ГАУ «Издательский дом»

ХАМИДОВ Iабдул-Хьамид. Бож-Iела.

Пьеса

Хьалхара дакъа

1-ра сурт

Гуьйренан зама. Маьркаже. Бож-Іелин хІусам. Ша цІа ледара, амма чохь цІена ду. ХІуманаш кІезиг, йерг хІотто йез-йеззачу дIахIоттийна а, механа йорах а йу, цхьа кресло-маьнга боцург. ЦІийнан уьйтахьа а долуш, ши кор, оцу корашна кIелахь лаьтташ стол а, шиъ гIант а. Чохь нохчийн пеш. ЦIийнан сени чу йолуш а, шолгІачу цІа чу йоьдуш а шиъ неI. Дехьа чуьра сехьа чувогIу Бож-Іела.

Бож-Iела (корта а Іовдуш). ОхІ-вай, ша гел хьовзийча санна, лозуш бу корта. ХIара мукъане а стенга йахана-техьа? ХIей, хезий хуна, мичахь йу хьо? (ЛадугIу). Тара хIара ийгIина йахана хилча! ХIей, хезий хьуна? (ЛадугІу). Кху цІахь-м, со воцург, стаг а ву моьттуш вац со. Ванах, тхешан чохь мукъане а вуй-теша со? (Лоррий хьожу). Со ван миччанхьа велахь а, хIара хIусам тхайниг-м йу. Деллахьа, хІун хан йу-теша вайна? (Корах арахьожу.) Са а хилла садовш ду-теша вайна, йа са а дайна сахуьлуш ду-теша вайна? (Аравала неI йоьллу, неIаран гура тIера аьлха коьртах кхета.)
Эш-шшай! (Аьлха схаоьцу.) Э-хIей, дела лаха шен ши куьг, хьо оцу тІе йиллинчун! Иштта а эккха боллучу кху сан корта тIе ца йоьжча, кхин йожа меттиг ца хилла-кх хьуна а. ХIай, хьо йиса хьайн да велла! (Аьлха вуо дІакхуссу.) БІагІара ваьккхи-кх цо со. (Лулахойн жIаьла лета.) ХІан, хІара мила ву-теша са а, бода а къастале керта гIертарг? (Корах арахьожу) Ой, Сутарби вац иза? Э-хIей, Дела эца хьо Дала кху дуьнен чуьра дIа! Декхар деха вогIу хьуна хIара. ВаллахI ца вогIу хьуна хьо, хьуна дала соьгахь шай дан а долуш-м. (Йуха а корах арахьожу). ВаллахI ву шен децIа санна, шек а воцуш, схьа чувогIуш. ХIинца хIун дийр дара? Кхуо-х веца, лан даккха санна, хьийзор. (Ойла йо.) Кхетамчуьра ваьлла, со вехна ву моттийта деза ас. (Куй стоьла йуххе охьа а тосий, стоьла тIе деса шиша а хIоттадой, стол мара а йуллий, охьавуьжу.)
Сутарби чувогIу.

