ГАУ «Издательский дом»

САРАЛИЕВА Табарик. Йисита

– Я АллахI, ткъех шо даьлча а хийца ца веллий-ца, вала мичара вели хIара «ДумIумар?!», – Соьлжа-ГIалара шайн юьрта боьдучу новкъахь лаьтта Йисита сихха букъ берзо лараелира, дуьхьалйогIучу машен чуьраниг вевзича.


Шен карарчу тIоьрмиг чуьра цхьаъ лоьхучух охьатаьIначуьра хьаланислучу Йиситин белшах «тIох» оьккхуьйтуш, тIара а тоьхна: «ВаллахIи, со ца гуш ма ца йирзира хьо дIа! Доккха хIума дац и, бIе шо даьлча а, йис йиллинчуьра яста ца ели-кх хьо!», – элира, малхехь къегаш баьшна корта а, тесна-а, паргIат сира кастом юьйхина, юьхь а, корта а цхьана басахь хиларна, тIехьаьжча, мел хан ю къасто хала хир долчу стага.

Цецъяьлла кеп хIоттийна Йисита йистхила ца ларайолуьйтуш:
– Яло, яло, оха дIакхетор ю хьо, – аьлла, Йиситин тIоьрмиг карахь болу куьг дIаозийра тIевеанчо, – новкъахь дуьйцур ду вай дерг-доцург! Москвара сан гергара стаг ву соьца. Со вайга д1авигна, ц1а ваха везаш ву иза. Цуьнга дIаюьгуьйтур ю хьо, – мох юкъа ца болуьйтуш, луьйчуьра ца соцуш «ДумIумар» а волуш, дIанехьо сацийначу машенна тIе кхечира хIара шиъ …
Генарчу 70-чу шерашкахь юьртарчу школехь доьшуш дара хIинца дикка басадаьлла Йисита а, пондар говза лакхлуш хиларна «Димин Iумар» аларан меттана, шерашка хьаьжна воцуш, ондо-о хиларна, бераша «ДумIумар» олуш хилла волу Динаев Iумар а. ХIора баттахь керл-керла тIехьийза йоI хуьлучу Iумара цхьа де а тIех ца туьлуйтура, Йиситига «записка» ца язъеш. Мел кIезиг дешнаш цу кехат цуьрга тIехь хиларх, гIалаташ алсам хуьлу иза, хIоразза а этIадой, дIакхуссура Йиситас. Иза хуучу кIанта «ГIорийнарг», «Йис йиллинарг», «Ша бинарг», – олий, тайп-тайпана цIера ш тохкура йоIана. Цул т1аьхьа ткъех шо даьлча а, Iумара ма-аллара, кхин «йис ца ешаш», шайн-шайн дахаран некъаш хаьржира цара.


Димин Iумаран говзаллига ца кхачахь а, кехат-пондар лакха бераллехь дуьйна а хууш волу Iумар цунах болх-некъ бина вехаш вара. Кест-кеста телевизор чохь а, ловзаршкахь а хуьлу 1умар массарна а вевзара. «Йис ешнарг» масийтта каро а, уьш хийца а ларавеллера. Шайн ден некъ юьхьарлаьцна, пондар локхуш, илли олуш, хелхарна говза а бераш дара цуьнан кхуьуш. Ткъа Йиситас, цхьа цIаьххьана луларчу эвла, шена а дагахь доцу маре дира. Ирс, безам, дуьне а шайн дуьхьа лаьтта аьлла хетта яккхий ойланаш жим-жимма ешира, цIаьххьана гучудаьллачу лазарх хIусамда кхелхина, ши кIант, ши йоI – деа бераца йисинчу Йиситин. Уьш хене баха, йохк-эцар ян базара яха дийзира.


Цу хенахьлерачу Нохчийчоьнан дахар кхехка меттиг яра Соьлжа-ГIалара базар. Олуш ма-хиллара, «хьозанан шура» йоцург, эца а, йохка а йиш йолуш меттиг яра ГIалин базар. Йиситин дог-м ца летара цунах. Тахана а ша лелочух а, кху дуьненах а чам баьлла, делкъале цIа ян новкъаяьлла хIара Iумаран сакъералучу къоналлин дагалецамаша хьоьстуш яцара. «Шен цIа – цIен цIа» баьхначу, бен боьхначу хьозанна а дайна, цIа кхаьчча а, шен неIарал чоьхьаяьлча а шен ойланийн бала байлур бу ала меттиг-м бацара. Цхьаъ дара кхуьнан сатедеш: х1ара ц1а яре сатуьйсуш тайп-тайпана амал йолу диъ дуьне дара. Церан сатийсам бохо йиш яцара. Цундела жимахдолчу шинна: цхьанна – «марс», вукхунна – «сникерс» тIоьрмиг чу кхоьссина, цIа ян новкъаяьлла хIара, кхана юхаяхаезаро дог хьаьшна яра.


