ГАУ «Издательский дом»

БОРЗ А, КЪЕНА КА А

Нохчийн халкъан туьйра

Жена юккъера нацкъар а баьлла, уьдуш, ловзуш хилла цхьа ши Iaxap. Жа генадаьлча, уьш тергалдеш Iачу мецачу барзо, коьллаш юккъера ара а иккхина, ши Iaxap схьа а лаьцна, биъна. Дикка юза а юьзна, хьун луьста йолчу, дIатаIа йоьдуш хилла борз. Хьуьнан йистехь, бай тIехь, бежаш цхьа къена ка гина цунна. Цунна тIе а яхана, барзо аьлла:
– ХIе-е-ей, ка, xIapa бай сан буйла ца хаьа хьуна, кхузахь бажа бакъо хьан елла хьуна?
– XIapa бай хьан бац, сан жаIуьн бу, – меллаша жоп делла коьмо.


– Хьо харцлоь! – чуьраяьлла, мохь хьаькхна барзо. – Хьан жаIу дуьнен тIе а валанза вара, xIapa бай сан долахь болуш.
– И бакъдац, – сих а ца луш, юха а меллаша элира коьмо. – Суна дика хаьа, xIapa бай сан жаIуьн буйла!
Дукха оьгIазъяханчу берзан бIаьргаш цIийбелира, катоьхна и белла, делахь а, ша юьзна йолу дела, и а ца деш, мохь-цIогIа а тоьхна, IадIийра борз, кханналц буьтур ас xIapa, ткъа кхана, со мацъелча, буур бу аьлла, сацам бира цо.


– Вайшимма хIун дийр дуй, ка, – элира барзо, – вайшиммо къийсарх, цкъа а къаьстар дац, xIapa бай хьенан бу: ахь и жаIуьн бу, бохур ду, ас и сайн бу, бохур ду, – цул а, кхана Iуьйранна кхуззахь вовшах а кхетта, хьуьллахь йолчу коьллашна уллехь, и бай шен бу аьлла дуй биъначуьн хир бу-кх и. Реза буй хьо?


– Реза бу, – аьлла, меллаша жоп делира коьмо.
Иштта барт а бина, и шиъ дIасакъаьстина: борз хьуьнах яхана, ткъа ка шен эвла дIабахана.
Сатоссуш, шеца доккха жен-жIаьла а далош, схьабеъна ка. ЖIаьла коьллаш юкъа дIалечкъина, ткъа ка кхуззахь бажа хIоьттина.
Хьуьнхара араяьлча, бежаш ка а гина, берзан дог ловзадаьлла.


– ХIинца-м дийнна кIиранахь юьзна лелар яра со! – аьлла, бай тIе едда схьаеана борз.
Мичара дели а ца хууш, барзана дуьхьал цхьогал даьлла.
– Марша йогIийла, борз! Хьо стенга йоьду сел сихъелла? – хаьттина цхьогало.
– Маршалла хуьлда, цхьогал, со-м бай болчу йоьдура, – аьлла, ма-дарра дIадийцина барзо, ша сийсара коьмаца къовсарх лаьцна.


– ЭхI-хIай, ма дика гIуллакх ду и, – аьлла цхьогало, – делахь а, хьуна дика хаьа-кх, теш ца хилча, цхьа а къовсам чекх ца болий, цундела, со теш дигахь, со хьоьгахьа хир ду, суна уьстагIан чуокуо а, ког-корта а белча, тоьар ду хьуна!
– И дан мегар долуш хIума ду, схьадола соьца! – аьлла, хIорш бай болчу кхаьчча, барзо коьме хаьттина:
– ТIаккха, дийцал, хIинца а хьайн жаIуьн бу боху ахь xIapa бай?!
– Дера боху, – аьлла коьмо.

1 comment

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.