ГАУ «Издательский дом»

АХМАДОВ Муса. Турпалхойн зама

Сценари

Дакъалоцурш:

Юьртда
Iедалан стаг
I-ра стаг
2-гIа стаг
I-ра воккха стаг
2-гIа воккха стаг
Да
Сану – жима йоI
Узуев Мохьмад
Салахь– Санун ваша
Адам – Санун ваша
Ханпаша
Дайза – цуьнан тIехьийза йоI
Денана
Хаважи
Iайнди
I-ра салти
2-гIа салти
3-гIа салти
Гнездиков
Немцойн инарла
Немцойн эпсар
Инарла
Эпсар
I-ра йоI
2-гIа йоI
Почтахо
ТIемалой
Мовлид
Iаьмиркан инарла
Гочдархо
Нохчи

I сурт


Ламанан юрт. Хеза кхойкхучун чIогIа аз.
ХIей нах! Схьагулло! Схьагулло! Хабар дохьуш Iедалан стаг веана! Схьагулло!
(Нах гулло)
IЕДАЛАН СТАГ.
ХIей нах. ХIей!
Вайн махкана тешнабехкаца тIелетта Германан паччахь Гитлер! Вайн мохк дIалаца а, вайх леш бан а дагахь ву иза!
I-ра стаг – Иза-м цкъа а хир доцург дара!
IЕДАЛАН СТАГ. Советан махкахь дехаш массо а къам а гIаьттина къизачу мостагIчунна дуьхьал! Вай а гIовтта деза!
АЬЗНАШ. – Вай кийча ду!


– Отур ву мостагI!
– ХIаллаквийр ву.
I-ра ВОККХА СТАГ. Бетах гIаж кхета ду хьуна хьерадаьллачу жIаьлина.
2-гIа стаг: – Вайн керта гIоьртина, галваьлла хьуна иза.
II-г1а ВОККХА СТАГ. Собардейша! И Гитлер шен тайпа а, тукхам а долуш, гергара нах а болуш стаг вац?! Цаьрга дIа а хьевина, сацавайта веза-кх шайн стаг!
(Буьйлу нах)
IЕДАЛАН СТАГ. ДIахьеварх соцур волуш вац иза! ТIом тIамо бен буха ца туху.
АЬЗНАШ.
– Бакълоь!
– Бакълоь!
– Дуьло, кIентий! Хьем ца беш, орцахдовла вай вайн бIаьхошна?! – Лата меттиг лоьхуш лелла со хIинццалц… Дуьло!
– Нийсонан вай накъостий ду!

2 сурт

(ЖИМА ЙОI САНУ. ЦУЬНАН КХО ВАША. ДА. НАНА.)
ДА. ТIом болабелла… Гирман тIелетта вайна…
САНУ. Дада, Гирман иза Саьрмак бу?
ДА. ХIаъ, Саьрмак бу-кх… вайна тIелетта, вайн шовда дIалаца гIерташ…
САНУ. Мами, хьо гIур вуй и Саьрмак биэн?
МОХЬМАД. ГIур ву.
САЛАХЬ. Со а гIур ву!
АДАМ. Со а гIур ву!
САНУ. Саьрмако хьо дIакхаллахь, хIун дийр ду…
АДАМ. Тур детташ, Саьрмакан букъ тIе Iуьрг а даьккхина, хьалавер ву-кх…
САНУ. ТIаккха…
АДАМ. ТIаккха, Саьрмакан коьртах тур тоьхна, буьйр бу-кх.
(Кхуьй а ваша а дIавоьду. ТIаьххьара воьдучу Адама хьочан заза ло йишина).

