ТIаьххьара безам бу хьоьга.

Вацахь а дийцича дезаш,

Сох кхетар – дехар ду хьоьга.

Г а д а е в –

Iуьйранна седано сирла нур оьхьча,

Хьоьга сатийсаро хьовзаво со.

Малх буьзна, стиглано дарин бос тоьхча,

Кийрарчу дагаро цIовзаво со.

М а л и к а –

Вайшинна доьгIний-те

вовшахакхета,

Мерзачу маттара

далхадан къа?

КIайн дуьне дерриг а

ваьшшиннан хетта,

Вайша доьгIний, хьовха,

лахдала цкъа?

Хьегар бен вайшинна язделла дацахь –

Декъазчел декъаза вайша ма ду…

Г а д а е в – Дукха ехийла, сан дика Малика! Буьрса стигал къуьйсуш, чехка мох а хьоькхуш, ирча тоьхна догIа тийча санна, хьал хIоьтти вайшинна – вовшашка ден къамел а сецна.

М а л и к а – (конверт ю буйнахь, и дIало почтальоне) …Безамна тешам оьшу, бацана догIа санна, зезагна малх санна. Тешам боцчохь безам бац, безам боцчохь тешамал башха. Муха ду хьал-де? Дийцахьа! Сагатло сан. Ма яла йиш йоцуш йолу дукха хан ели вайн къамелаш хиланза.

Хехь волчу салтичо мохь туху: – Гадаев, кехат ду хьоьга! Гадаевс, воьдий, конверт схьадохьу. Юха, цу чуьра сурт схьаоьцу.

 Г а д а е в – Ва марша йогIийла хьо, сан дика Малика! Оццул дукха хIунда Iийра хьо, со волчу ца йогIуш? ХIунда хьегий ахь со хьайх, оццул веха? ХIинца-м вуьтур вацара ахь со кхузахь суо. БIаьргана гучуьра йолуьйтур яц. Цхьана а минотана а (суьрте дикка хьожу).

– ХIай-хIай! И башха нур, ира ши бIаьрг! Хьох юьззина Маьлх-Азни хилла! Цхьа шатайпа башха товш сибат. Елакъежча, хиндерг го…

 4-г I а  з а м а н х о – Заза ма сиха, хьийкъина тесира оцу безаман дитта тIе. Дог-бIаьрг Iаббош. Амма ирсах юьззина йолу и бIаьсте йоца хила доьгIнера. Ткъа Маликас мел яздина кехат – церан безаман жайнаш – сингаттаман узум хуьлуш, юха шен ден хIусаме дирзира. КхидIа дахарх йолу шовкъ, тешам дIабаьллачул тIаьхьа адаевс Iожаллина бина кечам бара иза. Iодикаян кхиале, деган аз доцчу орцанан маьхьарца бина кечам. Амма ма доьналла оьшуш мур бара иза. Некъан аса хедачохь, дегIах догдиллинчохь, уьйрийн лар хьошуш, Iожаллин гуро синпха лоцучохь, синкхетаман семалла шегара ца йолуьйтуш, тIаьххьара беанчу безаме дохучу орцанехь тешамца чекхвалар. Дийцарал совнаха, со кхета гIиртина цуьнан даима цхьатерра аьрха я собаре хилла йоцчу амалх а. Амма ца гIиртина цунах устаз ван, суо цуьнан мурд хила. Ишттаниг атта вожа кхерам бу нехан даг тIера. Стаг мухха велахь а, шен долуш долчу дикачуьнца, вочуьнца гайта веза. Ткъа и къобал вар хIораммо ша къастор ду. Суна и веза ву, шен халкъана Пушкин, Лермонтов санна. Шен кхоллараллин, дахаран къонахаллица веза ву. Тайп-тайпанчу заманехь баьхнехь а, амалш чолхе, экаме, чевне карайо церан. Ишттачарех бен хуьлий тIаккха къоман илланчаш! Ма ирс ду иза – воцуш а, нахана вага висар. Цецдийла Iемийла вай! Цецдийла! Вай цецдаха МохьмадагIар ма эшабойла вайна!

