Нохчийн дуьххьарлера абат (букварь) араяьлла 1862-чу шарахь Тифлисехь. «Нохчийн джуз ду х1ара» дара цуьнан мужалт т1е яздина. Иза х1оттийнарг вара Досин Къеда. 1866-чу шарахь зорбатоьхна Бартоломейс х1оттийна нохчийн абат.
ХХ-чу б1ешеран юьххьехь араяьлла Эльдарханов Таьштамара х1оттийна нохчийн абат. Кириллицин бух т1ехь долчу элпех пайдаоьцуш х1иттийнера и абаташ.
1аьрбийн элпашца х1оттийна яра 1920-чу шарахь араяьлла Тучаев Ахьмин, Эльдарханов Таьштамаран а абат.
Латиницин а, цул т1аьхьа кириллицин а бух т1ехь х1иттийна яра Сальмурзаев Мохьмадан, Мациев Ахьмадан, Тазуев Шарипан 1927-1940-чуй шерашкахь арайийлина абаташ.
Х1окху т1аьххьарлерчу ткъе иттех шарахь школехь шех пайдаоьцуш ю Солтаханов Эльбекан абат.
Орга №1. 2020
Оставить комментарий