ГАУ «Издательский дом»

Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)

Абу-ТIалибан доьзалехь
Деда велча, шен деваша Абу-ТIалиб волчу дIавахара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цу хенахь бархI шо дара цуьнан. Абу-ТIалиба шен дена делла дош кхочушдира. Шен вешин кIанте дика хьожуш, цуьнан гIайгIабеш вара иза. Цо кхобуш болу цуьнан шен доьзал боккха бара. Ша къен Iаш а вара иза. Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цо ша волчу дIавигча, чуьра хьал тоделира, рицкъа а алсамделира цуьнан.

Абу-ТIалибана Мухьаммад шен берел а чIогIа дукхавезаш вара, ша цхьанхьа воьдуш, даима шеца вуьгура цо иза, ша дIавуьжуш, шеца вижавора. Мухьаммадах чIогIа къахеташ а, цуьнан доладеш а вара иза. Делан Элча кхиош, дакъалоцуш яра цуьнан хIусамнана Фатима. Цуьнан терго еш а, цунах къахеташ а яра иза. Иза елча, Делан Элчано аьллера: «Тахана сан нана елла», – аьлла. Марчонна шен коч хьарчийнера цо цунна.
Деваша шен вешин кIентан дола деш а вара. Оцу заманчохь массо а къадолчу хIуманех Мухьаммад ларвеш АллахI Дела а вара, цунах Пайхамар ван шен лаам хиларна, дерриге а Iалам динехь нисдан.

Мухьаммадан заманахь, хIинца вай санна, стоьл тIехь хIума юуш ца хилла наха. Бераш нанна гонах гуллуш хилла. Царах хIора а шен ницкъ ма-кхоччу алссам юург схьаэца гIерташ хилла. Амма Мухьаммад царах тера вацара. Шена юург схьаяллалц, IадIаш хилла иза, шена схьаелларг бен схьаоьцуш а ца хилла. Шена еллачунна резахиларца баркалла олуш а хилла.
ДегIана онда хилла Мухьаммад. ХIетте а, цкъа а, цхьаннах а леташ ца хилла иза. Цхьанна а зен деш а ца хилла цо. Ша жима вара аьлла ца Iаш, шен ницкъ ма-кхоччу хIоранна гIо дан гIерташ хилла.
Дикачу агIор Маккарчу нахана билгалваьлла хилла Мухьаммад. Цара олуш хилла: «Хьовсийша, ма оьзда, гIиллакх долуш, хаза вистхуьлуш, дика кIант ву хIара». ХIора дена а лууш хилла шен кIант гIиллакхца а, ойлаярца а, леларца а, вистхиларца а Мухьаммадах тера хила.

Мухьаммада жа дажор
Пайхамар хила Дала мел хаьржинарг шен-шен заманахь жа дажош хилла. Мухьаммада а дажийна жа. Цара нахана тIехь Iуналла дале, Дала уьстагIашна тIехь Iамош хилла уьш, кIеда, мерза, оьзда, гIиллакхца хила а, нахана шаьш хьоьхучу некъа тIехь уьш нийсонца хилийта а.

Мухьаммад Шема вахар
Делан Элчанан шийтта шо кхаьчча, мах лело Шема ваха кечлуш вара Абу-ТIалиб, ша махлелорхо волу дела. Некъ беха а, хала а хиларна, шеца Мухьаммад вига дагахь вацара иза… Амма Мухьаммада хаийтира шена а ван лууш хилар. ТIаккха Абу-ТIалиба, цунна луург кхочушдеш, вигира иза. Цо элира: «ВаллахIи сайца вуьгур а ма ву, цкъа а сайх дIа а къастор ма вац ас иза я со цунах къаьстар а ма вац», – аьлла. ТIаккха, Мухьаммад шеца а волуш, новкъаваьлла, Бусра бохучу метте кхечира уьш. Шемана къилбехьа меттиг яра иза. Цигахь ковра сецира, нахе а, эмкалшка а садаIийта. Цига юххехь керста нехан килс яра, шен куьйгалхо Бахьир цIе йолу мозгIар а волуш.

Керстан Iилма долчу нахах вара иза. И ковра сацале, мозгIарна хааделла хиллера, цуьнца догIучу адамашна юккъера цхьанна тIехь IиндагI латтош, аьхкенан бовхачу малхах ларвеш, четар санна, даима а цунна тIехула лаьтташ хилла марха. Шайн дин Iамош, ша дешначу жайнашкара Бахьирана хууш дара, Пайхамарна бен, IиндагI латто марха-четар хила амал доций. И тамашийна х1ума шена гича, мозгIара омра динера, Маккара баьхкинчу махлелорхошна той кечде аьлла. ТIаккха цаьрга хабар дахьийтира цо, шайн килса чу той даа кхойкхуш. Цига массо а вар дехар а динера. Маккара махлелорхой дукха леллера оцу новкъа, амма цул хьалха цкъа а царна тIе а ца ваханера мозгIар я цаьрга вист а ца хиллера, хIинца бен. ТIаккха царах цхьамма аьллера: «Тахана хIун хилла, хIай Бахьира? ХIинццалц тхо дукха ма лелла хIокху новкъа, цкъа а хIара тайпа хIума ма ца дина ахь, цкъа а тхо хьо волчу а ца кхайкхина».