Г а д а е в –

Хенашкахь вовшашна генара хилла

Вовшеха вай кхета некъ боцуш ду.

Вицвехьа, хено кир тоьхна,

Дарцийн гIов дицдан хиънарг.

Хеназа ойланаш йоьхна,

Гур дуй-те, ган а лиънарг?

М а л и к а –

Сан деган хьоьцара герго

Дохо йиш йолчеха дац.

ЧIогIа ю ас йохьу терго, –

Хьол хьомсар цхьа а сан вац.

Цкъа а кхин ара ца вала,

Сан даг чохь сецна ву хьо.

Вицве, ахь соьга ма ала,

Аларах виц хьо ца ло.

Г а д а е в –

 Башха сурт хIоттий ахь,

Корта кIайбелла,

Дарцийн гIов дицдина,

тийначу суна:

Къоначу йовхонан

мерза тов тоьхна,

Дагна сан озийна

гIура яший;

Кхоларан мархех чекх

сирла нур оьхьна,

Хьежарах сецна бIаьрг

шолгIа хьажий.

Хьаьвзина висна со,

амал жимделла,

Дийца некъ боцучу

дагара хьуна.

Башха кеп хIоьтти-кха,

корта кIайбелла,

хилларш хир дац моьттуш,

Iийначу суна.

М а л и к а –

Мел хаза ду, мел хала ду

хьоьга тийсар са.

Дийнан ял со йоцуш ма ю,

набкхетац буса.

Мерза хьийза сан са хьуна,

мерза Iийжа дог.

Кийра богу. Кийра – хьуна.

Хьоьга дIатуьйсу ког.

Язделлий-те Iаьршан йоза

вайна вовшийн ган?

ДогIур дуй дезна доза –

хьегар кхачада?

Мел хала ду, мел хаза ду

хьоьга дегIа ла.

Г а д а е в, М а л и к а  а –

Боданах етта ю буьйса.

Дитташа дайн шабар до.

Стиглара седарчий хьуьйсу.

Ойлано, оьций, дIахьо.

Стенга хьо – соьга ма хетта.

Беха некъ билгала бу:

Исбаьхьа сирла схьакхетта

Везачун(езачун) довха нур ду.

Стиглара седарчий хьуьйсу,

Дитташа дайн шабар до,

Даим ас хьоьга сатуьйсу,

Даим хьох хьаьгна-кха со.

Цхьаъ ду сан хIоккхузахь хатта:

Безамаш хIунда бу-те?

Ирсана кхуллу уьш лаьтта?

ГIайгIанна кхуллуш бу-те?

Вайшиммо ирсе ваьш лору,

Безаман алонехь датталуш де,

Хиндолчийн сурташ вай дору,

Хилла мел долчел уьш сирла гун де.

М а л и к а –

Хьан матто хьан безам

                инзаре буьйцу,

Бийцина бала а лац.

Амма сан безамо

                хьайчуьнца къуьйсу,

Шел сов кхин хета а лац.

Терзанаш дац-техьа

                безаман уоза?

Уьш буста дац техьа дол?

Iаьршахь кхиэл хир елахь,

                вовшах вай доза –

Тоьлла суо гойтур ю хьол.

Г а д а е в –

Ахь аьлла:

«Дуьххьара хиллехь а везаш,

ТIаьххьара безам бу хьоьга».

Ас олу:

ТIаьххьара хиллехь а езаш,

Хьалхарниг суна хьо хета.

Воккхаллехь кIаргвала воьлча,

Бералле воьрзуш ву, олу.

Къена дог хьекъалал тоьлча,

Цундела цец а ца волу.

