Хьуьнхахь ша йиннашехь, пхьагалан кIорни массарах а кхоьрура. Махо га ластадахь а, олхазаро тIемаш тохахь а, диттана тIера ло охьадожахь а, пхьагалан кIорнина, ша мича эккхар йу ца хаьара. Пхьагалан кIорни кхоьруш лелаш цхьа де а делира, ши де а делира, кIира а делира, шо а делира. Пхьагал йоккха хилира. ТIаккха цIаьххьана кIордийра цунна кхоьруш лела а.
– Цхьана а хIуманах ца кхоьру со! – аьлла, хьун мел йу мохь туьйхира цо. – Жима а йац со кхера – иза ду-кх долуш дерг!
– ХIей, бIагIара бIаьрг, хьо барзах а ца кхоьру?
– Барзах а ца кхоьру, цхьогалах а, чанах а – цхьаннах а ца кхоьру!
Эццахь гIуллакх жимма бегашехьа делира.
– Кхин хIун ду кхузахь деха дийца! – элира пхьагало. – Нагахь суна дуьхьал борз кхетахь, ас айса йуур йу иза.
– ЭхI, хьо забаре пхьагал! ЭхI, иштта Iовдал муха хир йу!
Барзах лаьцна пхьагалша къамелаш дечу хенахь, борз йеана цигга тIенисйелира. Хьуьна йуккъехула шен берзан гIуллакхаш эцна лелла, лелла, мац а йелла, дагадеара цунна: «Дика хир дара-кх, хIинца кхалла пхьагал йелахьара».
Цунна хезира, мичча меттехь йелахь а, гена йоццуш, пхьагалш луьйш а, борз цара хьехош а. Оцу сохьта саца а сецна, хьожа а йаьккхина, йолайелира и тиеба.
Дукхе-дукха герга, улле тIекхечира борз ловзуш йохкучу пхьагалшна. Цунна хезира, шех уьш муха йуьйлу, ткъа царна йуккъехь массарал чIогIа ца йешаш йерг йара дозалла дезаш йолу пхьагал, гIуьнжара бIаьргаш а, деха лергаш а, доца цIога а долуш………………………………………………
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№3.2025)















