ГАУ «Издательский дом»

МУТАЕВ Муса. Ваха

5

ДегI, къанделча, пеша хьалха гIерта. Ма бакъ ду иза! Э-э, цхьа зама йара иза… Цхьа зама…ЭхI, Асвад, ма хаьа тхуна, хьо хIун ала гIерта?! Хьан ойланийн сица цIанбина шийла гIайба. Охьабилла ахь корта, Асвад! Къежбелла корта. ХIинца мукъане а къарло хьо. Хьуо дахаро хIоттийна алий, мукIарло де ахь! Эхь дац хьуна! ДегIаста а ца гуш, вала ца лаьар-кх! Ведча. Полковникца ведча. Асвадан ши бIаьрг тIекъевлина бара. Наб йеш вацара иза. БIаьрнегIарш тIеттIакъевллина, Iуьллура иза. Ши бIаьрг, бIаьрнегIарша къуьйлуш, детталора. Цхьа хIума дара цуьнан дагах кхетта. Цуьнан даг чохь кхехкаш. Цуьнан даг чохь кIежтуьйсуш. Цуьнан даг чохь… хьехаш… И йараш. Беш. Даима дуьхьалхIуьтту и цхьа сурт. ХIинца а ду иза хьалха лаьтташ. Асвад меллаша вогIу. Кемсийн беш дIалаьцна йараш.

Хьожа йеттало. Гуьйренан хьожа йеза кхунна. ХIинца кийрахь цIера гуьйранан хьожа йу. Асвадана бераллин Iалам Iаламат чIогIа деза. ГIенаха. ГIа доьжначу бешахула. Можа. Можа гIаш хьоьшуш. ГIа доьжначу бешахула. Баьшна корта. ДогIа. КогашIуьйра. Да виса, хьан делаI! Кийра чууьйзу цIена хIаваъ сица дIаоь. Сирла са. Дада ву дийна. Нана йу дийна. Ваша а, йиша а, лулахой а, доттагIий а. Шаберриш. Шаберриш. Бешахь. Бешахь, хьаьжкIаш тилош. БIаьргашна ган лаьа массо а хIума. Цхьа тамашена хьоьжура дега. Цхьа хIума дицделча санна, хьоьжура нене. ХIинца, мархашна йуккъехь бIаьргаша схьа ца лацалуш. ХIинца цхьа са дац. ДIадели-теша, кIентий! ДIадаха-теша бераллин денош! ДIадаха-теша?! ХIинца, дIаихна денош бIаьргашна хьалха. УьйтIе. ХIара керта волу. Сирла уьйтIе. Хазахета. Ша йалсмане кхаьчча санна, хийтира Асвадана. БIаьргашна гуш дацара иза. Дагца. Иза жима волуш, нанас коьртах куьйгаш хьоькхуш санна, сакъераделла, хьоьжура иза. Хьийзаш, дужу мажделла гIа. УьйтIе. Нана а, да а гучудер дац-теша?! Мел шайга сатийсарх а ца долу! Гуш дац! Орца. ГIайгIа. ХIан-хIан, гIайгIа йац иза-м… Цхьа… Муха эр дара иза… ГIайгIанца цхьаьнакхетта къоналла йу-кх… Ойланца йеана. «ЦIа гур дуй-техьа? ЦIахь цхьанне а вевзар вац со. Вевзар вуй хьовх?! Хаац. ХIара урам бу». Иза Асвадана дика дагабогIу.

И урам. И баккхий нах. Уьш-м цкъа а бац дагарабовлуш. Вуьшта, вуьшта, цкъа а ца хилча санна, дIадели. ДIадели. ХIинца шийла мох бу урамехь. Баьсса урам. Цхьа а воцуш. Шийла ша биллина кийра. ХIинца хаьа Асвадана. Кхета. Кхетта малх боькъуш, цхьа тамашена боьлхура стиглара седа. Цхьанхьа, цхьа тамашена дог схьаоьцуш, цхьа тамашена бетталора буьйда бутт. Бертаза. Беркъа. «Ва орца!» аьлла, мохь тоха цхьа а са доцуш! Шийлачу дарцо горвожий Асвад, шадерриге а дог схьалоцуш. Маханна ха а тоьхна, тхов тIера чубоьсси хIара бала. Букъабелла. Бад санна техкаш. Иза-м дакъазалла йара. Къизалло лаьцна дакъазалла.
Кху Воркутахь а, Магаданехь а, Калымехь а йолу уггаре хала лагерь кхечи. Уггаре сийдоцуш йолу лагерь тIейуьйжи. Ойлане вужу. «Кхане – къа-бала. Кхане йан а йац. Кхане – къа ду-кх… ДоьIу са а сецош! Легашкахь шад хIоьттина. БIаьргаш чохь кIарула-Iаьржа марха. Дарц тийжаш. Тийжаш. Ма ца деза Асвадана хьо дарц! Ванах, малх бан бац кхузахь?! Хуьлуш бац кхузахь малх?! ХIунда ца кхета иза кхуза?! ХIинца мукъане а!» Кхузахь кхин дахар а, Iалам а ду-кх! ХIинца, меца тутмакхаш дIабуьйшуш, кхаллар го гIенаха. Йа жижиг, йа тIо, йа стом ца го.

Кхаллар го гIенаха. ЭхI! Ткъа меца са тедан стаг-м вац! Хезаш ма дац мерза дешнаш. Хезаш ма дац кхарна ненан узамаш а, доIанаш а. Кхарна хезаш дов ду. Кеглуш, охьадетталучу диттийн гIовгIанаш йу. Кхарна хезаш сардамаш ду. НеIалташ ду. Олалла дан гIерташ Iедал ду. Олалла дан гIерташ къуй бу. БIаьрнегIарш дIакъовладелла делахь а, Асвадан са Iуналла деш хуьлура. Асвадана гонаха лелаш дара. Ларвеш. Тергалвеш. «ХIорш мичара бевлий?! ХIара къуй?! ХIорш кху тойне хьан кхайкхина-теша?! Чомехь хIара буьйсанаш йаха ца дуьтуш…» Ткъа дарц ду тийжаш. Дарц ду шийла ша биллинчу нараш тIехь агIордаьлла. Ткъа тутмакхаш шийла хIаваъ чууьйзуш, черчий санна дера бIаьргаш, гIаннабаран экъан тIера ийа гIора доцуш. ГIора доцуш гIитта. Ша санна шийла бIаьргаш сийначу стигал тIехь сецош. Куьйгаш, секхаIодаш санна, чIагIдина. Дарц. УгIуш. ЦIийзаш. Доьлхуш. Асвадан син тIе а хIоьттина иза. Къиза. Къора. Меженаш, къийзорго санна, къийзош. Ца йуьтуш. Малхана шадерриге а дуьне дIалур долуш. Шадерриге а хуьйцур долуш. Цхьа цуьрг а бухахь ца дуьтуш. Цхьа меже кхоа ца йеш, дIалур йара. Цкъа малх кхетча. ХIинцца, шеллуш. Iийдалуш. Цхьа тийначу мукъамо дог тохадолуьйтуш, хье схьаоьцуш. Туьйш доцчу даг тIе туьха туьйсуш. Ша санна шийла хьажар буйна а доьллина: «Дела! Сан Дела, хьо орцах ца валахь! Хьо орцах ца валахь, ма, ма дIадаьлла хIара! Хьо орцах ца вагIахь, мила ву сан гIайгIанан мукъ схьалаца?! Мила ву и дIамала?!

