ГАУ «Издательский дом»

МУНАЕВ Исмаь1ал. Поэт а, цуьнан зама а

СУЛАЕВ Мохьмадан – 100 шо

Сулиман ЦӀоьбигӀеран Абун воӀ Мохьмад Сулаев ГӀойтӀахь вина 1920-чу шарахь. Школехь, тӀаккха Соьлжа-ГӀалахь рабфакехь дика доьший, 1941-чу шарахь Бакохь лоьрийн Институт чекхйоккхий, лоьран говзалла Ӏамайо Сулаев Мохьмада.
Цуьнан да Абу ГӀойтӀара ИбрахӀим-Хьаьжица гергарло долуш, керла хӀоьттинчу Советан Ӏедалан амалш евзаш, юкъарчу хӀуманах дика кхуьуш, хьекъал долуш стаг хилла. Цундела шен доьзале дешийта аьтто баьккхина Абус. Лоьрийн говзалла дика тӀаьхьало йолуш хир юйла хууш хилла цунна. Мохьмад шен ден лаамехь дешарехь дика кхиамаш бохуш хилла.


Мохьмад стихаш язъян хьалхе волавелла, шен 14-15 шо долуш. Дуьххьарлера шен говзар «Малх тулур бу» цо язйо 1943-чу шарахь Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш. Оцу поэмин чулацам патриотически бу. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. СССР-на тӀелетта луьра мостагӀ. И мостагӀ Ӏаьржачу боданан суьртехь ву. И бода, маьлхан серлоно иэша а бина, дуьне паргӀатдоккхур ду. Цу кепара метафорически аллегорех пайдаоьцу къоначу поэто.
Схьахетарехь, бусалба Ӏилманах а, нохчийн халкъан поэзех а кӀорггера кхиъна хилла Мохьмад. И билгалдолу Сулаев Мохьмадан, 1942-чу шарахь Итон-Кхаьллахь ша лор болх беш волуш, цо яздина доӀанаш дешча.


ДоӀанаш нохчийн фольклоран уггаре а ширачех жанр ю. Цуьнан чулацам АллахӀ-Деле беш болу кхайкхам бу, дехар ду. Ткъа нохчийн исбаьхьаллин литературехь доӀанийн поэзин лиро-эпически жанр кхуллуш дуьххьара къахьега волавелларг Сулаев Мохьмад хилла. Шеко йоцуш ду, къоначу поэто нохчийн фольклоран поэзех, къаьсттина нохчийн халкъан доӀанех, пайдаэцна хилар. И гӀуллакх вай, лахахь Ӏилманан талламца масалш а далош, тидаме оьцур ду.


Ткъа кхузахь вай билгалдоккхур ду поэтан доӀанийн уггаре коьрта маьӀна – Сулаев Мохьмад АллахӀ-Делах тешар, цо бусалба дин, ийман кӀорггера кхетамца тӀеэцна хилар. Цундела вирзина и доӀанашка. Амма и чӀогӀа къайлах хилла, нагахь ца хиллехь, Мохьмад дийна а вуьсур вацара цу заманахь.
И хан Сулаев Мохьмада, ша-шеца ойланаш еш, АллахI-Деле кхойкхуш, цуьнга дехарш деш, исбаьхьаллин лаккхара чулацам болуш, философски маьӀна долуш доӀанаш кхуллу хан ю.

ДоӀанашца ю цуьнан бакъйолу поэзи, даг тӀера йолу ойланаш. Царах цхьадерш вайга схьакхаьчна – 1996-чу шарахь уьш «Орга» журнал тӀе «Сан доӀанаш» (I) аьлла, Шайхиев Ӏалвадигахула зорбатохийтина М. Сулаевс. Оцу доӀанашна тӀаьхьа Шайхиев Ӏалвадис Мохьмадера эцна интервью а ю «Делан диканца!» аьлла цӀе а йолуш (2). И ший а хӀинца воцуш ву. АллахӀ-Дала декъалбойла уьш!
Дешархошна Сулаевн доӀанаш довзийта аьттонна хӀокху статьяхь уьш юха а зорбане дохур ду вай тӀетохаран декъехь.


Дешархойн аьттонна, доӀанаш тIера масалш далош, доӀанийн а, стихийн а могӀанийн рогӀалла терахьашца билгал а йоккхур ю – хьалхарчу терахьо доӀанийн рогӀалла къастайо, ткъа шолгӀачу терахьо доӀанийн поэзин рогӀера могӀа билгалбоккху.
Сулаев Мохьмада ша доӀа кхоьллина хан а, меттиг а леррина билгалйоккху. Цундела поэтан кхолларалла толлуш волчун аьтто бу хӀора доӀанца нохчийн къомехь цу хенахь хилла йолу истори а, социальни хьашташца йолу уьйраш а къасто, поэтехь болу сингаттам а, кхетам а гайта.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.