ГАУ «Издательский дом»

МУТАЕВ Муса. Ваха

Роман
(Йуьхь)

1

1960 шераш ду-кх хIорш. Цу шерашкахь Иркутске вахар нисделлера сан. Нийсса аьлча, цу шарахь дуьххьара ахча даккха ваханера со. ХIетахь ца хаьара суна, Ваха цIе йолу стаг Сибрехахь ца везий. ХIунда аьлча, сан цIе йаьккхича, лецна, набахтехь Iийна нах а, къаьрзинчу бIаьргашца хьовсура соьга. Царна, шаверриге а Ваха цIе йолу нохчо, Вахех тарлора, йа Ваха вевзаш хила веза моьттура. Со цхьана цIерпоштан цIа чохь къуйшца нисвеллера. Цхьанхьа-м воьдуш кхо къу вара. Ткъа со нохчо вуй хиъча, уьш, шийла белакъежаш, лерина соьга хьоьжура. Эххар соьга хаьттира цхьана къуьно «Ваха вевзий хьуна?», – аьлла. Ас, дагахь хIума а доцуш, вевза элира. Мел дукха бу Нохчийчохь Ваха цIе йолуш болу нах! «ХIун деш ду и зуд?» – аьлла, хаьттира шолгIачо. ГIеххьа халахийтира суна. Нохчочунна и саннарг аьлча, халахийтира. Цара хIунда аьлла ца хууш, халахийтира. «Цхьа халахетар дина хир ду-кх Вахас!» – бохуш, садетташ Iийра. ТIаьхьо-о кхийтира. Нийсса аьлча, тIаьхьакхиира. Вахица чубоьхкина Iийна нах леха волавелча, тIаьхьакхиира со. Ткъа Ваха ца вевзаш Нохчийчохь стагга а ца хиллера, со воцург! Цунна тIаьхьаваьлла лелаш, кхийтира со цунах а. Ас хIинцца охьайуьллу шуна Вахин сил-сил, аьлча а, цунах лаьцна дахаран йеха сил-сил.

2

Чум станце хьаннийн варшашкахь буто некъ боккхуш, болх беш тутмакхаш бара. Хьаннаш охьайетташ. ГIорийна латта тIекIелдетташ, бердаш цоьстуш. ЦIийх буьзна ши бIаьрг къегаш, тутмакхашка нана-борз хьоьжура. Ткъа тутмакхаша, гIорийна варзап лаьттах а йетташ, тергал ца йора нана-борз. Ткъа цIийх буьзна кийра бузош, цхьана хьаннийн варшашкахь, аьлча а кIажахь, сих-сиха бетах хьарчийна горгам хуьйцуш, болх бора Асвада. ГIаддайна. Меца. ГIора кхачийна. Къинхетаман цхьа зирх бисна боцчу тутмакхаша вовшийн тергал ца бора. Церан бIаьргаш чохь буьйса йара. Къинхетам дIабаьлла буьйса. Тутмакхаша бегашена а вовшашна гIо ца дора. ДIаьвшах дуьзна дара церан дегнаш.
– ХIа-а-а! Охьадахийта дитт! – тутмакхийн аьзнаша хьун Iадийнера. – ХIан, хIан охьадогIу шуна!


Кхин хезаш цхьа а дош дацара. Асвад, голаш тIе а хIоьттина, болх беш вара. Когашкахь са дацара. КIадвеллера. Дитташ йуккъехула цхьа хаза серлонан аса йу схьайетталуш. Кхунна-м гуш йац иза. ДIо генахь стигал йу. КIайн мархаш йу. Гонаха адамаш. ХIорш-м адамаш дац! ЖIаьлеш ду. Меца жIаьлеш!.. ЦIаьххьана охьавужуш, Асвадан йуткъа йуьхь го. Усайрин йуткъа йуьхь. Йуха Зайндин ши бIаьрг го. Зайндин гIийла ши бIаьрг гина. Зайндин гIийла йуьхь гина. Генара. Цхьа къинхетаме са чуоьзна. Iуьйранна тхиша дожийна цIен-зезаг санна, тешнабехкаца букъ йуккъе диг тоьхна, Асвад охьавоьжча. ЦIаьххьана. Цхьа тамашена, стиглахь мархашна йуккъехула, цхьа йуткъа, йуткъа йуьхь гучуйолу. Дада. КIайн маж а йолуш. КIайчу маж тIехула куьг хьоькхуш. Асвадан сингаттаме са тохало. Синхьийзаме са деттало. Син тIехь ненан бIаьрхиш. Буьйда. Ненан баьццара туьтеш кхозуш ду. БIаьстенан беца тIера схьайетталуш хьожа. Хьожа зезагийн тхишца цхьа тамашена йетталуш йу. Цхьа хаза… Хин йисте садаIа охьахиина бер санна, сингаттаме… Синхьийзаме. Йуха воккха стаг, Iаса хьалха а луьйзуш, некъ лоьхуш. Асвада бIаьрса буйна доьллина. Ткъа Асвад-м дегаза ву. Иштта ша вожарна йуьхьIаьржа ву. Детталуш долу дог готтачу къамкъарган къурд бууш… Буьрса буьйса. Чухта туьйсуш. Чучча ши ког а бахийтийна, воккха стаг санна, пхьор даа охьахиъна. Йетташурин бога хьалхадиллина меца стаг санна, сутарчу гайно ши бIаьрг тIе-кIел а кхуссуш, кхозало цхьа меца ойла… Iаьржа кемсийн кенаш санна йолу буьйса дIатевжа…

ХIинца Асвадан сатийса дог дацара. Йа хIун хилла хаа а ца лаьара. Йа лаза ца вора. Цхьа а Iалашо йацара. Цхьа де дацара. Цхьа Iуьйре йацара. Йара, чот йайна, ша йерриге а хан. Кхин дан а дац. Кхин дан а дац цхьа а дика. Кхин дан а дац цхьа дика а, вон а дисна. Кхин дан дац цхьа а хIума. Цхьа гIайгIа йу-кх. ХIинца цхьа некъ бу-кх! Тутмакхаша хьаннаш йуккъехула буьллуш болу некъ бу-кх! ХIинца цхьа тамашена, гIайгIане. Дуьненах ма чIогIа сакъералуш вара Асвад. Ма чIогIа сакъералуш вара. Мича дахана иза? Мича дахана? Мича йахана синкъераман шовкъ? Мича йахана? Шийла дарц хьоькхура. Арахь бутт. Баттаца цIесташ, Обь хинан тулгIенаш керчара. Буьйда бутт бертал кхийтира. Асвад верриге вегош вара, меттавогIур а воцуш. Йа тахана, йа кхана, йа лама. Нохчаша, айина, ша барака чохь метта охьавуьллуш, да виса бохуш, ойланаша кIежтуьйсура. Да виса хьан, ДегIаста! Да виса, хьан куьг схьалаца! Цкъа! Цхьанна а ца гойтуш! Да виса, хьан марахь карча. БIаьргаш дашош. ГIенаха. Самах. ХIинца. Кхана. Да висарг, готтачу стигалан экъан тIехь агIорвала. Дависа, хьан марахь набйан. Йа буьйсанна гIатта. Хан йаьллачу хенахь кор тоха. Нана, дIайеллахьа неI! Мохь тоха. ХIинца цаьпцалган ловзарца, лайн чимашца гIуьттура, Асвадан гIорийна дог дашош, бералла. Цу бераллин махо хоршанца схьалоьцура Асвадан бIаьргийн негIарш. Ткъа Чум цIе йолчу лагерехь хан токхуш, ворхI шо дIадаьллера. Шийлачу дарцехула эчиган некъ буьллуш, йерриге могушалла дIайаьллера. Асвад-м цхьалха вацара. Лагершкахь эзарнашкахь нах бара чубоьхкина.

