ГАУ «Издательский дом»

ДЖУНАИДОВ Аюб. Дайн лорах


Расулан кертахь малхбуза-ламаз а дина, тхо новкъадевлира.
Тянь-Шанан рогIан, Памиран ламанан кIожан (предгорье Памира) олучу тогIехула хьалабоьдура тхан некъ. Аьтту агIор охьадогIучу ламанан чехкачу хин гIовгIа хезара. Тхан дайша дийцина Сай олу хи долчух тера дара иза. Чаувай юьрта йистехула догIура цунах дIакхеташ долу ламанан кхин жима хи а. Некъан шина а агIор гучу лаьмнийн баххьаш, стигалах хьалагIоьртина лаьтташ санна, хеталора. ХIинцца куьркара арахьаькхна моьттур долуш, даьгна, мажделла гора цхьаццанхьа раьгIнаш йина латта: ширачу шахьташ чуьра цхьана заманахь арахьекхна маьIданех бухайисна, кхагарйоьлла овкъарш хиллера уьш.

Цхьаццанхьа Iаьржачу лаьмнийн раьгIнаш гучуйовлура. Суна цкъа а бIаьрга ца дайна сурт дара гуш. Ломара охьа сихделла догIучу Сайн тогIи чохь леккха ирхдахана гIаргIанаш а, церан асанца хаало бецан сеналла а ца хиллехь, хIокху махкахь цхьана а тайпана дахар дан а дуй-те аьлла, хетар дара. Ткъех чаккхарма тхо лам чу хьаладахча, юрт гучуелира. Некъа йистехь Iеначу хина юххехь севцира тхо. Ломан когашкара схьаIийдало шовда тIех шийла дара. Чаувайх дерг хатта кхин стаг ца нислуш, и жима юрт а чекхъелира. Тхо дIаоьхура. Моьттур дара, хIара мохк а бевзаш, тхо дIахецаделла. Iумар-Iела а дикка шеко йолуш вара, нийса доьлхий-те бохучунна. «Вай-вай, Чау-вай!.. Чау-Чау, вай-вай!» – бохуш, некъан бохалла тхуна «хьех-мерах» чекхъяьлла шен «зурма» а лоькхуш, машин сихйинна, воьдура иза.
– КIентий, иштта юрт хIокху махкахь цахиларх со хIинца теша воьлла. Ткъе итт чаккхарма некъ бина вай, ткъа юрт гучуйолуш яц!.. Чау-Чау-вай!.. Чау-Чаувай!.. – юха а вистхилира тхан накъост.


Эххар а, йоккхачу хьаьвзаргах тхо дIатуьллушехь, кхаа кога тIехь лаьттачу некъан билгалонан сурт гучуиккхира аьтту агIор некъан йистехь. Цунах ца тешна, бIаьргех куьйгаш а хьаькхна, юха а хьаьжначу суна даккхийчу кIайчу элпашца яздина йоза дайра, шера дешалуш. Сан дегIе зуз хьаьдира… «Гар-р» аьлла, дегийра сан дог… цхьабосса шело, йовхо хьаьдира дегIе… Чкъургаш такхийна, тогIе чохь йоккха гIовгIа йоккхуш, машин юьстахтесира Iумар-Iелас.
– Чау-! Чау-!.. Вот он Чаувай!!! Вижу Чаувай!!! – бохуш, мохь бетта велира иза.
ТIаккха бен, дуьззина маьIна а девзаш, и дош деша а ца делира соьга, оцу суьрто шовкъе варна. Сихха охьадиссина, гергахьа гIоьртира тхо. ГIиргIизойн маттахь хиллера цу тIера, «Марша догIийла шу!» аьлла, Iумар-Iелас дешна йоза. ХIинццалц суна бевзина боцчу синхаамаша юкъахьарчийра со. Цигахь суьрташ а даьхна, дIадахара тхо… Тянь-Шанан ломан чIожа…
Дуьненан йист хIара ю-те аьлла, хеталуш, лекха дара лаьмнаш, стигал а ца гуш.


ДIаоьхура со… Кхузткъа шарахь сайна мел хезнарг а, кхузткъа шарал хьалха … кхин кхойтта шо хьалхалерачух сайна мел хезнарг а коьртехь иэделира. Ойланийн дуькъачу дахкаро кхолийра сан иэс. Кхуза вогIур ву аьлла, сан ойла сецначу дийнера схьа хIокху шина баттахь суна хIиттинчу бIарлагIех цхьаерш евзара суна, аьттехьа а тера доцург а хIуьттура дуьхьал… ДIаоьхура со… Эзар кост ду суна тIедиллина: хIара – дIаала, важа – схьаала, цхьаъ караде – важа лаха… Сан некъан тIоьрмиг чохь дукха кехаташ ду йиша-вашас соьга делла, дийнна тептарш а-м ду, юкъахь шайн суьрташ а долуш. Некъан йистошца гучудуьйлучу адамех хаттарш хIуьтту сан ойланехь: «ХIара мила ву-те, кхуьнан цIе муха ю-те?» – бохуш.
Новкъа валале хьалхарчу буса Гуьмсехь МIаьнигIеран Ваха волчохь гулделира тхо: Джалавди, Сайд-Iалви, НогIи, Сайд-Ахьмад иштта кхиберш. Дукха довзийтира, хьехийра, тIедехкира… Царах цхьадерш довзийта лаьа суна… безамна тIаьхьенна дисийта.


