ГАУ «Издательский дом»

Магомадов Мансур. Мутушев Ахьмадханан дахаран некъ

Мутушев Ахьмадханан дахаран некъ

(Йацйина кеп)

Мутушев Ахьмадхан (1884 – 1943) – ХХ б1ешеран юьххьера Нохчийчоьнан гоьваьлла пачхьалкхан а, юкъараллин а г1уллакххойн цхьаъ ву. Цуьнан ц1е еххачу хенахь йихкина лаьттина ю. Политикин, юкъараллин я динан г1уллакххойн муьлхха а, нагахь цуьнан дар-лелор, хьежамаш, хетарш а 1едалан идеологица цхьаьнадог1уш дацахь, националист ву олий д1акхайкхавора. И тоьуш а дара цуьнан ц1е ца яккхийта. Цу кеппара бехкеварх к1елхьара ца велира Мутушев Ахьмадхан а. Цуьнан дахар а, цо шел т1аьхьа дитинарг а массо аг1орхьа талла дезаш ду.

20-чу б1ешеран 80-чу шерийн чаккхенехь филологин 1илманийн докторо, профессора Туркаев Хьасана а, журналисто А. Шахмурзаевс а зорбанехь биначу хаамаша мелла а довзуьйту вайна Мутушев Ахьмадханан дахар.

Нохчийчоьнан историн философин 1илмано х1инццалц схьа дуьззина гайтина дац вайна Къилбаседа Кавказехь хиллачу 1ер-дахаран хийцамашка Мутушев Ахьмадхана юкъадиллина дакъа. Туркаев Хьасана иштта яздо: «Оцу революционерийн ц1ерш (буьйцуш берш бу вежарий Ахьмадхан а, Исмаил а Мутушевг1ар – М. М.) 1илманехь йовзийтар, уггар хьалха, кхочушдинарш бу Дагестанера 1илманчаш. Массарел хьалха царах лаьцна аьлларг вара 1илманча Гаджиев А. Г. Нохч-Г1алг1айчоьнан историн хаттаршна леринчу 1илманан сессехь (1962-чу шеран аьхке) цо элира: «Мутушев Ахьмадхан – вевзаш стаг ву… иза буржуазин националист ву аларан бахьана ду Временни правительствон меттигера орган йолчу Нохчийн къоман Кхеташонан председателан декхарш цо кхочушдарна. Суна хетарехь, иза буржуазни националист ву ала, къехойн парг1атонехьа къийсаман куьйгалхочун, вевзаш волчу революционеран ц1е бехйан доккха бахьана а ца хета и суна».

Цул т1аьхьа 1972-чу шарахь Дагестанера талламхочо Б. О. Кашкаевс, Г. Х. Мамбетовс, Г. Ш. Каймаразовс бевзаш болчу ламанхойн  серлончашлахь хьахабо вежарий Мутушевг1ар. Мутушевг1еран публицистиках лаьцна дуьххьара яздира профессора Туркаев Хьасана шен статья т1ехь. Ткъа ваьшна хьалха кхин декхар х1оттор ду: философин аг1орхьа Мутушев Ахьмадханан кхолларалле хьовсар, цуьнан дуьнене хьежамаш кхоллабаларан коьрта т1ег1анаш а, церан башхаллаш а билгалйахар.

Мутушев Ахьмадхан нохчийн интеллигенцин мог1арера ву. 1904-чу шарахь цо чекхъяьккхина Петербургера т1еман училище, паччахьан эскаран подполковникан дарж а хилла цуьнан. Ткъа 1911-чу шарахь, Харьков г1алара университет чекх а яьккхина, адвокат а хилира цунах. Мутушевн газетийн статьяш къаьсташ ю дахаре к1орггера хьежарца, интернациональни дог-ойланца а. Цу маь1нехь бу цо 1908 – 1910 шерашкахь Петербургехь арадолучу «Новая Русь» газетан аг1онаш т1ехь зорбатоьхна цуьнан дуьххьарлерчу белхех цхьаъ. Цу газетехь «бусалбанийн отдел» схьайоьллуш хилар дешархошна д1ахаийтарца, Мутушевс яздо, Россера бусалбанийн хаттаршна жоьпаш даларан 1алашо хилла ца 1аш, «вайн граждански дог-ойла кхиар зиэран г1ирс а» бу девзаш долчу цу газето иштта д1адолор аьлла.