11 сурт

2-г I а  з а м а н х о – Гадаев Мохьмад-Салахьа набахтера кхехьийтинчу кехатийн боккха цхьа барз хир бара. «Дешарца бен толам баккхалур бац!» – и дара цуьнан жамI. Шатайпана кхане ю иза вайн къомана. Гадаевс яздора: «Со чIогIа кхоьру, кхечу къоман композиторийн карахь вайн къоман мукъамийн башхаллийн, дог-ойланан аз нехачу, догдоцчу, дахар доцчу кегадаларе дерзарх… Къоман башхалла, дог-ойланаш ларъеш, муьлххачу къоман мукъам кхиорхьама, жима волуш дуьйна, дегIан массо меженах чекхбаллалц, оцу халкъан дог-айамах худавелла хила веза…». I972 шарахь цIавоьрзу Мохьмад-Салахь. Дукха дара Мохьмад-Салахьа дан леринарш. Делахь а, болх дIаболо кхиале, цамгаро лецира иза… кхин цкъа а дIа ца хеца. Шен тIаьххьара йозанаш Малике дIадахьийтира цо.

Заманхочо шегара кехаташ дIакховдадо яханчу замане, цуьнгара уьш схьаоьцу Маликас.

М а л и к а – «Малика! Сан гIуллакх дика дац. Со мел лаьтта хууш дац. Вайна кхин могуш цхьаьна гур ала дац. (Кхузахь Малика, самалделла, гуолашна тIе охьайоьду) ХIара соьга ахь яздина хьайн кехаташ а, хьоьга ас яздина долу сан кехаташ а цхьаьна Iалашдийр ду ахь. Кхано, тIаьхьа, хьо йозанца болх бан йолалахь, оцу балхана Iаламат мехала, шортта йозан болх бу хьуна хIара вайшимма вовшашка яздина кехаташ. Вайшимма цхьаьна бан дагахь хиллачу сан белхан ойланца йогIуш, вайшинца хиллачу марзонах лаьцна, и дIаян ца юьтуш, цхьа киншка язйийр ю ахь… Хьан Мурид».

Маликин тIейогIу цуьнан гергара йоI.

С а й х ь а т – Малика! Чохь юй хьо? (Малика го) Малика, со хьуна чIогIа хаза захало дохьуш еана. Сайн йишийн маршича ву иза. ГIалахь доьшуш ву, товш ву: куц-кеп. (Цецйолу) Хьуна хIун хилла? Хьо ма гIийла ю?

М а л и к а – Мохьмад-Салахьера тIаьххьара кехат деана соьга.

С а й х ь а т – ХIан, хезна суна и гIелвелла олуш, вайн кIоштарчу больнице тахана охьавиллина, бохура, иза.

М а л и к а – Муха? Тахана? Нанига хаьттина, со гIур ю цига-м тIаккха.

С а й х ь а т – Хьуна иза цкъа а гина а ма вац! Хьолла а дукха воккха а ма ву иза.

М а л и к а – Даго воккха-жима ца лоьру. Даго, шех кхетарг къаставо. Суна иза, цкъа ца гича, Iелур яц со хIинца…

Сайхьат – Эрна хир ду. Цунна цхьа а тIевуьтуш вац, боху, церан наха. Хьо цига дIакхаьчча, хан яьлла хан хир ю. Хьан гIаш яха дезар ма ду. Цига йоьдуш атта машен а кхетар яц. Садале, юха, цIа кхача а ма деза хьан…

М а л и к а – Цига а кхочур ю, юха цIа а кхочур ю. Цкъа и газа со Iийр яц. Дуьненахь.

С а й х ь а т – Кхета хьох. ГIой йола, тIаккха, кхин ца Iаш. Коре гIолахь, вуьшта, тIеюьтур яц хьуна хьо.

Малика, дIатуьлу, больнице. Сайхьатана лаьттахь кехат го. Кехат схьаоьций, Маликина тIаьхьахьоду. Иза генаяьлла а хуьлий, соцу. Схьаоьций, дIадоьшу хьалхара могIанаш, диснарш – дагахь.

Къаналлин къоьжачу

регIан буьххьера

Къоналлин тогIешка

хьоьжуш со Iа.

Дахкарах чекх малх санна,

хенан кIоргера

Леллачийн сурт хIутту,

деллалой, схьа.

Къаьсттина къегаш го

суьйренан суьрташ:

Эшаршца бирзина

балхара нах,

Iоьхуш цIа хьаьлхинчу

хьайбанийн гурташ,

Малх-нуьро лепайо

момсаран ах.

Шовданийн кортошка

кIентийн гуллора,

Забарийн, ловзарийн

гIоттура гIов.