Йерриге а Сибарех лецначу нахах йуьзна йара. БIе стаг чохь воцуш лагерь ца карайора. Эзарнашкахь адам дара советан Iедало хьийзош. Тутмакхаша тохкуш тIайш дара. Дохкуш керла некъаш дара. Шийлачу дарцалахь охьайетташ хьаннаш йара. Цхьайолчу лагершкахь ткъе пхи эзар тутмакх хуьлура. Цхьа а вацара шен дахарх хиндерг хууш. Цхьа Дела воцург! Собарца цхьа Дела вара кхаьрга хьоьжуш. Кхара лелориг гуш. Кхара дойу адамаш гуш. Малх боьлхура. Бутт орцане бара. Адамийн хьожано эккхийна лелош Iалам дара. Акхорай а, хиш а, хьаннаш а шадерриге а орцане дара. Шадерриге Iадийна. ГIо доьхуш. Нохчашна кхаьчнарг къаьсттина къиза лагерь йара. ХIетахь Воркутахь бIе сов лагерь йара. Кху Воркутахь хир йацара кхул сийдоцуш лагерь. ЧIогIа меца лагерь йара Чум лагерь. Йистйоцу эчиган некъ бахбеллера. «Iожаллин некъ» аьлла цIе тиллина, чIогIа хала болх бара иза. Ахьйадана уллехь болх беш немцой а, японцаш а бара. Иштта, тIамехь йийсаре балийначу немцоша а, итальянцаша а, японцаша а, Сибрехахь йолу лагерш I948 шарахь тIанкъ аьлла йоьттира. Японцаш беза болх бан хууш бацара. Уьш чIогIа шеллуш бара. Цундела, мозий санна, леш бара. Немцой дика белхалой бара. Царна кор а, неI а дан а, тхов тилла а хаьара. Корматалла йолуш пхьераш бара уьш. Амма жоьлкаша немцой а, японцаш а болх бан ца буьтура. Кхарна бахбеллера Iожаллин некъ. Церан дегнаш лелхаш дара, ца кхеташ. Ца кхеташ. Шаьш хIун деш ду ца кхеташ! Вовшийн хеттарш дора: «ХIун дан гIерта Iедал кху некъах?! Цкъа иштта боккху! Кхана кхечу агIор дIаболабо!»

Асвадана, кешнашкахь санна, къинош къестош хетара хIара некъ: цхьа дакъа кху кешнашкара вукху кешнашка кхоьхьуш, вукху кешнашкара дакъа кху кешнашка кхоьхьуш. ХIорш ма чIогIа къахьоьгуш бу?! Гой хьуна?! Гуш буй хьуна?! Адамаша, эмкалша санна, гихь дIатекхабо эчиган некъ. Къинош летийна синош эмкалийн баккъаш тIехь жагIа а, гIум а дIакхоьхьуш. ДIа а, схьа а. ДIа а, схьа а. ДIанехьа хIун ду?! Схьанехьа хIун ду?! ДIо каш чохь хIун ду? Кху каш чохь хIун ду? Цхьа латта! Йистйоцуш, дIа а, схьа а идош. Гуш цхьа а хазахетаран дуьне дац. Лагерш. КIохцалган керташ. Дешаш дац тутмакхийн дегнаш. Тутмакхийн догIмаш гIорасиз ду. Йуьхь-сибаташ гIийла. Сенделла балдаш. Цим тесна балдаш. Мекхаш гIорийна. Чахчийна. ГIаддайна хьежар. Iаь. ДегIан Iаь. Аьзнаш шадерриш а дера. КIеда дош дац хезаш. Ткъа олу дош экаме. Терзан тIехь оза дезаш. Деха дозо. Дехьа-сехьа салтийн чардакхаш. Японцаш охьабетталуш. Леш. Царах боьлуш. Кхаьрдаш. Боьмаша японцийн йаьххьаш цхьа тамашена, цIазамаш санна, цIен-Iаьржа. КIеда-меда. Церан малйелла голаш вовшахйеттало. Амма лагерехь кхин цхьа нах бара. Цхьа боьха, цхьа Iаьржа дегнаш дина, мокха-боьмаша духарш а дуьйхина, хечин когаш эткаш тIехула охьахецна лелаш… Уьш къуй бара. Буьзна. Шаьш лагеран дай хеташ. Шаьш динарг дохо аддам а дац моьттуш. Цара-м Iедал къардинера. Царна хIун дан деза ца хууш, гIайгIане дара советан Iедал. Амма I930-чу шерашкахь этапашца схьакхехьа болийнчу нохчий тутмакхаша къуйн дахар дохийра. Сибрехахь дукха нохчийн тутмакхаш гулбелира. Уьш, ДегIастанера I944 шарахь нохчий цIерабаххалц, этапашца итт, пхийтта, ткъа стаг дийнахь а валош, схьакхоьхьуш бара. Царна оьрсийн мотт бийца ца хаьара. Йа советан, йа паччахьан, йа къуйн, йа кхидолу низам девзаш бацара уьш. Йа довза лууш бацара. Уьш дегнашца а, дахарца а, боккхучу когаца а, олучу дашца а маьрша нах бара. Шайна тIехь олалла дезаш а бацара.

Йа, бакъдерг дийцича, дойтур долуш бацара. Нохчаша къуй тергал ца бора. И лагеран хьаькамаш тидаме ийцира. И дезаделира лагеран хьаькамашна. И ца гуш ца бисира кхечу къаьмнех болу нах а. ДогIмаш андий долуш нах бара уьш. Наггахь верг бен нохчашлахь гIийланиг ца нислора. ДегIана эгIазаверг чIогIа ларвора нохчаша. Уггаре а дукха итт-пхийта нохчо цхьаьна нислора лагершкахь. Кхечу къоман эзар-эзарнашна йуккъехь итт-пхийтта стаг. Атта болх къовсий, тутмакхийн сих-сиха девнаш довлура. Селхана доккха дов делира, къуйша виъ нохчи а вуьйш. Нохчаша къуйн масситта стаг вуьйш, дов, Iедал йукъадаьлла, дIатийра. Селхана даьлла дов, куьйгашца тотту тIулг кхоьхьу ворда къевсина, даьллера. Асвадан йуьртахочо Вахас, тоьхна, цхьа гIазкхи тутмакх йуьхьаравахийтинера. ТIаккха гIазкхичуьнгахьа гIо даккха веана цхьа къу вожийнера. Нохчашлахь воккха волу Асвад тIах-аьлла хьовзарна, дов дIатийра. Делахь а, хIинца а дов сийсаш дара. Iедална къуй кIордийнера. Царна дуьхьалбаккха ницкъ ца карош, ойланаш еш, йаккхийчу лагеран хьаькамаш бара. Ерриге а Сибрехара лагерш карахь йолу хьаькам Кун, холчахIоьттина лелара. Цуьнан собар кхачийнера. ХIунда аьлча, шолгIа шо дIадоладеллера, Чум йолчу кIоштара Лабытнинге кхаччалц болу эчиган некъ чекх ца болуш. Ши бIе чаккхарма йукъ йара иза. Цул совнаха, белхалошна йукъахь къуйша лелош долчу питанаша болх шера дIабаха ца буьтура. Къуй, лагерш маьршайаха гIерташ бу бохуш, тIекхоьхьуш аьрзнаш дара. Уьш массо дийнахь лагеран хьаькамаша кхоьхьуьйтуш долу кехатан аьрзнаш дара.

