ГАУ «Издательский дом»

ДЖУНАИДОВ Аюб. Иччархо

Цхьана дийнахь, даима а шаьш гуллуш ма-хиллара, Хьаьки-беша гулделира бераш. Маьлхан дийнахь уьш мукъабисар тамашбара: асарш чекх а девлла, мангал-хан йолаялаза мур бара иза. Хьаьки-шовданера охьадоьдучу татола тIерачу апари кIеллахь луьйчуш, тIаккха, хьаладогIий, комарш юуш, дуьйладелла лелара. И дан кIордийча, шайна кхин ловзар лохура. Мичча ваьлча а, цу заманахь кхин синкъерам бацара берийн. Изза шовданаш, изза бай, дитташ а дара-кх ламанан массо кIотарахь а. Телевизор яцара, телефон юьйцуш хезна стаг а вацара. Мобильник, интернет боху дешнаш дуьнен тIе кхолладала ахбIе шо дисинера. Маршруткаш юкъаяьхна болу нах цу заманахь наноша бина а бацара. Юьрта йогIуш-йоьдуш цхьа а чкъург керча хIума яцара, ша ворда-гота йоцург. Ткъа дан хIун дуьсу, кхаби кIел доьхкича санна, кIотарахь даха

гулделлачу берашна?! Валар-висарх хабар дIатоха, я воккханиг цIакхето юьрта машен ягIахь, цунах боккха кхаъ хуьлура. Вовшашка маьхьарий а тухий, и дIайоьду некъ ларбан дIахIуьттура. Уггаре а йоккхачу ирхонехь машенна чуьра «садолучу» меттехь кIелонна ховшура. ЦIеххьана, коьллаш юкъара а, дитташ тIехьара а схьадовдий, тIаьхьахьолхий, машенан яьшки чу ховшура. Машено дагочу мехкадаьттанан кIуьран хьожа а, цхьа шатайпана инзаре хеташ, кIуьран хьожа кхетийта некъан йисте уьдура кегий бераш а. Цхьаволчу шопаро, машен саца а йой, довдеш, лохкура бераш, тIаьххьара аьлча а мега дерг хьалха а олуш. Цхьаццаволчо и хIума ца дора. Мелла а машен лагIйора, паргIат бераш тIеховшийта (пен санна йолчу ирхонехь сацо йиш яцара). Уьш лазорах лардеш, куьзган чу а хьоьжуш, меллаша дIайохуьйтура машен. Дукъа тIе хьала ма-кхеччи, Дойначу чуртехь машен саца а йой, меллаша охьадиссадора. Цхьаберш, шайна довдарна кхьоьруш, лахохь чулелхий, совцура. КогтIебуьллу хIума а лоций,

тIаьхьахьаьлхина богIуш хуьлура цхьаберш. Ченала хьекхийначу цициган кIорнех тера хуьлура уьш: муьлха-мила ву а ца къасталуш.
– Меллаша диссалаш охьа! – олура шопаро, берийн самукъадалар гуш. – Новкъахь милцо хилахь, цо вай дерриге а чудохка дIадуьгур ду, кхидIа шу дига ваьхьар вац со, – олий, хьостий, бераш юхахьовсадора цхьаволчо.
Самукъанах дегнаш дуьзна бераш, масалла къовсуш, Дукъара охьадовдий, юха а Хьаьки-беша охьадогIура.
– Ма дика стаг вара иза, варий?!. Иза хьаьнга веанера?.. Юхавеача, сой кабенки чу хааве, эр ду ас, – бохуш, тамхуьлий, хьийзара.


ТIаьхьо-м гIуллакхаш тоделира куьпарчу берийн. Цхьана хенахь берашца машенна тIаьхьауьдуш леллачех а шопарш хилира. Нажи- Юьрта машен тIе балха вахара Соьли (бакъцIе Нажмудди ю цуьнан). Ша балха воьдуш-вогIуш а, мукъачу дийнахь цIахь висича а, берийн самукъадаккха, машенца дIасахохкура цо уьш. Дуьненнал йоккха ЗИЛ хохкий, наггахь Гуьмсера хьалавогIура Парукъ а. Бешал-Ирзе иза кхаьччахьана дуьйна, Парукъ вогIуш хилар ТIехьа-ирзехь хууш хуьлура: дуьне датIо санна, рагI екош, чIогIа сигнал хуьлура цуьнан етташ. Цхьаболчара иза цIерпоштан сигнал ю, олура. Яьшка хьала а айина, цо поппар охьаIанош-м, бIаьргаш хьетIадовлий, хьуьйсура бераш. Йоккха машен яра иза: ворхI-бархI бер хоьура кабинки чу а. (Тахана ши-кхо маше уьйтIа а хIоттийна Iаш волчо хIара кехат, деша а ца доьшуш, дIахарца мегар ду: цунна ца хаьа вай дуьйцург хIун ду…)

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.