ГАУ «Издательский дом»

ДЖУНАИДОВ Аюб. Дайн лорах

Сан кхо бутт болуш цIа валийна со ГIиргIизера. Кхеттал хилчахьана сан а, сан хенара болчеран а лерсино схьалаьцна, хIинца а тхан иэсера дIадовлаза ду цу махках тхан дайша дийцинарш. Аганан гIаж буйна а къуьйлуш, бIаьрхиш Iенош, йилхинчу сайн ненан аз хIинца а сайн лерехь декаш хета суна. Кхо доьзалхо (шала вина ши ваша а, йиша а) ГIиргIизойн махкахь дIакхелхинера. Суо воккха мел хуьлу а, дуьззина цуьнан маьIна дан Iемира суна. Уьди-ГIала ирзешка гулбеллачохь, дадагIара а изза дуьйцура. Ткъа сан ден нийсархой гулбелча, церан шайн къамелаш хуьлура.

Сибарехахь яьккхинчу кхойтта шеран заманахь коьрта гIайгIа-бала шайн букъа тIехь а, коьртехь а лайна чкъор дара иза. Уьш дерриге а луьттуш, вовшашца дустуш, уьш юх-юххе дохкуш, кегайора ас даима а сайн ойланаш. Цара ца хоьцура, маьрша ца юьтура дог-ойла. «Ванах!.. Цара ма дукха хьехабо и мохк?! Сел-бесса, цигахь хIун дисна-те церан?! Цкъа а чекх ма ца довлу церан и къамелаш?! Итт шарахь а… ткъе итт шарахь а…шовзткъа шарахь а – даима а и цхьаъ дуьйцуш муха Iа-те уьш?!» – иштта хуьлура со санна болчеран гуттар а хIуьттуш долу хаттарш. ХIорамма а жоп шен-шен кепара лора.


1944-чу шарахь дара иза. Шийлачу февраль беттан ткъе кхоалгIачу буса, меттара а гIиттийна, дIагулдира: стаг, зуда а, жима, воккха а. Даьхнилелочу шийлачу вагонаш чохь, стенга дуьгу а ца хууш, махках дехира. Къаналла цалайнарш, шелоно чахчийнарш, сингаттамо иэшийнарш некъан бохалла алсамбуьйлура. Цаевзачу станцешкахь церан декъий лай тIе охьа а дохкуш, дIаихира хIетахь. БIаьргашна а, дегнашна а и суьрташ дицдала ца туьгучарна тахана а уьш хьехо лаьа. Къаьсттина дедайн къамелашкахь хезара уьш. Молха-дарбанна, юучунна-молучунна таро еш, некъаца бала лайначийн къамелашкахь иштта гIайгIа алсам хезара. Дерригенах а кхета иэс доцуш хIетахь хиллачу берийн а хIинца шайн ойланаш кхиъна. Тахана деха чкъор ГIиргIизехь дуьнен тIе даьлла ду. Кхойтта шере кхаччалц цигахь дIаяхана церан бералла, жималла, къоналла а. Цундела цара мерзачу дагалецамца ойланаш йо цу хьокъехь.
Сан паспорт тIехь иштта йоза ду: «Вина меттиг: рудник Чаувай Уч-Корганского района Ошской области Кирг. ССР». И меттиг яра-кх кхузткъа шарахь сан са-амал кхачийнарг. И меттиг яра хIор сахьтехь, хIор дийнахь со цига дIакхуьйкхуш, дIаийзош. Делан лаамца бен ишттаниг хила йиш йоций хаьара суна…


Эххар а цига ваха новкъавелира со 2018-чу шеран август беттан 12-чу дийнахь. Цхьа шо хьалха ГIиргIизойн махка вахана веанера Шоьнара Халилан кIант Мусхьаб. Цуьнца цхьаьна цига ваха Iалашо йолуш, Гуьмсехь цIерпошта тIе хиира тхойшиъ. Къизалло дуьне ма-дду яржийна тхешан дайн лараш талла, церан цIерш карлаяха, уьш Iамо, барз боцчу кешнийн билгалонаш лаха, дайн уьйраш йовза, Делан цIарца нигат а дина, бан лерина некъ бара оха юьхьарлаьцнарг.


