ГАУ «Издательский дом»

НЕНАН МАТТАНА АЬХНА БОЦЧУ МАХКАХЬ кхерчан йовхо гIийла хаало…

– Леча, ахь хьайн цхьана къамелехь, литература динна тIе тевжина хила еза, элира. Иза иштта хила дезаш ду, Дала мукълахь. Шен заманахь ингалс поэт Элиот а хилла оцу ойланна тIекхиъна, поэзин лакхене кхачар лоруш хилла цо и ойла… Хьан поэзи цунна масал ду…
– Вайн массеран а да – Адам (I.с.) ву. Дала (СТ), кхолла а кхоьллина, хIинца хьайна ма-луъу ваха аьлла, дIа ца хецна иза, мелхо а цунна, Ша магош дерг а, доьхкуш дерг а билгалдеш, цхьа дозанаш тоьхна. И дозанаш дин ду. Цунах гуш ма-хиллара, Дала (СТ) дуьххьарлерачу адмехь дуьйна вай динехь кхоьллина ду. Вайн да Адам (I.с.) пайхамар ву, хIетте а Дала (СТ) бина бехкам дуьххьара бохийнарг а ву иза. Цунна тIера дуьйна Делан (СТ) динан дозанашкахь совца ца хууш схьадогIуш ду адмаш. Пайхамарийн белхаш вай мах хедо безаш бац, уьш Делан (СТ) къайле ю, вайна масал а ду.

Цу масалний бен ца хьахий ас оцу вайн массеран а да волчух даьлларг. Тилвизор елахь а, кхиерг елахь а, и хIума йинчу дена дика хаьа, иза муха лело еза. И ала гIерта со. Вай кхоьллинчу Далла (СТ) дика хаьа вайна гIолехь дерг а, доцург а. Амма массо а заманахь оцу Делан (СТ) Хаарна дуьхьал адмо шен хетарш, моттарш даьхна, аьлча а, Дала (СТ) бохучунна букъ бетташ, иблисан, дуьненан, шен дегIан хьехамашна тIаьхьа дозуш схьадогIу иза. И шайн хетарш, моттарш (иблисан, дуьненан, шен дегIан хьехамаш) бакъдархьама, адмаша ца кхуллуш хIума ца дитна, изза литература а тIехь. Цу хIумнашна юккъехь литература, къаьсттина поэзи коьрта а ю.
Поэзера динан шовкъаш, синхаамаш (религиозное чувство) дIабовлар далхадо, со виц ца веллехь, ахь хьахийначу Элиота а. Терминологи хиларх ца тоьу, ийман (тешар) дагца хила деза. Дала (СТ) бохучух дагца тешачу наха ден некъаш дац, дуьне кхоьлличхьана, адмаша схьадеънарш.

Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) Iуналлехь цхьа кIеззиг зама еъна адмийн цхьа тоба нисъелла, и Пайхамар (I.с.в.с.) дIакхелхинчу деношкахь дуьйна и тоба а йоха йолаелла.
Нохчийн литература бусалба динна тIетевжина хила езий хаа, башха доккха хьекъал а ца оьшу. Муьлхха литература а, харц делахь а, бакъ делахь а, гуттар а цхьана динна тIетевжина хуьлуш ю. Дин доцчийн дин дацар а ма ду цхьа дин. Дин – иза шайн цхьана дуьнене болчу хьежамашна тIетевжина болу адмаша бен некъ бу. Бусалба нехан хIун дуьнене хьежам (мировоззрени), дуьненах кхетам хир бу, Дала (СТ) бохург бен? Делан (СТ) жайнашна тIетевжина доцчу цхьадолчу динийн векалша хьовх, массо философаша а ца боху (масала, Канта) хIокху вайна схьагучу а, вайн ган ницкъ боцчу а сила-а долчу Iаламатан цхьа Да вац-м. Амма Дала (СТ) бахкийтина хьадалчаш а, Цо (СТ) доссийна жайнаш а тидаме ца оьцуш, Цунна (СТ) тIе некъ бечу цаьргара эца хьекъал ца карийна суна.