Буьззина дIоьвше кад! Цхьа тIадам бухахь ца буьтуш! Бухахь ца буьтуш! Цхьа тIадам! Тахана къаьстар ду-кх къуйшца долу хIара дар-дацар. Тахана къаьстар ду-кх!» Тахана къуйша геланча ваийтинера, Асвад шаьш долчу кхойкхуш. Асвадан доьналла девзина болчу къуйша сих-сиха тойне кхойкхура иза. Церан Iалашо гергарло тасар дара. Церан Iалашо Асвад дика вовзар дара. Дукха хьолахь терзан тIехь озар дара. Амма Асвада герга цхьа а ца вуьтура.
– Шаьш долчу кхойкху, – геланча дIавахча, ойлане вистхилира Асвад, – шуна, хIун дича, бакъахьа хета? Девнашца Iа вай йа барт бо вай?! Тахана де дац-кх вайн кхузахь лета а, тийсадала а.
Нохчий ойлане эгна Iара. Асвад, вист ца хуьлуш, ойланаш йеш хиъна Iара. «Да вала хьан делаI! Да валарг, ма чIагIдина а, ма буто а, ма забаренна а делла ца хилла, нохчо, хьуна цу Везахинволчу Дала и дилхан дог! Цуьнан делха йиш йац! Цуьнан ма-луъу дела бакъо йац! Терза а хилла, бакъонна дIахIоьттина лаьтта-кх иза!» – ойланаш хьийзара Асвадан коьрте. Эххар дайн къамелаш дIадолийра. Йуха гIовгIанаш. Резабоцурш. Резаберш. Нохчий бекъабелира.
– Тахана де дац вайн, – тийналла хIоьттича, йуха а вистхилира Асвад. – Вайна цхьа де дезара. Дала бекхамна луш цхьа де ду-кх. Шу реза делахь, со кхана къуйша хIун боху хьажа гIур вара?
Iуьйранна ламазаш а дина, гIеххьа гIорийначу чен дуьмаца йеттина кхо-йиъ картолан чкъуьйриг кхаьллина, дуькъа даьккхинчу чайнах шишша къурд а бина, нохчий барт бан охьахевшира.


– Цкъа ладогIал соьга, кIентий!– къамел дIадолийра Асвада, – соьга къуйша шаьш долчу кхойкху. Суна ца хаьа, цара хIун дуьйцур ду. Цара хIуъа дийцахь, со барт бан хьожур ву. Со шуьца даима цIена хилла. Со шуьца шалхонаш йоцуш хилла, цундела бакъдерг дийца лаьа суна. Тахана вай, дуьнен йисте а даьхкина, девнаш даха йиш йолуш нах дац. Кху лагерехь вай верриге а вейтта стаг вара. Вайх пхиъ сийсара кхелхина. Дала гечдойла царна! Царна тIегIурдолчу вайна а. Тахана исс стаг висна вайх. Вай кIезиг ду. Вай къуйшца къийса хIума дац. Майраллаш а, доьналлаш а вайца къуьйсуш бац уьш. Уьш кху лагерехь, вай схьадахкале а, хIара японцаш, немцой, итальянцаш, оьрсий а хьийзош, Iаш бу. ХIинца вай кхарна йуккъехь нийсо ца йича, хьан ца дуьту?! Битийша уьш, къуйша вайга йал хьехош ца хилча! Лаахь, ло, ца лаахь, ма ло бохуш, Iаш бу къуй. Ткъа вайга, шаьш кхечу къаьмнашкара йоккхучу йолана йукъа ма гIерта боху. Уьш нийса лоь. Гой шуна, цара шаьш къуй ду боху. Шаьш японцашна, оьрсашна, немцошна а тIехь дечу Iуналлин, вайга бала ма кхача боху. Суна цара дуьйцург нийса хета. Ойла йейша шаьш, японцашна муьшка йича, вай дов а, тIом а оьций, гIоьнна доьлху. Немцошна вас йича, царал хьалха а лелхий, вайна чевнаш йо. Иштта лела вай оьрсашца а кхечу къаьмнашца а. Ткъа кхана Iуьйранна къуй вайх летча, улле вала стаг воцуш дуьсур ду-кх вай. ХIара вайна тахана гуш ду-кх!


– ХIара Ваха боху Iовдал IадIахьара, вай-м Iийр ма дара! – эккхийтира Зайндис. Кожим цIе йолчу лагерехь диъ шо даьккхина вара иза. Уггаре а халачу, эчиг доккхучу шахтехь болх беш хиллера иза. (Зайндин керт тиша карийра суна. Буьйдачу кибарчигах дина цIа охьакхетта доллуш дара. ЭхI, аьлла, хийтира суна! Хьо гIийла дахар! Со чоьхьаваьлча, Зайнди шийла хIума кхоллуш вара. Къежвелла стаг вара иза, чубоьжна ши бIаьрг болуш. ТIехь долу барзакъ а тиша дара. Со хIунда веана хиъча, цец ца велира иза. Сан ши бIаьрг стоьла тIехь сецча, гIийла велакъежаш, хьажар сецира: «Зуда борша хилча, кхача шийла хуьлу!» – аьлла, ойла хьаьдира сан коьрте. Муха ду хьан Iер-дахар аьлла, шега ас хаттар дича, хIинца дика дахар ду сан-м… Йаа а, тIейуха а, кога духа а ду. Кхушара ши гали картолаш йевлла бешара. Iаьнах вер ву. Бакъдерг дийцича, сагатло сан. Суна сайна а ца хаьа, и хIун ду. ХьастагIа ойланца Iара со. ХIинца ган йиш хилча, Иркутск, Воркута, Калыма. И жима станци Чум.)
– ХIара ШаIмин-йуьртара Iовдал валош, шаьш долчу вола боху соьга. – Асвада, шена гонаха дера йаххьаш йина хевшина Iаш болчу накъосташка а хьаьжна, тIетуьйхира, – суо гIур ву со къуй болчу. Ваха вуьгур вац. Барт болчохь – беркат. Барт боцчохь – бохам. Со барт бан воллу. Вайн къуйшца боьхна барт меттахIотто воллу. Шу реза делахь, делкъа-ламаз динчул тIаьхьа, цхьа минот эрна ца йойуш, къуй болчу ваха воллу. Шуна хIун аьлла хета? Со нийса вогIий-теша? ХIоранна а ша тIехь волу гу лекха хета. Вай цхьа доьзал бу, цхьаьна сискалш йууш. Нийса лоьй-теша со?! Йа, йала хьаьхна борз гу тIе йала гIерташ йу-теша?! Алал, шайн дагахь дерг?! ХIара гIуллакх вайн массеран йукъара ду. Цхьана стага эзар вонах дика дина меттигаш нисло. Иштта эзар диканех цхьана стага боккха бохам бина меттигаш гина вайна. Алал, шайн дагахь дерг.