Бахьира жоп деллера: «Бакълоь хьо, шу сан хьеший ду. Шун лерам бан а, кечбина кхача шуьга баийта а лиъна суна».
ТIаккха и волчу дIабахара уьш. МозгIара хаьттира цаьрга: «Массо а схьавеъний?» – аьлла. Махлелорхоша жоп деллера:
– Тхо массо а схьадаьхкина, шийтта шо кхаьчна и цхьа кIант бен, цхьа а ца висна схьаваза».
МозгIара дийхира тIаккха:
«Схьакхайкхийша цуьнга, – аьлла, – шуьца ма ву иза а». Хьарис цIе йолу Мухьаммадан деваша хьалагIаьттира. Вахана, мара а воьллина, шен вешин кIант схьавалош веара иза. Шайна юххе охьахаийра Мухьаммад. Мухьаммад схьавеъча, Бахьира чIогIа лерина хьаьжира цуьнга. ТIаккха хеттарш дан велира иза: цуьнгара хьал муха ду, наб муха йо, гIуллакхаш муха ду, бохуш. Делера къинхетам а, маршо хиларг цунна жоьпаш луш вара.

Цо мел олуш дерг, Бахьира шайн жайнашкара схьаэцначу тIаьххьарчу Пайхамаран билгалонашца дIанислуш дара. Шен хеттарш чекхдевлча, царна жоьпаш хезна ша ваьлча, Абу-ТIалиб а, цуьнан вешин кIант а юьстах ваьккхина, элира Бахьира: «ХIара ву хьуна тIаьххьара Пайхамар», – аьлла. Абу-ТIалиба хаьттира цуьнга: «Хьуна муха хиира?» МозгIара жоп делира: «ТIаьххьарчу Пайхамаран а, Элчанан а билгалонаш хьехийна хан ю жайнашкахь. IиндагI латтош марха Пайхамарна тIехула бен лаьттар яц. Шу тхуна тIекхочуш, суна гира, коврана юккъерчу цхьанна тIехь IиндагIа латтош йогIу марха. ТIаккха со тийшира тхайн сийлахь-дезчу жайнашкахь йийцинчу билгалонашца хьехийна волу Элча шуьца хиларх. Цундела кхайкхира ас шу хьошалгIа, сайна иза ган лиъна». ТIаккха Бахьира элира Абу-ТIалибе: «Хьан мила ву иза?» Абу-ТIалиба элира: «Сан кIант ву иза». Бахьира элира: «Вац иза хьан кIант. ХIокху кIентан да дийна хила везаш вац». Цецваьллачу Абу-ТIалиба элира: «Сан вешин кIант ву иза».

ТIаьххьара Пайхамар
ТIаккха Бахьира дийхира, цуьнан дех лаьцна дийцахьара аьлла. Абу-ТIалиба жоп делира: «ХIара ненан кийрахь волуш, велира кхуьнан да. Ялх шо кхаьчча, нана а елира. «Бакъ лоь хьо», – элира Бахьира. ТIаккха цо хьалауьйзира Мухьаммадан букъ тIера коч. Пханарш юккъехь шайн жайно йийцина билгало (мухIар) гира цунна. ТIаккха цо элира: «ХIинца кхоччуш тийши со хIара кIант тIаьххьара Пайхамар хиларх, жуьгташа а, керста наха а вогIур ву баьхна волу, Делера схьадаьхкина долчу сийлахь-деза жайнаша, ван герга ву бохуш, хьехийна волу». ТIаккха Абу-ТIалибе элира цо: «Мухьаммадан лерина тергам а, чIогIа гIайгIа а белахь. Иза а эций, чехка цIа а гIолахь, жуьгтех иза ларвеш а хилалахь. ВаллахIи, царна иза ган а гахь, суна хиънарг царна туса а лахь, хIуъа дина а цунна цхьа зен даза Iийр ма бац уьш. Хьан вешин кIантана тIейогIучу заманахь боккха болх хир ма бу. Сихонца цIа вигалахь иза».

Дагахь боцу хаам
Абу-ТIалибна дагахь доцуш хилла дийцар дара иза. ХIетахь дуьйна дикачу кIентан Мухьаммадан гIайгIабар кхин а алсамделира Абу-ТIалибан. Шемахь дукха ца Iийра иза. Юхкург сихонца дIа а йоьхкина, оьцург эца а эцна, сихонца Макка вухавирзира иза. Цул тIаьхьа Мухьаммад кхин цхьанхьа а дIаса ца вигира Абу-ТIалиба, цунна бохам хиларна кхоьруш.
Жуьгташа а, керста наха а дукха дийцира, Дала Элча воуьйтур ву бохуш. Амма, Дала Iалам нисдан а, тодан а Элча ваийтича, дуьхьалбевлира уьш, тIе а ца ийцира цара цуьнан Пайхамаралла. Сийлахь Везачу-Дала ма аьлла:

«Шайга и шайна хуушдерг деъча (Мухьаммадан Пайхамаралла), цунах ца тийшира уьш. Делан наьIалт ду цатешачарна» (2:89).
Ша хаьржина волу Элча ларвина Дала, Ша цуьнга Пайхамаралла далале а. Шен къомо юург юуш хилла иза, нах санна махлелорехь къахьоьгуш а лелла иза, церан гIиллакхаш а, лаамаш а, Iадаташ а довзарехь. Шен вахарехь нехан дегнаш чохь адамалла яржош къахьегна ву Мухьаммад: миска нах а, къен нах а дукхабезаш, буоберашна а, иштта гIо оьшуш мел волчунна а гIо деш, зуламечу нехан балех гIийла нах ларбеш. Уьш дерриге а бусалба динан гIиллакхаш ду, Делан Элча ваийтина ма ву (Делера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) адам тиларах хьалхадаккха, нийсачу новкъа даккха а, хаза гIиллакхаш кхочуш дан а.

ХIара хьехам кечбина
Муртазаев Сайд-Мохьмада.

Стела1ад №1. 2021

71 комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.