Сутарби. ХIей, чохь дуй шу? Чувоуьйтий аш? ХIорш-м цхьа а вист ма ца хуьлу. ЦIера-х ца бевлла теша хIорш? (Бож-Iела а гой.) ХIей, доттагI, ма чIогIа марайоьллина ахь и стол, дIайахьа-м ца воллу хьо и? ХIай, хьо ма сатта хьала, дукха вистхуьлий! Къиг тIейеъча, къиг а гIотту хьуна, кIант, хьала, хьалагIатта, хьалагIатта, хьаша веъна хьо волчу. Къонах, со хьоьга луьйш ву, йа айса сайга луьйш ву? Къаьркъа-х ца меллий-техьа кхуо? (ТIе а воьдий, шишанах хьожа йоккху.) Офвай! Къаьркъа хьовха, шишанна чуьра хьожа а тIехь дIамелла моьттуш ву со кхуо-м. Со леван-х ца гIертий-теша хIара? (Коьрта тIе куьг хьокху.) ТIехула мекха такхийча санна йу тIуьска. Хьач санна, буьччалг а йу хIоттийна. ХIума кхетта моьтту суна кIентан коьртах. (Букъа тІе лерг а дуьллий, ладугIу. Кхерало.) ВаллахІ дац дог детталу хезаш а. Тара хIара велла хилча? (Бож-Іела меттах а хьавеш.) ХIей, доттагІ, самавала, хьаша веъна хьо волчу. Ванах, баккъал а вала-х ца веллий-теша хIара? Бета тIе куьг а диллина, цкъа мара Iовда беза ас кхуьнан. (Бета тIе куьг а дуьллий, мара Іовду. Бож-Іела хьалакхоссало.)
Бож-Iела. Мила ву сан бат Iуьйдург?
Сутарби. Со ву-кх, хьан доттагI Сутарби. Хазахетий хьуна со гина?
Бож-Іела. ЧІогIа хета, ша вехна нуц гича санна.
Сутарби. И хьуна хетар дуй, суна хууш дара. Салам Іалайкум! (Куьг ло.)
Бож-Іела. (Куьг а лоцуш). Ва Іалайкум салам. Охьахаал. Хиъна Іаччохь наб озийна хилла суна. ТIаккха, хьо цIа маца кхечи?
Сутарби. Со цIа кхаьчна-м гІеххьа хан йу.
Бож-Iела. Йу? Хьажахьа, суна хьо цІа кхаьчний хиъна а дац.
Сутарби. ЦІа кхаьчначул тІаьхьа-м со шозза-кхузза Москох а, Бакух а вахана.
Бож-Іела. ЦІа веъна дика ду, эзар балех волийла!
Сутарби. Дела реза хуьйла хьуна а!
Бож-Іела. Мел хан йаьккхи ахь?
Сутарби. Тоха бархІ тоьхнера, даккха пхиъ даьккхи. Болх дика барна хьалхе цІа ваийти со.
Бож-Іела. ТIаккха, муха йара меттиг? ТІехьаьжна-м вуо вац хьо.
Сутарби. Меттиг-м вуо хьаха йацара, алапа кІезиг дара-кх.
Бож-Іела. Э-хIей, ваша вала цу къамелан! Алапа кІезиг муха ца хуьлу, хьо, итт шарна догIург хьалххе схьа а эцна, дІавахана хилча?
Сутарби. Нах ІадІийнехьара, со-м хьаха вара хІинца а сайн туьканахь лаьтташ хир.
Бож-Іела. Нах-м хьаха бац, кIант, шайна къола дойтур долуш.
Сутарби. Къола дойтур долуш а бац, шайна хиънарг къайладохуьйтур долуш а бац-кх.
Бож-Іела. И бакъ ду. Йамартло йезаш бац нах.
Сутарби. ХIара, Бож-Iела, со дІавохуьйтуш, могаш воцуш вара и шун деваша Эламирза, цунах хIун хилира?
Бож-Iела. И велла, хьо марша.
Сутарби. Муха? Ой, совсем велла иза?
Бож-Iела. И хIун къамел ду «совсем велла иза» бохург? Ца велла дера-кх, ах а велла, ах висина-кх.
Сутарби. Деллахь ма халахета суна и.
Бож-Іела. Хетахь, дера веза катоьххина цунна тIаьхьаваха хьо а. Хьо хьан сецош Іа?
Сутарби. Цунна тIаьхьаваха-м кхуьур вара со. Соьга ло аьлла хIумма а ца йитира цо?
Бож-Iела. Хьоьга ло аьлла, цхьа кошан догIа доцург, кхин хIумма а ца йитира.
Сутарби. Ахь бегаш бахь а, цкъа тхоьгара дIавоьдуш, туьйдина сан ши кало йаьхьнера цо.
Бож-Iела. И цуьнан зудчуьнга Майме хатта ахь.
Сутарби. Йолуш йуй иза?
Бож-Iела. Йолуш а йу, хир йолуш а йу.
Сутарби. Деллахьа ма халахета суна, и шун деваша кхелхина. Къаьркъа дика малалуш стаг вара и.
Бож-Іела. Къаьркъа малалуш а вара, дика къонах а вара.
Сутарби. ХIинцалерчех тера а воцуш, вуьззина нохчи-м вара. Дала гечдойла цунна! Хьуна ма-хаъара, тхойшиь чІогIа гергара ши стаг ма вара.
Бож-Іела. Йохк-эцарна тIехь бохий ахь?
Сутарби. И хIунда боху ахь, Бож-Іела? Вай-м вовшийн когтосийлаш йай. Иштта ца хилча, дахалур дац вай. Оцу шун девешин зуда Майма хIун деш йу?
Бож-Іела. И а йу-кх эцца, къайлаха шен ка йаьлча, пал-хIума а тосуш, дІаIаш.
Сутарби. И йолчу а хIуттур ву со. И важа шун жимах волу деваша Абубешар хIун деш ву?

………………………………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.