3

– ХIун дисна вайн кхузахь? – бохуш бара цхьаболу эпсарш, – Алийша? ХIун дисна? Алийша? Довдийтийша вай! Йисахь, лагерш йуьсур йу-кх вайх!
– Бакъду иза! – тIетадора кхиболчу эпсарша, – Сийна стигал йуьсур йу шуна! Ткъа латта ша ма-дарра Iаьржа дуьсур ду. Довдийтийша вай!
Амма полковник Николай Пивваров сих ца лора. Цхьана хIумане сатуьйсуш Iара иза. Асвадан-м хаьара иза. Полковник Пивваров дагавуьйлура кхуьнах. ХIунда аьлча, Асвадан цIа гIерта дог, къамкъаргах шед беш, хьалагIертара. ГIатта ца луш. Сийсара диг тоьхна, чувалийна, Iуьллура иза. Цхьадика, йоккха чов ца йеш, кхеттера диг. Уллехь долчу диттан гаьннаша новкъарло а йина, Асвад дийна виснера. Бакъду, цул тIаьхьа нохчашка сеца ца луш, чуиккхинчу Вахас, меженаш кегйеш, диг тоьхна тутмакх охьавиллинера. Иза къуйн хьадалча хиллера. ХIинца лата кечлуш бара къуй. Асвад, шен пIелгаш дIадаьхначу шина коге хьоьжуш, Iуьллура. Цхьа эзар шовзткъе шолагIчу шарахь Печора цIе йолчу хина тIехула тIай туьллуш, гIорийна, когийн пIелгаш дIадаьхна вара иза. ХIетахь цигахь болх беш тутмакхийн Iаьржа бода бара. Йуьхьанца Асвадана, шадерриге а дуьне Печорана тIехула тIай тилла чудоьллина ду, моьттура. Цигахь болх беш ткъех эзар тутмакх вара.


Ткъех стаг ца леш, де дIа ца доьдура. Дуьненчохь йолчу пачхьалкхашкахь хаарна кхоьруш, Сибрехахь йолчу лагершна машаран цIераш тохкура. Бакъду, лерсинна хезаш кIеда цIераш йелахь а, лагершкахь хIоьттинарг къизалла йара. Йа даа, йа тIедуха, йа садаIа а Iедало тутмакх вуьтуш вацара. Йуха Воркутара Чум лагере схьавалийра Асвад. Чум кхузткъа километр генахь йара Воркутана. Кхузахь кхин а чIогIа къизалла хIоьттира. Тутмакхаш, мозий санна, леш бара. Ткъа Iедалан бала бацара, бIеннашкахь адам дала доьжча, йа цомгуш хилча а. Iедалан коьртаниг болх бара. Iедална коьртаниг – шийлачу уьшалшна тIехула дохкуш долу некъаш, доккхуш долу деши а, кIора а, эчиг а, тохкуш долу тIайш, хьоькхуш йолу хьаннаш а йара. Асвадана хаьара, ша кхузахь шин шаре вер воцийла. ХIинца хаьара цунна, дахар дIадаьллий. ДIадахна. Дедда, дIадахна. ХIинца-м цхьа а вацара. ХIинца цхьа вацара, цуьнга са ма гатде ала а, вистхила а. ХIинца хаза а, оьзда а дийца цхьа хIума ца диснера. Цхьа хIума ца диснера… Ткъа сих-сиха полковнико Пивваровс вада ойла даг чу туьйсура. ТIаккха, кхаъ хилла хьоза санна, айаделла са, синхьийзаме охьалахделлачу гаьннашка хьоьжура, охьахаа дог хилла. Хьаж тIера хьацар дIадалале дIадала дезаш долу декхар санна, дилха дог кхузара дIагIертара. ДIауьдура. ЭхI! Иштта! Иштта бен хуьлуьйла дарий иза? ХIа? Алахьа?! Хоьттура цо шен даге. Иштта шен дотагIчуьнга Пивварове хоьттура. Вукхо доцца: «Вада веза , Асвад!» – олура. Кхин дан хIума доцуш вара иза. ХIинца полковникан са ког ма-ббу дIагIертара. ХIинца цхьа а Iалашо йацара. Дагахь кху лагерера вадар бен, кхин цхьа хIума дацара. Цхьа де а дацара. Цхьа сахьт а дацара.

Цхьа минот а йацара синна маьрша. Полковникан хьажар дацара. Цуьнан велавалар дацара. Цуьнан бIаьргашца дацара цхьа синтеме сацар. Ца хаьа, и хIун дара. Ца хаьа цхьанна а, и хIун дара. И хьажар хьенан дара. Иза нехан дара-теша?! Иштта моьттура Асвадана. Йа цхьана хьажар тIера даьлла хьажар дар-теша? Цкъацкъа полковникан цIоцкъамаш кхиссалора. Цкъацкъа, дешнашца чIагIлуш, вистхуьлура. Цкъацкъа, дешнашца чIагIбелла шед бостуш, дов доккхура. Йуха, сецо-ош, и хьажар, цхьана кIажахьа Iара. Цхьана Iуьйранна, шен гIорийна хьажар цхьана кIажара ойуш, цо меллаша эккхийтира:
– Асвад, Iа тIедале довдур ду вай!
ХIинца Асвадана хаьара, мичара йара полковникан гIайгIа. ГIорийна хьажар мичара дара. ХIинца хаьара Асвадана, мичара дара хазахетар. Йа мичара деана и собар. ХIинца хаьара. ХIинца хаьара Асвадана. Цхьа тамашена полковнике хьоьжура иза. ХIинца полковникан бIаьргаш чохь цхьа тамашена лазарш дара.
– Асвад, вайн дахар зингатан мехха ма дац! – элира цхьана дийнахь полковнико, Асвад, ойлане а ваьлла, гича, – Зингатта-м буьйсанна чудоьрзуш хила мегара… Вай-м ма дац буьйсанна чудерза йиш йолуш… Вайн хIусамаш шера аренаш йу-кх!


Асвад кхетара, полковник хIун ала гIерта. Полковнико вада сацам бинера. Амма кхузара цкъа а ведда стаг вацара. ХIунда аьлча, маьрша беха нах цхьа эзар километр генахь бара. Бакъду, гонаха сеш дажош ненцаш боцурш, кхин Iаш нах бацара. Уьш а Iедало кхерийна бара. Цара ведда стаг, шаьш схьалаьцна, дIалур вара. Теша хала дара, Чум лагерера стаг водур ву аьлча. Гонаха, ког баьккхинчохь, кIежтуьйсуш, боьха хьожа а йетталуш, уьшалш, йаккхий, шийла хьаннаш, шера, лайх йуьзна, аренаш йара. Хьалха, керташ йоцчу хенахь а ца бевддера кхузара тутмакхаш. Йуьхьанца, I920 шерашкахь, лаьцна схьабалош болу тутмакхаш, шаьш-шайна гонаха кIохцалан сереш тосий, шерачу аренашкахь четарш чохь охьаховшура. ТкъолагIчу шерашкахь лецначу нахана харжаш йан аьтто бацара. ХIетахь баракаш йацара. Уьш лецначу нахах тера бацара. ХIунда аьлча, тутмакхаш ларбеш йеа маьIIехь дIахIиттийна салтий тIехь болу чардакхаш дацара. Уьш ларбеш бацара, хIунда аьлча, кхузара ведда тутмакх гена гIур воций хууш. Лецнарш ларбеш болу салтий шаьш а бара четарш чохь Iаш. Iедална, харж йан а ца оьшуш, атта дара иза. Цул совнаха, Iедална меттиг хийца атта дара, тутмакхаш болх бан оьшшучу дIахьажо. Тутмакхаш лаьттах йаьхначу тоьланаш чохь, четарш чохь а Iаш бара. ХIетахь дIадолоза дара Печорана тIехула тIай тиллар. ДIадолоза дара тIулган некъаш а. Ахка йолоза йара деши, кIора, эчиг а доккху шахташ. Тутмакхаш шелонех ларбелчхьана, мацалла йацара. И шадерриге I930 шерашкахь дIадоладелира. Нийсса аьлча, I929 шарахь лагерш кхечу суьрте йалийра. ЧIагIделира Iедал. Тутмакхашна дечиган баракаш йира, гонаха кIохцалан керташ а йолуш. ХIинца балхаца а, Iер-дахарца а, йуучу хIумца а къиза низам дIахIоьттира. Иштта, некъаш дохуш, деши доккхуш, хьаннаш кечйеш, керла гIаланаш йеш а, бIе эзарнашкахь лецна нах цигахь охьаховшийра.