ШолгIачу дийнахь, сарахь, Аштаркханан махкарчу Аксарайск станцехь кхечу цIерпошта тIе хиира тхойшиъ. Москохара дIа Таджикистанан Худжанд гIала йоьдура иза. Кхаа дийнахь-буса некъ бича, кхочура иза оцу станце. Казахстан … – Узбекистан… – Таджикистан … – Киргизстан… Иштта бара оха бан беза некъ. Генара мохк… хийра къам… аьрха Iалам… шога хIаваъ… евзаш йоцу малхбале, нацкъара малхбузе… хьан къоман доцу даарш… кхин чам болу хиш… Мел дара уьш, хьан синна а, бIаьргана а цадевзарш, энжаде хетарш?! ЦIерпоштан корах арахьоьжуш, «тIак-тIик» дечу чкъургийн еттаялар дагардеш, и чаккхармашка дохкуш, дIаоьхура хийрачу махка. ГIамарийн аренашкахь можа саьлнаш, дакъаделла муш-дитташ, эмкалийн къепалш, говрийн реманаш – оцу хийрачу мехкан битамаш бу уьш.

Дехьа-дехьа мел волу а, хийцало мехкан битамаш: бамбин аренаш, кемсийн таьллангаш, туьркийн, шапталийн бошмаш, хин татолашца паста-хорбаз… Эххар а шера аренаш, йоьрзу-у-уш, лаьмнашка йирзира. Чан… къахь… кIур… стигала ирхдаханчу лаьмнийн дIашардина баххьаш: шахьташ, маьIданийн шатайпа хьожа, кира лелочу машенийн гIовгIа… Уьш массо а дукъуш, нуьцкъалчу лелхарийн, лаьмнаш дегош, даьржа дур-р. Оцу дерригенна а тIехула хьийзачу Iаьржачу хьаргIанийн вой… Маржа-яI!.. ДIа ца кхочу-те?! Ма беха некъ хили хьо… Пекъарш-яI!.. Бигна хилла-кх… ялсаманин мехкех тIех а бохуш… жоьжахатин боьра… саьрмакан новкъа… дIабигна хилла-кх!.. Къацахетарша… ДIа ца кхочу-те хIинца мукъане а?! Йист ян а юй хьан, хIай Къизалла?! Тоьур ду ахь лестийна тур!.. Стенна бехке винера со, дуьнен тIе а валале, кхойтта шо хьалха?! Хьомсара сан Нохчийчоь ийман доцчу нахана дагайоьхнера?! Сан Даймохк ма бу иза!.. Суна хIара неханиг санна, хийра хIунда бац царна сан мохк?! Сталинан йовсарш!.. Жиргачу буьнара жигара пхьуй!..


