Со стихаш йазйан волаваларна бехке ши стаг хета суна – тхайн да Мовлади а, поэт Рашидов Шаид а. Тхан дас дешна вацахь а, дукха йоьшура нохчийн, гIиргIазойн, узбекийн меттанашкахь йолу книгаш. Тхан хIусамехь кIезиг йацара уьш а, иштта оццу къаьмнийн эшарийн, иллийн экъанаш /пластинкаш/.
Школе вахале дагахь хаьара суна Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» а, «ЧIегIардиг» а стихотворенеш. ХIетахь тхан ишколан директор вара Рашидов Шаид. Наггахь и волчу хьошалгIа вoгlypa Дагаев Валид а, Магомедов Султан а (Дала гечдойла царна). Цара тхуна-берашна, xIopa класса чу а богIуш шайн иллеш, эшарш локхура. Берашна лерина доцучу оцу иллех, эшарех тхо дика кхетара; ойла йеш ца хиллехь а, дагца хаалора оцу иллийн, эшарийн дош а, мукъам а тхайн хилар, тхуна гергара хилар.
Доцца аьлча, ненан маттаца, нохчийн долчуьнца марзо кхоллайалийта дика хьал хIоьттина хилла суна – тхан хIусамехь а, тхан ишколехь а (Рашидов бахьана долуш) пусар а, ларам а бара нохчийн дешан. Цундела хилла хир ду и, тхан ишколехь дукха бара нохчийн маттахь стихаш йазйийраш а, дечиг-пондар лакха хуурш а. Цхьаболчара шаьш эшарш а йохура. Иштта, 1976 шарахь «Пхьармат» цIе йолуш университетехь студентийн литературин цхьаьнакхетаралла йуй хаале ши-кхо шo хьалха дуьйна стихаш йазйан гIерташ а, «Йеха буьйсанаш», «Маца девза доттагIалла», «Зеламха», «Революцин мурд», и дI.кх. а прозехь йазйина книгаш йешна а, гIаьххьачул нохчийн поэтически произведенеш йешна а вара, гIаьххьачул нохчийн поэзи йевзаш а вара со.
Амма «Пхьармато» бина тIеIаткъам боккха бара. ХIуъа а делахь а, цхьа керла а, йуххера а хетара «пхьарматхойн» произведенеш. Цхьадерг «пхьарматхой» хенаца герга (8-10 шо сол баккхий) хиларна хилла там бу и. Амма коьртаниг, хетарехь, «пхьарматхоша» керла басарш, васташ, кепаш лехар дара. Цул сов церан произведенешкахь ца хаалора харц патриотизм, харц интернационализм.
Цара хестабора нохчийн мотт а, нохчийн мохк а, нохчийн гIиллакхаш а, къонахалла а. Уьш шайн ницкъ мел бу бакъдерг ала гIертара. Вайн заманан дахар гайта гIepтaш лехамаш а бара церан. Цундела царна, къоначарна йуккъехь дуккха а дешархой карабора. Масала, «БIаьстенан хиш» цIе йолчу книги тIера Ахмадов Мусан дийцарш, тхан классехь книга цхьаъ бен ца хиларна, paгI а йиллина дийшира, дешна бевллачара вовшех кхет-кхеттачохь дийцаре а деш…………………………………………………………………………………………………
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)