4

«КIезиг хан йисна вайна къуй коча ховша. ХIинца, катоьхна чехка, къуйшца долу гIуллакх чекхдаккха деза! Бовда гIерташ, барт беш бу тутмакхаш. Гонаха йолу йерриге лагерш хьалагIитто гIерта уьш! Вай сема ца хилахь, эшамехь дуьсу!» – бохуш, кехат йаздора Воркутара лагерш карахь йолчу Шутас. Кунас схьаийцира кехат. Сийначу шекъанца йаздина дара и кехат. Кхузара муха вадалур ву стаг?! Iовдал къамел?! Цул а шайн хьерабевлла лела къуй совцабе! Делахь, цIе йаьлча санна, кехаташ схьакхоьхьуьйтуш дара. Йуьхьанца Кунас ла ца дугIура. Аьттехьа ца дуьтура лагеран хьаькамаша дуьйцург. Бакъду, тахана кхаьчна кехат цхьа тамашена чулацам болуш дара. Лагеран хьаькамаш схьакхайкхина, и кехат дийшира Кунас. «Ас хьоьга хьалха охьадиллина ма-дарра долу хьал тахана кхин а ледара ду. ХьастагIа Чумехь гулбеллачу къуйша, кхаа дийнахь а, буса а йийцаре йира шайн нохчашца йолу йукъаметтиг. Нохчаша тергал дIа ца до къуйн низам а, гIиллакх а. И хьуна дика хаьа. Ткъа суна, къуйша бина сацам мегар бац аьлла, хета. ХIунда аьлча, нохчийн а, къуйн а барт хилахь, вай эшамехь дуьсу. Тахана набахтешкахь а, лагерашкахь а долу хьал луьра ду. Къуйша Iедало бохург аьттехьа ца до. Цул совнаха, къуйша белхалой вайна дуьхьалбоху. Соьга хаьттича, хIун дан дезара? Соьга хаьттича, нохчий къуйшна дуьхьалбаха безара. Со тешна ву, нийсса цхьа-ши де далале, дика болх беш, белхалошца бертахь а болуш, вай бохург деш, къуй муьтIахь дIахIуьттур бара аьлла. Хьо реза велахь, со кханнехь и болх дIабахьа воллу». Йерстана гай а, ши бесни а, ворта а, москалан тIилдаг санна, олладелла дерстина лаг аркъал а сеттош, дерстанчу пIелгашца, шурула-кIайчу кехатна тIехула Кунас сийна къолам шаршийра:
– Со ца кхеташ цхьа хIума ду. ХIара кехат дешча, со цецвуьйлуш цхьаъ ду. Иза, иза, нохчий боцург, къуйшна дуьхьало йан ваьхьаш кхечу къомах цхьа а вац?!


– Вац! – аьлла, доцца жоп делла, сийна ши бIаьрг кехат тIера ойуш, тIетуьйхира Сыктывкарехь йолчу лагерийн хьаькама Сахнос, – нохчий къуйшна йал луш бац! Кхидолу къаьмнаш, нохчий санна, дуьхьалонаш йеш бац. Нохчий къуйшна дуьхьал леташ бу, цундела царна йуккъехь барт хир бац. Оццул къуйша шайна тIехь къизалла лелайарх а, йа харцлуьйш ду шу аьлла, йа арз дина, йа дуьхьала дош далийна, йа йал лур йац шаьш аьлла, йа нохчийн букъа тIехьа дIахIиттина, лагерера къаьмнаш накъосталла деш дац. Жоьлкаша кхерамаш туьйсуш, паргIат бийша ца буьтуш, хьун хьакха ца буьтуш, йаа-мала ца буьтуш, хьийзош бу уьш. Суна-м царах къа ца хета, хIунда аьлча, цара дуьхьалонаш ца йо дела. Церан бакъонаш йац! Церан барт бац! Церан барт шина сахьте а ца болу, жоьлкашна цаьрца шайн хIиллане йукъаметтиг лело хаьа дела. Цхьаверг, дуькъа чай маладой, кхеравой а, къуйша дIахоьцу. Къаьркъа а маладой, дераниг а хоьцу. Багайеттарг воь. Белхалой, оцу хIилланца тIедиллина оллаллин дукъ дазделла, дийно сарралц хихкина говраш санна, бIаьргаш чохь дуьненан синкъераман серло а йоцуш, лелаш бу. Доцца аьлча, къуй йаа а, мала а, тIейуха а йолуш бу. Ткъа дийно сарралц цхьалхачу барзакъца хьун хьоькхуш болу тутмакхаш, мацаллина кхин тоха са доцуш, хьун хьоькхуш, охьадетталучу дитташна кIел лелхаш, кортош а отуш леш бу. Дуьйцуш санна дац иза.
Кунан ши цкъоцкъам кхоссаделира. Къамкъарг, москалан тIилдаг санна, оллайелира. Шена тIехIоьттина Кунан хьажар а дайна, Сахнон сийна ши бIаьрг, готтачу кIажахь, коьжалго гордожийна, сецош долу цхьогал санна, сиха, шина кога тIе а хIоьттина, кIелхьарабала некъ лоьхуш, бедда лелара.


– Хм… нохчаша къуйшна йал ца ло боху аш… Хм… – ши балда меттаххьедеш, шен хьалха долчу кехат тIехь бIаьргаш совцийна, ойлане велира Кун. – … цундела царна йукъахь барт хир бац… Хм… Барт хир бац… Хм… Ткъа кху вайн накъосто кхин дIанехьа хIун боху ладогIий вай… – аьлла, стоьла тIехь долу кехат схьаийцира Кунас.
«Кху Чум чуйогIучу лагершкахь йиъ тоба йу. Цхьана тобанехь берш, шаьш къуй бу бохуш, лелаш бу. ШолгIа тобанехь берш: Iедална муьтIахь болуш, мотт бетташ, кхидолу белхаш деш, жоьлкаша «заддаш» аьлла цIе тиллина айкхе тутмакхаш бу. КхоалгIа тоба: тIеман йийсарш, советан Iедална резабоцуш а, политически бахьанашца чубоьхкинарш а, ткъа ишта советски интелегенци йу. ЙоьалгIа тоба: йа къуй, йа заддаш, йа интелегенцин декъехь а боцуш, Дала белла хIара лагеран луьра некъ буйна а боьллина, корта хьалаайббина лелаш болу нохчий бу. Кхечу къаьмнашна байракх а хилла! Японцаш. ЛадогIийша соьга дика!.. Японцаш, оьрсашна тIе ца боьлхуш, кхаа-веа нохчочунна тIе а боьлхий, «Цецен помоц! Цецен помоц!» – бохуш, шайна дехаршца гIо доьху. Шуна муха хета иза?! Доккха хIума дац иза?! Доккха хIума ду-кх… Царна бевзи-кх берзан дегнаш долу нохчий! Нохчий мел чIогIа Iедало йемалбахь а, со-м тешна ву, уьш стаг инзаре цецваккхал, бакъонца а, тешамца а, майраллица а доьналлах боьттина нах хиллера.

