ГАУ «Издательский дом»

РАСУМОВ Ваха. Керлачу даржо «вахийнарг»

Цхьана юьртахь, цу юьртарчу цхьана хIусамехь, тховса хан яьллачу хенахь, йогуш лампа яра. Ширачу заманахь-м, хьаша-да тIеэца хIусам кийча юйла хоуьйтуш, латийна ю эр дара иза, амма тховса оцу хIусамера доьзалан цхьа «декъашхо» хьаша вуьйцучохь-м вацара. Иза иштта хилар цо лелочо гойтура.


Тутмакх санна, синтем байна, чоь юстучух тарвелла, паргIатчу боларца, дIасхьалелара Куьйра Хамзатович. Чохь къуй хьийзича санна, дIасакегийна кехаташ а дара. Къолам схьа а оьций, цхьаъ язъян волалора иза, юха ша язйинчунна реза а ца хуьлий, кехатца доьналла къовсий, цунах мутт даккха санна, буйнахь Iовда а Iовдий, охьакхусcура цо гIорасизниг.
Лелар-м дукха дезаш вара Куьйра Хамзатович. Ишколехь доьшуш волуш, цунна санна, шайн ишколан керт евзаш цхьа а вацара. Цундела хьехархоша цунах «ишколан хехо» олура. Куьйра оьгIаз ца воьдура. Оцу дешнаша цуьнан мелхо а самукъадоккхура, кхидолчу берашна хьалха ша лелочух цуо дозалла а дора.


Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин дашах самукъадолуш вара Куьйра. Цунна хазахетара Пушкин Александран а, Лермонтов Михаилан а, Горький Максиман а, Чехов Антонан а говзарш. Церан говзаршна юкъара хазделла могIанаш шен нийсархошна доьшура кхуо. Бераш цецдовлура Куьйрин похIмах. Церан цецдовлар кхин а тIе чIагIдеш, ша вовшахтесна дешнаш а доьшура Куьйрас царна.


Дешархоша шайн дахаран некъаш хоржучу хенахь, Куьйра Хамзатовичан ойла хьехархочуьнан корматалла караерзорна тIехь сацар а ларамза дацара. Цунна чIогIа хазахетара хьехархочуьнан болх. Оцу балхаца йолу уьйр-марзо чIагIйинарг церан оьрсийн меттан хьехархо Маржан Курумовна яра. Урок дIайолаелча сихха, тема дIа а язйой, арайолий, горгали беккалц, цо берашна кхин новкъарло ца йора. Шега ладогIа цхьаъ хилчахьана, эладита дийца-м бIо ца къажабора цуо. Къамелана иза тIера йолу дела, шайна юкъахь дешархоша цунах Маржан «Къамеловна» олура. Цунна хьалха бен ца олура цара Маржан Курумовна. Маржан «Къамеловнас» тIеIаткъамбар бахьанехь хьехархо а хилир-кх Куьйрех.


Филологин факультет, кхеран группера мехкарша кхунна хьалхара лекцеш а язъеш, чекхъяьккхира Куьйрас. Ша хьехархошна цатамбарна кхоьруш санна, цхьа а дош ца олура кхуо парехь. Дукхахйолчу паранашкахь, литература йиссалц, хIара хуьлуш вацара. ХIора денна цхьацца кхелхара кхеран. Шайн нехан хIу а дайина, лулахошна тIекхаьчнера Куьйра. Хьехархой а, студенташ а кадамаш бан ларош а бацара.
Куьйрин дешарца долу гергарло девзачу, философи хьоьхучу Тамара Исламовнас ца вуьтура хIара шен ойланашца аудитори чуьра генавала. Цуо, цхьацца хаттарш деш, зуьйра Куьйра. Иштта цхьана дийнахь, массо а паранашкахь санна, дог ца догIуш, философин паре веана хIара, хьехархочо дуьйцург ша дIаяздо моттуьйтуш, пайдехьачу йозанах шен тептар хьегош, элпийн куьцах самукъадолучу язолгана хIуьттаре еш, и кхидолчу элпех хьегош санна, «Аристотель» итт элп юх-юха язъеш, Iаш вара Куьйра. Тамара Исламовнас вуьйцучу Аристотелях кула яьллера кхунна. Хьехархо ша дуьйцучух тилорхьама:
– Тамара Исламовна! – аьлла, мохь туьйхира Куьйрас.
Ша-шех йоккхаеш, лекци йоьшуш йолу Тамара Исламовна ша юкъахъяккхарна резайоцуш, кхуьнан Iалашо хууш, буьрсачу озаца йистхилира:
– Дийцал, Куразов!
Кхин воха ца вухуш, дешарна тIера волчу студентан юьхь-сибат а дина:


– Аристотель ву иза я Арестотель ву иза? – аьлла, хаьттира кхуо.
Кхунна дукха оьгIазъяхана, кхуо иза хан яйа хоьттий хууш йолчу Тамара Исламовнас:
– Куразов, уьн тIехь язйина тема ца го хьуна? – аьлла, жоп делира, тIех оьгIазъяхарна, хьажа юккъе шад а хIоттийна.
– Ган-м гора, делахь а, «Арестотель» хила дезий-техьа аьлла, хоьттура аса-м иза, – элира кхуо, кхин воха а ца вухуш.
Кхуьнан эхь цахетаро собар кхачийначу Тамара Исламовнас, кхунна луург а дина, ара ца воккхуш, хьалхарчу парти тIе охьа а хаийна, пара чекхъяллалц лекци язъяйтира кхуьнга. Философица хилла ца Iаш, кхидолчу Iилманашца а яра цуьнан иштта юкъаметтиг.
Практикин занятешкахь Сократан дешнашца жоп лора кхуо хьехархоша шега деллачу хаттаршна: «Я знаю, что я ничего не знаю, но другие и этого не знают».
Иштта хIара шена деза Iилма лоьхуш лелашехь, дешарна билгалдаьккхина пхи шо, бIаьранегIар тухучу юкъана санна, сиха чекхделира.


Университетехь балхахь совца дог-ойла йолчу кхуьнан накъосташа чIогIа кечамаш бора, белхан меттиг лучу комиссина дикачу агIор тIеIаткъам бан гIерташ. Царах воьлуш, шу «коммунисташ» бохуш, царна Iиттарш еш хуьлура Куьйра. Амма цара вовшашка луш долу хаттарш, цара дуьйцучуьнца кхин бала бацахь а, иэс дика хиларна, царначул а гIолехь дагахь-м лаьттара кхунна. Кхуьнан доттагIчо Ахьмада, цецволий хоттура кхуьнга: «Оццул, буьйса-де а доцуш, ас Iамош йолу оьрсийн меттан бакъонаш а, литература а хьуна муха хаьа-те суначул а дика?» – олий. Куьйрас шен накъостийн хаттаршна шен кепара жоп лора:
– Iилма Iамо а хаа деза, – олий.

382 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.