ГАУ «Издательский дом»

СУМБУЛАТОВА Радима. Ненан мотт – аганан илли

ХIора дийнахь аьлча санна, хазлуш, толуш, исбаьхьа а хилла, овкъаршлахь юхаденъеллачу Соьлжа-ГIалина юккъехь яра школа.
Школан дахар шен рожехь дIадоьдуш дара, берийн хазахетарш, халахетарш шеца а долуш.
Дешаран шеран тIаьххьара чийрик йоца хиларна, дешархой ма-хуьллу шайн хаарийн мах хьехархошка лакхара хадабайта гIерташ, дешарна тIебирзинера. Шайн къастийна урокаш-математика, русский язык, обществознание – яра церан…
Нохчийн меттан урок къастийнарг наггахь бен вацара. Царна хетарехь, нохчийн мотт башха оьшуш бац, оьшур а бац, даржехь лакхавала, юкъараллехь шен «ас-со» чIагIдан а. Школан урокийн расписанехь а бара нохчийн мотт тIаьххьара дIаязбина.


Берашна гуш яра цунна елла меттиг: иштта меттиг пекъарна кхочуьйту. Коьрттехь, баьрччехь а йоцуш, неIсагIехь яра хIокху школехь нохчийн маттанна билгалйина меттиг. Еа-пхеа урокехь кIадбелла, физкультура урокехь хIиттина дешархой, цхьа а лаам боцуш, богIура тIаьххьарчу уроке. Тахана а, иштта дог-ойла йолуш класса чу баьхкинчу дешархойн де дика а дина, шен кIеда-мерза къамел дIадолийра куьцехьчу хьехархочо:
– Бераш, таханлера урок,кхечарах тера йоцуш,башха урок ю. Хууш ма-хиллара, НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Р. А. Кадыровс шен Буьйраца апрель беттан 25-гIа де «Нохчийн меттан Де» ду аьлла, дIакхайкхийна. Вайн меттан сий-ларам хьалабаккха, иза бийцар шардан, цуьнан оьмар яхъян, цуьнга шовкъ-безам чIагIбан Iалашо йолуш дIакхайкхийна и Де.


ХIокху дуьненахь шен мохк боцуш адам,халкъ,къам хила йиш елахь, шен мотт боцуш хила йиш яц. Нагахь буьйцуш мотт белахь, оцу маттахь ойла еш, иллеш олуш, эшарш локхуш, цаьрга ладугIуш, уьш шайна ца хезча, сагатлуш, сахьийзаш, цаьрга юх-юха а ладогIа лууш хуьлу оцу халкъан нах. Вайх хIораннах а иштта кIант, йоI кхиахь, вайх кхана а нохчийн халкъ хир ду…
ДегIера кIадо дIаяьлла, хьехархочо мел олу дош сутара схьалоцура дешархоша. Царалахь а къаьсттина лерина ладугIуш яра Аминат. Нохчийн мотт гуттар бара цуьнан синехь, иллийн, эшарийн, назманийн а мукъамехь лекхалуш. Цунна шен синехь юх-юха хезара шен ненан меттан Iаь,аганан иллин мукъам, бераллера туьйранаш. Цуьнан синан кIоргенехь дара, цунна хаза кхаъ бохьуш догIург, амма дацара лерсинехь.


Хьехархочо дуьйцург хезаш яцара Аминат, халла цхьадолу дешнаш бен. Ялх шо хьалха, хIара пхоьалгIачу классехь доьшуш йолуш, зуламхоша кхеран цIа эккхийтира. Кхунна чIогIа дукхавеза да велира, нана ехха больницехь Iиллира, чевнаш дIа ца йоьрзуш. Ша больницехь йолуш, шен хьал-де хаа баьхкинчу гергарчаьрга шен дена, нанна хIун хилла хаа лууш, ша йистхила йоьлча, ша йистцахилаелча, хиънера йоIана шена хилларг. Оцу хенахь дуьйна моттцахууш,наггахь долу дош бен ца хезаш, къора яра Аминат, шена гIийла хезачу дашца синна боккха кхаъ кхочуш. Нохчийн меттан урокехь иштта лерина ладоьгIуш, шена цкъа а ца гинчу берашка, цецъялла, хьоьжура йоI. Цуьнан цецъялар шашаха дIаделира, хьехархочо классан уьн тIе: «Нохчийн меттан денна» – лерина сочинени язъе аьлла, тема дIаязйича.

