ГАУ «Издательский дом»

ХАБАЕВ Исмаил. Дингад

Дийцар-хилларг

Дика дагайогӀу суна, со жима волуш, тхан бешара ала кӀелахь Ӏаш хилла йолу цхьа жима хӀума. Сов жима йу ала дукха жима а йацара иза-м. Пхьагалал жима хир йолуш хӀума йар-кха.
Тхан бешахь, кӀорнеш а йина, иза 1аш йолу-м дикка хан йара. Пхьагалан кӀорнеш санна, хаза а йолуш, хьаста дог хуьлуш, дагна тамехь йара цуьнан кӀорнеш. Гуттара а шен кӀорнешна ижу лаха йоьдура иза.


Цхьана дийнахь, иза кӀорнешна ижу лаха арайаллалц собар а дина, цу кӀорнех уггаре хазаниг а къастийна, хьаста дагахь, сайн чу а йаьхьна, кехатан гӀутакх чохь цунна меттиг тайина, и хьоьстуш вара со. Шура мер йарий-техьа цо аьлла, дагадеана тхайн paгly кӀелара кхаби чуьра шура схьайан воьдуш, кӀорнин нана йара, цу кхаби т1е шен хьалхара ши ког а биллина, цу чу цхьаъ кхуссуш. Со шена т1е волалушшехь, сох бӀаьрг а кхетта, сихонца дӀайедира иза.


Гуш дара иза шен кӀорнина сагатделла йеаний. Айса схьйеана кӀорни, д1а а йаьхьна, церан бена yлле дӀахецна, чу а веана, корехь уьш тергалйеш со Iаш, нана йуха а paгly кӀел схьа а йеана, ша хьалха чу хӀума кхиссина кхаба, шен ма-хуьллу харцо гӀерташ йоллура. И д1акъахкийна, кхаби чу хьаьжча, цу чуьра шура цхьа тамашена басахь гира суна. Шурин басах шекваьлла со, и д1а1анийна, бахьана хаа лууш, ойла йеш вара: «Х1инцца, ала мегар долуш, йаьккхинчу шурин бос х1унда хийцабелла-те?» – бохуш.


Со тӀаьхьуо кхийтира цу дийнато лелийначух, шурин бос хийцабаларх а. Ас шен кӀорни йаьхьча, шypи чу дӀовш а тесна, суна бекхам беш хиллера иза. Йуха, ас шен кӀорни бена чу дӀяьхьча, ша чу дӀовш тесна шурин кхаба харцо гlepташ хиллера миска.

Цу дийнатах нохчаша хӀун олу ца хаьара суна. Хилларг ма-дарра ас дийцича, Дадас элира соьга, цунах дингад, цӀецайоккхург, дехкийлоьцург а олу, аьлла. И дийнат нохчаша беркате лоруш ду, ден магош а дац. Иштта хьекъал долуш хиларна, дагахь йисна суна и Дингад.

Стела1ад №1. 2021

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.