Цхьаболу нах философин хьокъехь ас олучу хIумнах кхета лууш ца хуьлу. Адмийн юкъарчу культуран цхьа дакъа санна, философи йолуш юй, вайна а хаьа. Амма философина тIетевжина дуьнене хьежам (мировоззрени) ца оьшу вайна. Вай бусалбанаш ду. Философин кхин агIонаш а, декхарш а (функцеш) ду. Цу агIонашкахь, эца белахь, цунах пайда ма эца ца боху вай цхьаьнга а.

– Таханлерачу вайн литературехь хийцамаш бан беза аьлла хетий хьуна цу агIор?
– Язйина яьллачу литературехь, хьуна ма-хаъара, хийцамаш балур бац, бабелча а, уьш бан а мегар дацара, хIунда аьлча, литература – иза кхидолчуьнца цхьаьна вайн хиллачу дахаран, историн тоьшалла а ду. И тоьшаллаш вайна чIогIа оьшу, цхьана дозаллийн я цхьаъ емалдаран дуьхьа а доцуш, дуьххьалдIа тахна а, кхана а ваьш бан беза некъ билгалбоккхуш, гуттар нисбеш, царах пайдаэцархьама. Вуьшта, уггар хьалха айса а тIехь, яздеш бу бохучу наха шайн кортошкахь а, дегнашкахь а бан беза аьлла-м, хета суна, и хийцамаш. Дерриге а чулоцуш, доцца аьлча, бан безарг цхьа хийцам бу – ийменехь нисдалар.

Ах а, улх а – исламехь-м, дера, ду вай, амма ийманехь хилар яккхий шеконаш кхуллуш ду. Юха а ахь хьахийначу Элиота юьйцучу адмийн дегнашкара йовш лаьттачу (яйна алаза елахь!) оцу динан шовкъа (религиозное чувство) тIе йогIу ойла. Хьекъалца – хаар ду, тешар (ийман) – дагца ду. Ткъа деган ийман лаха, и динан шовкъ, синхаам, дегахьехам, доцца аьлча, ойла Далла тIе (СТ) яхна хилар доцург, кхин гIирс ца хаьа суна. Да-нана, йиша-ваша, доьзалхо чIогIа деза вайна. Ткъа Дела (СТ)? ХIорамма шен даге ладоьгIча, хуур ду и. Дела (СТ) везар Цунах тешарца бен хила йиш яц. Цундела кхоллало вайн ийманех йолу шеконаш. Делах (СТ) тешачу наха лелон хIумнаш дац тахна дуьненахь адмаша лелорш. Делан (СТ) дуьхьа, Иза везарехь, Цунах кхерарехь доцург цхьа а гергарло тIаьхьало йолуш дац. Цуьнан тоьшаллаш вайна, бусалба нохчашна, юккъехь а шорта ду.

Хийла воIа, йоIа дIатесна къена да, нана ду, дайн Iуналлера бевлла доьзалш бу. КхидIадолу гергарлонаш-м дуьйцур а дацара. Цу доллучо а гойтург цхьаъ ду: Делан (СТ) дуьхьа доцу везар а шена оьшшучул долу везар ду, шена ца оьшучу даьлча, дIатосуш долу везар. Ийманца доцчу цхьана хIуманан а тIаьхьало яц. ТIаьххьара де гуттар а къаьхьа хуьлу цуьнан. Достоевскис валаре вирзинчу минотехь аьлла хилла боху дешнаш дагадогIу вайна. Шен буьсучаьрга, шена Iаламат чIогIа дукхадеза шу, аьлла, боху, цо, амма шен безам хIумма а доцург ду шуна, Цуьнан (ирх пIелг а хьажийна) безаме диллича, Цунна тIе дерза.