ХIинццалц Нохчийн мотт шайна оьшур бац баьхнарш, и ойла хилларш, дахаран масех некъ дIасабоьдучу шаьш дIахIиттича санна, ойланехь бара. Массо а, тIебирззина, нохчийн маттах нохчийн маттахь язъеш бара, шайна дукхадезачу дех-ненах, йиша-вешех язъяр шайна тIедиллича санна. Корехула чукхеттачу маьлхан зIаьнарша хазахетарна екхаелла дешархойн яьххьаш серлаяьхнера. Цкъа а ца хиллачу тIегIане баьккхинчу нохчийн маттах цIена, хаза, сийлахь дош яздан гIертара уьш, шайн баккхийбер лечкъа а ца деш.


Урок чекхъяьллий хоуьйтуш, горгали бийкира. Шен сочинени хьехархочуьнга дIаяла сихвелла цхьа а вацара. Хьехархо а яцара уьш сихбеш. Цхьацца тIе а вогIуш, дешархоша шайн сочиненеш хьехархочун стоьла тIе охьаехкира. Цкъа а ца хиллачу тайпана белабелла-бекхабелла, хьехархочун Iодика а еш, класса чуьра арабуьйлура дешархой. Классан уьн тIехь дIаяздина: «Нохчийн меттан денна» – йоза а дуьтуш, класс чуьра араелира хьехархо а.


Гуттара а санна, буьйсанна хан яьллачу хенахь, шен дешархойн сочиненеш еша йолаелира хьехархо. ГIалаташ дукха делахь а, чулацам дика берш схьакъастош, леррина йоьшура цо уьш, цхьадерг шен тетрада тIе дIаяздеш. Дика язйинчарна юккъера, къаста а йина, ша охьайиллира хьехархочо Аминатан сочинени. КIирандийнахь садаьIна, оршотан дийнахь школе баьхкина дешархой цецбевллера, урокийн расписанехь, хIинццалц «Родной язык» аьлла, дIаязйина урок «Чеченский язык» аьлла, хийцина а, тIаьххьара а йоцуш, лакхахь дIаязйина а. Расписанина уллехь хаам бара: «Тахана, апрель беттан 25-чу дийнахь, школехь даздаран хьолехь билгалдоккхур ду «Нохчийн меттан де», яздархоша, журналисташа дакъалоцуш. Марша догIийла шу!»
И ши хIума – расписанехь хийцам, нохчийн маттахь хаам а – керла хиларна, хаза кхаъ санна, тIеийцира хьехархоша а, дешархоша а.


Урокаш дIаюьйлаеллий хоуьйтуш, зевне бийкира школан горгали. Шайн-шайн класс чу бахара хьехархой а, дешархой а. Дуьххьара а, тIаьххьара а школехь нохчийн маттахь нохчийн маттах сочинени язйина цхьайтталгIачу классан дешархой синтеме бацара, шайн сочиненийн хьехархочо хадийна мах муха бу ца хууш. Классехь хIоьттина тийналла йохош, меллаша, кIеда -мерзачу, аьхначу маттахь йистхиллачу хьехархочо элира:
– Хьомсара дешархой! Цкъа а «Нохчийн меттан де» къастийна а, дIакхайкхийна а, даздина а дацара вайн махкахь. Сайн а, шун а цIарах даггара баркалла ала лаьа суна Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна, иштта нохчийн меттан сий-ларам барна. Дела реза хуьлийла цунна!
Оцу Денна лерина сочиненеш язйира аш шоьтан дийнахь вайн хиллачу урокехь. Со реза ю аш язйинчу сочиненешна. Шайн маттаца, халкъаца, махкаца йолчу уьйрах дика дош аьлла аш, йозанехь гIалаташ делахь а. Дикачарна юккъехь а дика сочинени Дикаева Амината язйинарг ю…


