ГАУ «Издательский дом»

ХАБАЕВ Исмаил. Маршо

/ Эссе /


Маршонал деза, цул сийлахь хIума дац стеган дахарехь. Маьрша хила лаар а, и езар а, цу тIе гIертар а, хIора стеган сийлахь декхар ду. Дуьненан дахарехь адамаша, маршо санна, къийсина хIума а дац.
Адамаш шайн кхетамашца а, хьежамашца а, дегIан лаамашца а, амалшца а тайп-тайпана хиларе терра, оцу тайп-тайпана долчу адамашна «маршо» бохуш долчу дешан ду аьлла хеташ долу маьIна тайп-тайпана хила тарло, вуьшта, шен юкъара, бакъдолу маьIна цуьнан делахь а. Цхьаверг хьере хуьлу. И санначунна маршо хета тарло, цхьа а доза а доцуш, шена луург, шена дага мел деънарг лело шен йиш хилар.
И тIаккха нехан маршонна тIе кховдуш нисло. Ткъа иза, оцу мIаьргонна, маршо хиларера дIайолу. Маьрша бохучунна бIоста а нислой, маьIан дов цуьнан. Шен дегIан лаамийн лолле а вужий, маьршонах хеда и. Цхьана а стеган маршо хьошушъерг маршо яц. И харцо ю. Ткъа маршо – и нийсо ю. Нийсо йоцчохь маршо а яц.


Иштта «маршо» мел езашверг хецна витича, кхечеран маршо галйолу, юкъараллин маршонан оганаш херца дуьйлало. Нах хьох маьрша хиларх йоьзна ю нахах йолу хьан маршо. ХIора маьрша хила луучо уггар хьалха ларъян езашъерг кхечун маршо ю. Цундела ларъеш а, лоьруш а хилла нохчаша даим кхечеран маршо, шаьш маьрша хила а, маьрша даха а лууш, маршонан мах хууш, маьрша нах долу дела. Нохчашна маршо санна езна хIума яц дуьненан кийрахь, цунах беза мах луш. Нохчичух нохчи вешъерг а хилла даим маршо. Нохчий маьрша хилла вогIучу хьешана а, каравеанчу йийсархочунна а. Цундела ца хилла цаьргахь тешнабехк, ямартло, къизалла. Цундела хилла церан гIиллакхаш лаккхара гIиллакхаш. «ГIиллакх доцу стаг лай ву» баьхна вайн дайша. Нохчаша маршонна тIе бохуьйтуш боккха тидам бу дахарехь. «Марша вогIийла хьо», «марша гIойла хьо», «маршалла ду хьоьга», «соьгара маршалла лолахь». Уьш нохчийн маттахь дукха лелаш дешнаш ду. Кхин цхьа хIума а ду ойла йойтуш.
Нохчашца гергарло а, зIе а хилла аьлла, Iилмано билгалбохуш бу генарчу ширачу заманахь Хьалхарчу Азехь, хазанехан санна, Iаткъаме, нуьцкъалла хилла болу хурриташ. ХЬУР бохург Iарбойн маттахь МАЬРША бохург ду.

483 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.