Стохка Мусхьабна вевзина хьаша вара, тхуна дуьхьалвогIур ву аьлла, тхо лардеш. ГIиргIизерачу Исфана гIалахь вехаш волу Iумар-Iела вара иза, ша узбек а волуш. Вуно оьзда а, хьекъале а кIант хиллера иза. Мусхьабна Интернетехь вевзина хиллера Iумар-Iела. Цхьацца хаттарш деш, Мусхьаб къамеле ваьлча, ша хьошалла дийр ду аьлла, ша волчу кхайкхинера цо уьш. Мусхьабца Шоьнара Махьми а, цуьнан кIант Ломбетар а хиллера. Исфанахь дIавоьллина ву Мусхьабан деда Къурба. Цунна чурт догIа Iалашо яра Мусхьаба дагалаьцна. Сихха Худжандехь бехачу таджикашца цунна и чурт кечдайта барт а бина, тхо Исфана боьдучу новкъа девлира. Хила доггIучу кепара шина а пачхьалкхан дозанашкахь йолчу таможеннийх чекх а девлла, дIадахара тхо.
ГIиргIизе!.. Маржа ГIиргIизе-яI!.. Эххар а кхечи со хьан хьаьрма… Кхузткъа шарахь сов сан лерсино лецна дош!.. Сан лерехь а, маттехь а чIагIделла, гIан-набаршца а цхьаьна суна дуьхьалхIиттина дош!.. Марзделла… «чаьмза» дош… Маршалла ду хьоьга… хIай «хийра» «хьоме» мохк!.. Муха яккха-те ас хьан цIе! Хьан хIаваъ чууьйзуш, хьан шовда молуш, хьан лаьттахь кхиийна ялта-стом бууш, церан цинцех ненан кийрахь гулдина, чархаш вовшахтесна, дуьнене кховдийна ду сан а, эзарнашкахь со санначийн а догIмаш… Тахана дуьненахь дехачу нохчийн къоман ах гергга болчеран догIмаш… Хьан стигал кIелахь кузткъа шо хьалха кийра диллина са ду, дуьне мел ду, со идориг а! Хьан сих хьаса болуш, хьан мехкан амалх зирх болуш, хьан лаьмнийн мокхазан тIулган маьIданийн муьста чам кийра боьлла, дуьнен тIе ваьлла со. Муха кхайкха-те со хьоьга?! Ас муха яккха-те хьан цIе?! Кхо бутт сайн кхачале ваьлла со хьан кевнехула ара… Карахь-куьйгахь а доцуш, дестечо меран бер санна, дIахьажийра со… ХIинца юхавеана… къежвелча…

Шина новкъа веана со хьуна тIе: цхьана новкъа – «хийрачу» махка воьду бохуш; вукху новкъа хьаьжча – «Сайнмахка» воьдург а хилла!.. Со веана-кх… Бартбийр бу вайша… тIеэца со… хIай ГIиргIизе! Со… «мехкан» воцу «хьаша»!..
Дукха гена довлале Лейлякски районан дозане кхечира тхо. Цу чу йогIура Исфана гIала а. Iумар-Iелас дийцарехь, бIе чаккхарма некъ бича, цуьнан хIусаме кхочур ду тхо.
Август беттан тов хьийзачу арахь йовхоно дукха ницкъ ца бора. ЦIеначу «Джиппан» кораш а диллина, ба-айн чухьоькхучу махах дегIана там а хуьлуш, дIадоьлхура тхо. ХIокху мехкан Iаламатех къамелаш дора Iумар-Iелас. Тамаш а беш, ладоьгIура оха. Къаьсттина чIогIа лерина йийца лаьара цунна Узбекистанехь йолу Самарканд гIала. Оцу станцехь сахьтехь гергга тхо лаьттина хилар а Iумар-Iелина хаьара. Самаркандехь пхеа шарахь институтехь дешна а хиллера цо…
Делкъал тIаьхьа Iумар-Iелин хIусаме дIакхечира тхо. Вуно лерина тIеийцира тхо. Цхьа кIира гергга хан яра цара тхо ларден. ХIусамнана а, кIант а, йоI а, нус а – массо а вара доггах хьийзаш. Сихха комаьрша шун хIоттийра тхуна. Оцу балхо дагах гилгашдохура. Тхаьш хийра цахетар хааделла, сапаргIат хилира тхо.