Дидактически, хIунехдина, минехдина бохуш, цхьацца цIерш а тохкуш, литературехь, къаьсттина поэзехь жимма а хьехам болу хIума гIиллакхан, оьздангаллин дукъ ца дезачу наха дуьненахь а емалдеш ду тахна. Амма хьехам боцу хIума, мелла а схьаэца хьекъал доцу хIума, соьга хаьттича, бусулба нехан литература яц. Цхьа пайда, хIайра доцу хIума, и хIуъа делахь а, Дала (СТ) Шен лаьшна Iамо а, лело а магийна а дац.


И ойланаш хила еза аьлла, хета суна, вайн яздархойн. Цу ойланаша шаьш бийр бу вайн литературехь тIейогIучу хенахь хила беза хийцамаш, цуьнца цхьаьна вайна кхин цхьа хIума а хиъчахьана: нохчийн мотт – иза нохчийн мотт буй. Тахна дукхахйолу хIума, ма-дарра аьлча, уьш муьлхачу динехь болчу наха язйина ю аьлча, жоп каро хала хир долуш ю. Нохчийн дешнаш хиларх, нохчийн маттахь ю бохург а хуьлу дуккха а йолчу говзаршкахь шеконе…
Вай кхузахь вовшех бехкаш даха гIерташ дац, ваьш муьлхачу новкъа даха деза техьа бохуш, ойланаш йо вай.

– Iеламстага Арсанукаев Шайхин «Ненан мотт» цIе йолу стихотворени ешча, суна боккха кхаъ хилира, иза цо шега маттах лаьцна хаттар динчунна делла жоп дара. Мотт а, культура а, дин а цхьана тIегIане нисдан деза бохург. ДIаяханчу заманан идеологих дисна цхьа хетарг ду-кх вайн, динца доьзна мел дерг юьстах хила деза бохуш, Iедална а, искусствона а, юкъараллин дахарна а оцу харц кхетамо кхуллуш ю ахь хьайн цхьана стихотворенехь йийцина нийсо: «Цундела схьа мел гун нийсо – нийсо ю хиттина, хьекхна…», хIораммо шаьш-шайна нисйинчу нийсоно хIун дохьу вай гина ду-кх…


– Ахь вуьйцург Кадыров Хож-Ахьмад ву. Дела реза хуьлда цунна. Вайн Iеламнах иштта хила безара. Дин а, къоман вад а цхьаьнадузуш хуьлу цуьнан хьехам. Динна дуьхьалдерг, кхоам ца хеташ, дIа а хадош, шен къоман орам тIехь верза веза дине. Иштта ца нисделча, я большевикаш, я вайна бевзина «вахабисташ» вайх бан гIоьртина «интернационалисташ» хир ду вайх, аьлча а, я нохчий а хир дац дуьззина, цул башха я дуьззина бусалбанаш а хир дац. Ткъа, Дала (СТ) бохург дахь, вай бусалба нохчий хилла диса дезаш, ваьш Цо ма-кхоллара.
Суна чIогIа хазахета ахь и къамел хьахийна. Ахь цуьнан дина маьIна а – суна хеттарг ду-кх.

– «Вайн цIахь йисна бералла. Вай цIа дисна бераллехь…» – «Деган мохк – бералла ю вайн»… Цигара хьоьца хIун дисна? «Вон» лела виц-м ца велла хьо? Дийцахьа суна цу хенах…
– Ма-дарра аьлча, стагна шенна долчунна боккъал а долу дахар и цхьа бералла ю. З.Фрейдан хьесапашна тIе доьгIна, ца боху ас и. ГIа-бацо а, хиэ а, кхидолчо а йийриг санна, беро диннарг цуьнан Iамал йолуш, иза бусалба ду,

