ГАУ «Издательский дом»

ГАЗИЕВА Аза

Кхоллараллин шовкъехь еха журналист

ТIаьххьарчу шерашкахь вайн Нохчийн Республикехь, Россин тайп-тайпанчу мехкашкахь, дозанан арахьа а сих-сиха зорбанера араюьйлу Iилманчаша, яздархоша, публицисташа, политологаша Нохчийчоьнах, нохчийн къомах язйина дуккха а статьяш, книгаш. Церан чулацам а, Iалашо а тайп-тайпана бу, авторийн похIмане, амале, хьежамашка а хьаьжжина. Хетачунний, моьттачунний, аьллачунний, баьхначунний, хила тарлучунний тIе а тийжаш, шайна хетачух бакъдерг а дина, кхечеран бакъдерг, къоман лаам, Iер-дахар емалдина, тахана а я кхана бакъдерг а хилла даха йиш йоцчу дешнех вовшахтесна книгаш ю царах дуккха а ерш. Гинарг, хезнарг ойланехь литтаделча а кхачаме дац, нагахь харц-бакъ а къасто доккха хьекъал, ира кхетам бацахь, шена девзинарг, ша тIаьхьакхиънарг йозанца кехат тIе охьадилла доьналла дацахь, ша дуьйцург ма-дарра орамера, чуьра дуьйна довза а девзина. ЦIена нигат, хаарш, доьналла, похIма а цхьаьна дерг наггахь бен ца хуьлу кхоллараллин адамашлахь. Ишттачарах цхьаъ волчу нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара, Нохчийчуьра юкъараллин-политически хьал хьахаделча, тобанашка бекъабеллачу нохчех ша гIайгIанца, сингаттамца къамел деш, олура: «Нохчийн къоманна оьшуш беана бацара хIара ши тIом. Вайна кочатесна бу хIилланечу, сутарчу политикаша. Кху балех довла вайна лаахь, дIай-схьай лелхар а дитина, яьржина ойланаш гулйина, бакъдерг дийца деза политикица шайн дахар мел доьзначара, уггар хьалха чубаьхкинчу а, кху чохь болчу а журналисташа. Дуьненахь дIадовзийта деза бакъдерг, вай ловш йолу халонаш, къизалла. Халахеташ делахь а, ишттанаш кIезиг бу. Уьш кIезиг ца хиллехь-м хIара тIом бала бахьанаш гулделла а хир дацара. Ша зуда йоллушехь, бакъдерг яздан ца кхоьру журналист, публицист Газиева Аза. Доьналла долуш журналист ю иза. Цо санна статьяш язъеш кхин а пхи-ялх журналист велхьара, цхьадолу бакъдерг мукъане а девзар дара Дуьненахь». Йоккхачу политиках, бехк-гуьнахь а доцуш хIаллакбинчу доьзалех, нохчийн мухIажарех, цаьрца лелочу харцонех а А. Газиевас язйина статьяш ша ешча, аьллера и дешнаш Абузара. Дашца а, гIуллакхца а шена хIокху Дуьненахь цхьаьнгара орца кхачаре нохчаша сатуьйсу хан-зама ю иза. Оьшшучу хенахь а, шен меттехь а ца аьлла дош, дахкарлахь кхоьссина топ санна, дов. Шен хеннахь а, шен меттехь а аьлла дош, даш санна, деза а, дезаш а, оьшуш а хуьлу. Цуьнга сатуьйсучу халкъанна муххале а. Халкъан кхолламан чолхечу муьрехь орцане а, дарбане а дара Газиева Азин дош, ша бIаьрсине а, лерсине а мел кхаьчначийн кханенах дог тешош, Делан диканах дог ца дуьллуьйтуш. Соьлжа-ГIалахь, Соьлжехь, Алдехь, кхечу нохчийн ярташкахь, кIотаршкахь а бехачара лайна харцо, къизалла Iорайоккхуш, тIепаза, доьзабайначийн лараш лоьхуш, гездора Нохчийчуьра некъаш Газиева Азас, герзах а боттабелла, маларо кхетамах баьхна, карзахбевллачу эпсаршка, салташка а блокпостехь: «Со нохчийн журналист ю!» – олий, тоьшалла дIа а уьхьий, стешхаллах ларлуш, цаьргахьа букъ а берзош. Хьалха шена бевзаш хиллачу дуккха а журналисташца, керлачу политикашца цхьаьнакхетарш, Нохчийчохь долу юкъараллин-политически хьал дийцаредар а сих-сиха хуьлура Азин. Царах цхьаболу журналисташ Нохч-ГIалгIайн АССР-н телевиденехула а, радиохула а йолчу пачхьалкхан комитетан режиссеран гIоьнча ша йолуш, вуьйш – Хьалха-Мартанан кIоштан а, республикин юкъараллин-политически «Даймохк» а газетийн редакцешкахь болх бечу хенахь а, ша кхечу газеташца, журналашца кхоллараллин зIе латтош а, уллера бевзинера Азина.
