ГАУ «Издательский дом»

ДОТТАГIИЙ КЪАСТОР. Халкъан туьйра


Цкъа, хIорш бацалахь ловзуш, Юка цхьана доккхачу ор чу боьжна. ГIуллакх дан ца луу кхуьнан доттагIий, кхин Юкина гIо ца деш, цхьацца агIор дIасабахна.
Дехкан кIорни ор чохь йисна. Кхуо, йоьлхуш, мел орца дахарх, гIо дан цхьа а доттагI ца веана. Иштта, Юка гIаддайна Iаш, кхуьнан бIаьргкхетта тIемадаьлла догIучу хьозанах. Иза кхуо, хьо тайпа доттагI ца оьшу аьлла, эккхийнарг хилла. Цуьнан а бIаьргкхетта ор чохь бисначу мисканах. Оцу минотехь орана йисте охьахиъна хьоза. Цунах эхь хетта, къинтIерадалар доьхуш, шена гIо де бохуш, билхина Юка.


Хьозана къахетта дехкан кIорнех. Цо, тIемадаьлла д1а а дахана, кегий генаш а лахьийна, юха, уьш шен зIакарца дуца а дуьйцина, царах юткъа чуха йина. Цу чуханан цхьа йист шен зIакарца дIа а лаьцна, важа йист ор чу кховдийна хьозано. Каде болу Юка цу тIехула хьалабаьлла.
Дехкан кIорнина эхь хетта хьозанах, «хьо тайпа доттагI ца оьшу», – аьлла, кхуо эккхийнарг бен кхунна накъост ца хилла. Цул тIаьхьа и шиъ доттагIий хилла. Юкас дехарца, хьозано цунна серий дуца а, кхидолу дика гIуллакхаш дан а Iамийна.
Иштта гIо дира хьозано Юкина. ХIинца кхеттера дехкан кIорни: хIора а садолчу хIумане цхьа дика гIуллакх дало, амма иза хIоранна а лаа-м ца лаьа.

Стела1ад №3. 2020

146 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.