ГАУ «Издательский дом»

ПАШАЕВ Нурди. Дай баьхначу йуьртахь

Повесть

Дуьнен чохь мел долчу хIуманан рагI ю. БIе шарахь ваьхнарг, шен сахьт тIехIоьттича, Iожалло лоцу. Ден метта цуьнан воI кхуьуш, диэба тIаьхье.
Шераша луьстура паччахьан зама. Паччахьо шен метта воI хIоттош, ткъа цо – шен воI. Иштта, ворхIалгIа чкъор ду олура, шен йалх ден хиллачу даржехь халкъана тIехь олалла деш.
Баш-башха ду хIора а къоман гIиллакхаш, ламасташ. ХIоранна мехала а ду уьш. Шайн дайн гIиллакхаш оьзда хетар а, уьш ларар а вайнехан Iадатехь чIогIа дика лоруш ду.


БIе шо сов хан йара нохчийн къомо паччахьан олалла, тIе ца лоцуш, дIатоьтту. Царна ца безара паччахьо халкъана тIехь латтон Iазап-бала. Массо мисканиг а, хьолахо а цхьатерра паргIат, ког хецца ваха лаьара. Цундела цара бохура: «Тхо Делан лай ду! Кхин тхан да вац, цхьа АллахI воцург!»


Нийсо йоцу куьйгалла шайна тIехь ца леладайта, харцонна дуьхьал къийсам латтош, хала некъ беш, схьайогIура Нохчийчоь.
Хеназа Iожалла тIехIуьттуш, йартел а даккхий ду вайн махкахь кешнаш. ХIора барзана бохург санна, боьгIна бу гIазотан хIоллам. Цхьа хьал ца хуучунна-м и кешнаш долчохь гаьннаш доцу диттийн хьун кхуьу мотта а тарло. Цхьабосса лекхачу хIолламаша дагалоьцуьйту чолхе зама. Хетало, хIора хIоллам а цIийх Iийдалуш…

Цоцин-Эвланий, Гелдганний йуккъехь, шина йуьртан доза къасточу Иэмана ораца, гуобаьккхина йуьйцина керт йолчу кешнашкахь, малхбалехьа дирзина, тIе эрз тоьхна лаьттачу рагIу кIелахь тIекIалйехкинчу кибарчигашна тIе букъ а товжийна, тIулга тIе а лахвелла, гIийла ойла йеш Iара цхьа къано. Шен кIайчу можах дай-йн куьг а хьоькхуш, ши мекх хьийзон куц а хIиттош, гIайгIане бIаьргаш кешнийн баьрзнашна тIехула кхерстабора цо.
Хьал ца хуучунна моьттур дара, цуьнан герзаца къовлавелла хиларх, иза цхьа мостагI ларвеш Iа.


Ша къена велахь а, жимачу стагехь санна, цуьнгахь товш дара детица кхелина шаьлтий, кIайн мукъ болу нохчийн шира мажар-тапчий. Шен цхьа 1алашо йолуш бара къаночо арабаьккхина некъ. Оцу кегаеллачу паччахьан заманахь, йочанах пхора гуьйре санна, тешам боцуш дара хьоладайша ловзадаьккхина махкара хьал. ХIинца а дицдалаза дара цунна, Цоцин-Эвла йиллина исс шо а дузале, шен итт шо долчу хенахь, 1849-чу шеран I2-чу декабрехь, диллина ло а долуш, полковник Слепцов коьртехь волчу таллархойн гIерано талор а дина, керла йиллина йурт кхоамза ягор.


Цул тIаьхьа кхо шо а далале, йуха а Цоцин-Эвла балано лецира. I852-чу шеран I7-I8-чуй февралехь, мискачу наха баха йина хIусамаш йагош, йуртана тIе шен бIо хийцира инарла-адъюданта эла Барятинскийс.
Еккъа цхьа Цоци-Эвла йагийна ца Iаш, Хуллоций, Джалкхаций, Гумсаций хьала-охьа йолу йарташ а йохийра цо, йалтийн аренаш а йагош.
КхозлагIа, I857-чу шеран 8-чу декабрехь, инарла-майора Ольшевскийс йаьккхира Цоцин-Эвла.


