ГАУ «Издательский дом»
Vintage book of poetry outdoors with fallen leaves on it

СУМБУЛАТОВ Дени. Дешнаша дуьйцу…

Хууш ма-хиллара, муьлххачу а къоман мотт аьзнех, дешдекъех, дешнех, предложенех, къамелах а лаьтташ бу. Царах цхьаъ ца хилча, эшам хилла а ца Iаш, мотт бицлуш, бовш бу. Кхечу меттанашкахь санна, нохчийн маттахь а ду вай шайх пайдаоьцуш, амма дуьззина маьIна ца девза дешнаш, аларш. Цхьадолчу дешнийн маьIна, декар а хийцаделла хан-зама яларца, ткъа цхьадолу дешнаш дицдина, цара билгалйо хIуманаш вай шайх пайдаоьцуш цахиларна.

Нохчийн маттахь цхьа хаза аларш ду: Шага (шаган) тIулг санна шийла ду хIара хи. Ша санна шийла ду хIара хи. Ша санна шийла ду… – аьлла далийначу дустарх нохчийн мотт хуург милла а кхета. Ткъа шага (шаган) тIулг санна… – бохучух кхета хало ду. А. Г. Мациевн дошамехь шагатIулг цхьа дош ду (Нохчийн-оьрсийн словарь, Москва – 1961, 509 агIо). ШагатIулг – мрамор, аьлла, гочдина ду оцу дошамехь. А. Сулеймановн «Топонимия Чечни» (Нальчик, 1997 ш.) 137 агIонехь, МIайстойн махкахь хиллачу ПуогIа (Гуьржашца (пхей-хевсураш) дозанехь) юьртана малхбузехьа долчу хинан (ахк) цIе ю: Шоьгал-хи. А. Сулеймановс иштта дIаязйина и меттиг: «Шоьгалхи (Шёгал-хи) Речушка белых камней – на западной стороне ПуогIа.

От шага горный хрусталь». Оццу дешан маьIна муха ду хьовса вай кхечу дошамашкахь. Масала: «Русско-чеченский словарь» (Москва, 1978 ш.) А. Т. Карасаева, А. Г. Мациева (685 агIо). Оцу дошамехь хрусталь – цIена ангали; горный хрусталь – мин. мокхаз, аьлла, гочдина ду. Иштта далийна кхеторан масалш ду: хрустальная ваза – цIеначу ангалин кхаба. А.Исмаиловн «Дош» дошамехь (403 агIо) ШагатIулг – мрамор, аьлла, гочдина. Нохчийн цхьаболчу яздархоша шайн говзаршкахь мрамор – мармар (бу), аьлла, яздина ду. Шинан озан (а, р) меттигаш хийцина, о – нах а – дина оцу дашехь. Доцца аьлча, нохчийн маттанна юкъа керла дош далийна, шираниг (шага – шагатIулг) доллушехь. Декарехь тера, амма маьIна кхин ду хIокху дешнийн: шагдала – раздражиться; шагдалар – раздражение, воспаление (от пряной пищи). Нохчийн маттахь ду нохчи-нохчо-нахчи – дешнаш.

Нохчаша къоман цIе нохчи – нохчий, олий, йоккху. Чеченцы, мичкизы – мичкызы, шашани, кистины… олу вайх цхьадолчу къаьмнаша. Нохчийн маттахь вайн къоман цIе (уггар а шира меттиг) нохчи-нохчий, аьлла, дIаязйина А. Сулеймановс шен «Топонимия Чечни» белхан 69-чу агIонехь: «Нохчийн кIотар (Нохчийн котар) «Нохчийн (Чеченский) хутор» – руины, оставшиеся от древнего поселения на хребте Гих-дукъ». «Гих-дукъ» мичхьа ду яздо Ахьмада: «Гих-дукъ – «Гихи-хребет» – тянется от Нашхойн-лам до селения Рошни-Чу по правому берегу р. Гихи и выходит на равнину. Этимология первой части «Гих» затемнена». Дийцарехь, яздарехь (Iилманчаша) Шира Чечана (кхин а ткъа юрт, кIотар) йохийна I8I8-чу шарахь Грозная крепость югIуш. Суьйра-Корта (Грозненский хребет) олучу меттехь хилла Чечана (Шира Чечана). Нохчийн шира цIерш (меттигийн, яртийн, кIотарийн) йицъелла я йицлуш ю.

Наггахь а йохуш ца хеза нохчийн маттахь ширачу яртийн цIерш. Масала: Комарово – Гулоз-чоь; Карабулак – Элдархан-ГIала; Троицкая – Обарг-Юрт; Орджоникидзевская – Дибир-Юрт; Серноводская – Эна-Хишка; Ассиновская – Эха-Борзе; Алхан-Кала – Iалхан-ГIала; ст. Наурская – Невре, Невр-ГIала; Калиновская – Гал-ГIала; ст. Николаевская – Салт-ГIала; ст. Червленная – Оьрз-ГIала; Минеральный – Аьчган-ХитIа; Надтеречное – Лаха Невре; Знаменское – ЧIулга-Юрт; Гвардейское – Iелин-Юрт и. дI. кх. Нохчийн маттахь нохчийн меттан дешнийн маьIна вай дича, гучуйовлу йицъелла я йицлуш лаьтта шира цIерш, керла дешнаш. Мах хадо йиш йоцуш, чIогIа мехала ду нохчийн меттан муьлхха а дош. Цундела лардан деза вай, йоIбIаьрг санна, нохчийн меттан хIора а дош. Дош ларло, нагахь цунах ваьш буьйцучу маттахь вай эца ма-безза пайдаэцахь. «Шен меттехь аьлла дош, даш санна деза ду», – лаа ма ца аьлла вайн дайша.

Орга №1. 2021

39 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.