Малхбуза-ламаз дина девлча, Iумар-Iелас кешнашка дигира тхо. Мусхьабан деден, Къурбин, кошан борза тIехь Ясин а дешна, чудахара тхо. Тховссехь мовлад дешийта лаам болчу Мусхьабан дехарца кечамбаран гIуллакх дIадолийра оха. Сихха эцна балийра уьстагI. Кхиболу кечам а церан кегийраша, тхуна кхин хало ца еш, вовшахтуьйхира.
МаьркIаж-ханна кхайкхинера мовладе нах. Молла а схьакхечира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжица Бухарехь дешна а хиллера иза. Мохьмад-Керим Iумар-Iелин захал вара: цуьнан йоI Iумар-Iелин кIантехь хиллера. Иштта и болх дIа а берзийтина, буьйса юккъе яххалц тхоьца луьйш-олуш а Iийна, мовладе баьхкинарш дIабахара.
ШолгIачу дийнахь гIурбанан Iийде дахара тхо. Мохьмад-Керима тIехьехна дара тхо: Исфана гIалахь имам вара иза. ГIалин майда яра ламазна кечйина: ши эзар сов стаг вара жамIатехь. Кадыров Рамзанан махкара хьеший – нохчий – ду бохуш, шена юххе баьрче а ваьккхина, лерам бира тхойшинна. ГIалин, кIоштан хьаькамаш а, Iеламнах а, ша-ша тIеоьхуш, маршалла хиттира тхоьга.
Оцу дийнахь гIурбанна кхин цхьана уьстагIна урс а хьаькхна, сарахь мовлад дешийтира Мусхьаба шайн беллачарна тIера.


КхоалгIачу дийнахь, Iуьйранна, хьалххе новкъадевлира тхо. ХIинца сан са лаьттачу Чаувай боьду некъ бара оха юьхьарлаьцнарг. Хьешашна гIуллакхдан юкъ йихкина волу Iумар-Iела къар а ца велла, цуьнан машинахь дIадахара тхо. Гена некъ бара оха бан безарг. ЙиъбIе чаккхарма сов некъ бича, кхечира тхо Кадамжай: хIинцалерачу кIоштан коьрта юрт ю иза. Хьалха Молотовски район хиллера цуьнан цIе. Сталинан дарж а, цIе а йоьхча, Уч-Коргански аьлла, хийцинера кIоштан цIе. Сан кехаташ тIехь язйина а ю и цIе. Ткъа хIинца цунах Кадамжайски район олуш хилар а тхуна довзийтира. Кхузара дIа шовзткъа чаккхарма гена, Тянь-Шанан лаьмнийн чIожа дIадаха дезаш хиллера тхо. Кадамжай эвла йистехь вехаш цхьа таджик хиллера – Iумар-Iелин хьаша – Расул цIе а йолуш. Расул цIахь ца карийча, цуьнца зIене ваьлла, Iумар-Iелас тхан некъан Iалашо цунна дIайовзийтира. Кхана Iуьйранна шен хIусамехь тхо лардан тIелецира Расула. Бакъду, кхидIа бан безачу некъан сурт ца хIуттура суна хьалха. Iумар-Iелина а Чаувай йовза муххале а ца евзара, ур-атталла юьйцу а ца хезнера. Ас оцу юьртан цIе забарца йоху бохуш, Iара иза. Некъан бохалла юх-юха хоттура цо:
– Вай стенга доьлхура-а?! Оцу юьртан цIе муха яра-а?!
– Чаувай!.. – кIорда ца деш, хIоразза а жоп лора оха.


– Ча-у-вай!.. Чау-чау вай-вай!.. Чау!.. Вав!.. – иштта, хьалхий-тIаьхьий шена хета-хетачу куьцара и цIерш а йохуш, машинна урхалла дора цо. Тхо дуьйлура.
– Iумар-Iела, хIинца-м суна а ма Iемина и цIе… Хьуна ма хала Iемаш ю иза!.. – олий, Мусхьаб а юкъавулура. – Хьуна хIара шайн мохк бовза а бевзий?
– Аш, со хьийзош, бегашна йоккху и цIе… Ма-ярра нийса яьккхича, евзар яра суна… – цатешарца дуьхьал забарш йора накъосто…
Расулан лулахо вара шен кевнехь лаьтташ. Iумар-Iелас хьал-де шега хаьттича, къамеле велира иза. Цо дийцира тхуна Чаувай боьдучу некъах. Цу юьртахь мила волчохь тхо совца мегар ду а элира. Иза юьрта йистехь вехаш волу воккха стаг Ядгор хиллера. Чаувайра «Ртутькомбинатан» тIаьххьара хилла волу куьйгалхо а хиллера и таджик.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.