Дешархоша, хьала а гIевттина, Аминат декъалъеш, массара а цхьаьна тIараш туьйхира. ТIаккха кхийтира йоI къамел шех лаьцна хиларх. Куьйгаэшара «шен маттахь» масех дош аьлла,шена хьалха Iуьллучу шина кехат тIе «Баркалла шуна!» – аьлла,даккхийчу элпашца яздина, ша яздинарг массарна а гайтира цо. Хьехархочунна ша яздинарг дIагойтуш, бIаьрхиш охьахьаьлхира йоьIан. «Баркалла Хьуна, Медни Нурдиевна!» – дашна тIе хьаьжначохь тIунделла хьехархочун бIаьргаш, Аминатан бIаьрхиш а гича, гучудевлла шайн бIаьрхиш лечкъа ца дора дешархоша. Шен сочинени дикачарна юккъехь къасторна аьлла «Баркалла Хьуна!» хилла ца Iара иза, хьехархочо нанас санна, шен динчу Iуналлина, тергонна, масех шо хьалха шех тешарна, цуьнан шега хиллачу, болучу безамна «Баркалла Хьуна, Медни Нурдиевна!» – олуш яра иза, ша а, шен нанас а цунна дуккхазза а аьлла долу.

Ялх шо хьалха, Аминат больницера араяьлча, лерринчу школе дIа ца лахь, дешарна, кхетамна тIаьхьаюьсур ю элира лоьраша. Нанна ца лаьара йоI уьйрех хадо. Аш школехь хьехначул тIаьхьа, ша а цIахь Iамор яра, школехь деша йитахьара бохуш, дехар динера нанас. Аминатан ненан дехар дагах кхеттарг, йоI шена тIелаьцнарг яра тахана кхуьнца цхьаьна бIаьрхиш охьаоьху хьехархо – Медни Нурдиевна.
Медни Нурдиевнас, шен бIаьрхиш меллаша дIадохуш, школехь дIадахьа леринчу даздаршкахь сочинени еша бакъо йийхира Аминате. ЙоIа корта таIийра, ша реза юй а хоуьйтуш.
Дукха адам дара зала чохь: хьехархой, дешархой, дай-наной, яздархой, журналисташ.
Нохчийн маттах нохчийн маттахь къамелаш дира школан директоро, яздархоша, журналисташа, стихаш йийшира, эшарш лийкхира дешархоша. Шен рогIехь йистхиллачу Медни Нурдиевнас, Нохчийн меттан Денца зала чохь берш декъалбина, ша дош дехаран бахьана довзийтира:


– Ткъе итт шо сов хан ю ас нохчийн мотт, литература хIокху школехь хьоьху. Оцу ткъе итт шарахь ас шега сатийсинарг кхочушхилла Де ду хIара. Шу дерриге а хIокху сийлахь-дезачу Денца декъалдеш, сайн дешархочо Дикаева Амината шен сочиненина юкъадалийначу дийцарца дерзо лаьа суна сайн къамел:
«Мацах цхьана заманахь цхьана пачхьалкхан доккха эскар кхечу пачхьалкхана тIе а летта, Iаламат дукха адам дийна, и мохк хIаллакбеш. Веддарг бен кIелхьара ца волуш, хIаллакдина цу махкара адамаш. Куьйгех гIоьмаш а тоьхна, дуккха адам дIадигна толамхоша шайн махка, лай а дина, дацо: божарий, зударий, бераш. Дукха генарчу махкара баьхкинчу мостагIаша дIахадийна оцу йийсарийн шайн махкаца а, халкъаца а йолу зIе. ДIабигначех цхьаберш дIаийна оцу пачхьалкхерчу адамех, шайн мотт, гIиллакхаш, Iадаташ а дицделла.

Ткъа шо хьалха, и къиза мостагI тIелеттачу хенахь, кхо шо долу йоI дIайигна, шайн гIайгIанца, сангаттамца цхьа-а дисина дай, наний хилла балано охьатаIийна, хеназа къанделла зама токхуш. Iуьйранна а, суьйранна а, шеран массо а заманахь, шен йоI дагара ца йолуш, тийжаш-йоьлхуш нана хилла. Яйначу йоIанна гатдечу сино а, йоIанна йоьлхучу ненах хетачу къино а кIелвуьтуш да а хилла.Иштта зама токхучу дена хабар хезна, шайн йоI эцна, эла, и шайн йолуш санна, луларчу пачхьалкхехь вехаш Iаш ву аьлла. Шена хезнарг хIусамнене дийцина, цунах дагаваьлла, бакъ ду-дац хьажа, кхечу махка ваха араваьлла да. Бехха некъ бинчул тIаьхьа, шена буьйцуш бен ца хезначу махка кхаьчна йоьIан да.

