ГАУ «Издательский дом»

БЕКСУЛТАНОВ Муса. И оьзда нах

Дийцар

Жимма самукъадаккха вай цкъа, «бамба баьттIачу» кху дахарехь, гондIа дIаса бIаьрг а тухуш, кху адамашка, сел оьздачу, кхеран амалшка, леларе, кхара бохучуьнга, лелочуьнга, кхара оьхьучу туьтмIаьжгашка, кхеран хIиллане, хIуьмалгашка…
Уьш дукха бац, дуккха а бу, хIора юьртахь, кIошташкахь, Соьлжа-ГIалахь а, кхечахьа а, белхан меттигаш йоллу-йоллучохь, лаккхара яьхна ВУЗ-аш а хуьлуш, Iилма долуш а, доцуш а цхьаццанхьа дIатарбелла, цара дийцарехь, къам кхиош, мохк дебош, къахьоьгуш, цкъа а лакхарчу даржехь а боцуш, шоллагIчохь, кхозлагIча, я хьаькаман гIоьнчех цхьаъ, я хьехамча, кхин а лахара, кIез-кIезиг катухучохь, жимма йоккхучохь, хьулъечохь, соьмана тIе сом диллал, туьмана тIе туьма а.


Кху адамийн уггара ледара нах дукха хуьлучу, амма ца хилча йишйоцчу интеллигенцин чкъурах хуьлу уьш, цхьацца дешнаш а, мотт а Iемина, нах Iехош, тилош хьийзаш.
Цара сихха-сиха меттигаш а хуьйцу, белхан меттигаш, цхьана гонехь гена ца бовлуш, шайн хиллачу даржашца, деа-пхеа шарахь цхьана гIанта Iийча, бархI-итт шо кхечахьа а доккхуш, массанхьа хаза мотт а буьйцуш, цхьа оьзда цIена нохчийн мотт, гIиллакхехь охьа а теIаш, салам а луш, куьг а лоьцуш, да-нана а, доьзал а хоьттуш, йиша-ваша а, ков-керт а.
ТIехь-кога цIена дуьйхина хуьлу, куьзга санна, цIена яьшна маж а гуш, мекх-хIума а хуьлу цхьаццанна, доцца хадийна, нисдина, товш, иштта тойина пIелган мIара а, иту тоьхна, сиз бина хеча, лаг къовлуш кхозу галстук, и шарула кIайн коч а, варкъаца лиэпа Iаьржа мачаш, яйн еттало IатIаран хьожа, тIома кIелахь болу папка а.


И духарш хийцалуш а хуьлу, керча-керчачу заманца цхьаьна, лакх-лакхарчу хьаькамаша шайн барзакъ хийцаре терра, нагахь цара куй тиллахь, сурам куй кхуо а туьллу, цара мурдийн хорма юьйхича, кхуо а хуьйцу шен кастом-хеча, цу хьаькамаша маж йитахь, вайн невцо а хоьцу маж, церан буйнахь суьлхьа хаалахь, суьлхьанех кхи дIа а ца хедаш.

Гуламехь я цхьаьнакхетарехь, цхьаъ вуьйцучохь, вазвечохь – хьаькам хуьлда я кхин-важа, – иза уггар хьалхахь хуьлу, суьрташ доху доллуче, хьалхарчу могIарехь Iаш, массаьрга а хьал-де хоттуш, корта таIорца, хьалаайлуш, ша гойтуш, дIасахьоьжуш, букъатIехьашха наха шен цIе йоху, ца йоху хазаре хьоьжуш, лерг диллина, сема ла а дугIуш.
Цуьнга дош ло.
Оьзда стаг гIотту, гIаьттинчохь жимма соцу, юха шортта, везза дIаволалуш, трибуни тIе хьалаволу.


Салам ло, маршалла хоттуш, массеран а де дика до.
Бисмилла доккху.
– Дала тофикъ, шукра а, имий-беркат лойла вайна! – зала чу хьожу, соцунгIа еш.
Наха: «Амин, Дела реза хуьлда хьуна!» – сихха, карзахе тIараш туху.
– ХIара Хьенех, – вазвечуьнан цIе йоккху, – хIара Хьенех вайна хIара бен вац моьтту хIара тахана, хIинца вайна гушверг бен, ткъа хIара шен ворхIе а дайшкара охьайогIуш, шен йийца езачех еза силсил а йолуш, вайн къоман Iадатан хьармехь кхиъначу хьаналчу дайн беркате зIийдиг ю, Iуьйренан малхо токхе яржайо шен дашо зIаьнарш санна, шен Iилман сирлачу нуьро Нохчийчоь хьовха, ерриг ДегIаста а юзур а йолуш.
Цо дукха дуьйцу, доцца а хеташ.