Бист ца хуьлура. ДIатийна Iара. ЦIийх дуьзна догIмаш садаIа гIертара. Арарчу шийлачу махо, сих-сиха шен шарула-кIайн йаржийна дера меженаш доьхначу корехула чекхйохуш, нохчийн дегнаш тIекIелдеттара. ХIара-м лагеран бараках тера а йацара. Гонаха йерриге а аьтта гIорзалгаш а, кибарчигаш а, тIулг а гора. МаьI-маьIIехь цIийш дара. Пенаш шадерриш а цIийх дуьзна дара.
– Асвад, хьо чуьра къуйша араволуьйтур вац, – йовхарш а тухуш, резавоцуш, вистхилира Усайра. Цунна йовхарийн цамгар Воркутахь кхеттера. Деши доккхучу шахтехь болх бинера цо. – Уьш кIело йан гIерта. Соьга хаьттича, къуй болчу вахар, хих веддарг хьера кIел эккхар санна хIума ду!
– Цигахь бен хуур дац иза, – элира Асвада, – вай барт ца бича, ца довлу. Чайка хIун дийца воллу ца хаьа суна. Вуьшта, барт бича, дика хетара суна. Геланчо вайца гергарло дезаш бу боху къуй.
Нохчий вовшашка хьаьвсира. Ткъа хьаьрса ши мекх а гIорийна хиъна Iаш волчу Усайрас, шеха-а къора аз декош, эккхийтира:
– Гергарло-м лелор дацара цара, Асвад. Вайн цIий мала кечбелла бу уьш.
– Асвад, жоьлкийн гIиллакх муха ду аьлча, – гIеххьа ийзалуш, ша бехке хеташ кху девнна, вистхилира Ваха. (Ваха Iаш волчу ШаIми-йуьрта кхечира со. ЦIахь ца карийра суна иза. ЦIерачара цхьанхьа-м, Терка йистехь, хорбазаш лелош ву элира. ЙухавогIур ву аьлла, со кех волуш, кертарчу цхьана жимачу стага: «Хьо журналист хир ву. Цо хIумма а дуьйцур дац хьуна!» – элира. «Дукха оьху и волчу йаздархой а, журналисташ а. Цо цхьангге ша лагерехь лелийнарг ца дуьйцу!» Йуха, цхьа ахшо даьлча, вахара со Ваха волчу. Кхо шо (общего режима) а тоьхна, чувоьллинера иза. Со цецвелира. Со цецваьллий хиъча, тохарлерачу жимачу стага доцца Ваха чуволларан бахьана дийцира. ДогIанан ладарш цIа чу догIу шена аьлла, шифер йеха йуьртда волчу вахча, дов а даьлла, Вахас тIара тоьхна куц дара йуьртдена. Вукхо, Iедале дIавелла, кхо шо тохийтинера. «Къеначу стаге хIун де боху кхара?

Кхаа шарахь набахтехь вехий а ма ца хаьа иза!» – бохуш, карзахвуьйлура жима стаг. (ТIаьхьо-о хиира суна, Соьлжа-ГIалин набахтин хьаькамаш Вахе хьежа оьху бохура.) «Ма чIогIа ган лаьара суна иза!» – ас аьлча, сихха чуиккхина, Вахин а, Пивваровн а лагерехь даьккхина, хено маждина сурт а дохьуш, схьавеара и жима стаг. Можа дара и сурт. Пивваров а, Ваха а охьахиъна Iаш вара. Уллехь боккха цIен мотт арабаьккхина, хиъна Iаш мокха жIаьла дара. Уллехь йолчу гуьйригна тIетоьхна лаьтташ доккха урс дара. Вахина тIехь мокха духар дара. Боккха корта. Еха чIениг. Зоьртала дегI. Доцца аьлча, буьрса стаг вара. Сталинка а, китель а, комсоставан эткаш, гоьла тIе баьккхина ког а бара. Пивваров хьаьрса стаг вара. Шуьйра хьаж дара. Шуьйра белш йара. ОьгIазе йуьхь йара. Вахин санна, тIейуьйхина мокха китель йара. Коьртахь сталинка бара. ХIара ши стаг ган лаьара суна. Пивваров-м гур вацара. Иза-м йалхитта шо долчу цигоно, Розачка цIе йолчу тутмакхо, Воркутахь вийнера. Къуйша, тешнабехк а бина, вийнера. Цу цигонан ненан, къуйн секретаран цIе Роза хиларна, Розачка аьлла, къуйша цIе тиллина хиллера цунна. Йалхитта шо кхаьчначу беро, хIара саннарг дийр ду, хьанна моьттура?! Пивваров набахтина чоьхьаволуш, шолгIачу нар тIера кхоссавелла, тIекхетта, логах урс тоьхна, вийнера иза. Ваха… Цул тIаьхьа Ваха волчу вахар ца нисделира сан. ХIинца чIогIа дохковуьйлу со. Иза велла аьлла, хабар-м кхечира соьга. Иза дIавуллуш, тезетехь хилира со. Вистхилар ца нисделир-кх… Цо-м дуьйций ца хаьара хIуммаъ…

ХIунда аьлча, цхьа стаг ца карийра суна, Вахас ша лагерехь лелийнарг дийцина. Вуьшта, дагахьбаллам бисна, цо сайга дуьйцур дара аьлла хеташ…) – Асвад, жоьлкийн гIиллакх муха ду аьлча, хьо Iад мел Iа а, хьан ги ховшуш. Вай нохчий дара. И Чайка кхерийчхьана, тоьуш дара. Цуьнца болу накъостий кхерийчхьана толам бара. Уьш кхеро вайгахь ницкъ а, доьналла а дара. Ахь ваха а вахана, машаран къамел дича, ладугIур дац цара. Ткъа ладоьгIча, цу сохьта жоьлкийн ойла хийцалой, цара цхьа доьхнарг олу йа цхьа доьхнарг дина карадойту. Шаьш вониг дина бевлча, кхин къамел дуьйцу. Хьо хьекъале къамел дан волавелча, ладугIуш цхьа а карор вац хьуна. Соьга хаьттича, эрна къамелаш ца деш, тховса шайн меттанашкахь схьалоьцуш, цу хьаж йуккъе дагарш диттича, дукха боккха бацахь а, амма гIеххьа болу толам вайгахь хир бара. Хьо тхол воккха ву, Асвад. Хьайна луъург хьан дан йиш йу. Ас бохург-м: тIамо бен тIом йуха ца туху бохург дара. Цхьабакъду, Асвад, со, уьш къуй бу аьлла, цаьрга вист ца хуьлуш Iалур вац хьуна. Вайшиъ цхьана ШаIми-йуьртара ши йуьртахо ву… И… и ахь дуьйцу собар а, дуьне а, синкхетам а бац хьуна сан! Цкъа а кху лагерера цIа гIур ву аьлла, суна дагадеана дац. И хIун ду ца хаьа суна, ДегIастанах догдиллина ас. Дала, цхьа диканиг доцуш, вон ца доуьйту. Со-м догдиллина ву. Цу тIехула тIе, суна къахета кху лагерехь болчу мискачу нахах. Цара гIо де аьлча, муххале.
Ваха охьахиира.