Тхуна хетарехь, цо иштта яздина «граждански дог-ойла кхиар зиэран г1ирс» аьлла нийсса д1а ца алархьама. Бусалба халкъийн серлончийн векалийн шайн хьежамаш а, хетарш а газетан аг1онаш т1ехь бовзийта лаам хиларо а, ткъа зорбанан куьйгалхойн уьш бовзийта а къонахалла а кхачахь, йиш хир ю бусалбанийн отдел» газето схьаеллар «граждански дог-ойла хиларан тешам болуш билгало» хир ю. «Граждански дог-ойла кхиар», «граждански декхар» боху кхетамаш т1ехулара – дийцаре хилла ца 1аш, ткъа билггал – философин, дахаран а, кхетаман а билггалдолу васт хьехаран категореш ю. Шен халкъан сийлахьчу сатийсамашна г1уллакхдар, цуьнан синкхетам а, 1ер-дахаран а хьелаш кхиор – уьш ду, Мутушевс бахарехь, «граждански декхар» бохучу кхетамна чудог1урш. Цо яздо: «Бусалбанийн интеллигенташ, ас кхайкхам бо шуьга! Аш диц ма делаш, шаьш схьадевллачу халкъийн бакъо хилар шайн сийлахьчу сатийсамашна культурин – экономикин декъехь г1уллакхдар шуна т1едилла».

Петербургера девзаш долчу газетехь «бусалбанийн отдел» схьаелларехь жигара дакъалацарца Мутушев Ахьмадхан дешархошца цхьаьна билгалйаха г1ерта оделан белхан коьрта 1алашонаш, зорбане бохучу белхийн ойланаш а, идеяш а шуьйрачу аудиторина кхеташ а, гергара а хилийтархьама. Цо билгалдоккху: «1аламат дукха меттигаш, дукхахьолахь цхьана а кепара цхьаьнабар доцуш; цхьа къам кхечунах къеггина къастош йолу юкъараллин а, доьзалийн а юкъаметтигаш ма-дарра аьлча, уьш дерриге а… шатайпаналла а, тайп-тайпана меттанаш хилар а хила деза бусалбанийн прессин уггар хьалхалера 1алашо гойтуш, иштта «Новая Русь» газетин бусалбанийн отделехь а».

Мутушевс сатуьйсуш хилла интеллектан болам декхарехь бара бусалбанийн интеллигенцин векалийн адаман кхетаман ницкъ йистйоцуш хиларан тешам кхолла, цхьана адаман синкхетам лакхабаккха ницкъ хилла ца 1аш, ерриге а юкъараллин амалшна, 1ер-дахарна, политикина, дахаран кепана т1е1аткъамбан ницкъ болуш. Цундела г1ертара иза оцу я кхечу бусалбанийн къоман хьежамаш кхоллабаларх, дахаран 1алашонца уьш цхьаьнабаг1арх, синмехаллех, г1иллакх-оьздангаллах лаьцна к1орггера хаарш хила.

Царах лаьцна ма-дарра яздан хуур дацара интеллигенцин векалшна бен. Цаьрга кхайкхам бо цо уггар хьалха: «Хуьлийла вай ледара литераторш, яздойла вай исбаьхьаллин дешан хазалла лахара йолуш! Амма вайн декхар ду Некрасовн дешнаш ондда дагахь латто: «Поэт ца хила бакъо ю хьан, амма гражданин хила декхарехь ву», и сийлахь дешнаш дагахь а долуш… вай, Россин  бусалба халкъийн векалш, декхарехь ду керла кхоллалуш йолчу органехь дош ала, ткъа уггаре а хьалхара 1алашо мелла а сиха вовшийн довзар кхочушдан а. Цундела вайн халкъийн интеллигенцийн векалш шаьш Вольтераш цахиларх ийзадала ца оьшу, шайн даг т1ехь сецнарг, шайн ойланаша д1алаьцнарг д1адийца доло деза цара».

Ша газеташка а, журналашка а д1алучу мог1анашкахь Мутушев Ахьмадхана ламанан халкъийн юкъараллин – политикин хьолах лаьцна хаттарш х1иттадо, къинхьегамхошна ницкъбеш долу паччахьан 1едал емалдо. Къаьсттина луьра яздо цо Терски областан администрацин чиновникех лаьцна.

«Йоккхачу г1айг1анца» даре до Мутушев Ахьмадхана ламанхошна юкъахь а «хилар зуламе а, кхераме а адамаш». Уьш барамна к1езиг белахь а, цара дечу даккхийчу зуламашна маьрша баха г1ерташ, иттанаш шерашкахь 1едало сел ч1ог1а доьхна, бохаме хьал тодаре сатуьйсуш болчарна та1зарш до меттигера администрацино. Иштта кест-кестта д1ахьо ламанхошкара герзаш схьадахаран вовшахтохарш, ткъа и кхочушдар атта цахилар билгалдоккху цо. Герз охьадиллийтар уггар хьалха маьршачу бахархошна дуьхьалдолу, х1унда аьлча тилла лелачара шайн лаамехь и д1алур доцу дела. «Дерриге дахаран д1ах1оттам герзаца доьзна долчохь, герз т1еюхучу бедарийн цхьа дакъа хилла д1ах1оьттинчохь, шеко йоцуш, чолхаллаш кхуллур ю, цхьа к1еззиг а ледарло ялийтаро ц1ий 1ано а тарло», – д1ахоуьйту Мутушевс и г1уллакх вовшахтоьхначарна. Цунна хетарехь, герз ламанхошкахь гуттар а хир ду, культурин декъехь т1е1аткъамбарца ламанхойн духар хийццалц.