Газетийн агIонаш тIехь хIетахь араюьйлучу статьяша Нохч-ГIалгIайн республикехь йовзийтина ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь а йовзийтира Азин цIе. Цунна оьшшу дош карадора Iедалан векалийн белхан кхачамбацарех ала а, хьанал-цIена къахьоьгург хасто а. Маьршачу заманахь язйинчу статьяшкахь таллам, хаарийн шоралла, кIоргалла а, адамийн дахар-Iер дикка девзаш хилар, орцахъяла кийча хилар хаалора. Оьшшучу хенахь иза орцах а йолура. ДIадаханчу бIешеран 90-чу шерашкахь цхьайолу тобанаш орцахъевлча, уьш собаре кхойкхуш, зулам махкахь ца даржийта гIерташ, информационно-аналитически статьяш язйира Азас.
Азас театрах, литературах, артистех, актерех, яздархойх язйинчу статьяшкахь дерриге а керла ду, лехна а, карийна а бакъдерг церан чулацамехь дуккха а долу дела. Мила, маца, муьлхачу ролехь, муьлхачу спектаклехь дика я вон левзина дика а, говза а дийца, яздан а хаьа Азина. Оьрсийн, нохчийн, кхечу къаьмнийн а литература, театраш, актераш а дика бевза цунна. Уьш бовзаро гIо до цунна шен хаарш лаккхарчу тIегIане кхин а тIе кхио, шордан. Журналистан корматалла, похIма, говзалла кхиар гуш ду хIора а статьяхь. И хаарш, говзалла а ийшира Азина НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан декъан куьйгалхо ша йолуш. Республикехь оцу заманахь ара мел долучу газеташна, журналашна тIехь терго а, Iуналла а латториг шуьйра хаарш, лаккхара говзалла йолуш, ша кхочушдан кхечарна тIедуьллург, лехамаш ша а бевзаш хилча, редакторийн а, журналистийн резабацарш, дегабаамаш кIезиг хуьлу я хиллане а ца хуьлу. Азас шайга дуьйцург, тIедуьллург, Дош а хеташ, ларамца тIеоьцура редакторша, корреспонденташа а. Газетийн, журналийн а куц-кеп, чулацам дика хилийта Iалашо йолуш, Азас а, цуьнан белхан накъосташа а бина болх жамI дика долуш бара. Цундела ларамза дацара НР-хь арадовлучу газеташа, журналаша Къилбаседа Кавказехь, Россехь а дIабаьхьначу къовсамашкахь толаме меттигаш яхар. НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан декъан куьйгалхо болх бина ца Iаш, Азас «Зорбанан ЦIийнехь» вовшахтухура яздархойн дахаран некъашна, кхоллараллашна лерина цхьаьнакхетарш, литературин суьйренаш, керла книгаш йовзийтар, цхьайолу исбаьхьаллин произведенеш йийцареяр. Нохчийчохь наггахь а кIошт яц цо «Нохчийн меттан де», «Нохчийн ненан Де» – тIекхочуш, цхьаьнакхетарш вовшахтоханза а, дIадахьанза а, шеца цхьаьна поэташ, артисташ а болуш. Керла схьайиллинчу «Даймохк» телевиденехь Азин проектийн бух тIехь кхоьллина дуккха а дика нохчийн маттахь передачаш евлира эфире. Аза коьрта редактор а йолуш пайде, говза а кхоллараллин болх бира къоначу журналисташа. Яздархойн произведенийн исбаьхьаллин меттан хазалла йовзийтина ца Iаш, турпалхойн васташ довзуьйтура оцу передачашкахь литература дика евзачара. Телехьовсархошна дуккха а керланиг девзира яздархойн Исаева Мареман, Курумова Селимин, Iилманчин М. Чентиеван, нохчийн дуьххьарлечу журналистан Саракаева Мареман и. дI. кх. дахарх а, кхоллараллах а. Царах а, кхечу нохчийн зударех а «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!» – книга араяьккхина Азас, дешхьалхенехь хIара дешнаш а яздина: «Кху жайни чохь вай хьахийнарш бац, йоI хилла, йиша хилла, нус хилла, хIусамнана хилла я шен доьзалан нана хилла, дахарх кхачо йина, севцца турпалхой. Царна шайн дахаран декхарш мелла а шуьйра го. Хийла зудчо а, стага а бIокъажор болу дахаран чолхалла турпалаллица эшош чекхбийлина уьш-шайн синош Дала къоман дуьхьа, Даймехкан дуьхьа кхоьллина хеташ долу Адамаш… Оцу мехкарех хIоранна а бакъо ю ала: «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!», амма церан лаам – Iалашо – «Ирсе яхалахь, Нохчийчоь!» Царах хIора а вайна юьхькIам бу! Уьш хьакъ бу шайх дозалла дан. Баккъалла а вайн мехкан дозалла ду царах хIора а. Сан дехар ду шуьга – безаш, уьш тIеэцар».