– ЧIерана нека дан ма хьеха, олуш ду, – къамел схьаийцира Гуьмсера Бочакха. ( Со Бочакх лоьхуш, Гуьмсе кхечира. Иза цIахь ца карийна, урамехь, Бочакх ларвеш, Iара со. Эххар а, бераша маьхьарий туьйхира: «ДIо вогIуш ву хьуна Боча!» – аьлла.)
– Со хьуна хьехарш деш товш вац. Вуьшта, ала лаьара, Асвад. Ахь динарг суна мегаш ду. Газа иккхинчу буьхьиг оьккху. Ахь бохург дина, вала кийча ву со. Иштта, коьрто когашка хьекъал ца доьху. Бакъду, хьекъал долчу коьртехь куралла а, сонталла а хир йац. Ахь тахана гайтина иза. Гайтина буьрсачу къовсамехь. Ахь схьалаьцначу некъана со реза ву. Цу къуйша хIун боху, вайшиъ цхьаьна хьожур ву. Мацах, чорпано вагийначо хина «хIуп» баьхна боху-кх. Со царах цатешарх, хьанна хаьа, церан дагахь хIун ду? Йа цара хIун дийр ду а? Доггах вилхинчун бIаьргах цIий даьлла, олуш ду. Вай, бIаьргара цIийн тIадам а божош, барт боьхур бу-кх. Вайца машар уьш безаш белахь, со реза ву-кх цаьрца бертахь ваха. Генарчу вешел а гергара лулахо тоьлу. Уьш а, вай а лулахой ду. Уьш а, вай а Iедало чудоьхкина, цхьа къиза зама йоккхуш ду.
– Со вогIур ву шуьшинца, – аьлла, эккхийтира Вахас.
– Ваха, хьо соьца вогIур вац! – тIечIагIдира Асвада, – Хьуна реза бац къуй. Хьо цIахь вуьтур ву вай!..


– Со ца веза бахьана-м дац, – элира, велалуш, Вахас, дукха хьолахь, Устрада-Эвлара Ката хьовзо дагахь, – ХIунда ца веза-м, ца хаьа суна…
– Везар вара, ахь дIовш ца деттахьара! – Iоттар йира лохачу Катас.
– Ас-м ца детта дIовш, – велакъежира Ваха. – Сан баьшна корта ца беза царна.
– Бехк ма биллалахь, Асвад, – шен зоьртала лоха дегI гIарчI-аьлла, IаддаргIа санна дулуш, вистхилира Устрада-эвлара Ката. Пезмогехь хьун хьокхуш кхо шо даьккхинера Катас. ГIаролхой сийдоцуш бара цигахь. (Ката тIеман турпалхо хилар, нохчий цIерабахарна, къайладаьккхина дара. И Турпалхо цIе, шовзткъе итт шо даьлча, Ельцина лур йу цунна. Цкъа а цIахь ца каравора суна иза. Лагершкахь хиллачух дерг цуьнгара хала доккхура ас. «ХIинца даккхий нах ду тхо, – элира Катас, – дезткъа шераш дукха ма ду. Дац бохург бакъ дац! Жима бер санна, ойланаша хьийзаво со». ХIетахь гонаха хьийзара со цунна. «Дийца дукха ду, амма дуьтур ас иза. Бакъду, цхьа хIума ала лаьа. ХIетахь, шовзткъа шо хьалха, лагершкахь йахийтина цIераш йу хIинца нохчийн йерш! И бакъ ду йа харц ду ала ца хIуттура со».)
– Ас эр дара сайна хетарг.
– Алал.


– «Кхана дохковер волу хIума ма де», олуш дара вай дайша. ХIара Ваха сихвелла хилла хIума ду. Нийсса аьлча, Вахера ца даьлла беркат ду хIара. Даима цу къуйшца къийсалуш, царна йетташ, дIатухуш, схьатухуш. Къуйша вайна тIехь бекхам бан гIерташ, схьадогIуш ду хIара беттанаш а, хIара шераш а. Хино, къеста а ца йеш, текхайо нехаш. Цунна бен дац зезаг а, баI а, кIохцал а. Шайерриш нехаш йу. Шайерриш дIатекхайо цо. Царна биэн а вац, нохчий хилчхьана. Нохчий цIе хилчхьана, биэн вац. Иштта хьал ду. Дукха ца дуьйцуш, соьга хаьттича, къуйшца катоьххана барт бан беза вай. Мел ахкарх латта а кхачалур дац, мел дийцича а, хабар а хедар дац, олуш цхьа кица ду вайн. Кханенга ца тоьттуш, тахана барт бан беза вай. Тахана хан йиллина хилча муххале а. Церан ойла хийцайалале, барт бан беза. Кханенга ца тоьттуш. «Буьйса йаьккхинчу хударна мотт Iемина», олуш ду вайн дайша. Хаза а, мерза а вистхилча, кхетар бу къуй. Бакъду, цхьана куьйга шад басталур бац. Хьайца мила вига дагахь ву хьо, Асвад? Мотт шера болуш Усайра вара. Бакъду, цуьнан ши мекх гинарг водур ву. Шен баьшна корта къуйшна ца беза боху Вахас. Делахь, Усайрин ши мекх дIадаьшна, Вахин баьшначу коьрта тIе диллича, хIун дар-теша? Лакхахь кхозучу дуьмана тIе кхача ца деллачу цициго, марха ду шен аьлла… И ши мекх бахьана а дина, цIахь Iан лаьа-теша Усайрина? – забаренна Iоттар а йеш, велавелира Ката. Гонаха хевшина Iаш болу нохчий, сахаьдда бийлабелира. Ткъа ахкарг санна вусавелла хиъна Iаш волу Усайра, туьха тесна пхьид санна, ша волчуьра кхоссалуш, Катин мера кIел вахара.