Даржаш а, хьал-бахам а вовшахтохаран 1алашонца Кавказан администрацехь г1уллакхдан бог1учу карьера ярхоша лан ца даллал доккхачу 1азапе ламанхой лаьцна хилар майрра д1ахьедо Мутушев Ахьмадхана. Паччахьан 1едало цхьана а кепара тидаме ца оьцу меттигера бахархойн г1иллакхаш, ламасташ, амалш а, ткъа царна т1е а тевжаш, церан лерам а беш бен серлоне кхачалур дац халкъаш бохург ду цо гуттар а д1акхайкхош дерг. Цу кеппара кхоллало, кхуьу Мутушевн социальни а, философски а хьежамаш. Цо сатуьйсу шен халкъ паччахьан колонин 1азапах парг1атдаккхаре. Цундела воккхаверца т1еоьцу цо 1917-чу шеран февраль баттахь революци хиларх болу хаам. Иза жигара дакъалаца волало меттигера юкъараллин дахарехь. Грозненски районан исполкоман (ГРИК) бюрон председатель хоржу, юкъараллин г1уллакххо, адвокат Мутушев Ахьмадхан оцу шеран июнехь. Цу даржехь ша волуш цо шен ницкъ мел кхочург до къаьмнашна юккъера галморзахаллаш, 1отбаккхамаш д1абахарехь, Соьлжа-Г1алахь а, Бурит1ахь а, Дагестанехь а дехачу халкъашна цхьатерра бакъонаш ялар, шаьш-шайна урхалладаран органаш хоржу.

1917-чу шеран сентябрехь Соьлжа-Г1алин думин декъашхо хоржу Мутушев Ахьмадхан, т1аккха оцу думин председателан дарж а ло.

Амма большевикаша Октябрьски революци яро, Нохчийчохь хилла ца 1аш, ерриге Россехь а хуьйцу х1оьттина хьал: анархин а, ницкъашбаран а мур т1ебог1у – д1аболало граждански т1ом. Октябрьски революци шеконца т1еийцира Мутушев Ахьмадхана. Юкъаралла эволюцин некъа т1ехь кхиаезаш хиларан аг1о лоцуш волчу цо адамаллина дуьхьал муьлхха а кепара ницкъбар къобал ца дора, цундела цо сацийра махкахь хуьлуш болчу революционни хийцамашна юьстахлатта. Иза луьра дуьхьалонча вацара большевизмана, амма 1917-чу шеран февраль – октябрь беттанийн муьрехь герга вара меньшевизмана. Царна юккъера башхалла Мутушевс а, цуьнан аг1о лоцучара а шайн кепара къастайора: большевикашна 1ер-дахарехь хийцамаш революцин некъаца, хьем а ца беш, чекхбаха лаьа, меньшевикашна а луург изза ду, амма, царна хетарехь, и кхочушдан деза эволюцин некъаца, ницкъбар а, сихдалар а доцуш.

1918-чу шеран чаккхенехь Мутушев Ахьмадханан дуьнене хьежамаш хийцабала буьйлира. Политически ницкъаш – большевизм а, меньшевизм а – юьхьанцарчу муьрехь идеологин 1алашонийн ши т1ам санна хиллехь а, т1аьхьа вовшашна б1останехьа хилла д1ах1иттира. Цхьанна т1аьхьа рог1ера толам боккхуш, шайн 1алашоне г1ертара большевикаш – адамаллин а, гуманизман а принципаш д1а а тоьттуш, 1едал шайн буйна дерзо. Нохчийн юкъараллехь декъадаларш хилира. И бахьанехь  луларчу Дагестане д1аваха дийзира Мутушев Ахьмадханан. Цо ма-аллара. Цунна ца лаьара «политикех ловзарехь дакъалаца, «ах-акха» нохчийн халкъ дуьззина х1аллакдаран т1ег1ане дига тарлуш дара оцу ловзаро. Граждански т1еман т1аьхьалонех кхоьрура иза, иза дика кхеташ вара, «к1айниш» – «ц1ениш» бохучу кепара халкъ декъар нохчийн юкъараллина бохаме хиларх, х1унда аьлча цуьнан дахар д1адоьдура кхечу законашца, историн кхечу ламасташца.