Уьш гIийлачунна гIоьнчаш а хилла лаьтташ нах хиларх, со тешна ву. Уьш, арахьа маьрша лелачу хенахь, хьанна хаьа хIун нах бу?! Лагершкахь суна гина нохчий, цхьаъ бен вацахь а, бакъдолчунна тIехъ шен са а дIалур долуш бу! Бакъдолуш, сан чIогIа безам бахана къам ду иза. Цундела лаьа суна нохчий къуйшна дуьхьалбаха. Ас кху деношкахь нохчий лагершкара схьагулбийр бу. Накъост Кун, хьо нагахь резахилахь, нохчашна тIедилла воллу со, вайн лагершкара «къу» боху хIу дIадаккха аьлла буьйр! И цара дIадоккхур дуйла, суна хаьа. Хьо резавелахь, накъост Кун, сиха жоп лахьара ахь. ХIунда аьлча, со кхоьру, лагерш йоьттина болчу полякаша а, немцоша а, финнаша а, итальянцаша а, японцаша а, кхузахь къуйша лелош долу лен талу, кхечу паччхьалкхашна хьалха Iорадаккхарна. Ткъа вай цу Чум чуьра буьллуш болу эчиган некъ суна бIешарал а бахбелла! Тутмакхаш, резабоцуш, шайга ца бало хIара болх бохуш, гIуьттуш бу. Вовшахалеташ бу. Вовшийн бойуш бу. Лагершкахула чекхбуьйлуш, хьожа йохуш, лелаш Москвара хьаькамаш бу. Чумехь буьллу некъ хьебелла, боху цара. Вай тутмакхашна шортта рицкъ ца ло боху Москвара накъосташа. ХIун дан деза алахьара ахь, накъост Кун?!» Кехат дешна ваьлча, тийналла хIоьттира. Схьахетарехь, Кун хIинца а кхетта вацара кехатан маьIнах. Амма, цхьа доккха нун тIаьхьадогIуш, йаздина дуй-м хаьара цунна хIара.


– Нохчий дIахецча, мегар буй-теша? – хаьттира Кунас.
– ДIа ца хецахь, къуйша вайн лагершкара оллалла дохор ду. – элира Бухта-Ванино набахтан хьаькамо Царьковс.
Кехат йаздан сацам бира цара. Секретаро сихха кечдира цIена кехат. Иза йуьстахо лаьттачу стоьла хьалха охьахиира.
«Накъост Шут! – аьлла, шен оьгIазечу озан цинцашца Кунас кехат дIадолийра. – Хьо даима ву, доцург схьалоций, эрна хан йойуш. Нохчийн къам хьуна ца девза хир ду. Герз делла а, бакъо йелла а дIахецахь, нохчаша къематде хIоттор ду. Къуйшна диттина ца Iаш, цара цу чохь болчу тутмакхашна а арсаш деттар ду. Ас хIумма а ца боху, нагахь санна цхьа тоба гIаьттича, Iедало бохург ца деш, царна дуьхьал нохчий бахахь. Амма, нохчий хьалабаьхна, царах набахтин салтий а бина хьо лелахь, гIалате хир ду аьлла, хета суна. Ишта-м суна лаьара, вайн лагершкахь а, набахтешкахь а къуйн хIу дайа. Хьуна хаа деза: шайн амалшца а, майраллица а, маршонца а шаьш бохучунна тIера нохчий дIа ца бовлу. Цу тIехь тамашена къам ду иза.

Кхераме къам ду. Ткъа берриге церан ницкъ вовшах а ца тухуш, цхьана-шина нохчочуьнга деха урс лой, Iедалан бакъо лой, Iедало бохург ца дечу жоьлкийн тобанна тIехецахьа. Цара хIун до гур хьуна. Хьо-м боккха Iедалан ницкъ карахь болуш вай! Нохчийн тоба вовшах а тоьхна, хьо къуй дуьненчуьра дIабаха гIерташ велахь, вайшиннан ма къа ду! Вайшиннах уггар а хьалха нохчий боьлур бу. Цхьа хIума дара дика. Дича, дика. Уггаре чIогIа Iедална дуьхьалбевлла къуй а, нохчий а, таIIабай, цхьана набахтина чубохкахьа! ТIаккха гур ду хьуна, цара вовшийн муха буу. Иштта. Иштта, нохчашка бехк-гуьнахь доцу тутмакхаш хIаллакбайта мегар дац. Ткъа, шолагIа делахь, нохчийн йоха гергайахна аьрха амал хьан айа дезар дац! Хьо кхетий, ас хIун боху? Иза-м, хьуна ма моьтту, забар йаций! Хьуна-м моьтту хир ду, нохчаша цхьа-шиъ вийна, арсаш цIандийр ду! Дера ма бакъдац иза! Цара цIий Iенор ду! Нохчашца лелош йолу политика говза хила йеза. Чехош къамел дар цаьрца чекх ца долу. Сох тешалахь! Со Кавказера стаг ма ву! Нохчашна йукъахь лелла стаг ма ву со. Уггаре а аттаниг нохчий хестор ду. Ахь царах цхьаъ, жима бер санна, хьостий, ас дош ло-кх хьуна, цара нийсса цхьа-ши шо далале, мозан гIовгIа ца хезаш, дIахIоттор йу-кх хьуна вайн Сибрехахь йолу лагерш а, набахтеш а. Уьш иштта лерина лело безаш бу. Кхин цхьаъ ду. Ас хьалха ма-аллара, мегар дац нохчашка хьаштдоцург дийца. Дай боцуш кхиъна болу къуй атта хир ду нохчашна охьатаIо.

Кхин диканиг а, нийсаниг а хIара ду. Уьш, нохчий, уггаре а халачу меттигашка хьежош, уггаре а къуйн бохь хьалабаьллачу бохуьйтуш, царна йукъахь тIом бижа ца буьтуш, говза питана латтаде. Уггаре а коьртаниг иза ду! И хьуна ца хаьа аьлла, ца дуьйцу ас. Иштта кхин цхьа хIума ду хаа дезаш. И ду – нохчашна йукъахь массо а хенахь, милла хилла а, цхьаъ хуьлу хьуна цара ладугIуш. Цхьа воккханиг. И воккханиг гIорасиз хиларх а, бIаьрг боцуш, лерг доцуш хиларх а, цо бохучунна тIех ког ца боккху хьуна цара. Иза дIахаийла хьуна! Бакъду, цхьана бахьанна тIехь тилкхазбовлу уьш. Шайна йукъахь цхьаъ цхьана хьесапца тоьлла каравахь, цунах баьчча а хилла, куравалахь, церан барт буху. Уьш, вовшашна бIаьргабан ца безаш, дIахIуьтту. Ишта хьал ду. Доцца аьлча, нохчех теша ма теша, хьо ца теший а ма хаийта. Иштта Сибрех йолчу лагершкахь, хIуъа дай а, низам дIахIоттадай, чIарх-аьлла, цIена дIахьо болх. Цу тIехь ледарло ма йиэ. Соьгара даима а гIо ду хьуна. Варкутахь дарбеллачу нохчашлахь карор ву хьуна и ас вуьйцу ши-кхо нохчо. Селхана ца даьлла къуйшна а, нохчашна а йукъахь дов? Соьга-м аьрзнаш ма ду схьакхоьхьуьйтуш, селхана дуьйна нохчашна а, жоьлкашна а йукъахь, къора дов саца ца луш, дIадоьдуш ду бохуш?! Иза бакъ делахь, вай тоьлу некъ дIаболабе! Ас пурба ло хьуна цу тIехь болх бан!»
Кехат йаздина ваьлча, хьаж тIехула оьху хьацар дIадаьккхина, ойлане вуьйжира Кун. Баккъалла а, чIогIа ойла йина, дан дезаш гIуллакх дара хIара…