– Ката! Гой хьуна хIара ши мекх?! ХIара ши мекх, сайна лаахь, дуьра а, сайна лаахь, чаьмза а, сайна лаахь, дуьра-чаьмза ала дитина ду ас! Сан ши мекх дац вай дуьйцург! Вай дуьйцург кхин ду. Вай дуьйцург къуйшца йолу йукъаметтиг нислур цахилар ду! И къуй соьца мерза цахилар дац дуьйцург! Вай стенна тIехь барт хилла, совцу бохург ду. Барт болчу цицигаша барт боцу берзалой эшийна, олуш ду. Ваьшна хет-хетарг вай дийцахь, вайгахь доьхна хьал ду! Вай хIун дича бакъахьа ду-теша, бохург ду сан иза. Кортош охьатаIийна вай лагерехь лелалур делахь, со реза ву, къуйшна тIе Асвад вахийтина, машар беха. Нагахь санна, къонахий а хилла чекхдовла гIертахь, вайн даима а хIара таханлера тIом дIабахьа дезар ду. Ткъа кхана Iуьйранна вовшахдеттадала цхьа зама йеача, эхь а ца хеташ, вовшийн бIаьрахьажа йуьхь йезара суна. Къуй вай гуора эгон гIерташ бу. Уьш, тешна, вайна тховса тIелетар бу. Стенна тIехь барт хилла совцу вай? Вай тховса йан ма-йезза царна дуьхьало йахь, къуй къарлур бу. Вайгахь арсаш ду. Вай охьаэггалц тийсалур ду-кх. Ас дуьйцург и ду-кх. Ткъа хьо, Ката, кху сан мекхех кайетташ ву! Хьо Iийра-м вац, цхьа Iоттар ца йеш! – Шен йехийн тIаьрзеш дIасхьа а туьйсуш, вахана, цхьана йисте охьахиира Усайр. Схьахетарехь, чIогIа дегабаам бинчух тера дара цо.
– Вай-хIай, царна мараветтавала воьдуш-х ваций хьо цига?! Ма-ттов ца хилча, ма-торру, аьлла цо! – шена уллехь хевшина Iачу накъосташка бIаьрг таIийра Катас, – цхьана буйна ши хорбаз ца тарло. Асвад ларор вуй-теша массанхьа? Цкъа мацах, леш волчу стагана Йеса деша Iеламстаг а ца хилла, луларчу йуьртара молла валийна хилла бохура. Молла Йеса дешна ваьлча, цхьамма, мохь тоьхна, аьлла бохура: «йуьртахой! Молла кхузахь волччуьра, шадерриш а делча хIун дара-теша вай?!». Цунна а дайна, Асвад дийна волччуьра…


– Ката! – къамелана йукъара Ката а воккхуш, Асвад хьалагIаьттира. Гонаха хевшина Iаш болу нохчий а гIиттира хьала. – ЦадогIург дуьйцучунна дан вон ца дуьсу! Шайн забарш йитал! Цахуучуьнца забар йечул, хуучуьнца дов даккхар гIолехь ду! Ката, хьо IадIел! Вай синкъерамехь дац! Усайр, хьаштдоцург ма дийцал! Йаьллачу цIарна хи ма кхоаде аьлла! Ткъа хIара йаьлла цIе хазачу дашца бен йерзалур йац! Вайгахь хьекъал хила деза. Говрана, хьаьстича бен, нуьйр ма тилла, олуш ду. Ас ца боху: дайн куьйгаш а хьоькхуш, хестош лело беза къуй. Ас бохург кхин ду. Гиний шуна, ша хьаьстича, жIаьло шен цIога лестош? Ткъа ша хьоьстуш волчунна ма чIогIа гонаха хьийза иза. Ахь цицигна коьрта тIе куьг хьаькхча, цуьнан гIотту дог лур дац, дукха хIума даларх! Иштта тIекIаре хила йеза вайн. Шу хIинца а кегий ду. Цхьа ткъа шо даьлча, кхетар ду шу, со тахана ала гIиртинчух. Аш эрна дерг ца дийцичхьана, вай тоьлур ду. «Дерриге хууш велахь а, маттана сиха ма хила», – олура тхан дас. Аш шайн махарчий шайгахь йитичхьана, вайгахь толам хир бу. Вониг-м къорачунна а хезна. Вочу дешан берзан санна йорт йу. Цундела, тап-аьлла, эрна дерг ца дуьйцуш, со цигара схьакхаччалц, Iийр ду шу. Со цара хIун боху хьожур ву. Гинарг хезначул а дикахо ду. Со цига вахча, дика ду.

Барт бан. Вайца долу дов дIадаккха. Кхана балхара цIа ма веъана, Iуьйра-ламазаш а дина, сайца Ката, Бочакх, Зайнди, Висха, Тата а эцна, со къуй болчу гIур ву. Нагахь санна машар ца хилахь, вайна йухадовла цхьа некъ безар бу. Мацах-цкъа, цхьатерра бос болуш, догIмаш а долуш, цхьатерра дадар а, сацар а, хьажар а долу кIарула-Iаьржа ши цициг кIарула-Iаьржачу цIа чу дIахецча, цаьршиннах хьалха ара муьлха дер дара аьлла, хаьттина хиллера цхьана кIорггера дешначу стаге. Дукха ойла а ца йеш, жоп делла хиллера Iеламстага: «Некъ карийннарг хьалха дер ду-кх!» – аьлла. Цунна а дайна, машар ца хилахь, нагахь санна тховса къуйша вайна тIелатар дахь, летар ду вай. Вайх кхо-виъ висахь а, лагерера арадовла гIуртур ду. Хьуьна йукъа. Кхетий шу? Кху лагерехь цхьа Iедал дIахIотталц, хьуьнхахь Iийр ду вай. Хиндерг Далла бен ца хаьа. Хина тIе кхачале, мачаш дIа ма йаха, олуш ду. Хиндерг цигахь бен къаьстар дац. Вай, собарах а ца духуш, къамел дийр ду. Собарх воьхна стаг даима а эшамехь ву. Шайна мел чIогIа халахетар хилахь а, вон дош ма алалаш. Шу пхеанга боху шуна ас! – аьлла, пIелг тIехьажийра Асвада, – Собаро лам башийна, олуш ду вайн дайша. Собар доцург йуьхьIаьржахIуттур ву. Со воккха ву. Шуна тIедогIу эхь нахана а, Далла а хьалха, ас сайна тIелаьцна ду. Ткъа хIинца ламазаш дийр ду вай. Со тешна ву, вай тоьлур хиларх!