Хехошкара бакъо а яьккхина, элан ков-керта а хIоьттина, дехар а деш, дийцина дас:
– Лераме эла! Хьан керта со вархьама ца веана, цаваьлла веана генарчу махкара.Ткъа шо хьалха бертахь, ирсе доьзал бара сан, шун луларчу пачхьалхера къиза эскар тхан махка даллалц. Оцу эскаро, жима-воккха, стаг-зуда ца къестош, хIаллакдира тхо. Дуккха а адам дIадигира. ДIабигначаьрца цхьаьна тхан жима йоI а йигира. И йолу меттиг ца хууш, цунна дукха сагатдина оха. Сингаттамо хуьйдина, кIелъюьссуш ю йоьIан нана. И тхан йоI, ахь, эцна ялийна, кхиийна бохучу хаамо валийна со хьан керта. Лераме эла! Сингаттамо хуьйдина оцу йоьIан ненах къахетий, цо ша набаро Iехаяллалц Деле дехаршца дечу доIанашка ладогIий, хьайн дог кIаддалийтий, тхан йоI тхоьх схьакхетийтахьара ахь.


Цецваларан кеп а хIоттийна, вела а велла, жоп делла эло:
– И хIун къамел ду ахь дийриг, сан керта а веана?! Сан йоI хьан муха хуьлу?!
Со – эла, ткъа хьо – цхьа миска…
ДIагIо, аравала сан кертара, ас хьо чуволлале!
Цара дуьйцург хезна, араяьллачу йоIа хаьттина шен дега-эле:
– ХIун боху цо, дада? ХIара мила ву? – аьлла.
– Хьо шен йоI ю, дIайигийта шега боху, – аьлла, жоп делла эло.
– Со муха ю хьан йоI, мила ву а ца хууш, хьенан ву а ца хууш волчу? Со хьуна хьалха лаьттачу элан, цхьаъ бен йоцу, хьоме йоI ю, – аьлла йоIа.


Оцу дешнаша кийра мерцина, дог а доьхна, корта охьабахийтина, боккхачу сингаттамца, ша йоьIан нанна дIакхачо безачу шийлачу кхоаца шайн махка, шайн цIа боьду некъ юьхьарлаьцна, дIаволавелла кхайкхаза веана хьаша. Бехха некъ бинчул тIаьхьа, шайн махка, юьрта, цIа кхаьчначу йоьIан дас дерриг а ма-дарра дийцина йоьIан нене. Дуккха а йилхинчул тIаьхьа, шен цIийнадега дехарца йистхилла йоьIан нана:
– Ма дика ду-кх, вайн йоI хьуна дийна карийна, хьаьнгахь ю хиъна! И дийна ю аьлла хезначахьана, серладаьлла сан б1аьрсинна хIинццалц бодане хилла хIара маьлхан дуьне. Даго хьоьху суна: вай вовшахкхетар ду, вайн йоI соьца цIа йогIур ю. Со цкъа ган, сан меттан Iаь, и аганахь йолуш ас цунна хийлазза лекхна йиш хаза еза цунна. Меттан а, эшаран а мукъам – цуьнан синехь денлур бу, еххачу хан-замано набарехь, белча санна, латтийна болу.


Беха некъ бан кечам а бина, шайн йоI цIа яло Iалашо йолуш, арадаьлла дай, наний. Дукхе дукха беха некъ а бинчул тIаьхьа, эла вехачу махка, юьрта, цуьнан ков-керта кхаьчна хIара шиъ. Юха а шен керта веанарг вевзинчу эло, мохь тоьхна, шен хехошка омра дина:
– Схьалеца, дIабехка, чубохка и харцлоь нах! – аьлла.
Шен къа-бала, сингаттам, гIайгIа ялхо йолаелла нана юкъахйоккхуш, йистхилла шен керта баьхкинарш хаабелла, уьйтIа яьлла элан йоI:
– Хьажахьа, зуда, сайн дай, наний долуш, хIокху цIа чохь, хIокху кертахь хьалакхиъна а, хIокху юьртарчу сайн нийсархошца уьйр-марзо йолуш яьхна а йолу со, хьан йоI муха хуьлу?! Ишттаниг хуьлийла а ма дац! Хьо, сингаттамо галъяьккхина, кхаьчна тхан керта. Кхечанхьа лаха хьайн йоI, араялахьа, дIагIохьа хIокху кертара!