Нах цецбуьйлу, цунах цец, цо буьйцучу нохчийн маттах, оцу дешнех – «тофикъ», «хьарма», оцу «силсил» бохучух а.
ТIаккха гIовгIа гIотту, тIараш детташ.
Нах гIевттина лаьтташ хуьлу.
Оьздачу стага, ша лаьттачуьра, куьйгаэшарца уьшар йо, охьаховша, олуш, баркалла шуна.
Нах теллалц, собар деш, кхин цкъа а вазвечуьнан цIе а йоккхий, – цуьнан силсил хьахош, нахана баркалла олу, иштта паргIата, ша хьала ма валлара, меллаша юха охьавуссу, шен метте везза охьахууш, дехьа-сехьарчу уллорчеран шега кхийда куьйгаш а луьйцуш, дIаса а хьоьжуш, корта теIош.


Цул тIаьхьа хьала воллу-волучо, мотт тийсалуш, цIийлуш, вухуш, гIеххьа бехказлонаш а йой: «Хьенеха къамел дича, дийца муха дуьйцур ду, суна нохчийн мотт хаьа а муха эра ду, Хьенеха мотт буьйцуш хезча… хIара Хьенех, кху Хьенеха, Хьенех санна, Хьенех…»
Хьенех тIаккха, и оьзда стаг, наха шен цIе моссаза йоккху – шен цIарна бинчу лерамна, – хIоразза а хьалагIотту, шен даг тIе куьг лецарца, баркаллийца охьа а теIаш.
Ши-кхо стаг вистхилале, цхьа де а доцу бахьана доккхуш, ца хьелу-у-у-уш воду оьзда стаг, ша гIаттийна и IалагIожа дIаерзале, йижале, Iадийначохь зал а юьтуш.
Нехан шабарш-шибарш даьржа: иза санна стаг, цунна санна нохчийн мотт хууш, цул оьзда стаг, гIиллакх долуш…

Иза волчохь, цуьнан балха тIе, хьо цхьа хIума эшна вахча – цуьнгара гIо-накъосталла, – цо хьо цецвоккхур ву, ша Iачуьра сехьа водуш, хьо коьрте ваьккхина, гIант хIоттийна, кресло делла, приемни мохь тухуш, кофе-чай даийтина, хьал-де хоттуш, хьан да-нана, хьан доьзал, йиша-ваша, хьан даьхний, жIаьла, котам, котамо дина хIоа а тIехь, цо даьккхина кIорни а.
Эххара ахь, къийлалуш, халла айхьа деана гIуллакх хьахийча – цхьа пайда боцу хIума, – иза цец-акъ вер ву, жимма хьакхалуш, вухуш санна, халла вела а озалуш.
– Ахь хIун дуьйцу, хьо хьераваьлла, кхара дуьту сан карахь хIума, хIара кехаташ кегор доцург… вайн Делора ца дуьту-кх, шина шайна меха хIума-м соьгахь, иштта мехаза кхузахь вецаш, валахIоьттина воллу-кх, нехан дуьхьа, бохуш, кху махках къахеташ, вайн мискачу къоман дуьхьа…

И «миска къам» бохург а цара юкъадаьккхина хуьлу, цу оьздачу наха, шайна цунах цхьа тешам баккха, къомах къахетарг хила, цу къомах дог лозург, къоман дуьхьа вала араваьлла.

– ВуьрхIитта шо ду хьуна ас, – доладо юха, – кху гIалахь хIусам йолийна, берхIитталгIа шо-м доладелла кху бIаьста, хIинца а халла тхов бен тIебахна а бац хьуна сан: кепеках вахар ма ца хуьлу, тпу-тпу, Дала ларвойла хьарамчу рицкъанах, квартира ю бохучу цу шина Iуьрга чохь воллу-кх, шина бераций, зудчуьнций… юьртахь цIа-м дера дара, дас долийна хилла долу, цу зудчо, берийн нанас, хIуш, хIоаш, тIой-кIалд духкуш, халла битаме далийна лаьтташ… бензин дайа деза-кх, машенаца хьала-охьа оьхуш… юха тахний-кханий, хIара цхьа болх чекхболу, бохуш, Iилман болх, сатуьйсуш… тIаккха бераш а ма ду, цаьрга дешийта а ца деза, йоI маре нисъян а, кIантана зуда а, болх-така а, цул сов, нехан бехкаш а ма дуьсу тIехь, хьо гой хьуна тахана, соьгара цхьаъ эшна веана, сан карахь цхьаъ ду моьттуш, – цо оллушехь, хьо меллаша хьалагIотту, кху чуьра ара муха вер вара-те, веъна-м ваьллера со, дагахь а долуш, цуьнан Iодика а йина, цу оьздачу стеган.