ТIаьхье хир йу

Орга №2. 2022

60 комментариев

  • Кончающие фаллоимитаторы – идеально подходит для мастурбации.
    [url=https://konchayushie-falloimitatory.ru/]купить фаллоимитатор с семяизвержением[/url]
    кончающий фаллос – [url=https://konchayushie-falloimitatory.ru/]https://konchayushie-falloimitatory.ru/[/url]
    [url=http://www.google.cg/url?q=http://konchayushie-falloimitatory.ru]https://google.cn/url?q=http://konchayushie-falloimitatory.ru[/url]

    [url=https://everfarm.finance/portfolio/idea-collaboration/#comment-780]Фаллоимитатор с эякуляцией – сейчас можно найти изобилие абсолютно разных форм и размеров, имитирующих настоящий мужской орган или совершенно оригинального дизайна.[/url] 914c6e3

  • [url=https://siderus.ru/]Промышленное оборудование — основа составляющей любого производства. Для функционирования и постоянной эксплуатации необходимо особое внимание уделить выбору бренда и основным преимуществам. Мы предлагаем:

    Узкоспециализированное промышленное оборудование. Имеются для нефтепереработки, фармацевтики, покраски, сварки, транспортировки и т.д. Каждый вид выполнен мировым заводом-изготовителем и полностью отвечает всем международным стандартам.
    Станочное оборудование. Представлены товары от 149 брендов, отвечающих качеством, высокой технологичностью и современными решениями.
    Контрольно-измерительные приборы. Датчики, расходомеры, детекторы уровня, электротехническое оборудование и пр. представлено от 709 брендов. В каждой категории вы найдете необходимые товары.
    Трубопроводная арматура. Это предохранительная, запорно-регулирующая и другие. 3012 бренд предоставляет собственные товары, отвечающие всем нормам.
    Узлы механического перемещения. Это двигатели и блоки управления, механическая передача, подшипники, приводная техника, позиционирование и пр. 427 фирм предлагают собственную продукцию по высоким стандартам качества.
    Системы фильтрации. Водоподготовка, воздушные, масляные, гидравлические фильтры, осушители и прочее. В категории представлены товары 296 брендов.[/url]

    [url=https://siderus.ru/]Важный момент, особенно когда простаивают производственные процессы. Мы предлагаем логистику, которая позволит вам как можно раньше получить необходимые детали и промышленное оборудование в любой точке России и СНГ.
    Сроки и стоимость оговариваются при оформлении заявки. Наши специалисты рассчитают окончательную цену и подготовят необходимую документацию для оплаты. Мы готовы осуществлять продажи оптом и в розницу.
    Промышленное оборудование от официального дилера позволит получить гарантию, сервисный ремонт и высокое качество поставляемой продукции. Звоните прямо сейчас и заказывайте комплексные детали, которые позволят вашему бизнесу упростить определенные моменты в производственных и других направлениях.
    [/url]
    [url=https://siderus.ru/]SIDERUS – это международный поставщик импортного промышленного оборудования и комплектующих для промышленности и производств. Прямые контакты с производителями, а также наличие собственной логистической базы позволяют нам создавать для клиентов оптимальные условия сотрудничества. .[/url]

    недорого

  • Женская одежда на заказ nomi.fashion

    Высококачественная и элегантная женская одежда – это то, что мы реализуем в нашем онлайн-магазине N.O.M.I. Мы рады от того, что можем продавать нашим клиенткам только лучшее качество, а также разнообразие стилей и образцов одежды, которые помогут выглядеть изящно и привлекательно в любой ситуации.

    Искали [url=https://xn—-7sbbbhq0bpgaovq.xn--p1ai/mobilnye-stendy/x-banner]мобильный стенд паук[/url] в интернете? Наш онлайн-сайт представляет широкий выбор женской одежды, включая плащи, пальто, топы, жакеты, брюки и блузки. Мы детально отшиваем каждую вещь, чтобы предоставлять высокое качество и стильный дизайн. Мы убеждены, что любая девушка заслуживает красивой и качественной одежды, поэтому хотим предложить нашим клиенткам только самое лучшее.

    Тут на интернет ресурсе nomi.fashion вы сможете найти модели различных стилей – от классических и элегантных, до более молодежных и ультрасовременных. Убеждены на все 100, что любая девушка сможет найти модель, которая ей подойдет, подчеркнет оригинальность и поможет ей ощущать себя смело и красиво.

    По тематике [url=https://xn—-7sbbbhq0bpgaovq.xn--p1ai/]широкоформатная печать москва[/url] Вы на нужном пути. Все плащи, пальто и куртки изготовлены из высококачественных материалов, которые дают удобство и надежность. Мы убеждены, что качественная одежда – это не только привлекательно, но и практично. Поэтому представляем только те вещи, которые прослужат своим владелицам много лет.

    Платья и блузки – это отличный выбор для тех, кто мечтает выглядеть шикарно и женственно. Мы представляем различие фасонов и цветов, чтобы любая женщина могла выбрать вещь, которая подойдет именно ей. Мы nomi.fashion убеждены, что наши платья и юбки станут любимыми вещами в шкафу наших клиенток.

    В этом онлайн-магазине мы стараемся предложить нашим клиенткам только премиум качество, а также высокий уровень обслуживания. Всегда готовы ответить на любые вопросы и помочь с выбором по телефону +7(495)134-34-37 с 10:00 до 22:00. Мы располагаем несколькими филиалами, один из них находится по адресу г. Москва, Пресненская наб., 2. Ждем Вас и Ваших покупок.

  • Магазин аккаунтов соц сетей accs-shop.com

    Представляем Вам лучший маркет профилей любых социальных сетей по выгодным расценкам. С нами сотрудничает большое количество предпринимателей и блогеров и доверяют нам. Мы знаем как обезопасить Вашу страницу от взламывания или блока и имеем большой опыт в данной сфере.

    По теме [url=https://accs-shop.com/category/telegram]купить аккаунт tdata[/url] переходите на наш интернет сайт. На accs-shop.com выложена вся обстоятельная информация – наши плюсы, как купить профиль, правила и так далее. При покупке Вы моментально откроете доступ к купленному профилю. Вам не нужно тратить свое свободное время на авторизацию. А также главное преимущество – есть вероятность купить живой уже популярный аккаунт, с отслеживанием, друзьями, возрастом.

    С подъемом большого спроса на покупку аккаунтов в соцсетях стали распространяться мошенники. Для них главная цель – продать как можно больше страниц и получить прибыль, а что далее будет с владельцем и его профилем – не интересно. Поэтому, рекомендуем приобретать только в раскрученных магазинах, таких как accs-shop.com и не переживать, потому что наша помощь работает 24 часа в сутки и Вы сможете обращаться по любым проблемам к нашим менеджерам.

    Если Вы планировали найти [url=https://accs-shop.com/category/vk_retriv_aktiv]купить аккаунт вк[/url] в интернете, то переходите к нам. Есть большой ассортимент профилей из: фейсбук, VKontakte, Google, тик ток, авито, мейл ру и другие. Имеются в продаже как пустые, совсем новые, так и старые, из любых стран, любого пола. Подбор постоянно пополняется, следите за добавлением.

    Чтобы купить аккаунт, выбирайте необходимый профиль и нажимайте «купить». Далее, нужно ввести количество, наш электронный адрес, на который получите пароль для входа сразу после оплаты. Для связи у нас также имеется телеграм канал поддержки. Если вам необходимо несколько аккаунтов, кидайте их в корзину и покупайте все разом. Как в любом другом интернет магазине.

    Если что-то произошло и пароль Вам не пришел, пишите в техпомощь. Ответ Вам поступит в течение суток, но мы всегда пытаемся ответить как можно быстрее. Такое бывает, но весьма нечасто.