60 комментариев

  • Кончающие фаллоимитаторы – идеально подходит для мастурбации.
    [url=https://konchayushie-falloimitatory.ru/]купить фаллоимитатор с семяизвержением[/url]
    кончающий фаллос – [url=https://konchayushie-falloimitatory.ru/]https://konchayushie-falloimitatory.ru/[/url]
    [url=http://www.google.cg/url?q=http://konchayushie-falloimitatory.ru]https://google.cn/url?q=http://konchayushie-falloimitatory.ru[/url]

    [url=https://everfarm.finance/portfolio/idea-collaboration/#comment-780]Фаллоимитатор с эякуляцией – сейчас можно найти изобилие абсолютно разных форм и размеров, имитирующих настоящий мужской орган или совершенно оригинального дизайна.[/url] 914c6e3

  • [url=https://siderus.ru/]Промышленное оборудование — основа составляющей любого производства. Для функционирования и постоянной эксплуатации необходимо особое внимание уделить выбору бренда и основным преимуществам. Мы предлагаем:

    Узкоспециализированное промышленное оборудование. Имеются для нефтепереработки, фармацевтики, покраски, сварки, транспортировки и т.д. Каждый вид выполнен мировым заводом-изготовителем и полностью отвечает всем международным стандартам.
    Станочное оборудование. Представлены товары от 149 брендов, отвечающих качеством, высокой технологичностью и современными решениями.
    Контрольно-измерительные приборы. Датчики, расходомеры, детекторы уровня, электротехническое оборудование и пр. представлено от 709 брендов. В каждой категории вы найдете необходимые товары.
    Трубопроводная арматура. Это предохранительная, запорно-регулирующая и другие. 3012 бренд предоставляет собственные товары, отвечающие всем нормам.
    Узлы механического перемещения. Это двигатели и блоки управления, механическая передача, подшипники, приводная техника, позиционирование и пр. 427 фирм предлагают собственную продукцию по высоким стандартам качества.
    Системы фильтрации. Водоподготовка, воздушные, масляные, гидравлические фильтры, осушители и прочее. В категории представлены товары 296 брендов.[/url]

    [url=https://siderus.ru/]Важный момент, особенно когда простаивают производственные процессы. Мы предлагаем логистику, которая позволит вам как можно раньше получить необходимые детали и промышленное оборудование в любой точке России и СНГ.
    Сроки и стоимость оговариваются при оформлении заявки. Наши специалисты рассчитают окончательную цену и подготовят необходимую документацию для оплаты. Мы готовы осуществлять продажи оптом и в розницу.
    Промышленное оборудование от официального дилера позволит получить гарантию, сервисный ремонт и высокое качество поставляемой продукции. Звоните прямо сейчас и заказывайте комплексные детали, которые позволят вашему бизнесу упростить определенные моменты в производственных и других направлениях.
    [/url]
    [url=https://siderus.ru/]SIDERUS – это международный поставщик импортного промышленного оборудования и комплектующих для промышленности и производств. Прямые контакты с производителями, а также наличие собственной логистической базы позволяют нам создавать для клиентов оптимальные условия сотрудничества. .[/url]

    недорого

  • Женская одежда на заказ nomi.fashion

    Высококачественная и элегантная женская одежда – это то, что мы реализуем в нашем онлайн-магазине N.O.M.I. Мы рады от того, что можем продавать нашим клиенткам только лучшее качество, а также разнообразие стилей и образцов одежды, которые помогут выглядеть изящно и привлекательно в любой ситуации.

    Искали [url=https://xn—-7sbbbhq0bpgaovq.xn--p1ai/mobilnye-stendy/x-banner]мобильный стенд паук[/url] в интернете? Наш онлайн-сайт представляет широкий выбор женской одежды, включая плащи, пальто, топы, жакеты, брюки и блузки. Мы детально отшиваем каждую вещь, чтобы предоставлять высокое качество и стильный дизайн. Мы убеждены, что любая девушка заслуживает красивой и качественной одежды, поэтому хотим предложить нашим клиенткам только самое лучшее.

    Тут на интернет ресурсе nomi.fashion вы сможете найти модели различных стилей – от классических и элегантных, до более молодежных и ультрасовременных. Убеждены на все 100, что любая девушка сможет найти модель, которая ей подойдет, подчеркнет оригинальность и поможет ей ощущать себя смело и красиво.

    По тематике [url=https://xn—-7sbbbhq0bpgaovq.xn--p1ai/]широкоформатная печать москва[/url] Вы на нужном пути. Все плащи, пальто и куртки изготовлены из высококачественных материалов, которые дают удобство и надежность. Мы убеждены, что качественная одежда – это не только привлекательно, но и практично. Поэтому представляем только те вещи, которые прослужат своим владелицам много лет.

    Платья и блузки – это отличный выбор для тех, кто мечтает выглядеть шикарно и женственно. Мы представляем различие фасонов и цветов, чтобы любая женщина могла выбрать вещь, которая подойдет именно ей. Мы nomi.fashion убеждены, что наши платья и юбки станут любимыми вещами в шкафу наших клиенток.

    В этом онлайн-магазине мы стараемся предложить нашим клиенткам только премиум качество, а также высокий уровень обслуживания. Всегда готовы ответить на любые вопросы и помочь с выбором по телефону +7(495)134-34-37 с 10:00 до 22:00. Мы располагаем несколькими филиалами, один из них находится по адресу г. Москва, Пресненская наб., 2. Ждем Вас и Ваших покупок.

  • Магазин аккаунтов соц сетей accs-shop.com

    Представляем Вам лучший маркет профилей любых социальных сетей по выгодным расценкам. С нами сотрудничает большое количество предпринимателей и блогеров и доверяют нам. Мы знаем как обезопасить Вашу страницу от взламывания или блока и имеем большой опыт в данной сфере.

    По теме [url=https://accs-shop.com/category/telegram]купить аккаунт tdata[/url] переходите на наш интернет сайт. На accs-shop.com выложена вся обстоятельная информация – наши плюсы, как купить профиль, правила и так далее. При покупке Вы моментально откроете доступ к купленному профилю. Вам не нужно тратить свое свободное время на авторизацию. А также главное преимущество – есть вероятность купить живой уже популярный аккаунт, с отслеживанием, друзьями, возрастом.

    С подъемом большого спроса на покупку аккаунтов в соцсетях стали распространяться мошенники. Для них главная цель – продать как можно больше страниц и получить прибыль, а что далее будет с владельцем и его профилем – не интересно. Поэтому, рекомендуем приобретать только в раскрученных магазинах, таких как accs-shop.com и не переживать, потому что наша помощь работает 24 часа в сутки и Вы сможете обращаться по любым проблемам к нашим менеджерам.