«Зорбанан ЦIийнехь» и книга йовзуьйтуш дакъалаьцначара лаккхара мах хадийра цуьнан, нохчийн сийлахьчу зударшна дика хIоллам а, церан йиша-вешина, верасашна хаза совгIат ду «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь!» – аьлла. Ша телевиденехь, газетийн редакцешкахь болх беш йолуш а, карзахе денош, шераш а Нохчийчу даьхкинчу хенахь а бевзинчу журналистех, шен уьйр-марзонаш, доттагIалла хиллачех, уьш дагалоцуш, «уьш бара, уьш баьхна», – бохуш, дегалазамца, дегаIийжамца статьяш, очеркаш шен язъян дезар ду, аьлла, дага а ца деанера Азина. Царах цо язйина статьяш, очеркаш цхьа шатайпана безам, аьхналла, йовхо, марзо шайца хаалуш ю, массо а дош даггара а, доггах а яздина дела. Царах хIора а ваха лууш вара, шайн берийн, берийн берийн а диканах воккхавуьйш, машаречу, ирсечу Нохчийчохь. Бакъдерг адамашка дIакхачо, халкъанна а, махканна орцанна арабевллачохь Iожалла тIеэцна цара, шайл тIаьхьа шаьш аьлла, яздина дош а дуьтуш. Соьлжа-ГIалахь, журналистийн бешахь, хIара дешнаш тIехь а долуш хIоллам бу лаьтташ: «Журналистам, погибшим за свободу слова. Шайн метта даха аш дитина дош…» Телевиденехь, радиохь, газетийн, журналийн а редакцешкахь болх беш, хьехархойх, артистех, юьртабахархойх статьяш, очеркаш язъеш, шайн доьзалш безаш, йиша-вешина уьш безаш, хьанал-цIена бехачу шайн махка тIом кхаьчча, бакъдерг довзийта арабевлча, Iожалло дIабигначу журналистех ю книга.
Iожалло хеназа вайх дIакъестийначу журналистех ша язйина очеркаш вовшахтоьхна, араяьккхина «Дешан бIаьхой» (2015 шо, Соьлжа-ГIала) НР-н хьакъйолчу журналисто, НР-н культурин хьакъйолчу белхахочо Газиева Азас, уьш цабевзинчарна бовзийта а, цаьрца уьйр-марзо хиллачарна биц ца балийта а, иэсехь латтийта а.
Нохчийчохь ши тIом болуш халкъо лайначух, къоман сий лардеш гIазотехь дIакхелхину къонахех довха, цIена, хастаме дош аьлла Азас шен статьяшкахь. Ишттачарех цхьаъ ву шен «Рыцарь доблести и чести» (Соьлжа-ГIала, 2016 шо) книгехь Азас хьакъдолу дош аьлла Таьнги-Чуьра подполковниках Баталов Вахьидах, ямартлона, тешнабехкана дуьхьалваьлла, гIазотехь дIакхелхинчу.
Вай лакхахь билгал ма-даккхара, нохчийн культура дика евза Азина. БIеннаш статьяш, очеркаш ю цуьнан вайн къоман культурах, оцу декъехь кхиамца къахьегначу, къахьоьгучу а артистех, актерех, пондарчех, композиторех, суртдиллархойх: ХI. Батукаевх, Р. Хакишевх, М. Солцаевх, Хь. Гузуевх, Р. Паскаевх, Н. Хаджиевах, Д. Омаевх, Улабаева Заремех, I. Джамаевх, и. дI. кх. Стохка, 2020-чу шарахь, Соьлжа-ГIалара А. Айдамировн цIарахчу библиотекехь дIадаьхьира Азин «Мукъамийн хьаьрмахь» (605 агIо йолу книга) книга йовзийтар. Цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначара лаккхара мах хадийра А.Газиевас бинчу белхан, иштта болх хIинццалц цхьаммо а бина цахилар билгалдоккхуш. Къоначарна ца бевза, баккхийчарна бицбелла, йиша-вешина юх-юха а хьахо лаьа кхоллараллин дуккха а адамаш ду довзуьйтуш, цIерш карлайохуш оцу книгехь. Нохчийн культура толлуш, Iамош къахьега Iалашо йолчарна дика хьост, йоккха хазна ю и книга.
Цхьана а дийнахь лехам сацийна яц Аза. Герггарчу хенахь араяккха кечйина кхин а йоккха цхьа книга. Нохчийн театрах, актерех ю иза.
Нохчийн халкъанна, Нохчийчоьнна а пайденна кхоллараллин шовкъехь къахьоьгучу Азин йина де ду 23-гIа май. Дуккха а шерашкахь могуш-маьрша, кхоллараллин шовкъехь, са сема а долуш, АллахI-Дала яхайойла хьо, Аза!

СУМБУЛАТОВ Дени,
НР-н хьакъволу журналист

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.