ГАУ «Издательский дом»

ПАШАЕВ Нурди. Дай баьхначу йуьртахь

Дуьне ду-кх хьо. Маьлхан дуьне. Массарна а деза кхоьллина. Велларг д1авуллу, виснарг ца ваьхча ца волуш. Тахана тоьлла кIентий лаьттан кийра берзош бу цоцанхой. Царна гIо дан, церан дог эца, кадам бан тезета баьхкина бу гонд1арчу йарташкара бусалба вежарий.
ХIора а воьжначунна вевза-везачо хьакъдоллу тешалла а деш, лахьти чу кхийдош бара гIазотехь эгнарш.
Къаьсттина дагахь дисира Мусло-моллина дина тешалла.
Цоцин-Йуьртарчу Эманан кешнашкахь даьккхина каш а долуш, Мусло-молла лахьти чу кховдавале, цуьнан киснахь кехатан цуьрг карайо. Оцу кехат тIехь йаздина дара: «…Со велча, сайн йуьртахь, Курчалой-Эвларчу кешнашка дIаволлахьара аш…»


И весетан кехат Муслос шен куьйга йаздина хиларна, цуьнан дехар кхочушдира цоцанхоша.
ХIара масех шо дара, иза шен доьзалца Цоцин-Йуьртахь вехаш-Iаш волу. Эвлан йуккъера боккхачу некъа тIера чувогIуш, Солтан некъех болчу гунойн урам дIаболалучохь, куьг аьтто агIор долчу хьалхарчу цIа чохь вехаш вара иза.
Цхьа доьзал баххал йолчу меттиг т1ехь, йерриг йуьрто белхех йеана, цIенош а дина, рузбанан маьждигехь имам а волуш, шен доьзалца вехаш хилла иза.
ТIом болабалале хьалхарчу дийнахь цоцанхоша дехар дина хиллера цуьнга:
– Хьо, тIаме ца вогIуш, цIахь Iахьара. Хьо Iеламстаг вара, къена а вара, хьан доьзалхой кегий а бара, мискачу нахана цIахь оьшуш а вара…


Муслос доцца жоп делла хиллера:
– Шу д1атесна дIавахар осалала йу. Соцур ву со тIамехь. ХIара де тIехIотталц, масех шарахь, аш делла марханийн сахьаш а, сискалш а йууш, ваьхна со кху йуьртахь шун молла хилла, шуьца дика-вуон а доькъуш. Ц1ахь 1е ма баха, эрна ду аш сан кхоавар…
Муслос шен майралла, доьналла гайтира цу луьрачу тIамехь. ТIах-аьлла хьийзира цу кIуркIаманехула, Къуръан карахь, Йасин, кхидолу айаташ а доьшуш, гIелбелла тIемалой ира-карахIиттош, гIазотан йал царна йуьйцуш.


Доьналлех вуьззина къонах хилла Мусло. Тахана масална вийца хьакъ ву иза…
ЭхI, Масане вирзи уьш, къона а волуш, цу лаьттан кийра! Да виса-кх, дийна мел боцурш тахане ган баьхнехь… Хийла кIант висира далоза нускал… Жоьра зударий, байлахь дисна бераш… Топ кхоссал мел верг йурт ларйан хIоьттира.
Цоцин-Эвлара маситта Мохьмад… Дехьарий, сехьарий маситта Ахьмад… Чечанара ши ваша Боьршиккий, Асбий. ГIойтIара Какий, Iусманний. Эвтарара СаIий, Махьмуддий…
Нохчийн халкъ гIазотан байракх кIел лаьттира. Лаьттаца дIашарйинера Iалхан-Йурт. Соьлжа-ГIала а, бIе дийнахь ца йужуш, турпала лаьттира. Йохийнера Чечана. Дукха ц1ий 1енира ГIойтIахь. Устрада-Эвла йагийнера. БердакIел, Девлетгийр-Эвла…
МостагI шайх ца кхардош, турпала лийтира уьш.
Цоцин-Йурт… дай баьхна Цоцин-Йурт а…


Цу тIамах чакхбевлла, къена-къанбаллалц кху юьртахь бехира со дагавуьйлуш хилла Байсолтан Мохьмад, Гадин Идиг, Мамин Хьаьбзи, Мудин Iаьлви, Хьамзин Куса…
ТкъолагIчу бIешарахь вайн махкахь хиллачу граждански тIамехь уггаре а дукха цIий Iаьнна юрт, аьлла, билгалйина йу Цоцин-Йурт. I9I9-чу шеран 9-чуй, I0-чуй апрелехь Деникинан эскаршца хиллачу т1амехь 374 йуьртахой, бIе сов кхечу йарташкара г1оьнна баьхкинарш а декъала хилла. Ткъа мостаг1чун аг1ор: тоьлла дошлойн ши полк, г1ашсалтан дакъа а. Ши эзар тIемалочух лаьтташ долу эскар хIаллакдина цигахь. Чевнаш хилларш бIеннашкахь дIакхехьна.
Цхьана инарло аьлла хиллера: «Доккха хIума ду-кх, оцу мезаша йуьзна кетарш йолчу нохчаша нисбелла, андий догIмаш долу кIентий хIаллакби-кх сан».

(Т1аьхье хир ю)

Орга №1. 2021

208 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.