ГАУ «Издательский дом»

ДОТТАГIИЙ КЪАСТОР. Халкъан туьйра

Дала шуна дика дарш, диканца шу дукха дахадарш, вуонна шу тIаьхьататтарш, диканна хьалхадахарш. Ас цхьа туьйра дуьйцур ду шуна, тур-тамаша шуьга байта. Лунан лергаш самадахалаш, берзан бIаьргаш серлабахалаш!

Ширачу цIа чохь, шена бен а бина, ехаш-Iаш яра сира дехкан кIорни. Цуьнан цIе Юка яра. Цунна хIумма а дан ца лаьара, цундела цхьа а доттагI вацара Юкин. Иштта Iен-баха кIорда а дина, шена доттагI лаха араелира дехкан кIорни.
КIезиг ихна, дукха ихна, тIаьххьара а Iома йистехь йолчу кулла кIел садаIа сецна Юка. ЦIаьххьана хи чохь цхьа гIовгIа а хезна, и хIун ду хьажа яханчу кIорнина, Iома чохь нека деш баьццарчу пхьидан кIорни гина. Кхуьнан бIаьрг кхета а кхиале, иза юххе дIахIоьттина.
– Хьо хIун ю? – аьлла, хаьттина Юкас.
– Со баьццарчу пхьидан кIорни ю. Суна цхьа а гIуллакх ца деза, ас хIумма а ца до! – курра ша йовзийтира пхьидан кIорнино.


– Хьо, Баьццарниг, суна товш хета, цхьаьний доттагIий харжа а, лаха а гIуо вайша? – аьлла Юкас.
Баьццарчу пхьидан кIорни реза а хилла, доттагIий лаха дIаяхара ши кIорни.
КIезиг оьхуш, дукха оьхуш, уьш дIайоьлхуш, тарсална а, бумбарина а тIеIоттаелира. Уьш а, хIара шиъ санна, хIумма а дан лууш дацара. Иштта дIаоьхуш, уьш цхьана жимачу хьозанна тIекхаьчна. Цо кхаьрга аьлла: «Сан цхьацца гIуллакхаш деш самукъадолу. Къаьсттина хазахета суна серий дуцуш, царах цхьа хаза бенаш деш». Ткъа вайн хьешашна и ца тайна – церан самукъадолуш ца хилла гIуллакх деш. Дехкан кIорнино хьоза эккхийна, иштта доттагI шайна ца оьшу аьлла.

146 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.