ХIокху дуьненахь ша тIаьххьара йоьлхуш санна, доггаха йилхира нана, элана а, йоIанна а хьалха голаш тIе а хIоьттина. Шен дехарна цара жоп ца делча, меллаша хьала а гIаьттина, цаьргахьа букъ ца берзош, бIаьранегIар тухучу мIаьргонехь а шен йоI шена гучураяларна кхоьруш, кевл араелира нана, шен сатийсамца, къинхетаме дог оцу кертахь дуьтуш. Сингаттамо гIора а эшийна, генадоццуш охьадогIучу хин йисте охьалахъелира нана. Цунна гора эсала хьажар, Iаьржа ши бIаьрг, ша жима йолуш хьистинчу а, хIинцца шена гинчу а шина йоьIан, хIан-хIа, цхьана йоьIан ши бIаьрг.

И ши бIаьрг нанна бицбала йиш яцара. Муха бицлур бара, хан яьллачу хенахь, набаро Iехийначу хенахь, йоьIан елхаро ша самаяьккхича, цо шен хаза ши бIаьрг дIахьаббаллалц, гIенаша и Iехаяллалц, ша цунна аганан йиш лекхна хилча?! И сан йоI ю! И сайниг ю! Хийлазза ас, и теян гIерташ, хьоьстуш, шега мотт бийцина, аганан йиш лоькхуш, гIенашка Iехаяйтина сан йоI ю иза. ЦIаьххьана, бIаьрхийх а ийна, меллаша ненан аганан иллин мукъам белира, легашка хIоьттина хораме шад бостуш, богучу кийрара. Ненан богучу кийрара схьабаьлла мукъам аренца баьржина, эла вехачу юьрта, цуьнан ков-керта кхечира. Мукъамехь аз а хезна, йоьIан са карзахделира, дог тохаделира. ХIинццалц, дуккха а шерашкахь, шена хIун ду а ца хууш, шен деган а, синан а кIоргенехь, наггахь лерсине а кхочуш, бекна, лекхабелла, цуьнан сагатдина, сахьаьстина мукъам бара хин йистера схьахезаш. Цуьнан лерсинна хьоме, дагна аьхна дешнаш а, мукъам а бара даго а, сино а дIахудуш. Ша садоIуш Iачу четар кIелахь, хьалагIаьттина, ладоьгIура йоIа…

Синна аьхначу мукъамо шена тIекхойкхура иза. Меллаша кевл араяьлла, леррина ладоьгIура йоIа кхечарех тера хила йиш йоцучу шен бераллерчу, шен хьомсарчу ненан мукъаме. Доггаха шен нене а кхойкхуш, мукъаме ненан мотт шена схьахезачу агIор едира йоI, и ду-кх сан ненан аз, хIинццалц хьенан, хIун аз ду а ца хууш, ас сайн деган къайленехь кхаьбна, къийлина, лардина, аьлла. Хин берда йистехь долчу диттан IиндагIехь охьахиъна, ша ага техкош йолуш санна, куьг хьалха а туьйсуш, охьаоьхуш б1аьрхиш а долуш, йиш лоькхучу шен нанна тIекхаьчча, йоьIан мохь белира: «Нана! Сан хьоме, сан хьомсара Нана!» – аьлла.


Ша сочинени ешна яьлча, меллаша куьг хьаькхна, шен бIаьрхиш дIадаьхна, шен нанна уллехь хиъна Iачу Аминатана тIе а яхана, Медни Нурдиевнас элира: «Схьайолахьа, и хьайн хьекъале хаза корта мараболлийтахьа соьга!» Зала чуьра адамаш а, Медни Нурдиевна сочинени ешна яьлча, шайн бIаьрхиш дIадохуш дара. ХьошалгIа веанчу яздархочо нанна, Хьавана а, Медни Нурдиевнина а доккха баркалла а аьлла, Аминатина совгIатна шен киншка елира…
Самукъане, адамийн дог-ойла иракарахIоьттина, хаза чекхделира Нохчийн меттан де, овкъаршлахь юхаденъеллачу Соьлжа-ГIалина юккъерчу школехь, Нохчийн мотт баьрчче а баьккхина.

Орга №2. 2021

11 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.