    Приобретение аккаунта в социальных сетях может потребоваться по различным причинам. Например, Вы стали вести свой бизнес в сети интернет. Чтобы у клиентов было доверие, нужно работать не с пустого аккаунта. Возраст также хорошо влияет на дальнейшее продвижение страницы. У нас можно приобрести аккаунт специальной тематики и в самых популярных социальных сетях, где Вы обязательно найдете заказчиков для своего бизнеса. Удачных покупок.

  • Заболевания желудка Все о таких темах: Какие есть стадии рака желудка? & Почему ни в коем случае нельзя курить на голодный желудок? & Как и насколько вредно лечить язву желудка спиртом? & Что такое живые бактерии и какое действие они оказывают на организм? & Основные симптомы и лечение язвенного гастрита & Симтомы и лечение язвенного гастрита & Методы зондирования желудка & Что делать, если желудок растянутый & Для чего нужна химиотерапия при раке желудка? & Желудок и его основные болезни: симптомы и лечение гастрита & Вздутие живота: причины и способы лечения & Какие симптомы имеет хронический гастрит [url=https://zheludok.my1.ru]Больше[/url]>>>

  • Инстаграм аккаунт купить accs-shop.com

    Представляем Вам лучший магазин аккаунтов любых социальных сетей по выгодным расценкам. С нами работает огромное количество бизнесменов и блогеров и питают доверие к нам. Мы знаем как обезопасить Ваш профиль от взлома или блока и имеем большой опыт в данной сфере.

    По запросу [url=https://accs-shop.com/category/fb_business_manager_for_ads]купить аккаунт фб[/url] заходите на наш онлайн ресурс. На accs-shop.com есть вся детальная информация – наши плюсы, как заказать профиль, гарантии и так далее. При покупке Вы тут же получаете доступ к купленному профилю. Вам не потребуется тратить свое свободное время на заполнение. А также главное достоинство – есть возможность купить живой уже раскрученный профиль, с отслеживанием, друзьями, возрастом.

    С подъемом большого спроса на приобретение профилей в социальных сетях стали действовать мошенники. Для них главная цель – продать как можно больше профилей и получить финансы, а что дальше будет с покупателем и его профилем – не интересно. Поэтому, советуем приобретать только в официальных магазинах, таких как accs-shop.com и не переживать, потому что наша помощь работает круглосуточно и Вы сможете писать по любым проблемам к нашим специалистам.

    Если Вы хотели найти [url=https://accs-shop.com/category/vk_avtoreg]купить акк вк[/url] в интернете, то заходите к нам. Есть большой выбор аккаунтов из: фейсбук, VKontakte, Telegram, Tik Tok, авито, мейл ру и другие. Имеются в продаже как пустые, совсем новые, так и старые, из любых стран, любого возраста. Ассортимент регулярно пополняется, следите за новинками.

    Чтобы купить аккаунт, выбирайте необходимый профиль и жмите «купить». Далее, нужно ввести количество, наш Email, на который получите пароль для входа сразу после покупки. Для связи у нас также имеется телеграм канал поддержки. Если вам требуется много аккаунтов, кидайте их в корзину и покупайте все вместе. Как в любом другом онлайн магазине.

    Если что-то случилось и доступ Вам не поступил, пишите в техпомощь. Ответ Вам придет в течение 24хчасов, но мы всегда стараемся ответить как можно скорее. Такое бывает, но очень нечасто.

    Приобретение аккаунта в социальных сетях может понадобиться по различным причинам. К примеру, Вы стали вести собственный бизнес в сети интернет. Чтобы у клиентов было доверие, нужно начинать не с пустого аккаунта. Возраст также хорошо влияет на дальнейшее продвижение профиля. У нас можно купить аккаунт специальной тематики и в самых популярных социальных сетях, где Вы непременно найдете покупателей для своего бизнеса. Успешных покупок.

  • Hello, welcome to our site.ru dedicated to hentai! We have a great selection of Japanese animation with pornographic content including elements of violence, worlds, monster subgenres, spicy moments and more. Our catalog features different variants of hentai content, such as fixation, ghosts, incest, futanari and others. We provide and security when you visit our site.

    Hentai pictures – [url=https://hentailoop.com/manga/bukkake-hakudaku-sumireko/]bukkake hentai[/url] is a form of Japanese art that contains pornographic material. This genre of art differs from traditional pornography in that it includes elements of monsters.

    Pornography originated in Japan in the early 20th century and has since become a popular genre of multiplication. The genre includes a wide range of variants such as: bondage, tentacles, incest, futanari, and others.

    Some people consider [url=https://hentailoop.com/manga/pizza-thot-series/]pizza thot[/url] to be a form of expression, while others consider it to be outrageous. Some believe that hentai is a degradation of Japanese multiplication and has a negative effect on society.

    However, in Japan, hentai art is popular entertainment, and many of its fans consider it not only a sexual entertainment form, but also a way of self-expression and art. In Japan there are many subcultures.

  • Международный брокер Esperio работает на рынке онлайн-трейдинга в сегменте розничных услуг с 2011 года. Бренд Esperio принадлежит компании OFG Cap. Ltd, зарегистрированной в Сент-Винсент и Гренадинах.

    Esperio

    Как сообщается, с 2012 года Эсперио зарегистрирована как международная деловая компания, сертификат SVGFSA № 20603 IBC 2012. Тогда же Esperio получила лицензию на финансовые услуги.

    Услуги онлайн-трейдинга предоставляются в соответствии с “Соглашением клиента и партнера”, “Политикой конфиденциальности”, “Регламентами торговых операций на счетах” и “Политикой противодействия отмыванию доходов”.

    Обратная связь с Esperio доступна через службу технической поддержки Investing или через форму обратной связи на сайте компании.

    Торговые условия Esperio
    Esperio

    Варианты торговых счетов:

    Esperio Standard. Инструменты для инвестиций: валютные пары, индексы, CFD-контракты на акции, драгоценные металлы, энергоносители, сырьевые товары, криптовалюта. Спред устанавливается от 0 ценовых пунктов. Комиссия на CFD-контракты — 0,1% от суммы торговой операции. Платформа MT4.

    Esperio Cent — уникальный центовый счет. Валюта счета — USD, EUR, вывод средств без комиссии. Линейка финансовых инструментов аналогична счету Standard MT4.

    Esperio Invest MT5 — позиционируется как оптимальное решение для торговли акциями. Леверидж и дополнительные комиссии отсутствуют. Предусмотрены неттинг и хеджирование для управления рисками. Валюты счета — USD, EUR. Дополнительно доступны Forex и контракты CFD. Предусмотрена комиссия при торговле ценными бумагами (0,3% от номинального объема торговой сделки).

    Esperio МТ5 ECN предполагает доступ к межбанковской ликвидности. Присутствует комиссия $15 за каждый проторгованный трейдером лот.

    Esperio не устанавливает минимальные депозиты для начала торговли.