Дала (СТ) Шена тIедехкина кхин парзаш а доцуш. Цуьнан дена, нанна, да-нана доцуш делахь, муьлххачу а верасна тIедиллина Дала (СТ) и бер, бусалбаллех ца дохош, хьалакхиоран парз. Ас юха а боху, вайн бераллина гатдеш долу са вешан мацахлерачу цIеналлина, вешан дайначу «эвлаяаллина» гатдо. И ахь боху «вон» лелар – беран шен беран амалехь диса гIертар ду. «Цкъа а воккхахир волуш вац, – олу-кх цхьаволчу стагах. Со тешна ву и стаг оьшучохь мел воккхачул а воккха хилла карорг хиларх. ДуьххьалдIа цо шен бералла йиц ца йина-кх («Со вон лела виц ца велла…»). Дог дийна ду цуьнан. «Сийна-м ца дуьсу-те хьекъал, къеж-м ца ло техьа дог» боху терза ду ларочо ларош дерг…


Бераллера къоналле кхаьчча, галстукаш а йихкина, цхьа чIогIа лерина лелаш (къаьсттина Iедалан цIарах) нах хаабелира суна (уьш хIинца а болуш бу, тIаьхьа тIебаьхкинчех дIа а ийна, шайн дагахь, гIуллакхаш хIумма а вайчех тера а доцуш, дIатарбелла бохкуш). Сайна ма-хетта цаьрга ала дош ца карош со висна хан яра и. Веъана схьакхаьчначу барон Мюнхгаузена элира сан даггара и дош (Г.Горинан сценари тIехь М.Захаровс яьккхина, «Тот самый Мюнхгаузен» аьлла, фильм ю-кх). «Я понял, в чем ваша беда, – бохура цо, – вы слишком серьезны. Умное лицо – это еще не признак ума, господа. Все глупости на земле делаются именно с этим выражением лица… Улыбайтесь, господа, улыбайтесь!..»


Оццу Мюнхгаузена цу кино чохь дуьйцучу, Iуьйренан я суьйренан доцуш, дийнахь ялх сахьт дала йиш хиларх я мацца а май беттан ткъе шийтталгIа де кхочуш хиларх тешар санна, цу бераллех цхьацца хIумнаш дуьсу дагца. Массаьрца а ахь бечу новкъахь цу хIумнаша дукха когаш тийсаболуьйту, амма и некъ стенгара стенга, кхин а нийса аьлча, Хьаьнгара Хьаьнга бу, – диц ца долуьйту. Иза коьрта ду…


Шех бераллех дукха деха дийцарш хир дара муьлххачу стеган а дийца. Цунна хан тоьур яц. Ас хьоькхучу къоламашкахь юьйцург дукхахъерг бералла ю аьлла, хета суна. Кхин цхьа хIума а ду тIетоха: сан бералла, хи ма-хIутту бохург санна, шеца хила дезачу массо а хIуманца юьззина хилла, иза суна йиц а ца елла, мелхо а гена мел ели, гуттар а цуьнгахьа юхахьежа дог догIуш, герга а, гергара а хета.

– «Тийналла хазарх ца Iебаш,
тийналлин йилбазмохь хаззал
ладегIа Iеминчу синна
хьо, тийна делахь, ду хаза», – суна дукхадезаш дешнаш ду уьш.
«Тийналле» ладегIар муха хуьлу хьан?


– Тийналла а тайп-тайпана хуьлу, цхьалла а санна. Цхьалла а ма яц илла а билла а хьо цхьаъ ву бохург, иштта тийналла а яц гуттар а «мотт хаьлла», мелхо а цо бен, хIара ду аьлла хIума дийца а ца дуьйцу, соьга хаьттича. С.Образцовс гитарех аьлларг хьахийнера-кх вай цхьанхьа. Татоло а, дорсан цIаро а тийналлин мотт буьйцу. Мукъаме музик а (ткъа тахна дукхахъерг мукъам буцуш ю и), поэзи а тийналлера ю. ХIара тIемш, девнаш дуьйладалале хан яьллачу хенахь гIалин чиркхийн серлонашкахула хьевелла цIа вогIучу гIалахочун схьахезаш хилла когийн тата а тийналлера хуьлура. Сайн воккхахиллачу дас къамелдеш, тахна суна тийналла хеза…

