ГАУ «Издательский дом»

ГАЗИЕВА Аза. Халкъан иэсехь ду поэтан сирла амат

Хасбулатов Ямлиханан – 85 шо

2020-чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь шийла кхаъ баьржира Соьлжа-ГIалахь Нохчийн къоман литературин къано, похIме поэт Хасбулатов Ямлихан бакъдуьнене вирзина, аьлла. Ненан мотт, литература езачарна халахетар дира оцу кхоо. Боккха эшам бара иза халкъана, махкана. Хасбулатов Ямлихан яхь йолуш стаг вара. КIорггера хаарш долуш а, Iилманан лакхене кхаьчна а вара иза. Цуьнан академически хаарша кхиийнера поэтан похIма. Нохчаллах дахаран къилба а долуш вехаш стаг вара Хасбулатов Ямлихан. ХIайкал санна, ларйора цо бевза-безачаьрца йолу уьйр-марзонаш, гергарлонийн зIенаш а. Лам санна собаре велахь а, ала дезачохь, дош ира олуш вара. Сталинизман къизалло бералла къинхетамза хьаьшна вара иза. Амма зуламечу дарцийн ницкъ ца кхаьчнера бакъволчу нохчичун яхчаелла амал кагъян. Бохамийн зиэрех доьналлица чекхвуьйлуш, кхиамийн лакхене кхаьчна поэт вара Хасбулатов Ямлихан. И тайпа стаг дIаваларо нилхадоху къонахийн могIарш, шелдо дукхахболчу вайн махкахойн дегнаш.


Дукха хан яра суна Хасбулатов Ямлихан вевзина. Бакъдерг дийцича, цу муьрехь суна иза ханна дикка воккха хетара. 1968-чу шарахь, юккъера школа чекхъяьккхина, со балха еара Соьлжа-ГIаларчу телевиденин студе. Ямлихан редакторан даржехь болх беш вара, нохчийн маттахь исбаьхьаллин передачаш кечъечу редакцехь. Суна воккха хеттехь а, 35 шо кхачаза хилла иза цу хенахь. Делахь а, гIеметтахIоьттинчу стеган санна, нохчалла яра цуьнан сица. Iаламат хаза ненан мотт буьйцуш, массара иза бийца лууш вара Ямлихан. ГIиллакхе, собаре вара. Нохч-ГIалгIайн Республикин кIошташкара юкъара-политически хьал дуьйцура Ямлихана кечъечу передачашкахь. Вайн махкахь цхьа кIошт, цхьа юрт яц иза кхачаза, цуо передача кечъяза. Бакъду, белхан декхарш кхочушдина ваьллера аьлла, цкъа а сапаргIат ца хуьлура журналист. Иза хаддаза кхоллараллин лехамехь вара. Вайнехан шира гIиллакхаш, ламасташ дIадовзийта даима хьаьгна вара. Иштта цуьнан дIадолорца юкъаяьккхира Соьлжа-ГIаларчу телевиденехь «Синкъерам» цIе йолу передача. Кегийрхой кхетош-кхиоран онда гIортор яра иза цу муьрехь.

Синкъерамехь-ловзаргахь кегийрхойн Iер муха хила деза, хьаша тIеэцар, охьахаар-гIаттар муха хила деза, мехкаршна тIе хабар дахьийтар муха хила деза Iамош йолу и передача, телехьовсархоша шега сатосуш, уьш леррина хьовсуш а яра. Хасбулатов Ямлиханна кIорггера хаьара нохчийн къоман бартан кхолларалла, цунна иза Iаламат дукха а езара. Кест-кеста Джамалханов Зайнди студе а кхойкхий, цуьнга нохчийн халкъан кхоллараллах дуьйцуьйтура цо. Вайн махкарчу массо а яздархошца мерза уьйраш яра цуьнан. Нохчийн литературин хьаьттахь къахьоьгучу адамех сих-сиха передачаш кечйора. Къаьсттина воккхавера иза, нохчийн поэтаца Сулейманов Ахьмадца цхьаьнакхетар телеэфире даккхаделча. Телехьовсархошна РСФСР-н халкъан артист Дагаев Валид дукхавезий хууш, кест-кеста иза кхойкхура цо передачашкахь дакъалаца. Цундела, цу хенахь телевидени халкъана, махкана дукхаезара. Хасбулатов Ямлихан санна болу говзанчаш цигахь болх беш болчу муьрехь, къоман куьзга хилла, дIахIоьттинера телевидени. Вайн турпалхочун хьаналчу къинхьегаман доккха дакъа дара цу кхиамехь.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.