Дагестанехь Мутушев Ахьмадхана сацамболуш билгалбаьккхира шен синлехамийн некъ. Иза Дагестански т1еман – революционни комитетан декъашхо хилира, 1едал къуьйсуш д1абоьдучу луьрачу къийсамашкахь Дагестанехь дуьххьарлера 1ер-дахаран хийцамаш д1ахьора цара. Т1аьхьо иза Къилбаседа Кавказан комиссариатан «Дагестанера т1еман ревкоман председателан накъост хаьржира, Темир-Хан-Шура г1ала ларйаран комиссин коьртехь а волуш».

Цигахь, Дагестанехь, Мутушев Ахьмадхана эвсараллица дакъалоцу революционни зорбанехь а. Цо яздо: «Марксист волу, … исторех материалистически кепара кхетар д1акхайкхош волу со революцин юьххьехь дуьйна д1ахьедеш вара, … нохчийн халкъ тайпанийн 1ер-дахаран муьрехь дехаш хилар, цундела царна юкъахь тобанашка декъадалар хуьлийла дац, цундела классийн дуьхь-дуьхьал латтар а хиллане хила йиш яц царна юккъехь. Ас гуттар а сатийсинера революцин корта хьовзош болчу сихачу боламо нохчий юкъараллин-экономикин керлачу хийцамашна юкъаозоре, нохчийн истори а… къехойн а, хьолахойн а классийн къийсаман теори хиларе, вайх – нохчех революционераш хиларе а».

1ер-дахаран бакъдолчо сацам болуш т1е1аткъам бира Мутушев Ахьмадханан дуьнене хьежамашна, билгалдаьккхира цуьнан кхид1а хиндолу дар-лелор. Мутушев кхеташ ву республика юьззина шакъаьстина хилалур йоцийла. Я «к1айчара» а, я «ц1ечара» а ишттаниг аьттехьа а дуьтург цахилар а хаьа цунна. Къилбаседа Кавказана шен эскарца т1евог1уш волчу Деникина нийсса схьа, цхьа а шалхо йоцуш «Россин цхьаалла а, екъацаялар а» д1акхайкхош долуш, большевикаша «Россина юкъадог1учу къаьмнаша шаьш-шайн некъ харжарш» дийцарехь бохуш дерг а изза дара.

Мутушев Ахьмадхан цунна къера ца хилча ца велира, цундела кхето г1ерта иза шари1атан т1едахкарш юкъадалор г1уллакх хирг цахиларна бехке арахьара хьелаш бехке до цо.

Къилбаседа Кавказехь керла дахар д1ах1оттарна юкъа доккха дакъа диллина Мутушев Ахьмадхана. Советан 1едалан муьрехь Нохчийн округан исполкоман председатель ша хаьржича, цо леррина тидам т1ебохуьйтура нохчашна юкъа йоза-дешар даржорна, церан культура а, синмехаллаш а кхиарна, халкъашна юккъехь доттаг1алла а, вежаралла а ч1аг1дарна.

Цо гуттар а д1акхайкхайора къоман цхьааллин, гражданийн бартхиларан идеяш, нохчийн юкъаралла дакъошка екъа г1ерташ болу политикаш 1орабохура. Нохчийчуьра дуккха а пачхьалкхан, юкъараллин г1арабевллачу г1уллакххойн санна, бохаме хилира Мутушев Ахьмадханан кхоллам а. Сталинан репрессийн заманахь лаьцна д1авигна набахти чу кхоьссира иза, 1943-чу шарахь цу чохь д1а а кхелхира. Цхьаболчу хаамашца цунна реабилитаци йира 1971-г1а шеран сентябрь баттахь (Хь. Туркаев), кхечу хаамашца – 1975-чу шарахь (А. Шахмурзаев).

Туркаев Хьасанна т1аьххье вай а билгалдоккху: Мутушев Ахьмадханан кхолларалла юьззина схьакарийна а, теллина а яц, цундела вайн тахана бух бац т1еч1аг1дан, философин я юкъараллин политикин дахаран проблемашна лерина статьяш цо язйина ала. Цуьнца цхьаьна, цуьнан схьакарийначу а, теллинчу а белхашна т1е а тевжаш, билгалдаккха йиш ю, цуьнан философски а, этически а хьежамаш оцу муьрехь баьхначу оьрсийн хьалхарчу демократийн социале-политикин кхетамца а, этикин хьежамашца а хадалур йоцу з1енаш йолуш хилар.

Оьрсийн маттера гочйинарг

Бурчаев Хьалим

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.