Iумар саццане соцуш вацара:
– Кестта Нохчийчохь хийцамаш хир бу. ТIом ца хуьлуш кIелхьарадовлахь, дика ду. Бакъду, цуьнан бера хьовзийна баьлла. ХIора дийнахь сихаллин гуобаккха тIе ца кхетахь, малбала таро йолуш бац, ша цхьа доккха эккхар а хилла, ца сацахь. Герзах юьзна складаш юьтуш оьрсийн эскарш вайн махкара сихха арадовларо а мехкан бохаман зама гергакхачар хоуьйту. Вай-м, «велика Россия» бохуш, Iийр дара, бухубуьсуболчарах къахета суна, – аьлла, хьалха Iачуьра ах схьа а вирзина, Йиситига лерина хьаьжира Iумар.

Машен чу хууш: «Де дика а хуьлда, некъ маьрша а хуьлда вайн!», – алар бен, кхин йист ца хуьлуш Iачу кхунна лерина дара и къамел, я хьалхе дуьйна а дуьйцуш хиллачунна тIера дара, ца кхетта Йисита:
– Росси мел «велика» елахь а, Далла кIелхьарадовлалур дац вай. Вуьшта, бераллехь дуьйна а «творчески натура» хьуо хиларе терра, хьуна дика дийца хаьа, – аьлла, сацаелира. Кхунна ца хаьара, уллехь Iаш долу зудий, ши беррий кхуьнан ду я шопарца ду. Амма «Далла езийла!» – аьлла а зуда дуьхьал йистцахиларо иза цхьана хIуманна резаяцар гойтура. «Вайн къомах хир яц иза», – аьлла, дага а деара кхунна.


Схьахетарехь, Йиситин дешнаш тIеоьшуш хиллачух тера дара Iумарна. Цо дукха дийцира нохчий кхетамна тIаьхьабисна хиларх а, шовзткъе итт шо моссазза долу а мацахлерачу мекхайоьллачу кагтуха тIе ког боккхий, вай юха а гоне доьлхуш хиларх а.
– Вай кхетар долуш дац. ХIоразза а ваьш Iехадойту вай. Вайна герз дуьтуш хилча, хаа ма догIу: вайх цхьаболчийн амалх доллуш обаргалла дуйла хуучо лелош пал хIара буйла. Цундела вай хIинца Iаьбна-кх герзах. ХIоранна а цIарах автомат, тапча а ю. Цхьаболчеран гранаташ а ю, кестта градаш, зениткаш а хир ю …


Къамел деш Iумар а волуш, шайн-шайн ойланашкахь кхиберш а болуш, боккхачу некъа т1ера юьрта чу йирзира машен. – ХIара вайн бераллин гIап. КогашIуьйра хийла идийна урамаш. Боккхачу некъа йистера Iаьржа а, кIаймеда а ношъелла комарш йиъна хан, акказин зазан хьожанах дуьзначу хIавао корта бахош хилла, баргол тоьхча а сацалур йоцуш, едда дIаяхана зама … – тIаьхьара пондар балийчахьана, кийча дара Iумаран керла илли.


– Ва-а, тхо схьакхечи ден-ненан кхерче! – бохуш, мохь бетташ, йоккхачу гIовгIанца Iумар а, цхьа а Iодикаяран дош доцуш, ши бер а, зуда а машен чуьра охьабиссира. КетIара гIара-гIовгIа хезнехь а, я хьоьжуш хиллехь а кетIа елира хенара зуда. Берриш а марабеттабелира цунна. Ганза ткъех шо даьллехь а, Йиситина евзира Макка, Iумаран нана. Шарахь маситтазза а школе ялайора иза Iумаран къийзоргалла бахьана долуш. Йиситин а дийзира охьайосса а, Маккина мараэккха а. – Вай, хIара сан вешин йоI мичара ели шуна?! Хьо лела могуш-маьрша! Йисита, муха ду гIуллакхаш, ларалой хьо? – цхьана а хаттарна жоп а ца доьхуш, я шена и даллалц саца а ца соцуш, хеттарш дира зудчо. – ХIара, «золотая рыбка», новкъахь лаьцна оха, – аьлла, Йиситин метта жоп делира Iумара. Юха шопарехьа а вирзина: – ЦIа кхетаелахь хIара тхан ненавешин йоI, – тIаьххьара дешнаш къасттош я аьшнашдарца а олуш, – Макка мегар яц, гергарчарах хьовх, шен доккхачу тайпанах волчун муьлххачун а цхьаннан хIума ледара дитахь, – цхьа пIелг ирхбохуьйтуш, элира цо.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.