Сан кхетамехь, тийналлин мотт мел буьйцу хIума дагардина а вер вац. ГIовгIанаш дукха яьржина вайн хенахь, цара тийналле ладогIа ца вуьту. «Кху Лаьтто ладогIа витча, Стиглано садоьIу хеза». И гIовгIанаш ю ас юьйцурш, Латта ша-м, хьаха, мукъаме ма дара. Дукха хьолахь, тийналла молла кхойкхуш хеза. Ламазан хан пхиъ бен яцахь а, доIанийн хан ерриге а ма ю. Со буьйсанна набъеш вац: дIавижна яйъа, буьйсанан хенах кхоамхета. Тийналлина жимма гергагIорта аьтто болу хан ю иза. Самах хуьлучу оцу цхьана ладегIарна а, цунах кхоллалучу могIанашна а, юха гIенашна а тоьур йолуш, сайна буьйса жимма яхйолуьйтур яра, сайн аьллар хилча. Амма…

Доладал ца хуьлу мел деха де а.
Ерзаял ца хуьлу мел еха буьйса.
Хетарехь, «гIунан тIам» дIахецабелла.
Хетарехь, схьалаца эрна сатуьйсу…

Хьал цахуучунна хIара хьерадаьлла къамел хетар делахь а, цхьаболчарна дийначел дийна, боккъал долчел а боккъал хIумнаш ду уьш.

– Заманан карчамашкахь яздархочунна вахар, атта дацахь а, цуьнан кхоллараллина пайдехьа ду аьлла, хетий хьуна, историн хиламаш шена ган йиш хиларна?
– «Поэт обязан жить в изгнаньи хотя б от собственной жены», – баьхначу В.Федоровна а дайна, дог дийна долчу яздархочунна, къаьсттана поэтана шена бала бан хIума мел паргIатчу заманахь а карор ду. Историн хиламех дерг аьлча, бакъволчу яздархочо эзар шо хьалха хилла хIума а яздо, олуш ма-хиллара, ша цигахь хилча санна. Делахь а шена зеделларг, шена гинарг, ша лайнарг яздархочун чIогIа мехалла ду. Цхьангга а хетта, леха ца дезаш, шена девзаш дерг яздан атта ду цунна. Оцу маьIнехь «заманан карчамаш» гар пайдехь хила мега яздархочунна.

Цул сов, цхьана баккхийчу хиламаша синхаамийн агIор а, кхетамна а Iаткъам бо, адамехь хIетталц ду-дац ца хиъна хIумнаш сама а дохуш. Делахь а, сан хьекъалехь-м, со яздархо ву аьлла ца боху ас и, чиноша (китайцаш): «Хийцамаш хуьлучу заманахь вехийла хьо!» – аьлла, буллу боху сардам боккъал а боккха сардам бу. Оцу карчамаша хIетталц шех а, шен къомах а, махках а хеттачух вохаво дог а, хьекъал а сема долу стаг. Шен иймане а, доьналле а хьаьжжина, Далла (СТ) а, нахана а гергахь дукха юьхьIаьржа ца хIуттуш чекхвала-м хьожур ву.

Иштта чекхвалавелларг декъал хилла стаг а ву. Иза ас сайгара бохуш а дац. Кегаречу заманашкахь шен са Iалашдинарг декъал хир ву аьлла, хьадис ду, боху, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.). Декъал хила хьакъ а-м ву!
Ахь хоьттучунна доцца жоп делча, баккхийчу хиламаша, халонаша, баланаша яздархочун синхаамийн, ойланийн «къолам» ирбеш хиларан-н
яц шеко.

5 129 комментариев