ГАУ «Издательский дом»

ЦIавуьгучу некъан мукъам

Ахматукаев Адаман – 60 шо.

20-чу бIешеран 70-чу шерийн чаккхе, 80-гIа шераш а нохчийн литературехь билгал хилира «Пхьармат» цIе йолу лит-цхьаьнакхетаралла кхолларца. Къоначу яздархоша кхоьллинчу оцу кхерчан гонахьа гулбелира нохчийн маттахь яздан буьйлалурш, яздан лаам берш. Цу кхерчан йовхонах ирс оьцура Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу кIошташкарчу кегийрхоша. Боккха бара цуьнан тIеIаткъам Нохчийчоьнан кхоллараллин дахарехь. Оцу «Пхьарматан» зIийдигаш тайп-тайпанчу меттигашкахь гучуюьйлура. Иштта къоначийн ваIданаш кхоллаелира тайп-тайпанчу ярташкахь, кIоштийн газетийн редакцешкахь а.

Гуьмсехь, Хьалха-МартантIехь, Шуьйтахь. Оцу кхоллараллин кхерчашкахь кхуьура нохчийн маттахь къахьега лаам болу кегийрхой. Церан доладеш, хьехарш деш а бара Нохчийчохь бевзаш болу яздархой. Хьалха-МартантIерачу къоначийн яздархойн цхьаьнакхетараллин доладеш вара нохчийн поэт Сатуев Хьусейн. Оцу цхьаьнакхетараллин жигара дакъалацархо вара, ишколехь дуьйна стихаш язъеш волу Ахматукаев Адам. Цигахь йийцаре йина, тоьлла стихаш йохьуш вогIура Адам «Пхьармате».
Ишкол чекхъяьккхинчул тIаьхьа Ставрополерачу хьехархойн институтан физикин-математикин факультете деша вахара Адам.


Билгалдаккха лаьа, цигахь доьшуш бара Шуьйтан кIоштан газетан редакцехь хиллачу «Ойла» литцхьаьнакхетараллин декъашхой Амагов Докка а, Шамсадов Муса а. Цу шимма а, Адама а кест-кестта вовшашна йовзуьйтура шаьш керла язйина говзарш. Математика а, физика а Iаморо къоначу яздархойн нохчийн маттаца а, литературица а долу гергарло гIел муххале а ца дира, мелхуо а чIагIдира, хIунда аьлча геналлехь даймахках, нохчийн халкъах, цуьнан чолхечу кхолламах ойланаш яр алсамделира.


Оцу ойланийн бух тIехь дуккха а стихаш язйира Адама а. Къаьсттана тIе тидам бохуьйтуш ю цуьнан оцу заманахь язйина нохчийн доьзална лерина, оцу доьзалан кхерч гуттар бовха латтийначу ненан а, кхерчан дан хьакъ долу доладеш, гуттар гIаролехь лаьттинчу ден а васташна лерина байташ.

Нохчийн доьзал

Дена юьхькIам хирриг
ЙоI кхиийна нанас,
Царна тIетевжийла
КIантах йина дас.
Хьенан дуьхьа ехаш
Ю ткъа нохчийн нана?
Хьенан дуьхьа вехаш
Ву ткъа нохчийн да?

Цара кхиош беца
Нохчийн сийлахь доьзал,
Цара латтош еца
Нохчийн кхерчахь цIе.
Дахаро тилийна,
Ян йиш яц-кха доьза,
Нохчийн доьзал дийна
Мел бу, нохчийн цIе.

ХIокху стихотворенехь далош долу риторикин хаттарш чIагIдарш санна дека вайна: нана а, да а шен доьзал оьзда, ийманехь кхиорхьама дехаш ду. Иза церан коьрта декхар хилар билгалдоккху Ахматукаев Адама шен стихотворенехь. Иштта доьзалхошна тIехь ду ден-ненан доладар. Иштта оьздангаллин маьIница шорло стихотворенин чулацам .
Кхин цхьа мехала маьIна ду стихотворенехь билгалдолуш. Нохчийн къам латториг нохчийн оьзда доьзал хилар. Доьзал чIогIа мел бу, къам чIогIа хуьлу. Цундела, шен къоман ойлаеш волчу хIор нохчочо гIиллакх-оьздангаллин гурашкахь латто беза доьзал.