ХIоразза а, адам Iаьнна чудирзинчу хенахь, къизалла т1елетара мостагI. Балано лоьцура маьрша бахархой. Цундела даим шен башлакх коьрта т1е озон кийчча хила везара хIора а дегI лацалуш верг. Жима а, воккха а герзах воьттина, кийчча хуьлура цу карзахечу заманахь.
ХIора пIераскан Iуьйранна кешнашка воьдура воккха стаг Махьма. Тахана-м чIогIа кхоьлина де а дара. Ло дешна а йацара дукха хан. Дерз дара тIесерсаш. Волавелча, хатто дIалоьцура когара мачаш. Новкъа йа урамехула воьдуш хилча-м, Iасанах хьокхий а, хаттах йаййора уьш. ХIинца, кху баьрзнашна йуккъехула лелар бегIийла ца хеташ, цхьацца ойланаш йеш Iара иза.
Нехан санна, ден-ненан, йиша-вешин кешнашна уллехь сецна Iер а дацара цуьнан. Стоммачу комаран хиэнах, биъ са нисбеш, хаза кечдина лекха чурт долчу шен дена ГIезийна тIех а волий, дуккха а кешнийн баьрзнашна уллехь соьцура иза.


И хIолламаш доьгIнарш, цуьнан накъостий хилла ца Iаш, тешаме воIарий санна, цуьнан тIемаш а хилла, улле бевлла лелла динан вежарий бара.
Къена къанваллалц бIонна хьалхаваьлла лелла вара иза. Цуьнан бIаьхой бу, цунна хьалхха Iожалла тIеэцна, лаьттан кийра бийшинарш. Церан массеран а йуьхь-сибат санна, имам Шемалан зама а дика дагайогIура цунна. ХIетахь дуьйна, Хорачара обарг Зеламха лаццалц йолчу ханна, лийлира иза бIонна хьалха а ваьлла. Петарбухехь Iедал хийцалучу хенахь, шен 80 шо долуш, Iовдин Iелас мага а дина, шен йуьртахочуьнга МаIасан кIанте Iобуга делла цо шегара дарж.


Йуьртахоша лоруш, майра а, оьзда а кIант вара Iобу. Тхьамдаллина хьакъ а вара иза.
Махьмина даим дагахь лаьттара хала киртиг т1ех1оьттича, Iобус ша шозза к1елхьараваккхар. ХIетахь дуьйна Iобун цIийнан нах, берриге а ширдий, лоруш схьавогIура Махьма. Шен шина кIанте Хьасайней, Хьусейней весет динера цо, шаьш делла дIадовллалц церан сий делаш, аьлла.
Хууш дацара, мила, мича хене вер ву. Ца хаьара, кестта йурт дIалоцуш хIутту долчу къемат-дийнахь шен ши кIанттий, шо кхаьчна бер дуьсуш, ваший, нуссий лаьттан кийра дуьжур дуйла. Шай, шен хIусамнаний, вешин воI кхобуш дуьсуш, ша дина весет йуха а шена тIехь дуьсур дуйла.


Уггаре цунна дагахь лаьттарг, диц ца луш дерг, цоцанхойн гIотанаш лаьттинчу арахь маситта йуьртара вовшахкхетта йоккха дошлойн тоба гулъелла хан йара.
Тешнабехкаца тIелеттачу паччахьан гIаттамо гайтинера Махьмина паччахьан ницкъ, церан дукхалла а.
ТIом бахбелла, хIоъ-молхий кхачийча, тур баттара даккха дийзира Махьмин. Баттара даьккхинчу туьраца мостаг1чуьнца чуьчча а вахана, тIом беш, уггаре шен гIад дайначу хенахь, мичара вели ца хууш, кхуьнан тешаме аг1о а хилла, улле иккхинчу Iобус, топ йетташ, мостагIчун гуо лахбина, Махьмин латар толаме дерзош, халачу киртигах кIелхьараваьккхира иза.