Цара дийцира:
– Чаувай чукхачале, цхьа чаккхарма лахахь, Чилтан кIотар ю. Ломан чIожара ара ма-велли, оцу юьртана чувулучохь аьтту агIор, даккхий кешнаш ду. Уьш юкъара кешнаш ду. Оцу кешнашкахь дIабоьхкина нохчий, узбекаш, гIиргIизой бу. Цара чуртана тIулг ца бугIу. Цу чохь цхьана коша дIайоьллина ю МIаьнин нана Гакали а, Вахин нана Заибат а. Оццу кешнашкахь дIавоьллина Iумаран да Iабдул-Керим а ву… Церан чарташ карадой хьажалахь…


– Чаувай шина кIотарх лаьтта: лахахь – Чилтан ю, ткъа лакхахь Ясная Поляна, – дуьйцура Сайд-Iалвис а, Джалавдис а. – Лакхарчу кешнашкахь дIавоьллина Сайд-Селим ву, ИсрахIиман кIант. Цунах БонтIий олура. Герггарчу хьесапехь, 1955-чу шарахь дIакхелхинера иза. Цуьнан чурт лаха!.. 57 мм. стоммий биргIанаш а йийгIина, царна тIе 6 мм. стоммий серий а хьарчош, йина керт хила еза цуьнан кошана гонаха… Оццу кешнашкахь дIавоьллина ву Музаев Iусман, ГIоьрдаларчу ХIаронан ваша… Я 1955-чу шарахь, я 1956-чу шарахь дIакхелхинера иза…»
И кешнаш талла лаам болуш со-суо вара, хIунда аьлча сан шалавина, Сираждел воккха ши ваша а (Хьасайн, Хьусайн цIерш йолу), Серижел жима йиша а – уьш кхоъ а дара цигахь дIадоьллина…


Кызыл-Кыя гIалина а, Уч-Корганна а (хIинца Кадамжай) юккъехь йолчу Кызыл-Шура олучу юьртан кешнашкахь дIабоьхкина хиллера: Мадаган кIант Исраил а (Дула), Джабраилан вежарий Межди а, Шайх-Мохьмад а, Хелакъан кIант Адам а (Сайд-Ахьмадан ненан Баянатан да)…
Новкъа валале масех де хьалха, кхайкхина, Джалкхе вигира cо: Мисарпашин хIусамнана, Шумисат, хиллера цхьацца кост дан лууш. Шайна бевзинчу, мерза гергарло лелийначу нахера хьал-де хаа лууш лелара иза а, цуьнан кIант Мухтар а. Цу заманчохь Уч-Коргански райисполкоман председатель хиллера Мисарпашин доттагI Гульматов Урайм. ХIинца цуьнан кIант Гульматов Мурад Ураймович хила веза цигахь вехаш. Цаьргара хьал-де хаа лаам бара Шумисата суна тIебиллина…


Новкъа валале бохуш, цхьаберш суна тIе а оьхура, дукхахболчара дIакхойкхура, хIунда аьлча, Чаувайхь са а, дог-ойла а лаьтташ болу нах берриге а сол баккхий нислуш бара.
Ишттачу ойланца Гребенске вахара со цхьана дийнахь. Мохьмаде а, Iимране а хаам бинера ас хьалхарчу дийнахь. ШаIаранин жимахволу кIант Ахьмад волчохь гулделира тхо.
– Дала шен дуьхьа лорийла ахь хьега тIелаьцна къа!.. Дукха хIума дIалур дара ас, хьоьца тахана цига ван сайн гIора хилийта. ХIинца иза эрна къамел ду, ас дича а. Дукха гергарлонаш диси цигахь, дагна хьоме а, мерза а хилла долу йиша-ваша дIа а доьллина, цIа даьхки. Хьеший мел бара?! Дуьненан меха вара Курбанбаев Талавай, цуьнан жимахволу ваша Эргеш.