Доьзалан тема поэтана Iаламат мехала ю. Оцу темина лерина дуккха а стихаш язйина поэто: «Дахаран илли», «Ас нана елхийна», «КIант, наний», «Сан гIенийн дастаза маьIна». Къаьсттана ала догIу «ЦIахь» цIе йолчу стихотворенех. Шатайпана исбаьхьаллин васташ карош, дуьйцу поэто ша генарчу махкара цIаверзар. Доьзалан шатайпа серло, ден-ненан къинхетам, нохчийн хIусаман Iаь-марзо хаалуш, дагах кхета оцу байтан могIанаш. Юьйцург Iаьнан буьйса елахь а, синна гергарчу нехан йовхоно эшайо Iаламан шело. Коран бIаьрган тIехь шелонна хIиттинчу жIамарех тера, исбаьхьчу вастех юьйцина ю и стихотворени дуьххьара дуьйна чекхъяллалц.

Со-м юха а вайн кху кетIа кхечи,
Лайла юьллуш когийн ларан тир…
ХIинца учахь, мекхайоьлла эчиг
Елхош, ехьар ю горгалин йир.

Нохчийн хIусаман Iер-дахаран кега-мерсачу билгалонаша лакхайоккху стихотворенин исбаьхьалла: «Корехь кирхьа меттахдоккхур нанас», «Йовхарш туху кеп хазор ю дас», ТIаккха: «НеI цIовзийна чилла юьтуш арахь» поэто некъ чукхачийча, гергарчийн безаман мерзачу дахкаро юкъахьарчаво иза. ТIаккха хазахетаро юзу хIусам. Къамеле волу да, генарчу гIалахь долчу кIентан дешарх хоьттуш. Каде хьийза нана:

Нанас сихха чай, сискал, тIоберам
ОхьахIоттор,
Тодеш дас шен Iер…
РагIу кIелахь дорцах йоьлху буьйса,
НеIарх леташ – декъа вайца Iийд, –
Яхлур гаран марзо, дIа ца дуьйшуш,
Арахь мукъам хаззалц боргIалийн…

Иштта цIаверзар гуттаренна а дуьсу хIора адаман дахарехь, хIунда аьлча, хьо миччахь а хиларх, хьо цIа воьхуш, йовхо луш, хьомечу цIийнан корехь сатассалц дIа ца бовш богу, нанас латийна чиркх. И тайпа буьйса кест-кеста кхаъ хуьлий дуьхьалйогIу стагана, мел дукха хан яларх. Цо:

Некъаш оьхьу – вайн хIусаме догIу, –
Мерза луьстуш гIенийн хенагуо.

Доьзалан, бераллин темица йоьзна ю Даймехкан тема а. Цунна леринчу байташкахь поэто исбаьхьаллин кепехь толлу нохчийн къоман чолхе, хала кхоллам. Масала, Ахматукаев Адаман цхьа стихотворени йоьшуш, дешархочун кхетамехь денло, халкъ цIерадоккхуш, къизачу цIерпошто малхбалехьа бина некъ:

ГIаргIулийн назманийн мукъамехь
Некъ хьоьшуш цIерпоштан чкъургаша,
Со ваьгна сайн лаьмнийн дукъа тIехь,
Нахаре сатесча ардаша.