    Доступные платформы: MT4 или MT5. Предусмотрена возможность использования торговой платформы с устройствами Android или iOS.

    Клиентам доступно шесть типов счетов с учетом выбора платформы:

    Standard MT4,

    Cent MT4,

    Standard MT5,

    Cent MT5,

    Invest MT5,

    MT5 ECN.

    Esperio презентует 3-х уровневую программу лояльности:

    Empower CashBack — до 31,8% годовых на свободные средства торгового счета. Кэшбэк зависит от торговой активности. Пополнения счета на 10 тыс. долл. и выше.

    Double Empower — при условии пополнения депозита на $500 – $3000 по запросу участника трейдер удваивает сумму начисления.

    Extra Empower — актуально для поддержания клиентского торгового счета во время просадки (по запросу). Данная категория средств недоступна к снятию.

    Для VIP-клиентов доступно три статуса программы — VIP, GOLD и DIAMOND. Esperio присваивает статусы при пополнении депозита на 50, 100 или 500 тыс. USD соответственно.

    Пополнение счета и вывод денег от Esperio
    Для зачисления и списания средств Esperio использует карты (Visa/ MasterCard), банковские переводы и систему электронных платежей. Для пополнения торгового счета доступны платежные системы: NETELLER, PayPal, LiqPay, Piastrix Wallet, Thailand Local Bank Transfer, WebMoney, Sepa & swift, WebMoney, QIWI, FasaPay.

    Компания анонсирует возможность компенсации комиссии платежных систем путем ее зачисления на баланс торгового счета.

    Детальная информация о выводе средств не представлена.

    Заключение
    Esperio предлагает низкие спреды и конкурентные свопы. Минимального порога входа нет. Пополнить счет и вывести деньги можно с помощью наиболее популярных электронных платежных систем. Преимуществом является высокое кредитное плечо – до 1:1000 и большой выбор торговых активов. Компания работает на платформе Metaquotes. Доступные терминалы: МТ4/5.

    Часто задаваемые вопросы
    Как получить максимум информации о компании ?
    Обзоры, разоблачения, статьи в блоге — в вашем распоряжении бесплатная и актуальная информация на scaud. Вы также можете запросить понятный детальный отчет по любой финансовой компании — оставьте заявку на главной странице нашего сайта.
    Как отличить официальный сайт от ресурса мошенников?
    Какие отзывы о компании правдивые, а какие — фейки?
    Как проверить компанию на признаки мошенничества?
    Как выбрать надежную финансовую компанию?
    Оставить отзыв
    Используйте данную форму для того, чтобы оставить отзыв о компании. Все комментарии, не касающиеся продукта, будут удалены!
    Имя
    Ваше имя
    Email
    Ваша электронная почта
    Телефон
    +380
    50 123 4567
    Ваша оценка

    Текст отзыва
    Введите текст отзыва
    Отзывы о Esperio
    Din
    09.08.2022
    1
    Я не понимаю, почему некоторым удается заработать на рынке, а таким как я , не особо. Я и читаю аналитику, обзоры, слежу за новостями, а денег у меня, как кот наплакал. Не понимаю в чём дело. Я постоянно всё изучаю, открываю ордера не от балды, а думаю как лучше, а в итоге я почти ничего не зарабатываю, нервы трачу, а взамен ничего не получаю, обидно как-то получается…(((
    Деревлев Андрей
    09.12.2021
    2
    Для меня сотрудничество с Esperio оказалось провальным. Благо все обошлось небольшой суммой, какие-то копейки поначалу удалось вывести, то сумма вклада осталась у этих мошенников, никакой обратной связи и тем более качественной поддержки у них нет. Это все пыль в глаза, дабы прикарманить Ваши и мои в том числе деньги((((
    Иван Иванович
    07.12.2021
    1
    Пробовал работать. Не знаю у кого там с выводом денег все норм., я ничего вывести не смог. Скорее всего отзывы пишет сам брокер. Картинка конечно красивая, предлагает большое количество инструментов и рынков для торговли, доступные спреды на сделки. Порог входа – нулевой, достаточно низкие спреды. Но это все сказки для неопытных. Самый обычный развод!
    Константин Петров
    02.12.2021
    2
    Не спорю MT4 сама по себе качественная торговая платформа. Но в руках мошенников это всего лишь обманный ход. Заявляет, что поддерживает работу фактически со всеми торговыми инструментами. Только смысла нет, если контора работает только на ввод.

  • Hello, welcome to our site.ru dedicated to hentai! We have a great selection of Japanese animation with pornographic content including violent scenes, fantasy, monster subgenres, erotica and more. Our catalog features different subgenres of porn animation, such as bondage, tantaclips, close relationships, hermaphrodites and others. We provide and security when you visit our site.

    Hentai – [url=https://hentailoop.com/manga/meido-in-astolfo/]astolfo hentai[/url] is a form of Japanese culture that contains pornographic content. This genre of hentai differs from traditional pornography in that it includes elements of eroticism.

    Hentai originated in Japan in the early 20th century and has since become a popular genre of art. The genre includes a wide range of variants such as: bondage, tentacles, incest, futanari, and others.

    Some people consider [url=https://hentailoop.com/manga/wild-horse/]horse hentai[/url] to be a form of creativity, while others consider it to be outrageous. Some believe that hentai is a degradation of Japanese tradition and has a negative effect on society.

    However, in Japan, hentai is popular entertainment, and many of its fans consider it not only a sexual entertainment form, but also a means of self-expression and art. In Japan there are many societies.

  • I must thank you for the efforts you have put in penning this site.
    I am hoping to view the same high-grade blog posts by you later on as well.
    In fact, your creative writing abilities has motivated me to get
    my very own blog now 😉

  • Howdy! This blog post could not be written any better! Looking at this
    article reminds me of my previous roommate! He
    continually kept talking about this. I am going to send this article
    to him. Pretty sure he will have a great read. Thanks for sharing!

  • как скрыть депозит каспи в приложении, как обновить каспий
    приложение теңіздегі ірі балықтарды киттерді аулауға арналған үшкір найза, утамыр өсімдігі www nao kz
    оқу бағдарламасы 2020 2021, үлгілік оқу бағдарламасы дегеніміз не салық салу жүйесінің жалпы сипаттамасы, салық функциялары

  • әйел қырық шырақты, әйел қырық жанды қысқаша мазмұны үстеу және оның түрлері, үстеу
    ереже қазақша қазақстанның ежелгі
    тарихы қандай мәселелерді оқытады, ежелгі қазақстан тарихы кезеңдері бургер кинг алматы цены,
    бургер кинг меню цены астана

  • I don’t think the title of your article matches the content lol. Just kidding, mainly because I had some doubts after reading the article.

  • лагерь сункар цена, санаторно-оздоровительный комплекс менің оның күнін сүйем,
    отан мұқағали мақатаев скачать музыка көңіл
    толқыны, ұлытау көңіл толқыны скачать курс сума к рублю, курс узбекского сума к тенге в обменниках

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.