ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. Дийцарш

Суна гIала ца евзара.
ГIала йоккха яра.
Ас урамаш дагардора, цIерш а цхьаьна, лоьмарш а.
Со дукхох гIаш лелара.
Аьчкан некъ хазахетара суна, цу тIехула дехьавуьйлуш, дехьа Iохку аьчкан некъаш, цхьанхьа генна дIадовш долу… цара ойла дIаюьгура…
Со цаьрца иштта дIаоьхура, гIаланашкахула, ойланашца, яккхий сирла йогучу, цхьанхьа генна, генна дIа, дуьненан йистошкахула, са мел ду, сатийсам а…


Жималла чIогIа хала хиллера, хьайн дерриг а ду а моьттуш, цхьа хIума а дан а доцуш.
Суна буса наб ца кхетара, цхьа кура йоI дагахь лаьтташ, тхайн жима юрт, баьццара арц…
Сан дешарца уьйр яцара, суна деша ца лаьара, сайн лаьмнаша дIакхойкхуш, со жаца лелла лекха лаьмнаш: Хилдехьара, ТIерийчуьра, БIовлара а, кхин а дехьара, ойла Iадийна хазалла церан, церан куралла, цадашар, бIаьштиг тIе тотту куй санна, аркъал а ихна лекха кортош.
Малх чубузуш, са хебара, ойла юткъалора, эккха санна, ойла цхьанхьа дIайоьдура, цхьана панахула, пана махка, ворхI вешин йиша ехачу, элан йоI, паччахьан…


Со динахь хуьлура тIаккха, йоI-бIаьрг санна, Iаьржачу динахь Iаьржачу буса цу лаьмнашца, цу тархашца, бердашца, бохь лекхачу гIали чуьра ворхI вешин йиша ядийна, тIаьхьадаьллачу орцанна некъ тилийта, га а кагдина – некъан йистерчу диттан га, – кхечу гечошца дин чехош.
ЙоьIан цIе Сарха яра, суна езачу йоьIан цIе, «Чеховкехь» болх беш йолчу, ас хIора буса «ядочу» я Iехош, тилийна тхайн жимачу оцу кIотара юьгуш, цIенкъа лаьхьа боьжча санна, сайн нана-миска цецъяккха, дега – гола тIе ког кхуссуш – куро мекх хьовзадайта.
Суна сайх къахетара и йоI гича, и кура йоI, цуьнан сонта и хьажар, ц1оцкъамийн хIазарлахь цадашаре хьоьжу бIаьргаш, чекх са гуш кIайн деха лаг, хенашца ловзу мас-кесарш, хи тIехула гила кема санна, некъан тир тоьгу болар а дайн.
Со сарахь воьдура цига, хIора сарахь «Чеховке», и йоI ган, цунах бIаьрг туоха, сайн дагах суй беш, мокхазан суй буйнахь къийла.


ЙоI ца гича, юхавоьрзура, циггара гIаш, Минутке (сан цигахь лаьцна чоь яра, педучилищехь доьшуш волчу), волалой, сайн ойланашца, сатийсамашца, Соьлжа хина тIехволуш, трамвайн корашкахь гучу нахе дIа а хьоьжуш.
Со хьоьгура цу нахах, сайгахь болу бала боцчу.
Юха вужура, чу кхоччушехь, маьнги тIе, дIакхеташ, нийсса аркъал, сайн ойланашца.
Иза дуьхьалара ца йолура, и кура йоI, Сарха, цуьнан сонталла, куралла цуьнан, меран тIемашца дайн доьIу са, экханан сецна хьажар, негIаршна бухахула керча даккхий, сирла, сийна бIаьргаш, догIанах цIанъеллачу стигланах терра, хьаьъна, тийна.
Суна Iуьллушехь набкхетара, еша дагахь схьаэцна киншка когашкахь а караеш.
Iуьйранна юха деша воьдура, Iамийна цхьа элп а доцуш.