Дукха цIий Iенира цу дийнахь шина а агIонехь болчийн. ХIетахь дуьйна цоцанхоша «ЦIен аре», арахьарчу наха «ЦIий Iаьнна аре» олу цу меттигах.
Ша шолгIа Iобус к1елхьараваккхар-м дуьйцуш а дацара цуьнан. Iобус-м, наггахь шаьш сакъера гулделлачохь, хьаха а дора и.
Бода беанчу, I9I2-чу шарахь хилла иза. Iаьнан чиллахь, Гумс, Хуллой вовшахкхетачохь, говр-салазахь хьуьнха ваханчу Махьмина тIеIоттаелла хиллера берзалойн арданг.
Берзалой гучу а йовлале, лергаш доьг1на, мерIуьргаш а йекош, юхагIертара говр.
Шен дагахь: «Эссай, цхьа борз-хIума хааелла хир йу-кха кхунна», – аьлла, салаз т1ера охьавоьссина, йуьхь лаьцна, говр хьалхахьа дIаозийначу Махьмин бIаьрг кхетта, юкъ-кара совца а совцуш, шена тIе гIертачу берзалойх.


«Ванах, дала орца доцчу кху варшахь, нахана мила-хIун ду а ца хууш, гуш лаьтташехь оцу са мецачу, дерачу акхарошка вовшахвоккхуьйтийла а ма дац», – аьлла, шен салаз цIехьа йерзийна хиллера Махьмас, шена тIаьхьа гIертачу берзалошна йукъа наггахь топ а тухуш.
Мухха делахь а, Илсхана-Йуьртахь ловзаргахь сакъийрина богIучу Iобиний, цуьнца волчу шина накъостанний гина-кх, лайн дарцах чан тарйина, сих-сиха йуьйлуш топ а йолуш, хаьхкина йоьду говр-салаз. Ткъа берзалойн тидам а ца хилла.


Сих-сиха йуьйлучу тоьпах шекбевллачу береша, герз дуьйлучухьа дIахаьхкина шайн говраш. Шаьш тIекхача доьлча хиира кхаа беречунна топ йийларан бахьана. Царна гира, лайх дIаийна, шайн андий вортанаш охьатаIIийна, салазна тIаьхьа йахйелла, йоьду берзалойн арданг.
Герзаша къевлина, йааро бузийна, синкъераман кеп дегIера дIаялаза болчу кхарна моьттира, шаьш цIогIанаш тоьхча, берзалой дIасайовдур йу. Амма адамийн цIогIанаша са меца акхарой къахкор йу бохург аьттехьа а ца хиллера. Цундела герз караэца дийзира.
Цхьабосса тоьхначу тоьпаша йухатуьйхира берзалойн арданг.
Берзалой дIа а къахкийна, шаьш севцча, Iобас аьлла хиллера: «Ванах, Махьма, ма цIехьа дахдинера хьан зазз оцу моттцахуучу акхароша».


Вела а луш, жоп делла Махьмас: «Iийт йаI, цIе йожа кIегаш тIе, ахь ма дакъазадаьккхи сан гIуллакх! Вацара, хьанора, со-м вахвина валош. Сайн къаьхкинчу говран архаш йухаийзош, наггахь бен топ кхосса а ца ларавора. Берзалой яр-кха суна тIаьхьайахйелларш».
Цхьацца ойланаш йеш, шен суьлханаш хьовзийна а ваьлла, Iамалан болх берзош хIара воллучу хенахь, горгалин зевне аз хезира йуьртара схьа.
Парт-аьлла, жима къонах санна, хьалаиккхира воккха стаг. Ша хьалхахьа боккхучу аьтту когаца цхьаьна йуха а куьйгаш до1анна лецира цо:
«Дела цхьаъ веш, Делан Элча Мухьаммад пайхамар (Делера салам маршалла хуьлда цунна) бакъвеш, тхуна бахкийтинчу эвлийаийн, устазийн карахь диталахь тхо…» – аьлла, доцца доIа а дина, йуьртахьа волавелира Махьма.
ХIинца цунна чIогIа оьшура, хIоъ белла, ша цIахь битна сира дин. Делахь а, воккхачу стеган шолгIа говр – хаза куц докххуш, кечйина Iаса – кхуьнца яра.
Йуьртахь горгали массо а дийнахь ца бекара. Иза бекаран бахьана дара, йуьртахошна билгалдина. Йуьртахой маьждиган майдана кхойкхура горгалино.
Халла цхьа бутт баьллера, Цоци-Эвлахь горгали ца бекаш. Лаа дацара и тахана бекар. ХIокху цIемзачу дийнахь жимий, воккхий меттахваккхар а атта дийр долуш хIума дацара. Йуьрта кхочучу заманна дага ца тосуш хIума ца дисира Махьмина.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.