ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дикачу адамех цхьаъ…

Эльбрус суна вевза дукха шераш ду, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан студент волуш дуьйна схьа кху дийне валлалц. Цуьнан хIусамехь дукха хилла а ву со, цо гулйинчу библиотеках хьега а хьоьгуш.
Сайн цхьана дийцарехь, айса цуьнгара еша яьхьна киншка юха дIа ца хьуш, вуьрхIитта шо далийтар а хьахийнера ас.


Эльбрус – шен амал йогIучу нахаца дIаийна а волуш, шена цатовчаьрца тIехваьлла тIекаре а воцуш, маьрша стаг вара хIетахь а – ша жима волуш, юха хIинца, воккха хилча а.
Цул гIолехь литератор а ца хетара суна Нохчийчохь, цхьа а Iилманан дарж цуьнан доццушехь – ас юьйцурш цIерш ю: Iилманан кандидат, доктор, профессор а бохурш. Юха хIинца – шийтта-кхойтта шо хьалха – иза проза язъян волавелча, дика кхаъ а хилира суна Эльбрусан йозанех. Цуьнан дийцарш дика дара, шена девзачух, гинчух, ша лайначух яздина.


Цу балха тIе – Эльбрус «Орга» журналан коьрта редактор вара – Лев Толстойн «Хаджи-Мурад» цIе йолу повесть нохчийн матте а яьккхира цо.
Ас хIоразза а хоттура Эльбрусе, мичхьа кхаьчна хьо, олий.
Эльбруса, мало йоцуш схьа а дуьйцура, шена карийна нохчийн меттан дешнаш а, кхин-важа а дуьйцуш. Суна товра чIогIа, иза иштта ша бечу балхах вогуш хилар.


Цуьнан зорбане яьлла «Терк дистина догIура» цIе йолу прозин киншка йийшира ас, масех дийцар боккъал чIогIа тан а товш, къаьсттина «Дахкарлахь» цIе ерг, я «Дахаре гIертар а», «Маьлхан догIа» а, кхин масех а.
Эльбрусан прозин турпалхой – нахана зуламе а, зене а боцуш – тоьшаллин нах бу, муьлххачу а стага – уьш бевзачара – дика тоьшалла дендолчу дикачу нахах…


Суна чIогIа боккха иэшам а хиэта, литературина хьовха, вайн махкана а, Эльбрусан цIарах волу яздархо, лазаро а лаьцна, чохь висар. Иза бан а бу боккха иэшам. Литература дахар ду, хьан-хьанна – Эльбрусана санна – кхолла а хуур а доцуш я иза кхолла похIма а доцуш.
Эльбрус, Дала маршалла лолда хьуна! Ас а, кхечара а – хьан дешархоша даггара декъалво-кх хьо винчу денца! Дала маршалла лолда хьуна, юха а Дала маршалла.

Орга №2. 2020

2 комментария

  • 300387 433683Wow, remarkable weblog structure! How long have you been running a blog for? you made running a blog appear simple. The complete appear of your web site is magnificent, neatly as the content material! 696092

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.