Мехкарша (къайлаха)

хиш Iенадора,

Шовдане бийлар шайн

далийта сов.

Безамаш вай хIетахь,

бийца иэхьхеташ,

Догучу дегнашкахь

лечкъабора.

Амма вай, хIетта а,

малх бузуш, кхеташ,

Вовшийн ган «бехказло»

хIоттайора.

– ДIаяхана хаза заманаш, кхин цкъа а юхайогIурйоцу. Дера, хьалха безам – хаза, шовдана йистехь ма-буьйцура, хIинца – кехаташка бирзина. Дегнаш а хилла хьалха болат санна, – чIогIа, хIинца-м дIа дуткъаделла, цхьа хьасий бен а ца бисна. Адамаш IаьIаш ду, рицкъа-м хьалхалерраниг ду, тIекхеташ дац. ХIун хила доллу-те дуьненах? Дуьне-м хьийзош ду, ма-боху? Дуьне-м гIелделла, ма-боху?

И л л и

Ламанан дарта ю, хьегIарехь тийна,

Ширачу махка тIехь охьахиъна гуш.

Когаш тIехь лаьтташ ю, тIемаш гIортийна,

Лаьтта дегI дожадар деза ца луш.

Мархал кIел хьийзаш, цо зама текхнера,

Турпалчу тIемашца хедадеш хIо,

Сирлачу шовданех дай а бекхнера,

 Мокхазар бердаша биллина го.

Амма уьш генахь ду хIинца-ма цунна,

Гонаха зил банза аренаш ю,

 Iазапо хьешна дегI доьжна Iачунна

Iаьршашка хьаьжна бIаьрг эрна ма бу.

Жималла! Дагна и гена мел ели,

Йицлой, ткъа? ХIинца а йиц ма ца ло,

Сирла ю. Тохало и йоьжнаериг,

Лаьтта тIам гIортабой, айъа а ло.

Генахь ду лаьмнаш а, ялалац стигла,

ХIинццалц дайн идда дегI даш хилла ду,

Эшначу тIемаша айъа ца тигна,

Мархаш кIел хьийзинарг йоьжна ма ю.

12 сурт

Малика больницехь ю, тIехьашха, коре а яхана палати чу хьоьжуш. ХIара хаалой, Гадаев, букъ берзийна волу, схьавоьрзу. ХIара шиъ вовшашка хьоьжуш Iаш ду.

Г а д а е в – Малика! Суна орцаха еана хьо?..

М а л и к а – (замгаяьллачул тIаьхьа) Хьайна могашалла-гIоли ехахьа, Деле!

Г а д а е в – Йоьхийла дац сан.

М а л и к а – Ва, хIунда?

Г а д а е в – Суна иэхь хета Делах, сайн дехаршкахь соввийла, сан доIина Цо жоп деллачул тIаьхьа.

М а л и к а – Муха?

Г а д а е в – Ас дехнера АллахIе: сан валар-верзар цIахь хилийта Ахь: сайн юьртахь, ЦIен-Бердехь! – аьлла. АллахI, сайн доIина жоп луш карийра суна!

Эххар а, Малика цIаяха сехьа йолу.

М а л и к а –

Цхьаъ ду сан хIоккхузахь хатта: Безамаш хIунда бу-те? Ирсана кхуллу уьш лаьтта? ГIайгIанна кхуллуш бу-те?

Ойланех бетта бу кийра, Гушдолчо хаттаза, со – Везначух къастайо – хийра, Дегабаам сан – тийсало.

ХIунда и – соьга ма хетта, Беха некъ билгала бу: Малх а хIунда бу кхетта? Iожалла – бовзаза гу.

Даим ас хьоьга сатуьйсу. Даим хьох хьаьгна-кха со…

Г а д а е в – Малика!!! – аьлла мохь тухуш, гIенах санна, вовшахкъастар хилира цу шиннан.

Г а д а е в –

«Iаламан башхачу

Боларан сурт,

Хьуна ас хIоттийнца

ДегIаза чурт.

Заманаш йийларах

Тиш и лур дац,

Чартийн хьун хIоттарах,

Хьул а лур дац.