ГIиргIизой бара уьш. Массо а нохчийн доттагIий бара уьш… Церан неккъара вара Кхойчкхул. Цуьнан кIант Абуваид сан ден (ШаIаранин) кертахь Iаш вара, тхо цIа даьхкинчул тIаьхьа.
Уч-Корганера хьалавогIуш, Чаувайхь дуьххьарлерачу ирхонехь хин хьера яра бохуш, дуьйцура Ахьмада. Оцу хьерана аьрру агIор Мурад-акан цIенош дара, царна гергахь цуьнан вешин Жафаран керт-ков дара. Иза ШаIаранин доттагI вара. Жафаран кIант Амамбай а, Мурадан кIентий Тавалда, Кхутали, Адди – уьш АхьмадгIеран хьеший бара.
Цул сов, Ахьмадна лиира шен нийсархойн массеран а цIерш яха, уьш цуьнан классехь дешна бара:
1.Чернышевы Виктор и Геннадий; 2. Ласевская Люся; 3. Коннонова Галина; 4. Полтарацкая Валя; 5. Зинаулина Зоя (татарка); 6. Докина Зоя; 7. Лебедев Жорка; 8. Агапов Михаил; 9. Авотина Валентина.


Къаьсттина деган айъамца хьехавора Ахьмада Чилтанехь вехаш хилла волу Артыкхбай. Илес, Iусман ши кIант хиллера Артыкхбайн. И шиъ Джунайдан кIентан, Сайдин, ши доттагI вара. Уч-Корганера хьала вогIуш, Чаувай хьалакхача бархI чаккхарма йисча, цхьа шахьта яра. Цигахь вехаш вара Аназар цIе йолуш воккха стаг. Иза Таьштин чIогIа дика доттагI вара.
Металлургически заводан директор вара Шулудков, Таьштица чIогIа мерза юкъаметтиг йолуш а вара иза. Ткъа цуьнан хIусамнана Пая Таьштин хIусамненаца (сан нана Таа ю иза), ши йиша санна, мерза гергарло долуш яра.
Чаувайн эвла юккъера Ясни Поляне хьала воьдуш, некъана аьрру агIор лаха чохь бехаш Iиси-Юьртара нах хиллера. Циггахь хиллера ИсрахIиман хин-хьера а. Царал лакхахь, некъо голатухучохь, аьрру агIор деккъа ШаIаранин цхьа дакъа дара, ткъа цунна тIехула, аьтту агIор, хьала моггIара керташ яра: Селамсолта (аьккхи), ШаIаранин кIант Хьусайн, МIаьни, ЗIака, Таьшта, Сайда, ИсрахIим.


И дерриге а дуьйцуш, къийлавеллачу Ахьмадан дог эххар а кIадделира. Хих бIаьргаш а дуьзна, мочгIалш а дегош, дийхира цо:
– Аюб (Килаб)!.. ладогIахьа кхин цкъа а!.. Ясни Полянин лакха коьрттехь ду, хьуна, нохчийн кешнаш. Некъал сехьа, аьтту агIор, ГIансолчуьра Iаладин керт яра. Оцу кешнашна уллехь, лаьмнашна букъ а берзабай, дIахIотта. Дикка лакхахь, ламанан тIулгашна юккъехь «Кхо тIулг» олуш цхьа бIаьрла меттиг хила еза, хьуна. Ши тIулг ирахь, ткъа кхоалгIаниг – цаьршинна тIехь… И меттиг а лоцуш, даккхий, хьайн сурт далахь суна!.. Хезаш вуй хьо?!
Ахьмадан къамел, дог кIаддаларна, лагIделира.


Дукха бара луурш, кIеззиг дацара царна дагадоьхнарш а!
Шоьнахь еха ИсрахIиман йоI Асмаъ (дас Чиба олура цунах-!), ИсрахIиман кIентан Сайд-Ахьмадан хилла хIусамнана Хьавраъ (Абувелидан нана). Цаьршимма цхьана дийнахь сарралц дIа ца хийцира со. Дукха девзара царна, хьоме мел хетарг хьехо лаьара. Уьш дийца яьлча, тIоьрмиг чуьра хьаладаьккхина, цхьа доккха сурт кховдийра соьга Асмаа. Чаувайхь ишколехь хилла цуьнан класс яра иза. Хьехархо Анна Ивановна юккъехь а йолуш, ткъех бер дара суьрта тIехь: нохчий, гIиргIизой, узбекаш, оьрсий… ХIораннан цIе язъеш, могIа бахбайтира Асмаа. Цунна тамаш хетта болу цуьнан накъостий хIорш бу:

  1. Абдулхакимов Абусайд; 2. Духцаев Лом-Iела; 3. Ибрагимов Зауди; 4.Василий; 5. Николай; 6. Леид (Бургин ваша); 7. Аьккхийн кIант (цIе йицъелла); 8. Магамгазиев Мохьмад (Мескитара); 9. Джабаев Салавди; 10.Дошкуева Асмаъ; 11. Бекиева Курса; 12. Бучала (Цулин йоI); 13. ГIумки (Косумова Мереман кIант); 14. Мидалишева Аманта (Луъин йиша); 15.Баьлсет (Пашин зуда); 16. Дадаг (аьккхи); 17. Бибиг (аьккхи); 18. Дукин Саламун йиша (цIе дага ца йогIу); 19. Косумова Човка; 20. Лорсхаджиев Хьамзат (Шамсудан кIант).
    (Суьрта тIехь йолчу лоьмаршца охьаязбина бу уьш).

140 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.