ГАУ «Издательский дом»

АХМАДОВ Муса. Нохчийн маттаца ду вайн хилларг а, хиндерг а

Меттан Iилманчаша дийцарехь, нохчийн мотт дуьненчохь дуьххьара хиллачу цивилизацешкахь бийцинчу меттанех цхьаъ бу, цунна далийна дуккха а тоьшаллаш а ду. ХIетахь дуьйна дIадевлла эзарнаш шераш. Амма нохчийн мотт дIа а ца баьлла, дIа а ца ийна кхечу меттанех. Иштта иза бисна, и мотт буьйцучу, хуучу наха Iалашбина дела. ХIунда аьлча, ша-шех нислуш хIумма а дац дуьненахь, цхьана наха кхочуш ца дича.


Вайн историн ехачу оьмарехь нохчийн маттана а, нохчийн халкъана а тIехIиттина тайп-тайпана кхераме киртигаш. Иштта киртиг яра XIX-чу бIешаран шолгIачу эхехь, Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа нохчашна тIехIоьттинарг. Амма вайн къам юьхькIам болуш чекхделира цу киртигах. Вайн махкахь хIетахь баьхначу эвлаяаша а, устазаша а боккха болх бира, махкахь хьуьжарш дIайоьллуш, царна чохь Ислам дин вайн маттахь хьоьхуш, нохчийн маттахь жайнаш, назманаш язъеш. Нохчийн мотт, нохчийн гIиллакхаш а вайн даймахкахь бисинчара Iалашдина ца Iаш, хийрачу мехкашка дIабаханчара а Iалашдира, къаьсттина Иорданехь баха хевшинчара. Дела реза хуьлда царна, Дала сий дойла церан!


Иштта хала а, къиза а хьал дара нохчашна тIехIоьттинарг – къам цIерадаккхар. Амма оцу дехачу кхойтта шарахь суьйранна вовшийн хIусамашка чугуллуш, нохчийн маттахь назманаш, иллеш олуш, Iеламнехан хьехамашка ладуьйгIуш, шен маттаца йолу зIе ца хадийра къомо. Цу заманахь мотт Iалашбарехь доккха гIуллакх дира нохчийн яздархоша а, Iилманчаша а. Иштта, меттан Iилманча а, халкъан хьехархо хиллачу Джамалханов Зайндис дуьйцура, махках даьхна адамаш сингаттамо хьовзийча, ша царна нохчийн халкъан иллеш дагардора, я Бадуев СаьIидан « Бешто» повесть дагахь йоьшура, цуьнца цхьаьна ладоьгIучеран дегнаш нохчийн меттан дешнашца хьостуш, достуш.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.