Цо хьан лар халкъашлахь

Латтош хир ю,

Лаьтта тIехь дехаш-Iаш

Халкъаш мел ду…

Цундела, ахь соьха

Къинхетам биэ –

Виц ма ве хийла хьайх

БIаьрг билхинарг,

Даим сатийсинарг

ЦIечу-Берде,

Вахаран чкъурган некъ

Аьрга баьхьнарг»

«Кхоьллинчо кхийдо некъ бIаьргашна байна,

Шен дагна хилла чов собардеш лайна,

Вовшашца догмерза, вовшашца тайна

Вай маца нислур-те бохуш, со хьоьжу»

К И Р Х Ь А

21 комментарий

  • A secret weapon for anyone who needs content. I don’t need to tell you how important it is to optimize every step in your SEO pipeline. But unfortunately, it’s nearly impossible to cut out time or money when it comes to getting good content. At least that’s what I thought until I came across Article Forge… Built by a team of AI researchers from MIT, Carnegie Mellon, Harvard, Article Forge is an artificial intelligence (AI) powered content writer that uses deep learning models to write entire articles about any topic in less than 60 seconds. Their team trained AI models on millions of articles to teach Article Forge how to draw connections between topics so that each article it writes is relevant, interesting and useful. All their hard work means you just enter a few keywords and Article Forge will write a complete article from scratch making sure every thought flows naturally into the next, resulting in readable, high quality, and unique content. Put simply, this is a secret weapon for anyone who needs content. I get how impossible that sounds so you need to see how Article Forge writes a completearticle in less than 60 seconds! https://stanford.io/3G7Hfmp

  • Hi, I think your blog may be having browser compatibility problems.
    Whenever I take a look at your website in Safari, it looks fine however when opening in Internet Explorer,
    it has some overlapping issues. I simply wanted
    to give you a quick heads up! Besides that, fantastic site!

  • Good day I am so grateful I found your website, I really found
    you by error, while I was researching on Askjeeve
    for something else, Anyhow I am here now and would just
    like to say thanks a lot for a remarkable post and a all round enjoyable blog (I also love the theme/design), I don’t have time to browse it all at
    the moment but I have bookmarked it and also added in your RSS feeds, so when I have time I will be back to read more, Please do keep up the
    great b.

  • That is really attention-grabbing, You’re a very skilled blogger.
    I have joined your feed and look ahead to in the hunt for more of your magnificent post.
    Also, I have shared your website in my social networks

  • I am really impressed with your writing skills and also with
    the layout on your weblog. Is this a paid theme or did you customize it yourself?
    Anyway keep up the nice quality writing, it is rare to see a
    nice blog like this one nowadays.

  • Hi! This is my first comment here so I just wanted to
    give a quick shout out and say I really enjoy reading your blog posts.
    Can you suggest any other blogs/websites/forums that go over the same topics?
    Thanks for your time!

  • Hey! I know this is kinda off topic but I was wondering if you knew where I
    could find a captcha plugin for my comment form? I’m using
    the same blog platform as yours and I’m having
    trouble finding one? Thanks a lot!

  • A motivating discussion is worth comment. There’s no
    doubt that that you should publish more about this subject
    matter, it may not be a taboo subject but usually people do not speak about such subjects.
    To the next! All the best!!

  • Hello, i think that i saw you visited my weblog thus i came to “return the
    favor”.I am attempting to find things to enhance my web site!I
    suppose its ok to use a few of your ideas!!

  • Someone necessarily assist to make significantly posts I’d state.
    That is the very first time I frequented your website page and so far?
    I amazed with the analysis you made to create this actual post extraordinary.
    Fantastic activity!

  • I have been surfing online more than 2 hours today, yet I
    never found any interesting article like yours. It’s pretty worth enough for me.
    In my view, if all site owners and bloggers made good content
    as you did, the net will be much more useful than ever before.

  • Appreciating the hard work you put into your blog
    and detailed information you provide. It’s good to come across a blog every
    once in a while that isn’t the same outdated rehashed material.
    Excellent read! I’ve bookmarked your site and I’m including your RSS
    feeds to my Google account.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.