Мичара, хьо цо ца вохуьйту, хьуна хетачу агIор дIа.
Иза хьуна тIаьхьа волу, тIаьхьаваьлла а ца Iа, иза кевнал араволу, массаьрга а – вогIу-воьдучуьнга – салам а луш, хьал-де хоттуш, болх-така а, доьзал а, юха хьо цунна вовзуьйтуш, тIаккха иза хьуна, шуьша вовшийн вуьйцуш, ша гучче дIа а хIуттий, тIехволлу-волург шена тIевогIу я ца вогIу хаа гIерташ, уьш ца го сурт лелорца, бухадIасахула бIаьргаш кхуьйсуш, массо а стаг тергал а веш.


Юха царех цхьаъ вистхилча – тIехбуьйлучех милла а цхьаъ, – цIеххьана цецволуш:
– Вай, хьо мичара вели, ва Хьенех, сийсара ду-кх, хьо дагавеъна со Iаш!
Иштта дIа а, кхин дIа а дуьйцу, цул тIаьхьа а, тIаккха а, шена гонаха боккха гуо беш, нах гулбеш, хабар дуьйцуш, хьо цецвоккхуш, я кхинверг, шеца нехан болу лерам гойтуш, я иза бу моттийта гIерташ, хьо сецош, дIа ца хоьцуш, кхин лоцуш, важа новкъа воккхуш, цо дуьйцучу хабарх – гIа-бацал дукха дийцарх, – хьенеха элира я хьенеха бохура, аьлла, тIекIела охьадилла ши-кхо дош а ца нислуш.
Зуда цо – оьздачу стага – дукха хьалххехь ялийна хуьлу, цхьана Iалашонна долуш санна, ша армера цIавеача, я институте деша вахале, шел йоккха я шен хеннара, уггар а коьрта лийринарг – иза балхахь хилар а долуш, ша далош долу нускал.


Цунна воьлхуш я векаш, и вайн миска къам, бохуш, хIара декъаза Нохчийчоь, вайна тIехь латтийнарг, бIешерашкахь цкъа отуш, юха махках дохуш, дин лело ца дуьтуш, вешан мотт ца буьйцуьйтуш… хIара болх цкъа чекхбаьллехь-м, хIара Iилман болх, тIаккха-м вала а хала дацара – кхетам а, хье а тхьусбой, и зуда лечу хьола тIе йоккхуш, шен къинна яла кийча хирйолуш, иза къовлуш, чIагIъеш, цуьнца пхийтта-ткъа, ткъе пхиъ шо а доккхий, – пенси ваха гергагIортталц, гIалара цIа чекхдоккху.
ТIаккха, туххий, зуда ялайо, шел ткъа-ткъе итт шо жима, шен балха тIера, генара йоцуш, шерашкахь шех цецйийлла, ша Iадийна, кечйина йолу.

– Дала доссийна Къуръан а, Пайхамаран (с.I.с.) суннат а дIа ца доьду-кх кху махкахь, – леткъа волало, шен бухарчу зудчунна луьйш, ша цо араваьккхина бохуш, шех доьзал хербина, и цIа а, цIе а царна а дитина – и нана-доккха юьртара цIа – чуьра схьа аравели-кх со, хIара ши куьг а ластийна, – олуш, куьйга тIера яккъаш схьа а оьхьуш.
Иза цо массаьрга а дуьйцу, шех схьакхетта-кхеттачуьнга, боьрша а, стен а бен воцуш, ша вевзачунна, ца вевзачунна шен зуда а, стунцхой а буьйцуш, ша царна дина гIуллакхаш, шен чохь доцу бахамах хIума, тIе-кIелтаса гоь-юргIа а.


Кхуо сом делла стаг а ца хуьлу дуьнен чохь, дIалехча, диканаш-м мича дуьйцура, шай, шен доьзал боцург а, я царна а халла, ца ваьлла, зудчо гIеххьа бага йиттича, – кховдош хилла ши-кхо сом.
– Хьох кхеташ, ахь хIун леладо я ахь лелочуьн мах хадо хууш йоцу хIусамнана юй, и мостагI ву-кх хьуна! Ва Дела хьан, аьлла, цкъа – хIокху ткъе пхеа шарахь – соьца а, ас лелочуьнца бала ца хили-кх оцу зудчуьн: «Схьада, схьада!» – бахар бен. Ас мичара лур ду, кху Iилманца воллучу, хIара кехаташ кегош?!

6 комментариев

  • There are a lot of instructions for different medicinal drugs. If you feel the need to buy Riboxin 200mg, better to do it is in digital shops. In EU like in the USA are in demand cool internet stores. In our days drugs in the era of CV-19 are also better to buy with the help of digital devices.

    On drdoping.com you may know everything about medical drugs. Many young men are recently interested in health. You may buy DuoTrav eye drops very fast. It is the main plus of the firm, that they provide the variant to buy drugs with a big choice. You could search needful drugs on any day. Also, somebody who has gaunt problems with strength can be interested in Dexa-Gentamicin eye drops. If you would like to buy Dexa-Gentamicin eye drops, best way to do it on the link of Dr.Doping.