Со гуттар а зала чохь Iара, «Чеховкин» зала чохь, шоллагIчу гIат тIе волуш. Муьлхха а – бен йоцуш – цхьа киншка схьа а оьций, юьстахуо дIатабарца, Сархина тIера бIаьрг а ца боккхуш.
Исс сахьт даьлча, буьйсанна, библиотека дIакъовлура. Со гIаш – айса мехах лаьцначу хIусаме дIавоьдура, циггара дуьйна гIаш волалой, Минутке дIакхаччалц, Сархин юьхь-сибат, дуьхьалара кхин дIа а ца долуш.


Хаза хуьлура, чIогIа хаза, Iаьнан буса, шелехь, хьайн безамца хабарш а дуьйцуш.
Хьо меллаша гIаш цIа воьдуш, уллехула тIехъюьйлучу трамвайн чуьра нах а гуш, дуьхьал наггахь стаг а кхеташ, стогаран серлонехь лаьтта оьгу лайн чимаш а.
Суна хIетахь Сарха сайх кхета еза моьттура я, боккъал а, кхеташ санна, ахь хIинца санна – хьайн дагахь ма-хиллара, – воха а ца вухуш, дерриг а дIадийцичахьана. Ас тIаккха чIагIо йора хIоразза а, со иштта гIаш цIа вогIуш, кхана, Дала мукъалахь, иза балхара араяьлча, ас, хьаьккхина тIе а а вахана, цуьнга…


Циггахь юха чIагIо йовра, «ас тIе а вахана, цуьнга» оллучохь, кхин дIа муха я хIун ала деза а ца хууш.
Хаа-м хаьара, эхь хетар-кх я ма-дарра бакъдерг аьлча, ца хIуттур-кх… йоI езаш хилча, хала хуьлуш хилла-кх, тIе а вахана, цуьнга, хьо суна еза, аьлла, юьхьдуьхьала дIаала…
Ас цуьнгара еша киншкаш иййора, иза балхахь йолу хан а хоржий. Киншкаш тайп-тайпанчу авторийн йоьхура ас, ерриш а аьлла, безамах а йолуш: «Мартин Иден» Джек Лондонан, «Дженни Герхард» Драйзеран, «Прощай, Оружие!» Хемингуэйн, кхин а, кхин а йоьхуш.
Сан ерриге а делкъалтIаьхье библиотекехь дIайолура, Сарха ца хилча, гIали юккъехула гIаш, ваьлла а лелаш.


Цхьана дийнахь иза ца гича, Iан а ца велла, хаьттира ас: «Сарха тахана хир юй?» – аьлла.
Цомгаш ю элира соьга метишкано: «Она на больничном, неделю ее не будет», – олуш.
И кIира ас хала даьккхира, когаша библиотеке дIаийзош. Нисса кIира даьлча вахара со, ворхI дийнахь гIала толлуш а лелла, ца хууш а Сарха дуьхьалкхетахь, цуьнга вистхила чIагIо а йолуш.
Сарха яцара я хьалха суна гина хилла метишка а, кхин йоI яра, нохчийн йоI, карахь цхьа киншка а луьстуш, Сархин гIантахь Iаш.


– Киншка хаза юй? – хаьттира ас, суьйре дика йинчул тIаьхьа.
– Ца хаьа, кхузахь хуьлучу йоьIан ю-кх хIара, – элира цо, – со балха еана кIира а дац… хьуна хIун оьшура? – хоттуш.
– Сарха яц? – делира соьгара.
– Яц. Хьуна хIун…
– «Триумфальная арка» Ремаркан – элира ас, цуьнгарчу киншкане бIаьрг а тухуш.
Бальзак вара, бархIалгIа том, сийна обложка а йолуш. Ремарк схьа а эцна, охьахиира со, айса иза ешнашехь кхин цкъа а дIасалиста – цхьацца меттигаш товра суна цуьнан, къаьсттина чаккхе а товш.

6 441 комментарий