Халкъ цIерадаккхаран хала киртиг лайна, цIавирзина нохчо ца вуьту маьрша дайн хилла ардаш аха, иза керлачу бохамо – къизачу тIемаша лоцу. Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь вайн халкъо лайначу баланех, бохамех язйина Ахматукаев Адама.
Вайн мехкан Iаламан, гIиллакхийн-гIуллакхийн хазалла юьйцучу Адаман поэзин стигал кхолайо тIеман ирчачу суьрташа:

***

Йоккха тоьпан кхаба
Юьрта йисте Iенаш,
Стешха дуьйлу набарх
Берийн мерза гIенаш («Орца вогIучуьнга»)

***

Кху сан юьртан регIара
Герзийн къора етта.
Нохчийчоьнан дегIана
ТIеман лазар кхетта. («ТIеман лазар»)

*** 

Юха а Нохчийчоь, хьуна чохь тIом
Юха а хьалхачул эшна,
Буоберийн когашкахь Iаш ма ву со-м,
Делерчу орцанах тешна.. («Юха а тIом»)

ТIом муьлххачу къоманна а, адамийн дахарна а уггаре хала бохам бу, ирча ца хила йиш яц цуьнан лараш, чIагIдо поэто. Мел йоккхачу Iалашоне кхачархьама тIом тIелаца мегар дац, боху цо. Цуьнан жамIаш дукха къиза ду:

Шех масалш а дохуш,
Хьехам бора цо –
ТIеман лорах йогIу
Кхане марзъечо.

Кхетамах ца оьра
Цунна яьлла «са»:
Нана йисна жоьра,
Декъалхилла да.

ТIом адамна Iаьткъина ца Iаш, дерриге Iаламна, массо садолчу хIуманна Iаьткъина хилар бIаьрла гойтуш, суртхIоттадо авторо «Цициг» цIе йолчу стихотворенехь. Амма тIом мел къиза белахь а, и мацца а дIа а сецна, машаре дахар тулург хиларх дешархо тешаво «Ненан марахь» цIе йолчу стихотворенехь хIоттийначо суьрто.

Яккхий-тоьпаш етташ,
Некъ бу берина.
Наб ма чIогIа кхетта
Цхьана берана…

…Ненан марахь кхетта
Наб ма мерза кхетта.

Нохчийн къомана тIехIоьттинчу тIеман халачу киртигна лерина язйинчу стихел сов, ши поэма язйина Адама: «Къу берзан буьйсанаш», «Хамталла». ХIетте а ойла кхоллало оцу бохаман исбаьхьаллин мах хадош, цуьнан жамIийн философин маьIна деш, керла произведенеш Адама кхин а кхуллур ю аьлла.


Билгалдаккха деза, хIокху тIаьххьарчу I0-I5 шарахь Ахматукаев Адама шордина шен кхоллараллин жанрийн дозанаш. Стихаш язйарал сов, иза шен ницкъаш зуьйш ву прозехь а, гочдарехь а, литература талларехь а. Адаман гочдарш бахьанехь вайн дешархошна нохчийн маттахь евзина оьрсийн, балкхаройн, белорусийн, гIалмакхойн, кхечу къаьмнийн а яздархойн говзарш. Къаьсттина кхиаме нисделла цуьнан М.Ю. Лермонтовн «Мцыри» поэма гочйар.
Ша къаьсттина къамел дан хьакъ ду Ахматукаев Адама фольклоран исбаьхьалла толлуш бинчу балхах лаьцна. Цо хIоттийна нохчийн иллийн эпитетийн дошам. Иштта иза соавтор ву нохчийн-оьрсийн математикин терминийн дошаман а.


Кавказан яздархойн клубан нохчийн декъан куьйгалхо хиларе терра, беркате къахьоьгу Адама кхечу къаьмнийн яздархошца гергарлонаш туьйсуш, церан кхоллараллин мероприятешкахь дакъалоцуш. Оцу дерригено а гойту: Ахматукаев Адам нохчийн литературе, филологин Iилмане а ларамза нисвелла цахилар.
60 шо кхачарца Адам даггара декъалвеш, ала лаьа: кхоллараллин керла-керлачу дозанашка вийла ницкъ луш, Дала дуккха а шерашкахь могуш-маьрша, ирсе вахавойла хьо, Адам!

Ахмадов Муса – халкъан яздархо

Орга №3. 2021

14 комментариев

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.