    The payment procedure is already very snug. Medical drugs people may find by the list of drugs [url=https://drdoping.com/shop/HGH-Somatropin-191/]buy HGH Somatropin 191 (GENOPHARM)[/url] here. If somebody does not know where to buy Dostinex, it is already cozy to do at the digital platform. If you are in car or moving to another city, in the online niche you can do all that you want. For example, by the Samsung Galaxy Tab or iPad tablet probable to buy Lorinden C ointment. Online shopping is very preeminent last time. The Internet in medical sector is already developed. You could search and buy Vezugen, even you are in other cities. In 2021, people are changing their placement, countries, and hobbies. Yet, online shopping rescued them time.

    Some girls are interested in medical drugs for their relatives. You could find also and buy Mastodynon drops on the website. If in your town there are no needful drugs, you could search them in an digital medical store. Nowadays you may buy Pimafucort cream very fast. Some young girls in colleges have problems with headaches. The best variant to buy Noophen. If your difficulties with headaches do not pass, you can find it at the link and buy Pantogam 500mg online.

    The route of using tablets and option how to take on is the individual reason by each one. However, most tablets are very useful for health. If you do not know, you can buy Semax without leaving home. Most people nowadays are wish to search [url=https://drdoping.com/shop/gotratix-60/]buy Gotratix[/url] here. With your laptop, you may buy Ipidacrine online.

    Many men after long-term treatment are needed in injections. Customers can buy Riboxin injection very fast online. All tablets have a license that is why you must be nervous about the law. In cold time, people are very often ill. If with your healthiness can have some problems, like flu or coach, the best way to buy Amixin 60mg.

  • There are many instructions for diverse medicinal drugs. If you want to buy Riboxin 200mg, better to do it is in online shops. In EU like in the USA are in demand cool internet stores. Different drugs in the era of CV-19 are also better to buy with the help of digital devices.

    On drdoping.com you may know everything about medical drugs. Many young men are recently addicted to questions in health. You could buy DuoTrav eye drops very fast. It is the basic plus of the company, that they let the variant to buy drugs with a large choice. You could search disparate by the price drugs on any day. For example, somebody who has long problems with strength can be interested in Dexa-Gentamicin eye drops. If you want to buy Dexa-Gentamicin eye drops, best way to do it on the link of Dr.Doping.

    The payment procedure is already very easy. Medical drugs men may search by the list of drugs [url=https://drdoping.com/shop/asparcam/]buy Asparcam online[/url] here. If somebody does not know how to buy Dostinex, it is already cozy to do at the web platform. If you are on a trip or moving to another city, in the online niche you may do all that you wish. For example, by the Samsung Galaxy Tab or iPad tablet possible to buy Bonomarlot. Online shopping is very preeminent last time. The Internet in medical drugs is already developed. You have chance find and buy Vezugen, even you are in another cities. In 2021, people are changing their work, countries, and hobbies. Nevertheless, online shopping saved them time.

    Some girls are interested in medical drugs for their relatives. You could search also and buy Mastodynon drops on the website. If in your area there are no needful drugs, you could search them in an online medical store. Nowadays you can find Renisamin very fast. Any young girls in universities have problems with headaches. The best variant to buy Noophen. If your problems with headaches do not pass, you should search it at the link and buy Pantogam 500mg online.

    The route of using tablets and option how to use is the individual situation by each one. However, most drugs are very useful for health. If you do not know, you have chance to buy Cerebrolysin 10ml without leaving home. Most men nowadays are desire to search [url=https://drdoping.com/shop/growth-hormone-somatropin-Gentech/]buy Growth Hormone Somatropin[/url] here. With your laptop, you can buy Ipidacrine online.

    Some men after long-term treatment are needed in injections. Clients can buy Vazaprostan injection very fast online. All drugs have a license that is why you may be nervous about the law. In winter, people are very often ill. If with your health can have some problems, like flu or coach, better to buy Amixin 60mg.

  • Здравствуйте! Вы в поисках исполнителя на продвижение сайта?

    Команда с 10-летним опытом продвинет Ваш сайт по целевым продающим фразам в Яндекс и Google.

    Используем актуальные технологии СЕО, которые гарантированно дают эффект.

    Через 1 месяц работы над сайтом вы уже увидите результат и поймете, что с нами можно и нужно сотрудничать!

    Присылайте адрес сайта с комментариями, дадим оценку и прогнозы по выводу запросов в ТОП.

    В ответ просьба писать на почту inetpr(собачка)mail.ru

    С уважением,
    Web-студия SEO-LOGIC
    Дорожим каждым клиентом!

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.