ГАУ «Издательский дом»

ДЖУНАИДОВ Аюб. Иччархо


Мукъачу хенахь ловза дуьтура бераш: кхин башха дуьне гуш а доцу бераш жимма шайн лаамехь дита, церан самалхадолийла лаьара дай-наношна. Даима а гIуллакхна тIедоьхкина долчу царах догъIийжара. Гуш дара, берашкара гIо-накъосталла ца хилча, баккхийнаш лара ца бора юьртарчу халачу дахаран деза дукъ дIаийза… Жимма Iуналла мал ма-диннехь, регIал тIехьа кхарста дIадоьлхура бераш, жима-воккха ца къестош. КIадвелча, жиманиг гихь вуьгура. Цигахь даа цIазамаш хуьлу, ирзошкахь баа тайп-тайпана стом бу, Iанабахана. Вуьшта а, сарралц хьаннашкахула йортьетташ лелара, попан буьйда гIа а дууш, хьонкин Iаьрчеш а йохуш. Даккхий цIевнаш а дой, цIа а йохьура Iаьрчеш. Масане карадора, регIал тIехьа ваьлча?! Цул тIаьхьа, зурманца лехча а, кара ца дора бераш: бIе ирзо хилча, хьанна хаьа уьш мичхьахула лела?! Бакъду, юьртахь цкъачунна тапъолий-м хуьлура.


Цундела, дукхахьолахь, наноша, шайн бIаьраIуналлера дIа ца тилийта, ларвора шен-шениг. Юкъа-кара мохь а тухуш, гена ца довлийта, лардора. Цу дийнахь а дара изза.
– Ва-а-а, Мовлади-и-и! – аьлла, мохь баийтира Таас ловзар уггаре а марсадаьллачу хенахь. – Суна хьашт ву хьо: гуттар маса вадий, цIа воьл, Килаб а валош! – аьлла, сихвира.
Иштта атта-м ца вахара. И хууш йолчу нанас, Сираждис цIа вола боху, олура дукхахьолахь. ТIаккха чехкка дIавоьдура Мовлади.
– Ва-а-а, Дида-а-а! – аьлла, цIийнан маьIIе а яьлла, Нуржан а йистхилира Соьлига. – Ворда а юьгуш, шун дена тIаьхьа ирзо даха деза вай: чехка цIа вола!
Ненан мохь шена ма-хеззи, Соьли чехка дIавахара. Иза даима а хуьлура низам лардеш. Ткъа Аба иштта вацара. ЦIа кхойкхуш, шега мохь тоьхча, ваха ца туьгуш, дуьхьалонаш йора цо:
– Нана-а! Жимма ловза ца мега со?.. Витахьа!.. – бохуш, дехаре вуьйлура иза. Амма Нуржана, ша даима а олуш ма-хиллара,
– Разгавор!.. – аьлча, шена кхетар долу «бишка» дага а догIий, дуръоьцура.


Соьлина тIаьххье Билал а дIавахара: делкъа-ламазан хан герга яра.
Почта дIасаекъна а ваьлла, делкъенна цIа веанчу Iаладис мохь туху хезира:
– Ва-а-а, Па-а-рукъ!.. – аьлла.
– Во-о-о, цIа вогIуш ву! – аьлла, дIаведира Парукъ. Парукъна шена а, цигахь болчарна а шера хаьара Iаладис хIун боху: даьссачу хьаьвди тIехь «ирхъоьллинчу» говрана резавацара иза. Цундела, ша дIа ма-воьддура, кертан Iуьргах дехьа а ваьлла, бешахь мангалца даьккхинчу кесарна тIера эцна элан цIов мара а боьллина, говран хьаьвди тIе сихвелира Парукъ.
– Iалади… Делан Элчанора… хIинцца цхьа сахьт хьалха тесна-кх ас цунна йол – ма чехка дIакхоллу цо иза… Делах валийла со, ас пуьташботтахь… – бехказавала гIертара Парукъ.
– ХIаъ!.. Гай йоккха ю цуьнан, – аьлла, цкъа кхосса а велла, юха дIадерзийра Iаладис.
Говр меца хилар гуш дара, делахь а, хIинца «мара стамбала боьлла» волчу кIанте кхин тIехваьлла хIума ца олуш, сацавелира.


– ТIекхочуш йоллуш мангал-хан ю. Мацйича, говрехь гIоцIа хир бац: кхин мац ма елахь и, – аьлла, дижийтира Iаладис ша дан лерина долу дов.
…Цхьабартбича санна, тIаьхьий-хьалхий мохь тухуш, чекхбевлира берриге а. Цициг санна, тебна, ладоьгIуш Iара ХанIела а. Эххар а жимачу йишин Шовдин дуткъа аз схьахезира:
– Хьаэ-э-эла! Хьоьга нанас хIума яа цIа вола боху! – аьлла.
– Ахь ваийтал-л-л-л!.. – жоп делира дуьхьал.
– Лелий вала!.. Ас, сарахь цIа веача, Хьасайне дIадуьйцур ду хьуна, – къар ца лора йиша.
– ДIаялахьа!.. ВогIур ву со, сайна лаахь!.. – резавоцуш, вистхилира ХанIела. Ша схьавале чохь хилла къамел хууш, тIетуьйхира:
– Суна шера ма хаьа, со цIа стенна кхойкху. Беданан тхов тIе йохка гIум ахкийта бохку-кх соьга. И ца ахка-м, хIума ца юуш а Iийр вара со.

175 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.