ГАУ «Издательский дом»

АЙДАМИРОВА Машар. Мадин леларш

Д А К Ъ А Л О Ц У Р Ш:

Мада – 35 шо
Бухари – 35 шо
Зуда – 30 шо
Хьеший
Саламха – 65 шо

1-ра сурт.

Жима цIа. Чохь Мада ву Iуьйренца чай молуш. НеIарехь гучуволу цуьнан доттагI Бухари.

БУХАРИ: – Ассалам Iалайкум, сан деган доттагI! ГIоза яар хуьлда хьан, Мада!
МАДА: – Ва Iалайкум салам! СхьатIехила, Бухари, ший а кхетар ву вайшиъ юучух!
БУХАРИ: – ГIоза йоийла, Мада! Амма вайшиннан чай муьйлуш Iен хан яц.
МАДА: – ХIун хилла? Мичхьа яьлла пожар?
БУХАРИ: – Сихлолахь! хьеший биссина вайн биргадир волчу…
МАДА: – Мичара?


БУХАРИ: – Суьйлийн махкара… Iам болчу дIагулло аьлла вайга. «Пириродехь» садаIа лууш бу вайн хьеший.
Бухарис стоьла тIера одеколон схьаоьцу. Цхьа-ши къурд а бой, коьртах, вортанах, пхьаьрса кIел детта волало.
Мадин зуда чуйогIу. Резайоцуш, пхьегIийн гIовгIа йоккху, гIам-гIим а деш.
МАДА (Бухарига бIаьрг таIош) – Ойн, хьо хIинца а дIаяханза ю… сийсара суна баккхий кхерамаш ма тийсира ахь, со байлахь вуьтур ву бохуш.
ЗУДА: – Со тахханехь дIагIур ю-кх… дика хьаха ду сан ден цIа долуш а…
МАДА: – И хьайн берийн цIоз ма дицделахь дIагулдан.
ЗУДА: – Уьш-м цIера ца далийнера ас!
МАДА: – Делан дуьхьа бацара хьуна уьш, хьо схьайогIуш, бухахь-м! (хIайт аьлла дIахIуттуш) ДIагIо хьо, ас-м сайна цхьа гIайгIа бийр бу…элп алале!
ЗУДА: – Вий, со санна Iовдалниг кхин карор яц хьуна!
МАДА: – Ой, елла яла хьо дела-I, со-м вац хьо санна Iовдалниг яло гIерташ а! Ахь цхьамма тоам бина…


Мада а, Бухари а араволу. Iома йистехь садоIуш болчу накъостех дIакхета и шиъ а. Юьртахой хьешашна хьалха деза къамелаш деш бу.
ЮЬРТАХОЙ: – И дIо вайна гушдолу ирзо сан де-де-ден хилла ду!
– Цул дехьарниг сан пхоьалгIачу ден хилла!
– ДIогара шина бIешаре даьлла ножан дитт гой шуна? И тхан ворхIалгIачу дена имам Шемала совгIатна делла ду… турпала хьуьнарш гайтарна!
МАДА: (везза хьалагIоттуш) – Аш дийцарехь, ирзойн дай, сан дай квартирашкахь баьхна хуьлу-кх!


ЮЬРТАХОЙ: (беламе даккха гIерта) – ДIавалахь, Мада, миччахьа Iийча а, цхьа юьртахой ду-кх вай! Хьешашка дош ло вай… ХIара Хьабиб йоккха авторитет ву ша вехачохь. Алал, Хьабиб!
ХЬАБИБ: – Сох кхоьруш ву юьртахь ша мел верг а… Юрт-м хьовха, ерриге а кIошт а егайо, сан цIе яьккхича а. Соьга хаьттина а дагабевлла а бен, цхьа ког дIа-м ца боккху…
МАДА: – Юьртара, кIоштара нах-м хаац, хIокху Iома чуьра пхьидаша а до-кх ас аьлларг!
ХЬАБИБ: (дегабааме) – Ас дийцинчух ца вешаш йина Iоттар хир ю ахь йинарг, Мада?
МАДА: – ХIан-хIа, гамонна, хIуьттаренна хIума олучарех вац со.


ХЬАБИБ: – Делахь, схьагайтал хьайн ницкъ-хьуьнар!
МАДА: – Къамел нету, дуй хьуна (юьстах а волий, бете ши куьг а даьхьна, дуьне Iадо санна, мохь туху). Пхьидаш, дIалакъаел и шайн цIузанаш!
Йоккха гIовгIа эккхийтина, хинан той дIахьошйолу пхьидаш, «зIанкъ» олий, совцу. Цхьа жимма хан яьлча, Iома чуьра схьахеза цхьана пхьидан «вакъ-вакъ».
ХЬАБИБ: (там хилла) – И цхьа-м яц хьох цуьрриг а кхоьруш!
МАДА: (куьг ластадо) – И цхьаъ къора хилла хир ю!

2-гIа сурт

Арахь, гIанта тIехь, хиъна Iаш ву Мадин да, Саламха. Воккхачу стеган карахь суьлхьанаш ду, Iаса ю юьстахо лаьтташ. Цхьанхьа ваха араваьлла Мада дена тIе хIутту.
МАДА: – Дада, юьрта юккъе воьду со. Хьуна хIумма оьший?
САЛАМХА: – Деллахьа, Мада, суна дага а догIуш, хьо цIа вогIуш, вайн керта цкъа а жижиган цуьрг ца еана-кх ахь.
МАДА: – Жижигах таса хьан цергаш ма яц.


САЛАМХА: – Доьлашна Iовшшал дика кхехкийча, цхьаъ дийр дара-кх ас.
МАДА: – Ва, дада, хьо хIун деш Iара хьайна езарг схьа ца олуш? Жижиг диъча, хьан давлени хьалаяларна кхоьруш, Iарий со-м!
САЛАМХА: – И цIийн тIадам ловза дера болу сан, жижиг ца диъча!
МАДА: – И дIадаьлла-кх тIаккха, дада, тховса ахь жижиг-гала дуу-кх.
САЛАМХА: (самукъадаьлла) – Дала мукъалахь! (Мада дIаволавелча, тIаьхьа мохь туху) КIант, пенси боху хIума-м дIаели моьттуш ву со, делахь а, оцу вайн сельсоветехь цунах лаьцна цхьа а догдохийла дуй мукъане а хьажахьа.


МАДА: – Делхьа, шун пенсеш советан Iедал дIадолла хьажийний-те аьлла хеташ ву-кх со, дада.
САЛАМХА: – Тхан пенсех-м марчо а эцалур дацара царна…
Сельсовета хьалха гулделла адам ду. Нахана тIехула куьйгаш а кхерстош, цхьана хIуманна оьгIазвахана, хьехамаш беш воллура юьртан къеда.
МАДА: – ХIун боху вайн моллас?
ЮЬРТАХО: – Маларш духкучарна дов деш воллу.
МОЛЛА: – Вижа каш дац шуна я ас, шу делча, дIа а духкур ма дац. Ас ца бехира аьлла дац-кха!
МАДА: (мохь туххий) – Ва, Iела-Хьаьжа, цкъа мукъане а оха дIаволла ца мега хьо? Я хьо лийрволуш а вац?

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.