ГАУ «Издательский дом»

АЛИЕВА Зарина. Сайн Хьехархочух дош…

Цхьаболчу нехан дахар киншкех тера хуьлу. Терхи тIехь дуккха а лаьтта уьш, цхьаъ вукхунах тера а йолуш. Киншка схьа а эцна, цуьнан агIонаш листа воьлча бен ца бевза цуьнан чулацам. Цул тIаьхьа киншкано тIеIаткъам бой, хьоьга ойланаш йойту, дуьнене хьежам кхуллу. Адамаш а деха дуьненахь: цхьадерш оьшучохь а, ца оьшучохь хьалхе яккха гIерта. Цхьана цIарна дуьхьа лела, дуьнен чохь мухха яьккхина а, шайн цIе йита лууш, «Со ву шуна!», – бохуш. Ишттачу нахана гондхьа еса «гIовгIанаш» хуьлу.


Цхьадолу адамаш, тийналла йохо ца лууш, оцу тийналлах ийна, цхьанне а новкъарло а ца еш, аз айдина а, шайн дахарца дуьне цхьана семанна тIехь латтош, хуьлу. Иштта долу адам, цкъа довза аьтто балахь, хьан дахарехь йоккха лар йитаза ца Iа. Бексултанов Мусас ма-яздарра: «Нагахь Минкаилов Эльбруса нохчийн литературе керла хIума деанехь – иза цунна и нах гар а, уьш гайта хаар а ду, хIинццалц цхьаьннан а тидам ца хилла, ткъолгIачу бIешеран шоллагIчу эханехь кхоллаеллачу нохчийн интеллигенцин шатайпа чкъор. Уьш вайна гуш бу, амма вай тидамза тIехдовлу царна, уьш а, вай санна, карзахе а, боьхна а бац, цхьанхьа хьаьвдда-бевдда лелаш а бац: царна шаьш хийца я шайга хийцалур долуш хIумма а доцийла хаьа кху дуьнен чохь. Уьш хьоьжуш бу, ган лууш». Эльбрус царах, шен дийцарийн турпалхойх, цхьаъ ву. 20-чу бIешерийн шоллагIчу эханехь кхолладеллачу интеллигенцин чкъурах цхьаъ.


Яздархо, критик, гочдархо, Iилманча ву Минкаилов Эльбрус. Суна хьехархочух Эльбрусах дош ала лаьа. Хьехархо уггар сийлахьниг ву. Шегахь долу Iилма, дахаран зиэделларг, гулдина хаарш дIадалар, Iилманехь керла чкъор кечдар хьаьнга-хьаьнга а далуш я лууш а дац. Иза коьрта проблема а ю вайн юкъараллин. Оцу сийлахьчу говзаллина, корматаллина Эльбруса 30 шо дIаделла аьлла, вай Iийча нийса хир дац. ХIунда аьлча университетехь цо хьехна шераш бен дац уьш. «Хьехархо» – говзалла а, цIе а шерашца юсталур яц. Хьехархо, ша дуьненахь волуш а, дуьнен чуьра дIавахча а вуьсу, хьехархо а хуьлий. Цуьнан ойланаша, хаарша маситта чкъор кхиадо, цхьана чкъурера вукху чкъуре а долуш, иштта кхидIа а. Масала, Сулейманов Ахьмадна, Айдамиров Абузарна а гондхьа гуттар а кегий нах хуьлура бохуш, дуьйцу. Церан беркате, Iаткъаме ойланаш тIехь кхиъна дуккха а яздархой, Iилманчаш бу. Ишттачара лард кхуллу, цунна тIехь кхоллало къоман идея. Уьш дIабевллачул тIаьхьа а церан йозанаш, ойланаш, кара-кара оьцу къамелаш: «хьенеха иштта олура, хьенеха иштта яздина», – бохуш, церан беркат кхидIа а даьржа.


Университетехь хьехархо волуш а, литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан коьрта редактор волуш а, тахана цамгаро чохь сацийнехь а, Эльбрус Хьехархо ву. Ша журналан коьрта редактор волчу заманахь, шен хаарш, ца кхоош, мелла а литературица, кхоллараллица хьаса болчарна дIалора. Церан говзарш нисйой, журналан агIонаш тIехь зорбане йохура. Журналан редакце веанарг дIа ца вохуьйтура, гIо-накъосталла, хьехар ца деш: «Литературехь къоначеран чкъор ца кхиадахь, литературин кхиар соцур ду. МеттахIотталур боцу эшам бу иза культурина», – олура Эльбруса.


Цхьана «генарчу геналлера» цхьа сурт диц ца ло: йоккхачу майданахь лаьтта Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет, Iилманан дозаллин лам хилла. Цуьнан яккхий, еза дечиган неIарш схьайиллича, хьуо кхечу дуьнене кхаьчча санна, хеталора: Iилманан, хаарийн, синъоьздангаллин дуьнене. Пенаш тIера хьоьга схьахьоьжуш дешан а, ойланийн а говзанчийн суьрташ, суртдиллархочо Эльмурзаев Сайд-Эмина дехкина. Университетан гIишло шен куц-кепаца массо а заманаш: селхане, тахане, кхане чулоцуш яра. Университетан чоьнийн «академически» йовхоно, цу чуьрчу хаарийн, Iилманан хIуоно са токхе дора, хьан ойла лакхайоккхура, кхечу дуьнен тIе кхаьчча санна, хеталора.
ТIамо йохийра университетан гIишло. Цул тIаьхьа маситта гIишло хийцира. Делахь а оццу хьалхалерачу университетан куц-кепаца дузу ас Эльбрусан васт. Iилманех вуьзна, олучу дашца а, леларца а, хьажарца оьзда, са лакхалле кхевдина, шеца къамеле волург, милла велахь а, шен тIегIане нисвеш ву Эльбрус. Университетехь суна хьехархойх дуьххьара вевзинарг Эльбрус вара.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.