ГАУ «Издательский дом»

СУСУЕВ Зайналбек. Аппассионата. КIиранде

Поезд схьаян езачу агIор дIа а хьоьжуш, лаьттара иза. Дарцаца хьоькхуш долу даккхий лайн чимаш, хедаш, совцура цуьнан, кху махкахь шийлуо хетачу, тIаьххьарчу модехь йолчу пальто тIехь. Дарцо кIайбинера, цо, кIесаркIаг чу таIийна боцуш, куро хьаж тIе оллийна, тиллина болу куй. ЙоьIан дагна товш дара кIентан куц. ДIо, геннарчу светофоран серлонехь лепаш, хьоькхучу дарцах тешна, юккъехь гуш йолу кIентан юьхь кхунна безаме яра, ойла кхуьнан ерриг цу кIантаца яра. Ткъа иза, кхунна хаьара, вара цхьа шен ойла еш. ХIара цунна улле тIеяхара.

Леррина, меллаша карийн пIелгашца ло дIатоттуш, диллира куьг пхьаьрса тIе: «Со а ю-хьуна хьоьца». Схьавирзина, леррина шен куьзганаш чухула хIара хьоьжучу юьхь тIера цхьа марха эккхийра кIанта. Кхуо аьллачун ойла еш вара иза. Кхунна хаьара – жоп хир ду, мацца хилла а. И жоп хадам боллуш а хир ду. Хийцаелира светофоран серло. Некъаша голатуххучохь, гучуелира поезд. КIант схьавирзира. Леррина кхуьнга а хьаьжна, элира: «Новкъа воккху ахь?» ХIара шиъ вагон чу делира. Кестта хIара охьаюссур ю, ткъа иза дIаваха ваьлла ву. Вагон чохь иза коре хуу. Цунна дуьхьал а хуий, кхуо боху цуьнга:
– Со ца кхета хьох. Хьо цкъа а кхетар а ма яц сох. ХIара тоххара ахь хьалха динчу хаттарна жоп а ду хьуна. – Хьалха кхуо хаьттинера цуьнга, дIа хIунда гIерта, аьлла.
– Со кхета гIоьртар-м яра хьох.


– Хьо хилла Iаш даций иза-м. ДагадогIий хьуна, хьайн нанас аьлларг: «Йитахьа тхан йоI!»
– Дера, ахь хала-м ца дийцира хьуна цуьнца. Сихха такси тIе-м хаийра тхойша, некъ дика хуьлда шун, аьлла.
– Вай, хьан нанна хьалха хьо юьхьIаьржа-х хIоттор яцарий ас?
– Уьш-м ас кхетор бара.
– ХIун оьшу иза? Вуьшта, иза а ма дац бахьана. Ишта бен ца хилча-м, со шек а дера вер вацара.
ЙоIана хаьа, иза иштта ду. Бахьана цу кIантах доллу, ткъа цунах хIара кхетац. Цкъа а кхетар а яц, боху цо-м, хIара шех. ЦIаьххьанна, гIанта тIехь аркъал а таьIна, кхечарна гIара ца вала гIерташ, къежа а къежаш, кIанта боху: «Ткъа хьайн бабушкас аьлларг дийцахьа. Дийцахьа. «Хилийтахьа иза дашо. Вайна ца оьшу-кх иза!» – аьллера ца боху ахь цо? ХIара-м воьлура. Кхунна-м хIумма а хаза ца хийтира бабушкин дешнаш.

Цкъа нанас къамел долийра кхуьнца: «ЙоI, хьо цецъяьлла. Цу кIантехь хьайна мел тайнарг ахь цуьнан шен дикалла, дозалла лерина. Вайна мухха хетахь а, кIорггера Iилма долуш, замано ма-лоьхху, искусство евзаш нах шайн хиларал сов, шайн цIийх цхьа хIума ду цу нохчийн. Иза ду вай, вешан дворянаш хIаллакбеш хIаллакдина долу, шех, цабашарца, «светски этикет» хIинца а олуш долу, сийн лаккхара лерам а, гIиллакх а, къаьсттина зударшца, баккхийчаьрца. И гIиллакх, церан къоман амал хилла, лелаш ду. Амма уьш – нохчий бу-кх, хьо, и дерриш цу кIантаца нисдаларна, цецъяьллехь а». Цу дешнаша ца къарйора йоI. Кхуо кIант хеставора – лаккхара дешна, хьекъал долуш, искусствох кхеташ, гIиллакх долуш, комаьрша… Эццехь аьллера бабушкас: «Хилийтахьа иза дашо. Вайна ца оьшу-кх иза». И дешнаш довзийтинера йоIа цунна. КIант воьлура: «Хьажал хьо», – бохура, – Баккхийчарна дика хаьа хьуна».


«Хьуна а хаьа-кх массо а хIума дика, хьуо къена волу дела», – оьгIазъяханера хIара а. КIант, корехьа а вирзина, бIаьрхиш дIа а хьоькхуш, воьлура. Поезд дIайоьдура, бIогIамаш, махо цхьацца кегдина долу акхтаргаш, цхьаццанхьа гомхачу Iаннаша хедийна аренаш а тIаьхьа юьтуш. Кхузахь хьаннаш, ерриг бохург санна, къона ю. Бехк а бац, кху махкахула чекхбаьллачу инзаречу тIеман лараш хIинца а йолуш а, латтош а ю кхузахь. ХIара кIант а (Заур яра цуьнан цIе) веанера кху гIала, цу тIам тIехь тIепаза вайначу шен девешин лараш меттигерчу музейхь кароре сатесна. Дехьарчу корехь, дикка кхарна гена хевшина Iара маларх кхетта кегирхойн тоба. Цара вовшашка а кховдош, молуш дара цхьана шишанна чуьра малар. Дукха нах а бацара чохь. ТIаьхьаяххана хан яра. Заур корехула арахьоьжу. Кхануо, схьавоьрзий, хаалуш садоккхий, вистхуьлу: «Света, деган хьехам хIун ю хаьий хьуна? ТIаккха, кхуьнан жоьпе ца хьоьжуш, боху: «ХIун ду а хаац, суо кхуза мел вогIу, цхьана вочух ларвала везаш хилар ду-кх дагахь». Кисанара схьаоьций, шен месех ехк хьекха волало иза, цхьа шен ойла а еш. «Кхузахь хIумма а дац, хьан цIахь бу и берриг гIурт», – олу йоIа. ТIевогIу дехьарчу тобанах цхьаъ, куьг схьа а кхийдош, боху цо: «Земляк, ехк лур яцара ахь?»

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.