ГАУ «Издательский дом»

БУРЧАЕВ Хьаьлим. Шайх-Мансур

Шен халкъан, Даймехкан а дуьхьа шайн синош дIаделла турпалхой дукха бу нохчийн къоман. Дагалецамашкахь, шай иэсехь церан цIераш схьакхачийна вайн дайша. Уьш бицбан бакъо а яц вайн.
Ишттачу нохчийн турпалхойх цхьаъ ву Алдара Шайх-Мансур. Иза дуьнен тIе ваьлла 1759 я 1760 шарахь Соьлжа-ГIалина къилбехьа йисттехь йолчу Алда-юьртахь (нохчаша БухIан – Юрт а олу цунах).


Ахархочун ШаIбазан доьзалехь дуьнен тIе ваьллачу цу кIантана Ушурма аьлла цIе тиллина. Шайх-Мансур цIе цунна елла цуьнан къоналлин шерашкахь. Шайх – бусалба динан Iилма кIорггера Iамийнарг, Мансур – толамхо. И ший а дош Iаьрбийн маттера схьаэцна ду.
Бераллехь дуьйна шен нийсаршлахь кхетамца а, амаллий, лааммий онда хиларца а билгалваьлла хилла Ушурма. Цундела массеран а лерам хилла, лаьтта тIехь хьанал къахьоьгуш, жа дажош леларал сов, бусалба динан Iилма а Iамош волчу цу къоначу стаге.
Нохчийн халкъан исторехь уггаре а чолхечех цхьаъ хилла 18-гIа бIешо чекхдолуш беана мур. Россин паччахьо кхочушдан сихдо дийнна Кавказ шен караерзор.


Нохчий, кхидолу кхузара къаьмнаш санна, бертахь баха лууш бара луларчу Россица, доттагIаллин, йохк-эцаран, кхийолу а беркате юкъаметтигаш а лелош. Амма паччахьан администрацин Iалашо яра: Кавказера латтанаш дIалецна, меттигерчу бахархойх, шайн ахархойх санна, цхьа а бакъо йоцу леш бан.ъ


Къоначу Ушурмас дIадолийра халкъана хьехамаш бар. ХIетахь иза кIорггера Iилма а долуш, Iеламстаг вара. Цо дIакхайкхадора массарна а юкъахь вежараллин юкъаметтигаш, гIиллакх-оьздангаллехь Iер-дахар хила дезар. “ХIора а адам Дала цхьатерра бакъонаш йолуш кхьоьллина ду, цундела цхьана а паччахьан я элийн бакъо яц мискачаьргара латтанаш схьадаха, царна ницкъ бан”, – бохура Шайх-Мансура.


Нуьцкъаша шен лаам халкъашна тIебожош догIучу паччахьан Iедална резабоцу ламанхой тIамца дуьхьало ян буьйлало. 1785-чу шарахь дIаболало ламанхойн гIаттам, Алдара Ушурма коьртехь а волуш. ХIетахь халкъо аьлла цунах Шайх-Мансур, иза Нохчийчоьнан, ерриге Къилбаседа Кавказан а имам дIакхайкхош.
Шайх-Мансуран эскарехь хилла: нохчий, гIумкий, хIирий, эдагой, чергазий, гIебартой, эбазой а. Имам Шайх-Мансур коьртехь волуш ламанхоша шайн маршонехьа дIаболийна къийсам пхеа шарахь лаьттира. Майралла а, доьналла а гайтира цу тIамехь Кавказера къаьмнаша, хIетахь дуьненахь уггаре а боккха ницкъ болчу пачхьалкхана дуьхьало еш.


И гIаттам ламанхой оьшуш чекхбелира. Церан баьчча Шайх-Мансур, оьрсаша туркошкара Анапа гIала схьайоккхуш хиллачу тIамехь йийсаре а лаьцна, деа шарахь Шлиссельбург гIопан набахтехь валлийра. Ламанхойн баьчча Шайх-Мансур, дохко а ваьлла, шен некъах ца вухуш, набахтехь дIакхелхира.
Сийлахь-лерамечу Шайх-Мансуран цIе гуттаренна а йисна нохчийн иэсехь. Нохчийчохь цуьнан цIарах урамаш ду ярташкахь, гIаланашкахь. Нохчийн, кхечу халкъийн а яздархоша, Iилманчаша а цунах лаьцна дуккха а исбаьхьаллин говзарш язйина, Iилманан талламаш бина.

Стела1ад №3. 2020

814 комментариев