    Если Вы планировали найти [url=https://accs-shop.com/category/vk_retriv_aktiv]купить аккаунт вк[/url] в интернете, то переходите к нам. Есть большой ассортимент профилей из: фейсбук, VKontakte, Google, тик ток, авито, мейл ру и другие. Имеются в продаже как пустые, совсем новые, так и старые, из любых стран, любого пола. Подбор постоянно пополняется, следите за добавлением.

    Чтобы купить аккаунт, выбирайте необходимый профиль и нажимайте «купить». Далее, нужно ввести количество, наш электронный адрес, на который получите пароль для входа сразу после оплаты. Для связи у нас также имеется телеграм канал поддержки. Если вам необходимо несколько аккаунтов, кидайте их в корзину и покупайте все разом. Как в любом другом интернет магазине.

    Если что-то произошло и пароль Вам не пришел, пишите в техпомощь. Ответ Вам поступит в течение суток, но мы всегда пытаемся ответить как можно быстрее. Такое бывает, но весьма нечасто.

    Приобретение аккаунта в социальных сетях может потребоваться по различным причинам. Например, Вы стали вести свой бизнес в сети интернет. Чтобы у клиентов было доверие, нужно работать не с пустого аккаунта. Возраст также хорошо влияет на дальнейшее продвижение страницы. У нас можно приобрести аккаунт специальной тематики и в самых популярных социальных сетях, где Вы обязательно найдете заказчиков для своего бизнеса. Удачных покупок.

  • Заболевания желудка Все о таких темах: Какие есть стадии рака желудка? & Почему ни в коем случае нельзя курить на голодный желудок? & Как и насколько вредно лечить язву желудка спиртом? & Что такое живые бактерии и какое действие они оказывают на организм? & Основные симптомы и лечение язвенного гастрита & Симтомы и лечение язвенного гастрита & Методы зондирования желудка & Что делать, если желудок растянутый & Для чего нужна химиотерапия при раке желудка? & Желудок и его основные болезни: симптомы и лечение гастрита & Вздутие живота: причины и способы лечения & Какие симптомы имеет хронический гастрит [url=https://zheludok.my1.ru]Больше[/url]>>>

  • Инстаграм аккаунт купить accs-shop.com

    Представляем Вам лучший магазин аккаунтов любых социальных сетей по выгодным расценкам. С нами работает огромное количество бизнесменов и блогеров и питают доверие к нам. Мы знаем как обезопасить Ваш профиль от взлома или блока и имеем большой опыт в данной сфере.

    По запросу [url=https://accs-shop.com/category/fb_business_manager_for_ads]купить аккаунт фб[/url] заходите на наш онлайн ресурс. На accs-shop.com есть вся детальная информация – наши плюсы, как заказать профиль, гарантии и так далее. При покупке Вы тут же получаете доступ к купленному профилю. Вам не потребуется тратить свое свободное время на заполнение. А также главное достоинство – есть возможность купить живой уже раскрученный профиль, с отслеживанием, друзьями, возрастом.

    С подъемом большого спроса на приобретение профилей в социальных сетях стали действовать мошенники. Для них главная цель – продать как можно больше профилей и получить финансы, а что дальше будет с покупателем и его профилем – не интересно. Поэтому, советуем приобретать только в официальных магазинах, таких как accs-shop.com и не переживать, потому что наша помощь работает круглосуточно и Вы сможете писать по любым проблемам к нашим специалистам.

    Если Вы хотели найти [url=https://accs-shop.com/category/vk_avtoreg]купить акк вк[/url] в интернете, то заходите к нам. Есть большой выбор аккаунтов из: фейсбук, VKontakte, Telegram, Tik Tok, авито, мейл ру и другие. Имеются в продаже как пустые, совсем новые, так и старые, из любых стран, любого возраста. Ассортимент регулярно пополняется, следите за новинками.

    Чтобы купить аккаунт, выбирайте необходимый профиль и жмите «купить». Далее, нужно ввести количество, наш Email, на который получите пароль для входа сразу после покупки. Для связи у нас также имеется телеграм канал поддержки. Если вам требуется много аккаунтов, кидайте их в корзину и покупайте все вместе. Как в любом другом онлайн магазине.

    Если что-то случилось и доступ Вам не поступил, пишите в техпомощь. Ответ Вам придет в течение 24хчасов, но мы всегда стараемся ответить как можно скорее. Такое бывает, но очень нечасто.

    Приобретение аккаунта в социальных сетях может понадобиться по различным причинам. К примеру, Вы стали вести собственный бизнес в сети интернет. Чтобы у клиентов было доверие, нужно начинать не с пустого аккаунта. Возраст также хорошо влияет на дальнейшее продвижение профиля. У нас можно купить аккаунт специальной тематики и в самых популярных социальных сетях, где Вы непременно найдете покупателей для своего бизнеса. Успешных покупок.

  • Hello, welcome to our site.ru dedicated to hentai! We have a great selection of Japanese animation with pornographic content including elements of violence, worlds, monster subgenres, spicy moments and more. Our catalog features different variants of hentai content, such as fixation, ghosts, incest, futanari and others. We provide and security when you visit our site.

    Hentai pictures – [url=https://hentailoop.com/manga/bukkake-hakudaku-sumireko/]bukkake hentai[/url] is a form of Japanese art that contains pornographic material. This genre of art differs from traditional pornography in that it includes elements of monsters.

    Pornography originated in Japan in the early 20th century and has since become a popular genre of multiplication. The genre includes a wide range of variants such as: bondage, tentacles, incest, futanari, and others.

    Some people consider [url=https://hentailoop.com/manga/pizza-thot-series/]pizza thot[/url] to be a form of expression, while others consider it to be outrageous. Some believe that hentai is a degradation of Japanese multiplication and has a negative effect on society.

    However, in Japan, hentai art is popular entertainment, and many of its fans consider it not only a sexual entertainment form, but also a way of self-expression and art. In Japan there are many subcultures.

  • Международный брокер Esperio работает на рынке онлайн-трейдинга в сегменте розничных услуг с 2011 года. Бренд Esperio принадлежит компании OFG Cap. Ltd, зарегистрированной в Сент-Винсент и Гренадинах.

    Esperio

    Как сообщается, с 2012 года Эсперио зарегистрирована как международная деловая компания, сертификат SVGFSA № 20603 IBC 2012. Тогда же Esperio получила лицензию на финансовые услуги.

    Услуги онлайн-трейдинга предоставляются в соответствии с “Соглашением клиента и партнера”, “Политикой конфиденциальности”, “Регламентами торговых операций на счетах” и “Политикой противодействия отмыванию доходов”.

    Обратная связь с Esperio доступна через службу технической поддержки Investing или через форму обратной связи на сайте компании.

    Торговые условия Esperio
    Esperio

    Варианты торговых счетов:

    Esperio Standard. Инструменты для инвестиций: валютные пары, индексы, CFD-контракты на акции, драгоценные металлы, энергоносители, сырьевые товары, криптовалюта. Спред устанавливается от 0 ценовых пунктов. Комиссия на CFD-контракты — 0,1% от суммы торговой операции. Платформа MT4.

    Esperio Cent — уникальный центовый счет. Валюта счета — USD, EUR, вывод средств без комиссии. Линейка финансовых инструментов аналогична счету Standard MT4.

