ГАУ «Издательский дом»

Гайтукаева Бана. БIАЬВНАШКА БЕЗАМ

Суна деза хета «Пхьарматах» мел хьакхалуш хилларг. Хала а ду суна тахана цунах лаьцна дош ала, дагна деза хетачух (даима иштта нис а ма ло дахарехь) деза а, хала а ма хуьлу дош ала. Со «Пхьармате» йалийнарг Цуцаев Iалавди вара, иза ша цIера Хьалха-МартантIера а волуш, хIетахь ЧИГУ-н студент вара. Вовшахкхетар университетан хьалхарчу йукъараIойлехь хуьлура. Со чIогIа лерина тIеийцира пхьарматхоша. Сан даг чохь йовхо, тешаман йовхо хьайра.

Нохчийчоь, со тийшира, дуьххьара тийшира хьан хиндолчух. Иштта кIентий лаьтта тIехь мел бу йан йиш йацара хьан кхерчара цIе! Со кест-кеста йогIура кхуза, xlopa баттахь. Цигара накъостий вовшах къаьсташ бара, цхьаберш – кегийра седарчий, ткъа вуьйш-стелахаьштигаш… Дала гечдойла цунна, Дала цуьнан синна паргIато лойла эхартахь мукъана а, дуьнен чохь-м и хила аьттехьа а дацара, иза бIе шарахь ваьхнехь а. Ас вуьйцург хеназа, къизачу кхиэло вайна йукъара дIаваьхьна доккха са долу художник, пхьарматхо Ахмадов Малик ву. Малик тешара Нохчийчоь маьрша пачхьалкх хирг хиларх, цунна дукха дезара дахар. Цунна дукха дезара адамаш. Иза теша а тешара царах.


ХIинцца, хIокху деношкахь, Малик хьахавелча цаьрца дешначу цхьана йоIа элира: «Лар ца луш, тIех майра вара иза». Ас шега, хIунда бахара ахь, аьлла, динчу хаттарна иштта жоп делира цу йоIа: «ХIокху Iедалан Iадатна реза вацара иза, со шена дуьххьара бен гуш йоццушехь, соьга дийцира цо иза».
ХIаъ, ван а вара Малик иштта. Цуьнан кхечу aгlop хуьлийла а дацара. Иза шен цIийца, шен сица бакъволу художник вара.
Гой шуна, мел цIена са долуш хила веза дуьххьара шена гучу йоIана шен дог даста. Мел чевнех дуьзна хила а деза цуьнан са! Ишттий бен хила йиш а йац илланчин кхоллам.


«Пхьарматан» куьйгалхо Ахмадов Муса вара. Мел къаьхьа делахь а бакъдерг дIааларца билгал ваьлла вара и. «Ловзарш» хIун йу а ца хаьара цунна. Кхоллараллин стаг иштта хила а везара. Суна Мусас Iамийра, тIечIагIбира сан даг чохь бабас шен дийцаршца кхоьллина лаьмнашка, бIаьвнашка безам.

Ахь урдонна йахкахь суна бIаьвнаш,
Хьуна лур ду сайн мутт аренийн…

Иштта лекха бара сан бIаьвнашка безам. Мусас кхин а серлабаьккхира и. Ахь Iамийра нохчийн йоIана xlopa стеган сийлаллин бIов хила йезийла. Ахь Iамийра, Муса…

Декъал хуьлда дегI, са цIена сай…

Со кхийтира Мусах, кхийтира… Сан Нохчийчоь, со воьлху хьан къина…
Кхийтиpa цу дешнех а. Со хьох йоккхайийна а ца йолура. Сан дог дозаллех дуьзира.

Вежарий, дуьйлало, некъ бу вайн хьалха,
КIадйелла хир ага техкийна нана,
Хан хилла вайн довла дайн, дедайн пхьалгIа,
Керлачу гIирсашца шира бIов ага!..

………………………………………………………………………..


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2025)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Ost
  • Ost 1
  • Sun
  • Mega
  • Flash
  • Shorba
  • Automna 2026 +
  • Automne 2026
  • Som 5

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.