3 сурт
Хийист

(Ханпаший, Дайзий.)
ХАНПАША. Дайза, хьо йоьлхуш ю? Ма ца моьттура суна…
ДАЙЗА. Елхар стенна дуьйцу ахь? Ерриге ешна, хи хилла, дIаян лаьа, хIокху шовданах а ийна, дIаяха, хIордах а кхетта, дIаян.
ХАНПАША. Ахь иза дича, со цIа варе мила хьоьжур ю?..
ДАЙЗА. Со-м ца йоьлху. Со хьоьга хьоьжур ю, цIа воьллахь… ХIа, хIара сан йовлакх ду хьуна безамна, тешамна… Дала Iалашвойла хьо!
ХАНПАША. Дела реза хуьлийла! ХIинца-м хала дацара, Дайза, тIаме ваха а, тIом бан а! Iодикайойла! Са ма гатделахь! Со толамца цIа вогIур ву хьуна!
ДАЙЗА. Дала Iалашвойла хьо! Дала Iалашвойла.
(Ханпаша дIавоьду)

4 сурт

(ДЕНАНИЙ, КIЕНТАН КIАНТ ХАВАЖИЙ).
ДЕНАНА. ХIейт, горалера Хаважи яI! Ма боккха бала бу-кх хьан Бабин коьртехь. Делан Iожалла а кхаьчна, хьан дай-наний дIа а кхелхина, дукха жимчохь дуьйна хьо хьалакхиош яьхна со тIаьххьарчу ткъех шарахь. Хьо хьала а кхиийна, зуда а ялийна, охьахаор яра сан Iалашо. Довкин цIийнах, хьо бен, кхин боьрша бер а ма дац. ХIу хеда-кх вайн цIийнан, хьуна цхьаъ хилахь…
Амма тахана хьо цIахь сецо бакъо яц сан!
Стеган дахарал а деза ду сий, цуьнан сий, цуьнан ден сий, цIийнан сий, некъийн сий, тайпанан сий, халкъан сий…


Хьан ворх1алг1а волу да ГIараси, кху махка ГIирмера Тахтамыш веача (цуьнан бIоно яьккхинчу чено малх а къайлабаьккхина хиллера), кху юьртара бIо эцна вахча, уггаре оьшучу хенахь тIелетта, вай котдовлийта, вай толийта аьтто бина хиллера.
Хьан кхоалг1а волу да Гама, тIамехь майралла гайтина аьлла, Имам Шемала дато мукъ болу тур делла хилла.
Церан тIаьхьенах волу кIант, хьо, къайла а ваьккхина, Iиэн йиш ма яц сан!
ГIуо! Дала Iалашвойла! Ас сатасале гIуьттуш, сайн Iуьйра ламазийн доIи тIехь воьхур ву хьо. Дала Iалашве хьо! ГIуо! Юха ма хьажа!
(Хаважи дIавоьду).


ХАВАЖИ. Марша Iойла, Баба! Суна дукха са ма гатделахь.
Хеза илли:
Некъаш, некъаш, сийна некъаш,
Шу дIадоьлху, шу дIадов!
Шуна тIаьхьа гIийла текъаш,
Мохо болар доладо.
Мичахь дов шу, мичахь дуьйшу,
И ца хаьа цхьанна а.
Аш суьйренан Iеха Iуьйшу,
Тхи дIамуьйлу Iуьйренан.
(БIаьхой дIабоьлху)

5 сурт

ТIом. Брест. ТIеман гIовгIа.
АДАМ. ХIей воьдург… Iаьнди!
IАЬНДИ. Ахь хIун до? Хьо вац иза, Адам? Ма латта цхьанхьа хIоттий… вуьйр ву хьо!..
АДАМ. Ткъа хIун дан деза?
IАЬНДИ. ГIопа чуьра ара а ваьлла, гIали йисте ваха веза. Вайга командираш дийцинарг дага ца догIу хьуна?..
2-гIа САЛТИ. Всем бойцам 333-го полка собраться у входа в подвал! Командир полка Матвеев будет говорить!
(БIаьхой гулло)
МАТВЕЕВ. Накъостий бIаьхой! ХIара кхо кIира ду вай мостагIийн тIелатарш духадетта. Молу хи а, яахIума а дIайолуш ю! Алсамбовлуш бу лазийнарш, байинарш.
ХIокху гIопана кхолха гуобиллина.

77 комментариев

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.