    Esperio Invest MT5 — позиционируется как оптимальное решение для торговли акциями. Леверидж и дополнительные комиссии отсутствуют. Предусмотрены неттинг и хеджирование для управления рисками. Валюты счета — USD, EUR. Дополнительно доступны Forex и контракты CFD. Предусмотрена комиссия при торговле ценными бумагами (0,3% от номинального объема торговой сделки).

    Esperio МТ5 ECN предполагает доступ к межбанковской ликвидности. Присутствует комиссия $15 за каждый проторгованный трейдером лот.

    Esperio не устанавливает минимальные депозиты для начала торговли.

    Доступные платформы: MT4 или MT5. Предусмотрена возможность использования торговой платформы с устройствами Android или iOS.

    Клиентам доступно шесть типов счетов с учетом выбора платформы:

    Standard MT4,

    Cent MT4,

    Standard MT5,

    Cent MT5,

    Invest MT5,

    MT5 ECN.

    Esperio презентует 3-х уровневую программу лояльности:

    Empower CashBack — до 31,8% годовых на свободные средства торгового счета. Кэшбэк зависит от торговой активности. Пополнения счета на 10 тыс. долл. и выше.

    Double Empower — при условии пополнения депозита на $500 – $3000 по запросу участника трейдер удваивает сумму начисления.

    Extra Empower — актуально для поддержания клиентского торгового счета во время просадки (по запросу). Данная категория средств недоступна к снятию.

    Для VIP-клиентов доступно три статуса программы — VIP, GOLD и DIAMOND. Esperio присваивает статусы при пополнении депозита на 50, 100 или 500 тыс. USD соответственно.

    Пополнение счета и вывод денег от Esperio
    Для зачисления и списания средств Esperio использует карты (Visa/ MasterCard), банковские переводы и систему электронных платежей. Для пополнения торгового счета доступны платежные системы: NETELLER, PayPal, LiqPay, Piastrix Wallet, Thailand Local Bank Transfer, WebMoney, Sepa & swift, WebMoney, QIWI, FasaPay.

    Компания анонсирует возможность компенсации комиссии платежных систем путем ее зачисления на баланс торгового счета.

    Детальная информация о выводе средств не представлена.

    Заключение
    Esperio предлагает низкие спреды и конкурентные свопы. Минимального порога входа нет. Пополнить счет и вывести деньги можно с помощью наиболее популярных электронных платежных систем. Преимуществом является высокое кредитное плечо – до 1:1000 и большой выбор торговых активов. Компания работает на платформе Metaquotes. Доступные терминалы: МТ4/5.

    Часто задаваемые вопросы
    Как получить максимум информации о компании ?
    Обзоры, разоблачения, статьи в блоге — в вашем распоряжении бесплатная и актуальная информация на scaud. Вы также можете запросить понятный детальный отчет по любой финансовой компании — оставьте заявку на главной странице нашего сайта.
    Как отличить официальный сайт от ресурса мошенников?
    Какие отзывы о компании правдивые, а какие — фейки?
    Как проверить компанию на признаки мошенничества?
    Как выбрать надежную финансовую компанию?
    Оставить отзыв
    Используйте данную форму для того, чтобы оставить отзыв о компании. Все комментарии, не касающиеся продукта, будут удалены!
    Имя
    Ваше имя
    Email
    Ваша электронная почта
    Телефон
    +380
    50 123 4567
    Ваша оценка

    Текст отзыва
    Введите текст отзыва
    Отзывы о Esperio
    Din
    09.08.2022
    1
    Я не понимаю, почему некоторым удается заработать на рынке, а таким как я , не особо. Я и читаю аналитику, обзоры, слежу за новостями, а денег у меня, как кот наплакал. Не понимаю в чём дело. Я постоянно всё изучаю, открываю ордера не от балды, а думаю как лучше, а в итоге я почти ничего не зарабатываю, нервы трачу, а взамен ничего не получаю, обидно как-то получается…(((
    Деревлев Андрей
    09.12.2021
    2
    Для меня сотрудничество с Esperio оказалось провальным. Благо все обошлось небольшой суммой, какие-то копейки поначалу удалось вывести, то сумма вклада осталась у этих мошенников, никакой обратной связи и тем более качественной поддержки у них нет. Это все пыль в глаза, дабы прикарманить Ваши и мои в том числе деньги((((
    Иван Иванович
    07.12.2021
    1
    Пробовал работать. Не знаю у кого там с выводом денег все норм., я ничего вывести не смог. Скорее всего отзывы пишет сам брокер. Картинка конечно красивая, предлагает большое количество инструментов и рынков для торговли, доступные спреды на сделки. Порог входа – нулевой, достаточно низкие спреды. Но это все сказки для неопытных. Самый обычный развод!
    Константин Петров
    02.12.2021
    2
    Не спорю MT4 сама по себе качественная торговая платформа. Но в руках мошенников это всего лишь обманный ход. Заявляет, что поддерживает работу фактически со всеми торговыми инструментами. Только смысла нет, если контора работает только на ввод.

  • Hello, welcome to our site.ru dedicated to hentai! We have a great selection of Japanese animation with pornographic content including violent scenes, fantasy, monster subgenres, erotica and more. Our catalog features different subgenres of porn animation, such as bondage, tantaclips, close relationships, hermaphrodites and others. We provide and security when you visit our site.

    Hentai – [url=https://hentailoop.com/manga/meido-in-astolfo/]astolfo hentai[/url] is a form of Japanese culture that contains pornographic content. This genre of hentai differs from traditional pornography in that it includes elements of eroticism.

    Hentai originated in Japan in the early 20th century and has since become a popular genre of art. The genre includes a wide range of variants such as: bondage, tentacles, incest, futanari, and others.

    Some people consider [url=https://hentailoop.com/manga/wild-horse/]horse hentai[/url] to be a form of creativity, while others consider it to be outrageous. Some believe that hentai is a degradation of Japanese tradition and has a negative effect on society.

    However, in Japan, hentai is popular entertainment, and many of its fans consider it not only a sexual entertainment form, but also a means of self-expression and art. In Japan there are many societies.

  • I must thank you for the efforts you have put in penning this site.
    I am hoping to view the same high-grade blog posts by you later on as well.
    In fact, your creative writing abilities has motivated me to get
    my very own blog now 😉

  • Howdy! This blog post could not be written any better! Looking at this
    article reminds me of my previous roommate! He
    continually kept talking about this. I am going to send this article
    to him. Pretty sure he will have a great read. Thanks for sharing!

  • как скрыть депозит каспи в приложении, как обновить каспий
    приложение теңіздегі ірі балықтарды киттерді аулауға арналған үшкір найза, утамыр өсімдігі www nao kz
    оқу бағдарламасы 2020 2021, үлгілік оқу бағдарламасы дегеніміз не салық салу жүйесінің жалпы сипаттамасы, салық функциялары

  • әйел қырық шырақты, әйел қырық жанды қысқаша мазмұны үстеу және оның түрлері, үстеу
    ереже қазақша қазақстанның ежелгі
    тарихы қандай мәселелерді оқытады, ежелгі қазақстан тарихы кезеңдері бургер кинг алматы цены,
    бургер кинг меню цены астана

  • I don’t think the title of your article matches the content lol. Just kidding, mainly because I had some doubts after reading the article.

  • лагерь сункар цена, санаторно-оздоровительный комплекс менің оның күнін сүйем,
    отан мұқағали мақатаев скачать музыка көңіл
    толқыны, ұлытау көңіл толқыны скачать курс сума к рублю, курс узбекского сума к тенге в обменниках

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.