ГАУ «Издательский дом»

Магомаева Марем. Марша вогIийла, «Бож-Iела»!

2025-чу шеран оханан беттан 18-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан академически театран сцени тIехь массарна а дика йевзачу, дукхайезачу «Бож-Iела» спектаклан премьера хилира. И хIоттор а, гайтар пьесин авторан, гIараваьлла вевзачу йаздархочун-драматурган Хамидов Iабдул-Хьамидан 105 шо кхачарна лерина дара. И спектакль карлайаккха ойла хилларг а, хIоттийнарг а йара Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан академически театран исбаьхьаллин куьйгалхо, директор РФ-н культурин хьакъйолу белхахо, НР-н халкъан артистка Ахмадова Хьава.
Спектаклан дуьххьара премьера хилира 1965-чу шарахь, нохчийн театран тоьллачу актераша дакъалоцуш. Оцу дийнахь дуьйна вайн халкъан а хилла дIахIоьттина йу «Бож-Iела» спектакль.
Цу пьесера цхьадолу аларш, забарш а гуттаренна халкъалахь йаха йисна. Ткъа спектаклехь ролаш ловзийна актераш а бисира халкъан иэсехь. Масала, Сутарбин васт кхоьллинчу Дениев Iальвих Сутарби, Гичаева Раисин а Майма аьлла бен ца йоккху халкъалахь цIе.
«Бож-Iела» спектакль ца йевзаш ца йисира йерриге союзехь а. 1967-чу шарахь хиллачу Йерригсоюзан конкурсехь III-чу даржан диплом делира цунна. Ткъа иза хIоттийначу режиссерана Солцаев Мималтана, коьртачу турпалхойн васташ кхоьллинчу Давлетмирзаев МутIелипна, Багалова Зулейханна, Дениев Iальвина СССР-н культурин Министерствон а, Йерригроссин театральни йукъараллин а Сийлаллин дипломашца совгIат а дира…………………………………………

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.